Категории
Самые читаемые
RUSBOOK.SU » Проза » Историческая проза » Лаьмнаша ца дицдо - Магомет Абуевич Сулаев

Лаьмнаша ца дицдо - Магомет Абуевич Сулаев

Читать онлайн Лаьмнаша ца дицдо - Магомет Абуевич Сулаев

Шрифт:

-
+

Интервал:

-
+

Закладка:

Сделать
1 ... 83 84 85 86 87 88 89 90 91 ... 122
Перейти на страницу:
иштта сиха бицбеш хилча,… баха а хIунда баьхна-те вайн белларш?

— Баьхна-кх, шаьш баллалц, дуьне дууш… И дуьйцуш Iачул хьайга хьажа. Хьан-х ткъе итт шо кхечи! Муха Iийр йу пхийтта шарахь… тIехьийзинчу кIентан чIир кхобуш. Волчара а маццах догдиллина цунах.

— Хьажахьа цуьнга! И стенна дуьйцу ахь?!

— Дуьйцу-кх, хьо сайн йиша йолу дела!.. Хьо сайн цхьаъ бен йоцу дела! Сан-м кхин йаций хьо бен! — йишина марахьаьрчира Нурседа. Ший а йилхира вовшийн марахь…

Тавсолтас дукха хан йалале, кхин «совнаха гIap ца йеш», Джейран йалийра. Шакен-агIай, Кульджанний резахилира цу захалонна: «ХIума дац, хаза йехийла ду. Доьзал а оьзда бу»…

Джейрана сиха шегахьа дехира йижарийн, берийн дегнаш.

Даим йекхайелла, чохь цIена, доьзалца мерза Джейран ца йезайала хала дара. Тавсолтин суьйренца аравийлар а сецира.

МОСКВА— СОЧИ

«Джамбул» колхозо тIаьххьарчу кхаа шарахь йалта лелор, даьхни дебор областехь массарчул хьалхадаккхарна, цунна дуьххьара йелира кар-кара лун республикан ЦIен Байракх. Дукха колхозхошна «Байлаттанаш карадерзорна» мидалш а кхечира.

Обкоман тохарлеррачу векало Нурседин, Селитин кара мидалш ша дIайеллачул тIаьхьа, шинне а кестта, хьалхарчу августехь, Москва-гIала выставке йаха путевкаш а йелира. Массара къобалдира и…

Тавсолтас хала новкъа йалийтира ши йоI. Джейраний, Керимий сов чIогIа дехарна тIетайра иза: цаьрца, кхин а, цу колхозера бевза мехкарий а бара цига боьлхуш.

— Шуьшиъ цхьаьна хиларна тIетов со, амма… ледара ма лелалаш! Вовшах ма йаьллаш, — элира Тавсолтас вокзалехь. ХIорш новкъа баха Луценко а, Керим а веанера. Кесира, могуш а ца хилла, йиснера.

* * *

Москва дуьххьара гучу йижарша, шуьйрра диллинчу бIаьргашца чухудура столицан исбаьхьалла: «Выставка, метро, МГУ, Москва-хи, Йоккха театр, Лужникера стадион, Лекха цIенош, Кремль, Мавзолей» — иштта йара экскурсин коьрта маршрут. Массанхьахула, сих а ца луш, цхьана кIиранах, чекхбехира хIорш экскурсоводо.

Мавзолейга а хьаьвсина, Кремлан кертахула йогIуш:

— Къа-йаI, xIapa меттигаш ганза беллачийн! — эккхийтира Нурседас.

— Къа-йаI бIаьрзечийн а! — тIетуьйхира Селитас.

Маьлхан зIаьнаршлахь малхал а сирла лепаш, Кремлан ширачу килсийн лекха момсарш, дешин нуьрах йогура… Чекх са а гуш, Iаь сегара Москва-хи тIера, лам чохь санна, кийра Iабош, цIена хетара хIаваъ.

— Хьажахьа! Жоьжахатера Йалсамане кхаьчна шайтIа санна, селхана меттах а ца хьайтина вайша… тахана Москвахь!.. Кремлехь!.. «Цо» адам йуххе а ца дитинчахь!

XIapa шиъ «Йоккхачу тоьпе» нисйелча, цхьамма-м тIехьахула кхайкхира:

— Селита!.. Нурседа!..

Цхьа тамаше девза аз! Йухахьаьжча: Ахат, цуьнца Асеткуль, церан исс шо хир долу кIант… Марат.

— Марша догIийла шу! Ас декъалдо шун паргIатдовлар! — Ахат, цуьнан зудий, ший а Iилманан кандидаташ дара хIинца.

— Селита, хьо-м хIумма а къан ца йелла! — элира Ахата.

— Хьо жимма стамвелла, Ахат… делахь а, тохара санна, каде ву! — элира Селитас.

Асеткулан йуьхь кIеззиг кхоьлира: цунна ца товра, доцент волчу, шен майрачун цIе иштта йай йаккхар.

— Ахат Шакенович шен физкультура йан волавелла йуха… кестта хьалхалерраниг хир ву, — йелакъежира Асеткуль. Иза иштта дуьххьара ца дора цо. Оцунах кхийтира Селита:

— Миска йаI-кх… Ца хаьа-кх цунна, — ойла хилира Селитин.

— Ахат! ТIаьхьадуьсий-те вайша? — хаьттира Асеткуля.

— ХIа!.. Бехк ма биллалаш!.. Телефонехула Алма-Атаца къамел ду тхан… Xlapa йу тхан телефон, — Ахата, йаздина, кехатан цуьрг дIайелира Нурседе. Церан телефон а дIайазйира:

— Телефон тохалаш!.. Гур ду вай!.. — аьлла, дIадахара и шиъ, безамехь делакъежна.

— Ма товш стаг ву и! — Селитега хьаьжира Нурседа. — Дохкойаьллий хьо?

— Iовдал! Ахь хIун дуьйцу йуха а? Иза-х вайн гергара ву хIинца дуьйна!.. — Селитас сацийра шен йиша.

— Хьажахь!.. Со Iовдал баккъал а йицйеллера, хьуна!..

Ший а, йуха шайн гостиницерачу хIусаме кхаьчна Iаш, суьйранна йалх долуш телефон йийкира. Нурседас схьаийцира.

— Нурседа! Хьо йуй и?.. — Ахат вара. — Суьйре дика хилда! Тхойшиъ кхана кеманца Сочи доьду садаIа цхьана кIиранна… Асеткулян ден дачехь… Асеткуляс а, аса а… шу реза делахь, тхайца цига садаIа кхойкху шуьшинга…

Телефонан мукъ Асеткуляс дIаийцира. Шегарниг Селите дIакховдийра Нурседас:

— Билеташ а Ахата хуьлуьйтур ду… Цигара дIа ший а новкъа а йоккхур йу… Селита, дика ойла а йай, цхьа сахьт даьлча, телефон тохалахь… Тхо хьоьжуш Iийр ду…

Селитина эхь хийтира:

— Нехан доьзалца… Нехан даче… Ткъа вайн дена а и муха хетар ду?

— Ахь хIун дуьйцу, сан йиша? ХIинцца дацар ахьа и вайн гергара ву аьлча?.. Тавсолтин-м и шиъ кхин а гергара хуьлий-ца!.. Со-м йоьду, хьо ца йодахь а! — бегаше карзахйелира Нурседа. ТIаккха баккъал а:

— Селита, вайшиннан отпуск дIайала хIинца а кIира дисна… Ахча а тоьур ду… ГIуо вайша!.. Москва!.. ХIинца… Сочи!.. Дуьненна а йевза гIала-курорт!.. ХIорда йисттехь! Ма хир дара иза!.. ГIуо вайша!.. Кхин иштта меттиг йер а йац!.. Лийр йу-кх вайша и кхин ца гуш цкъа а, хIинца а ца йодахь… ГIуо вайша!.. Мел хаза йуьйцу иза!..

Селита тIе ца йоьрзура: эхь хеташ, корта ластийра.

— Со-м йоьду!.. — чуьрайелира Нурседа.

— Ца хаьа суна-м хIун дер а?.. — ойла йоьхнера Селитин. ЦIеххьана телефон йийкира. Асеткуль йара:

— Ахата телефон тоьхна билеташ а билгалдина шуна… Ойла йиний аш, Нурседа?..

— Со-м реза йу! — аьлла, Нурседас телефонан мукъ Селите дIакховдийра.

Селитас, ийзалуш, элира:

— Дика ду!.. Баркалла!.. Шуна тхох хьовзам хирий-те аьлла, хетара суна… Дика ду!.. Баркалла… — аьлла, Селитас телефонан мукъ меллаша охьабиллира. Нурседас, тIекхетта, барт баьккхира йишин бесни тIе…

* * *

Асеткулян ден — профессор Карынбаевн — дача, дика сени а, кухни а, шиъ цIа а долуш, хIорда йисттехь лаьттара шина торха йуккъехь.

Цхьана цIа чохь, шайнна къастийна, дIанисйира Селитий, Нурседий. Цхьа де дайра дIанислушший, Ахата кхарна машенахь Сочи-гIала гойтушший, йуха, некъах садоIушший… Шина йишин тоха са а дацара сихха хIорда тIе кхача. Селитас, Iуьйранна хьалагIоттушехь, элира:

— Нурседа! Хьажахь: сийсара гIенах байра-кх суна хIорд.

— Самах ган ду! — йелаелира Нурседа… — Суна дендрарий а йуха гира… Островскийн цIа а гира…

Бердах чу а диссина, хIордан йистте кхаьчча, дIахьаьжжинчохь йисира Селита: цунна хезнарг а дицдеш, тамаше йара генна хьалха йаьржина йист йоцу сийна аре. КIайн кхесаш а кегош, дой санна, геннара схьауьду и лекха тулгIенаш, акха кой санна, кур бердах тухий, йуханехьа йовдура. Царна тIаьххьа схьашерша кегий тулгIенаш, берда йисте схьакхоччушехь, цициган кIорнеш санна, Селитин берзинчу когех хьаьрчира, мела гилгаш дохуш. Къаьрзина чухьоьжучу маьлхан зIаьнарша эзар суйнашца генна дIа къагийнера цхьанхьа а доза доцу хин экъа.

ТулгIенаша даим а цхьаъ дуьйцуш санна, хетара, цара дуьйцучух кхета йиш а йоцуш, амма цара дуьйцург, забаречух доцуш, дуьненах а тасалуш, адамийн дерриге дахарх доьзна, къайлаха маьIна долуш, цхьа доккха хIума хетара. ЛадегIа йоьлча, цара тIеттIа тIеуьйзура шайна Селитин тидам. Амма хIунда ду-те цу тулгIенийн лер гуттар а цхьабосса реза доцуш?.. ХIун боху-те цара? Стенга кхойкху-те цара адамийн синошка? ХIун ду-те царна шайнна къайллаха хууш, адамех тоса а

1 ... 83 84 85 86 87 88 89 90 91 ... 122
Перейти на страницу:
На этой странице вы можете бесплатно скачать Лаьмнаша ца дицдо - Магомет Абуевич Сулаев торрент бесплатно.
Комментарии
Открыть боковую панель
Комментарии
Сергій
Сергій 25.01.2024 - 17:17
"Убийство миссис Спэнлоу" от Агаты Кристи – это великолепный детектив, который завораживает с первой страницы и держит в напряжении до последнего момента. Кристи, как всегда, мастерски строит