Категории
Самые читаемые
RUSBOOK.SU » Проза » Историческая проза » Лаьмнаша ца дицдо - Магомет Абуевич Сулаев

Лаьмнаша ца дицдо - Магомет Абуевич Сулаев

Читать онлайн Лаьмнаша ца дицдо - Магомет Абуевич Сулаев

Шрифт:

-
+

Интервал:

-
+

Закладка:

Сделать
1 ... 87 88 89 90 91 92 93 94 95 ... 122
Перейти на страницу:
сайна гергахь аса хIиттийна цхьацца бехказлонаш эццигахь сан дIайайра: суна гира — со а оцу боьхачу гIуллакхан декъашхо хилар… Байинарш, хьалххехь кечдинчу оьрнашна чу а кхийсина, тIе латта а хьаькхна, къайлабаьхначул тIаьхьа, НКВД-хой йуха а бай тIе охьахевшира дисина малар чекхдаккха. Бийла а буьйлуш, забарш а йеш, дIамуьйлура. Соьга а кад кховдийра, суна йуххе нисвеллачу, маузер карахь хиллачо.

— Баркалла!.. Молуш вац! — элира ас.

— Делахь, суна бехк ма биллалахь, — аьлла, соьца гIиллакх лоцуш, букъ а берзийна, цо дIамелира шен кад.

Ас ойла йора: «Ца хаало-те цунна хIинцца шегара даьллачуьнан къаьхьалла а, цул тIаьхьа ша мел лелочун гIиллакхан бухбацар а»… Цигара гIала вухавогIуш, айса-сайга барт хоьттуш веара, со цIа кхаччалц: «Дика ду: ахь ца вийра цхьа а… Ахь ца йалийтира маузер а… Амма и цхьаъ, мукъна, и вилхина жима стаг, «ма вехьара аш и аьлла, кIелхьараваккха хIунда ца хьаьжира хьо?» — хоьттура ас сайга… «Хьо а ву, уьш санна, нахбайархо!» — элира сан даго. Амма: «Ахь и аьллехь а — и вийна хир вара… Хьо балхара дIа а воккхур вара», — бохура вукху ойлано. «Делахь-хIета, хьоьгахь герз а дара, — ахь и маузер карахь йерг а, Алейсенко а, цуьнца хилла важа ши эпсар а, тоьхна охьа хIунда ца виллира циггахь, цул тIаьхьа, кIелхьарволийла дацахь, айхьа хьайна а тоьхна, вала йиш а йара хьан-х?» — бохура сан даго. «Стаг вац хьо!.. Коммунист а вац хьо!»… — тIечIагIдора ойлано.

Бакъду, ас и динехь а, тIаккха а гIуллакх ца хуьлура: ас сайна тоьхначул тIаьхьа а и нах, ца кхоош, байина а хир бара, цу тIе, иштта велла волу со а кхин тIе а бехвеш, суна тIехула, сан гергарнаш а, соьца уьйр мел хилларш а, хьийзор бара, хIаллак а бийр бара, гIенах а гина доцу цхьа боьха гIуллакх тIе а кхоьллина. Оцу буса наб ца йира аса, Iуьйранна а йуучух ца кхийтира: доллучу хIуманах а — йуучух а, дахарх а, сайх а, доьзалх а — чам байнера. Iуьйранна балха веанчул тIаьхьа а вехха Iийра кабинета чохь ойла йеш, и дерриге Сталине хьалайазде-те бохуш. Амма, нахана а хуург, суна а дика хаьара: и дерриге а лакхара охьадогIуш дуйла а, и тайпа кехат, Сталине кхачале, Ежовн каракхочур дуйла а, цул тIаьхьа суо тIепаза войур вуйла а. ТIаьххьара а диснарг цхьаъ дара: кхин хIумма а ца деш, сайн цIа а веъна, доьзале цхьа доцца кехатан цуьрг а йазйина, айса-сайна а тоьхна, кхин дIа бех ца луш, йуккъера дIавалар… Чекисташна йуккъехь иштта динарш а бара хIетахь! Амма соьга иза а ца даделира: доьзалх а къахийтира… ХIун хаьа, кестта дерриг а диканехьа хийцалой — бохург а, дагадеара… Иштта айса-сайна ца тухуш а висира. И бехк-м… бу сан! ХIетахь дуьйна, со вехаш велахь а, суо стаг а ца хета суна, йа коммунист а ца хета сайн даг чохь!..

Йуьхь цIийелира Бакаран:

— Со а лай ву-кх вайн махкахь, вай массо а санна, — ойлане соцунгIа хилира. — Эххар а, бакъ ма ду хьуна, — йуха а волавелира Бакар, — аса сатийсинарг хила доллу моттуьйтуш, хаам кхечира: Ежов лаьцна, законехь доцурш леладарна!.. Цул тIаьхьа, кестта лаххьийна чу а боьхкина, байира, хьуна, кхузахь а и беззакони мел лелийнарш: Алейсенко а, и санна хилла кхиболу НКВД-н белхахой а, иштта дуккха а. Доккха са даьккхира аса а, кхечара а… Амма тхуна моьттинарш бакъ ца хиллера. Ежовн метта хIоттийначу Берияс а изза план йуха дIайолийра. Бехк боцурш чубухкура, бойура — тохара санна, амма тIехулара йолу законан хорма кхочушйар хьалхачул мелла а луьро хоттура: протокол, дуьззина хIоттош, чекхдаьккхина хила дезара; лаьцначо, шен бехкана мукIарло деш, кIел куьг таIадар массо хIуманал а деза лорура. Амма иза цуьнга таIадойту гIирс хIинца а тохаралерраниг бара… Бакъду, хIинца лаьцначунна йеттар Iорадалахь, талламхошна а балха тIехь таIзар хуьлура: цундела царна а хIинца Iеминера, буха моьнаш а ца дуьтуш, йетта. Ткъа лаьцнарг, шен бехкана мукIарло деш, протоколана куьг а таIош, къарвелла ваьллехь, цунна вен кхиэл йан атта хуьлура. Къар а ца луш, мел ницкъ барх а, мукIарло ца деш, чекхваьллачунна дукха хьолахь, вен кхел ца йеш, хан тухура, и ара ца валийта.

— Ткъа хуьлурий ишттанаш? — хаьттира Керима, шена камерехь бина ницкъ дагабеъна.

— Наггахь хуьлура-кх! Цигахь бен ницкъ мел хала белахь а… Масала, хIетахь лаьцна вара Республикин къона прокурор а, нохчийн йаздархо а волу Мамакаев Мохьмад… Барт хатта ша кхин цкъа а чувигначохь цо талламхочунна йуьхьа тIе, стоьл тIера схьаэцна, шекъачудуттург тоьхнера… ша цуьнга эццигахь, тапча а тоьхна, вейта дагахь, дуьненах а догдаьлла, кхин дIа и ницкъ лан кIорда а дина. Амма и ца вийра: когаш а, куьйгаш а дихкина, карцер чу а кхоьссина, кхин цкъа а йиттинера, церг а йоккхуш, аьтту куьг а лазош, цхьа пIенда а бош. Мамакаевс, вукху дийнахь ша меттавеъча, талламче аьллера: дIайазде ас хIинца массо хIуманна а даре до хьуна!

— Тоххарехь дан дезара… Тхо а, хьуо а кху тайпана холчу а ца хIиттош, — аьлла, эццахь самукъадаьллачу, йалх класс бен чекхйаьккхина а воцчу талламчо, кху гIуллакхах шена хьаькамашкара хин болчу хастамах воккхавеш, хаза а хеташ, хецца дIайаздира шена йаздархочо — тIе, прокуроро! — мел до и тамаше мукIарлонаш:

«ХIаъ, 1933-чу шарахь дуьйна а со член ву Нохч-ГIалгIайн республикехь подпольни болх бечу буржуазин — националистически тобанехь. Цо тIе а диллина, аса эккхийтира 1934-чу шарахь Шара-Аргунера ГЭС a, Гуьмсера йогIу тIемалой тIехь болу цIерпошт а… Со оцу организацина 1933-чу шарахь Тифлисехь шен хIусамехь йукъаоьзнарг вара гуьржийн троцкист Шота Руставели, цуьнца цхьаьна оцу чохь вара Бакохара мусаватист Сабир а, Мирза Фетх-Али Ахундов а»… Талламхочо, дукха чIогIа хазахеташ, дIайаздора Мамакаевс мел бохург: цуьнан организацин, дистина догIу хи санна, шорлуш йогIура… И дара цунна оьшург, ткъа иза историца цанисдалар а, йа ур-атталла, лаьцначуьнан хенаца цадагIар а талламчин тидам боцуш диснера. Мамакаевна-м сихха ша воьйла лиъначух тера дара, кхиберш бех а ца беш…

Лазийначу куьйга Мамакаевга халла куьг а таIадайтина, талламчо протокол лакхарчарна тIе дIадаьхьира, Мамакаев, цо даре дарна совгIат деш, дикачу камере а ваьккхира, кIеда мотт а белла, шортта йуург-мерг а хьалха хIоттийна. Мамакаевна дика хаьара шен «йалсамане» дукха йахлур йоцийла… Эххар а, ши де даьлча, сенвелла талламча чувелира, уллохь ши кано а волуш:

— Куьйгаш а дехкий, йуха дIавига карцере!..

— Шайна лаахь со ве! Амма ас хIинца кхин хIуманна а даре дийр дац шуна! — аьлла, дIахадийнера Мамакаевс.

Мамакаев тIаккха, йоккха хан а тоьхна, ца вуьйш висира… Ткъа xIeтахь даре дина сан нуц Анатолий Сурупин вийра!

1 ... 87 88 89 90 91 92 93 94 95 ... 122
Перейти на страницу:
На этой странице вы можете бесплатно скачать Лаьмнаша ца дицдо - Магомет Абуевич Сулаев торрент бесплатно.
Комментарии
Открыть боковую панель
Комментарии
Сергій
Сергій 25.01.2024 - 17:17
"Убийство миссис Спэнлоу" от Агаты Кристи – это великолепный детектив, который завораживает с первой страницы и держит в напряжении до последнего момента. Кристи, как всегда, мастерски строит