Категории
Самые читаемые
RUSBOOK.SU » Проза » Историческая проза » Лаьмнаша ца дицдо - Магомет Абуевич Сулаев

Лаьмнаша ца дицдо - Магомет Абуевич Сулаев

Читать онлайн Лаьмнаша ца дицдо - Магомет Абуевич Сулаев

Шрифт:

-
+

Интервал:

-
+

Закладка:

Сделать
1 ... 84 85 86 87 88 89 90 91 92 ... 122
Перейти на страницу:
луш, амма церан схьадийца ницкъ ца кхочуш, эрна дайнарг?

Нурседин тидам хилира Селитин ойлане латтаран:

— Гой хьуна!.. Хьо-х реза йацара!.. Йало!.. Луьйчур ду вай!..

— Дика ду… Шу дIогахь цхьаьна хила, со кхузахь суо хир йу, шуна гена йоццуш.

Нурседа кхийтира: Селитина эхь хетара чухуларчу бедарца Асеткульна хьалха лела. Асеткуллий, цуьнан кIант Мараттий, хIинца цаьрца Нурседий бийларца, гIовгIанашца хи чу кхиссабелира…

Селита, уьш хезехь, амма царна ша ца гучохь, торхан маьIига тIехьа, дIанисйелира: шена тIера охьайаьккхина тIехулара бедар тIулга кIел а йиллина, луьйчу хорма тIе а йерзийна, хин марайахара иза. ГIалахь цхьацца гIуллакхаш долу Ахат, сарахь ша кхарна тIаьхьавогIур аьлла, ваханера.

Селитина ша цхьа кIезиг чемхалг хетара йист йоцчу хIорда арахь, хьалахьаьжча, бух а ца гучу цу кIоргачу стигала кIел.

Бердан йистехьа оьзна, хи логгех кхоччучул бен гена ца довлуш, луьйчура уьш — Асеткульна нека дан ца хаьара, Маратиках а кхоьрура. Амма сихха хIордаца эвхьазйаьлла Нурседа, церан лаамара йолий, неканца буйн тIе кхаччалц а йоьдий, и, мара а йуллий, цигара схьахьожура:

— Кхузара хьаьжча, берд ма генахь а хета!..

— Иштта мегар дац, Нурседа! Ахь тхан сагатдо! Йухайоьл, — мохь тухура Асеткуляс… Амма вукху дийнахь а Нурседа ца Iapa и ца деш…

Селитас нека, тIехула тIамарш а ца йетташ, хин бухахула дора, когашца а хи дIахьоькхуш. Йукъ-кара, аркъал а йуьжий, стигала хьала а хьоьжуш, неканца меллаша хина тIехула дIашершаш, ша стигалан кIоргене чукхозайелча санна, хетара цунна.

Чубоьлхий, жимма са а доIий, йуха а схьабогIура уьш…

ШозлагIа де а дIаделира… Тахана малхбузе кхаччалц лийчира, чу а ца доьлхуш, йуург шайца схьа а йеъна. Байн мох баьллера, амма хи, мелхо а, кхин а дохделлера. Селитин букъ тIехула шерший, пханаршна йуккъехула вортан тIекхаччалц хьаладодура, ненан пIелгаш санна довха, хин гуш доцу лоппагаш. Дуьйсинчу ахкаргех тера, чекх са гу медузанаш, настарх хьекхалора, дайн чкъор а дагош. Генна хIурдан йуккъехь наг — наггахь хаалора ирхкхиссало даккхий чIерий: «Дельфинаш ду»… — дагадеара Асеткуляс дийцинарг.

ХIордана тIехула анайистте кхаьчна кема циггахь, ша хин буха чудоьдуш санна, жим — жима лахлуш, тIаьххьара а довра. Эххар малх анайухах хьакхабелира. Стигалан вукху агIорхьара схьакъеддачу беттасино хIордан экъана тIехула, дIабузучу маьлхан зIаьнарийн асанаш пурх а хадош, шен дато некъаш дехкира. Селита саготта хилира, маьркIаже тIехуьлуш гарна, амма Асеткулян, Маратан, Нурседин самукъе аьзнаш йуххехь хазарна мелла а даг тIехь синтем, ца бовш, лаьттара.

Лийча гIел а йелла, хи чуьра хьалаелира Селита. Малх дIабуьзира, амма са даза дара хIинца а. Луьйчу хорма охьа а йаьккхина, иза Iовда хIоьттира Селита беттан серлонгахь. Тахана шен доьзална тIе ван мелла а тIаьхьависна вогIучу Ахатна гира иза, торха тIехь некъо голатухучу ша кхаьчча: хIорда йисттехь, беттан серлонгахь, гата а карахь, и шен дегIах хьоькхуш, лаьттара Селита. …Ахатна цу сохьта хIунда хиира-те иза Селита йуйла?.. Цкъа дIахьаьжжинчохь висира иза масех секундехь. ТIаккха бIаьргаш хьаббина, жимма иштта а лаьттина, вукху новкъа а ваьлла, шен доьзалшна тIе вахара. Уьш, тIе хIума а йуьйхина, кийча Iapa, Нурседа а, Селита а цхьаьна чубаьхкира уьш.

Шаьш хIусаме хьаладовлуш, Ахата доцца дийцира тахана гIалахь шена дайна хIуманаш: дукха хан йоццуш Францехь шен гIантара воссийна, xIинца кхуза садаIа веъна, цигара хилла волу премьер-министр Эдгар Фор а гира, доций пхьуьйшаш долчу майкица, базарахь хазахета суьрташ дохуш лелаш. Цо суртдоккхург шена тIеерзийчахь цхьана, даккхий даьржина мекхаш а долуш, луьстта баьлла накха а гуш, цIен пес а тиллина, лимонаш йухкуш лаьттачу гуьржичо, тIевахана, кач лецира цуьнан:

— ХIей! Хьуна хьан бакъо йелла сан сурт даккха?

— Даккхийтахьара ахь! Хьо хазахетта воллура со. Тхешан Францехь а ас, дозалла а деш, гойтур дара хьан сурт, — элира Эдгара Фора.

— Хьайна лаахь, хьо соьга кхуззахь хьежа… Амма Францехь со гайта эшац! — дIахадийра гуьржичо.

— Ас мах а лур бара хьуна!.. даккхийтахьара ахь! — тIехьаьрчинера француз.

— Ахь хIун дей? Xlapa ши лимон а йу хьуна, цхьа мах а боцуш! Йахийта! — аьлла, лаьллира гуьржичо француз, гонахара нах а белош…

Сукарно (Президент Индонезии) а гира, буткъа хаза сараг а карахь, буткъа чIапа куй а тиллина, массарна вела а къежаш, машенахь порта хьалхахула тIехволуш… Вайн хьаькамашца цхьаьна… Тахана хезира Сталинан, Бериян кхузахь мел хилла дачанаш — йерриш а халкъана дIайекъна хIинцца бевлла, бохуш…

Чукхаьчча, кхин а бехха Iийра уьш, чай молуш, Ахатан дийцаршка ладоьгIуш… Вукху дийнахь Ахата а, Асеткула а, шаьш билеташ а эцна, кеманца новкъа яьккхира ши йиша — Алма-Ата… Цигара Джамбуле цIерпоштаца йаха аьтто бара.

ЧЕКИСТАН БIАЬРХИШ

Станце дуьхьалвеана Керим кхоьлина вара. Тавсолта ца веанера. Керимца лаьттара, кхушара дешна а ваьлла, цIа веана Каташ. Цуьнан бIаьргаш лешира, xIapa шиъ гушшехь. «Тавсолтина цхьаъ хилла-техьа?» — дагатесира Селитина.

— ХIун хилла?.. Дада?.. — хаьттира Нурседас.

— ХIан-хIа! И могуш ву… ЦIахь ву!

— Кесира йац!.. — элира Каташа.

ЦIеххьанчу кхерамо вехначуьра вастийнарг санна, мел гиначух а цу сохьта самайелира и шиъ. Ший а йоьлхуш кхечира чу.

— Кхин гур йац-кх!.. — тийжара Селита.

— Дера, гур йац!.. Ма йелха шуьшиъ. Тезет а дIадирзина… ДIайоьллина а кхо кIира сов ду… шу новкъа ма-девлли… шолгIачу дийнахь… Лоьраша, жаннийн лазарх дагна хьу кхетта, бохура, — дешнаш цоьстуш, дуьйцура Керима…

* * *

Кестталга цIа бахийта болийра паргIатбаьхна нохчий, гIалгIай шайн йухаметтахIоттийначу республике. Амма, дерриг къам кхуза кхалхош санна, цхьана дийнахь йуха ца дерзош, мелхо а, цхьацца церан тобанаш вовшах а йетташ, раьгIнаш а хIиттош, кара пропускаш а луш, чолхе нисделира нохчийн, гIалгIайн цIадерзар.

Къаьсттина хала кхочура пропуск… Шен шина берана а, шена а, йуха ТавсолтагIарна а пропуск йаккха тIаьхьаваьлла Керим, кхаа дийнахь къа а хьегна, и халла шен доьзалний бен ца нислуш, ша йуьхьIаьржа а хеташ, Тавсолта волчу веара.

— Дика ду хьуна мукъна, хилла, — аьлла, Тавсолтас дуккха а косташ дира цуьнга:

— Хьо цигахь хьаькам ван мега… Тхан цIеношка хьажалахь, уьш йухалуш дац бахахь а! Тхо а цIа догIур ду, пропуск ма-хилла… Нагахь санна, кхузахь сан хIетале кхалхар хилахь, сан весет ду хьоьга: харж ца кхоош, со цIа вахьар, вайн кешнашкахь дIаволлар… И дан а ницкъ ца кхачахь, ЦIечу берда тIехь суна чурт, мукъна, догIар… Изза ас хIокхаьрга а аьлла, хьуна. ХIан, кхин цхьаъ ду: дIакхаьчча, хьайн ницкъ маббу вайн кешнийн терго а йелахь…

— Дика ду. Кхочушхир ду. Са ма гатде ахь, Тавсолта, вай кестта цигахь вовшахкхетар ду!

— Идрисов Бакар а ву, бохура цуьнан зудчо, хьо ган лууш… Хьо цIа воьду аьлла хезча… цхьа кост долуш, — элира Нурседас. — Меттахь висна ву, бохура…

— Ваха веза!.. Цомгуш а ву… Кост а ду… Ваха веза!.. — тадира Тавсолтас.

Бакар

1 ... 84 85 86 87 88 89 90 91 92 ... 122
Перейти на страницу:
На этой странице вы можете бесплатно скачать Лаьмнаша ца дицдо - Магомет Абуевич Сулаев торрент бесплатно.
Комментарии
Открыть боковую панель
Комментарии
Сергій
Сергій 25.01.2024 - 17:17
"Убийство миссис Спэнлоу" от Агаты Кристи – это великолепный детектив, который завораживает с первой страницы и держит в напряжении до последнего момента. Кристи, как всегда, мастерски строит