Категории
Самые читаемые
RUSBOOK.SU » Проза » Историческая проза » Лаьмнаша ца дицдо - Магомет Абуевич Сулаев

Лаьмнаша ца дицдо - Магомет Абуевич Сулаев

Читать онлайн Лаьмнаша ца дицдо - Магомет Абуевич Сулаев

Шрифт:

-
+

Интервал:

-
+

Закладка:

Сделать
1 ... 86 87 88 89 90 91 92 93 94 ... 122
Перейти на страницу:
а вуллий. Ткъа прокуроро зуламхо чуволла санкци яла еза, масала, стеган бехк, бух боллуш, гучабаьккхина белахь, шиъ бакъ волу теш а, царел сов кхин а гуш йолу билгалонаш а йолуш. Амма хIетахь прокуроро шен санкци дIалора, НКВД-с ма-йиххи, цхьа а гуш йолу бехкан билгалонаш цахиларх. Юха, — суьдан меттан кхиэл а хьан йора? Цхьамма а хаьржина а йоцчу, цхьанна а хIун ю а ца хуучу «Тройканаша», я «особи совещанис»… Цхьа а защита йоцуш, я цхьа бакъо а йоцуш. Ткъа хIетахь бакъо хIун лорура? Цхьа а бехк банне а боцчо шен боцчу бехкенна даредар. Ткъа иза цаьрга дойтура: даре ца дечу «мостагIашна» цара даредаллалц ницкъбан бакъо а еллера!

— Муха? ХIун дора? Дийцахьа! — Керимна оцунах лаьцна дуккха а хезнехь а, хIинца кхуьнгахула ма-дарра дерг а хаа лаьара.

— Муха?.. Йеттара!.. ГIибавоккхуш! ЦIарнех герканаш ухкура!.. БIаьргашна дуьхьал тIех сирла лампанаш йагайора!.. Наб ца йойтура!.. Кхин масане дара уьш!.. Сихха велла а ша дIаволийла луучу хьоле хIоттавора лаьцнаверг… ТIаккха тIаьххьара а цо даре дора ша мел цадинчунна. Лаьцнарг йоза ца хууш хилахь, шайна оьшшучу aгIop шаьш протокол а хIоттадой, цуьнга, Iexa а вой, кIел куьг таIадойтура. Амма, иза а чекхдаллалц кечдан ца кхуьуш, байинарш а дукха хуьлура…

Керим къаьрзинчу бIаьргашца Бакаран бIаьргаш чу хьаьжира: «Ткъа хьо, мукъна, хIун деш вара хIетахь?» — бохург дийшира Бакара цуьнан бIаьргаш чохь.

— Бакъду, со хIетахь барт хоьттучийн могIарехь а вацара. Сан и аьтто хилла. Со арабевлла лела бандиташ-обаргаш схьалецар тIедиллинчу бIон коьртехь вара… — Дела гуш ву-кх, — Бакара хьалатесира шен мажделла оза ши куьг. — ХIapa ши куьг, кху зудчун а кхардан дог доцуш, цкъа а бехдина ма дац ас йа лаьцначунна тоьхна а, йа цхьаьнггара а кхаъ баьккхина а…

— Цундела Iуьллу-кх, гуьйриг санна, йа даьхни а, йа ков-керт а, йа дIадиллина ахча а доцуш, — йукъаIоьттира Хьулимата.

— Сацахьа!.. — куьг ластийра цунна, кIеда вела а къежна, Бакара, — «цундела» суна йелла шортта пачхьалкхан йаккхийра орденш йу… Тоьур ма ду иза а.

— Тоьур ду… — Iад ца Iapa Хьулимат. — ЖIаьлийн кочахь кхозийла и хьан орденш… Чуваше муха хьажийра хьо?.. Хьайл дуккха а лахарчу комендантан гIоьнча а вина, муха латтийра?.. Цигара а, хорма охьа а йуьллуьйтуш, муха лаьллира?.. Цхьа а кхин бахьана а доцуш — нохчо хиларна!.. Хьан… орденш!.. — ца соцура Хьулимат.

— Дийца витахьа, xIaй зуда, — хIинца баккъал тIечевхира Бакар зудчунна. Хьулимат сецира. Керимна а лаьара иза IадIойла. Цо хаьттира Бакаре:

— ТIаккха хьо муха висира хIетахь… айхьа нах ца бойуш а… йа хьуо ца вуьйш а?..

— Нах-м байина а хир бу аса а тIом бечохь: ас ма элира хьоь, со бандиташ схьалецар тIехь долчу бIон коьртехь вара. Вовшашна кхийсарш нисйеллачохь схьавуьйш а, дIавуьйш а хуьлура. Амма бандит лаьцна ваьллачул тIаьхьа цкъа а ас цунна йа тоьхна а, йа законехь ца богIу кхин тайпа ницкъ а бина бац. Амма хIетахь суо ца вуьйш висарх тахана тамаш-м бо аса. Кхуьнан кхарда дог дац-кха хьуна, — алийтал цуьнга шега а — тхешан аппарате суо балха дIавоьдуш а, кхеран цкъа Iодика а йина бен араваьлла вац-кх со цкъа а! — элира Бакара.

— Бакъ-м, дера, ду! — тIечIагIдира Хьулимата. — Чухула духу коч-хечий хуьйций, тIе, портфел чу сухарш а, чухуларчу бедаран кхин цхьа чкъор а дуьллий бен, ара-м, дера, ца волура…

— ХIетахь муха дара аьлча, — Хьулимате и сацош куьг а ластийна, дуьйцура кхин дIа а Бакара, — Iуьйранна хьаькам вара — сарале «халкъан мостагI» хуьлура. Ас лецначу бандитийн гергарчарех цхьана-шинна дагадеънехьара со шайгахь цхьана дийнахь хьошалгIахь хилла бохург йаздан — билггал лаьцна хир вара-кха со а… Суо муха висна а ца хаьа суна!.. Бакъду, цхьанна а айса вас а йина мостагI вацара сан… Цу тIехь цатам хилира сан невцана… Сурупин Анатолина. Цо чубохкийтинчу Зебилин дас а, кхечара а цхьацца йаздина хиллера цунна. Иза чу а воьллина, таллам беш, кхин а гучудевлира Анатолийс бинчу талламца тоьпаш тоьхначу иттех сов стагна цо чекхдахаза дисина протоколаш а… ХIетахь лелориг ша йерг а мел йоккха беззаконие йелахь а, протоколаш чекхдаьхна хила дезара. Анатолий, цкъа бехха таллам а бина, «особко» кхел а йина, тIаьхьо, тоьпаш а тоьхна, вийра… Тоьпаш-м хIетахь денна а йеттара…

— И муха хуьлура?..

Бакара, жимма са а даьIна, дийцира:

— Хьалха, 1935-чу а, 1936-чу а шерашкахь, тоьпаш тоха кхиэл хилларш, иштта дукха ца хуьлучу хенахь, уьш буса, цхьана хьуьн чу а буьгий, цигахь чекхбохура… Ткъа 1937-чу а, 1938-чу а шерашкахь уьш тIех дукха хуьлура. Цундела, уьш гена ца буьгуш, дукха хьолахь эцца гIалина кIел, Соьлжа йистехь йолчу — «Тыртово роща» олурий-те цунах? — хьуьн чу а буьгий, цигахь дIабохура. ТIехволучунна герз долу хазахь а, олий, цкъа хьалха хабар даржадора цига йуххерчу гIалгIазкхийн станицехула цу хьуьн чохь эскархой бу Iамош, герга ма гIерта, олий… Со цкъа а ца хилла тоьпаш тухучаьрца дакъалоцуш. Амма сан а дийзира цкъа и гIуллакх ган. Суна цкъа тIедиллира, лам чохь лецна бандиташ шина грузовикахь цига охьакхачабар. Уьш, охьа а кхачийна, бухахь тхоьга хьоьжуш Iачу коменданте Алейсенкога кара дIабелира ас — спискаца. Массо а вара тIехьа куьйгаш дIа а дихкина…

— Барий уьш баккъал а бандиташ, мукъна? — хаьттира Керима.

— Наггахь верг-м хила а тарлора, амма дукхахберш цхьа пекъарш бара-кх… Шаьш мича буьгу а, стенна буьгу а ца хууш… «Бандиташца уьйраш йуй, уьш болу меттигаш схьа ца йуьйций» бохуш, лецна… «налоган» терахь кхочушдеш…

— ТIаккха?..

— Бухахь, бай тIе маларш а, даарш а хIиттийна, шайн кад а молуш, Iаш бара Алейсенкоца болу НКВД-н хормехь кегийрхой а. Цара и мисканаш дIахIиттийра могIарехь дитташна хьалха… Шаьш а могIарехь дIахIиттира царна дуьхьал. Алейсенкос, шена йуххехь лаьтташ кхин шиъ НКВД-н эпсар а волуш, буьйр кхайкхийра: «Советан мостагIашна йина тоьпаш туху кхиэл кхочушъе!»

Мисканашна тIеетта йолийра тоьпаш… тапчанаш… Бийла а буьйлуш… Вовшашка забаре дешнаш а кхуьйсуш, тIейеттара… Цхьацца-шишша шаьш болчохь охьаоьгура пекъарш… Цхьаболчара Деле кхойкхура: «Йо, АллахI, Хьо гуш ву-кх!.. ХIун ду-те xlapa?»… Цхьа къона ламанхо, жима стаг, диттах а тевжина — хIинца а иза йуьхь-дуьхьал лаьтта суна, — вега а веш, воьлхура, нисса схьа тIе а хьоьжуш. Суна йуххехь маузер а карахь лаьттачу, вайнахах волчу, НКВД-чо, воьлуш, мохь туьйхира цуьнга:

— Хьо-х нохчо ву!.. Эхь а ца хетий хьуна велха!.. — аьлла, цо шозлагIа, хьалхачул нийса хьажош, тоьхначу маузеро охьавиллира иза а ша волччохь…

Ойлане вахара Бакар, Керим a Iapa гIорийна.

— Гой хьуна, — юха а дийца волавелира Бакар. — Цул хьалха а вацара со сайн балхах Iехавелла лелаш, амма эццигахь дуьйна дог делира сан сайн балхах а… сайх а!.. Хьалха

1 ... 86 87 88 89 90 91 92 93 94 ... 122
Перейти на страницу:
На этой странице вы можете бесплатно скачать Лаьмнаша ца дицдо - Магомет Абуевич Сулаев торрент бесплатно.
Комментарии
Открыть боковую панель
Комментарии
Сергій
Сергій 25.01.2024 - 17:17
"Убийство миссис Спэнлоу" от Агаты Кристи – это великолепный детектив, который завораживает с первой страницы и держит в напряжении до последнего момента. Кристи, как всегда, мастерски строит