Категории
Самые читаемые
RUSBOOK.SU » Проза » Историческая проза » Лаьмнаша ца дицдо - Магомет Абуевич Сулаев

Лаьмнаша ца дицдо - Магомет Абуевич Сулаев

Читать онлайн Лаьмнаша ца дицдо - Магомет Абуевич Сулаев

Шрифт:

-
+

Интервал:

-
+

Закладка:

Сделать
1 ... 89 90 91 92 93 94 95 96 97 ... 122
Перейти на страницу:
ду шуна кхузахь? ПаргIатдаьхна… Дахар а шайн таделлачу хенахь дIа хIунда доьлху?.. Шух цхьаберш хIинца бухарчу тхол а дика беха… Лаахь… кхин ца тарлахь, ши йоI дIа а йахийтий… хьуо кхузахь сацахьа. Хьайн цIахь! — бохура Джейрана майрачуьнга.

Тавсолтас корта лестабора:

— Джейран! Дика дац зудчо, шен майрачо бохург а ца деш, шениг дийцар!

XIopа сарахь лоькхура Нурседас Джейранан лерехь Кавказан исбаьхьаллех эшарш… ТIаьххьара а цIенош а доьхкира… вуно дорах, амма Тавсолта реза вара оцунна а… Джейран тIетахьара…

— Дика ду, реза ца хилахь, йухайогIур хьо… Нуьцкъала хьо цигахь хьан сецор йу? Цкъа дIа, мукъна, йолахьа… Цкъачунна, хьажахIотта, — дийхира Тавсолтас.

Джейранан корта жимма aгIop бахара, ойла йеш, цуьнан Iаьржа бIаьргаш раз севцира. Эххар а:

— Дика ду, мегар ду! — йелакъежира и…

ТавсолтагIар новкъа баха станце дукха адам деара. Кхеран а, Джейранан а гергарнаш, бевзарш: Довлетжанов, Луценко, Кульджан, Айгерим шен майрачуьнца, лулахой…

Августан йуьххьерчех суьйре йекхна а, мела а йара. Довлетжановс, тIе а вахана, Тавсолтин куьг а лаьцна, казахийн маттахь элира:

— Шу деза тхуна. Эша а оьшу. Шу Iийнехь, хаза дара. Делахь а, дахаза Iаш дац шу. ХIун дийр ду… тхуна бехк ма билла!

— Баркалла! Баркалла! — корта лестабора Тавсолтас.

— Шух муьлхха а вухавагIахь, оха везаш тIеоьцур ву. ХIинца шу бухадисча а, тIаьхьа ца хетара. Вай мерза даьхкира… Кхузахь шуна а вон дацара, — тIетуьйхира Луценкос а.

— Баркалла… Иза а бакъ ду… шун мохк а, халкъ а вай цхьаьна йаьккхина хан а йицлур йац! Бакъду и, дахарна а кхузахь аьхна дара… Амма, хIокху кийрана хьаам хилац-кх ша кхоьллинчу лаьмнашкахь бен! Тхан цIехьа керчина ойла сацалур йац, Кавказан тархех дIакхетталц! Шуна баркалла! Вон доцуш дика а дац, дика доцуш вон а дац: шу тхуна девзина дика ду. Дуьйла шу а тхо долчу хьошалгIа! Оха гойтур ду шуна тхаьшна шу мел деза! — элира Тавсолтас, «тхо» боху дош олуш, шена йуххерчу Джейране а хьожуш.

Генарчу махка, гуш доцчу ирсана дуьхьал йаха хIинца сацийна йаьлла Джейран а лаьттара эсала йелакъежаш.

ЦIерпошт схьакхечира. Веъна, схьахIоьттира, хьуьхь а воьлла, тIаьхьависина Аскеров Джатыбай. ЦIийвелла, сихлуш, толкха а лелхаш, Тавсолтин куьг а лаьцна, шайн маттахь бохура цо, гонах а хьоьжуш:

— Тавсолта-агIа, Селита-куль, Нурседа-джан! Шу схьакхалхийнчу дийнахь аш дуьххьара станцера кхуза беъна къаьхьа некъ дагабогIу суна. Ирча де дара и. Сан гуьнахь а доцуш, и соьгахула хилира. Цул тIаьхьа а хIокху Нурседа-джанна цхьацца вас йелира соьгара. Бехке ву со… со чIогIа тешнера сайга шух лаьцна дийцинчух. И харц хиллера. Бакъдерг тIаьхьо хиира… ХIетте а бехке ву со. Амма, цхьабакъду, декхарийлахь-м xIapa а ца йисира, — Нурседига хьаьжира иза. — Делахь а, къинтIерадовла!

Тавсолтас маракъевлира иза:

— И-м хIума дацара! Масане эккха дахарехь… XIapa а Iаь хир йацара, цхьа йиш-маIаш йоцуш… Хьо а вала тхуна къинтIера, тхоьгара хиллачу цатамана!

Селитин бIаьргаш лешира. Нурседас, йела а къежаш, дена хьалхха куьг кховдийра Аскеровга.

— Молодец! Молодец! — бохура Аскеровс, цуьнан куьг а дегош.

ТавсолтагIар вагона тIе бевлира. ЦIерпошт, и аре йекош, хIокхеран а цIарах ша кху мехкан Iодика йечуха тера, цIогIа тоьхна, йолайелира. Вагонан корах ара а хьаьжна, Тавсолта велакъежира. Цуьнан даим буьрсачу йуьхьа тIехь и велакъажар, берийнчух тера, сирла къегара.

— Кхуьнан цIогIа а хIинца хаза ду!.. Марша Iолда, Iодика хуьлда шун! — цIеххьана, шен коьртара схьабаьккхина куй ластийра цо. Массарна а тамаше хийтира чо а божаза, амма, киса санна, кIайбелла цуьнан горга корта дуьххьара, шайна берзина байча…

ЦIерпошт дIайахара, хIаваэхула, чIабанах тера йухатесна, бехха Iаьржа кIур а текхош. Малх чубуьзира. ХIаваъ сихха Iаржлора, амма стигалхула йоьлху мархаш йехха лийпира гуш боцчу маьлхан зIаьнаршлахь, шайн йистош дашо басахь йогуш.

III. ДИКАНАХ ДОГ МА ДИЛЛА

ДЕКЪАЗА ЦIАДЕРЗАР

ЦIерпоштахь эххар а цIа кхаьчначу нохчашна вокзалехь, шайн вагонна дуьхьал нисделла, «ГРОЗНЫЙ» боху дош гичахь, дог тохалуш, мерза хийтира. Шира доттагI йуха вайча санна, серлайелира Тавсолтин йуьхь.

Катоьххна кхечарел хьалха охьабиссира Тавсолтин доьзалш: цунах тасайелла, цунна тIаьххье Джейран, тIаккха Селита, царел а хьалха — Нурседа. Амма шаьш цIакхачар хазахетта айаделла долу церан дегнаш цу-сохьта йуха а Iовжийра, шайна вокзале дуьхьалбаьхкина, маршалла хоттуш, шаьш цIакхачарца декъалбеш, Iедалхойх цхьа а тайпа векалш шайна ма ца байннехь. Селитас, лере а таьIна, Нурседе кIуон элира: «Ур-атталла Казахстанехь а вайна-м дуьхьал ма баьхкира»… Тавсолтин йуьхь цIийелира, Джейранна хьалха эхь хетта: «Вай йухадаьхкина хазахеташ цхьа а воцчух тера ду», — дагатесира цунна. Амма цу сохьта цхьа оьрси тIевеара царна:

— Шу дуй БерсановгIар?.. Со Керима ваийтина шуна дуьхьал…

Керима, ша дуьхьал ван йиш а ца хилла, йаийтинчу кира кхоьхьучу машенахь Тавсолтин доьзал станцера Эскинойхьа новкъа белира… ГIалех арабовлале дуккха а урамашкахула хьийза дийзира: цкъа кхузахь — тIаккха дIогахь латта аьхкина меттигаш нислора кест-кеста, тIеман заманахь окопаш санна. Малх гIушлакхе гIертара. Шоферца хьалха чу хиъна вогIу Тавсолта а, тIехьа дIанисбелла цуьнан доьзалш а тидаме дIасахьуьйсура гондIа: уьш массо а бара, ур-атталла Тавсолта а тIехь, шайн Республикин коьрта гIала дуьххьара гуш. Вокзалан майданара машен шоферо хьалха Беликовн тIай долчухьа йерзийра: Соьлжан можачу тулгIешна тIехь, къорза истангаш санна, малхехь сийна-Iаьржа бос лепаш, дIашершара мехкадаьттанан йаккхий хьоькхнаш. ТIай тIехула а девлла, аьрру агIорчу урамехула дIадахара. Моторо цхьа-ши хьоршам а тоьхна, машен сецира тIулгех боьттинчу лекхачу пена уллохь. Шофер, охьа а воьссина, капот а йиллина, моторан сакхт лаха хIоьттира. ТIулган пена тIехь леккха хьалабахна, тIулгах бина, цхьа Iаьржа боккха адаман корта байра Тавсолтина. Йуьхь а йара Iаьржа, оьгIазе.

— И хIун йу?.. — хаьттира цо шофере.

— Муха… «хIун йу»… Ермолов ву-кх… Паччахьан инарла… XIapa гIала дуьххьара дIахIоттийнарг…

— ЖIаьла ду, — элира Тавсолтас.

— Муха… «жIаьла»?.. Ас ца боху хьоь — паччахьан инарла! Адам ду!.

— Сан ден жIаьла дара — «Ермол», — элира Тавсолтас. Шоферо, вела а къежна, куьг ластийра: «Хьо-м кхета а ца воллу» бохучу маьIнехь — цунна ца хаьара, лам чохь нохчаша, паччахьан цхьаболчу, шайна дуьхьал леттачу инарлийн а цIерш, уьш къонахий хилар гичхьана, шайн кIенташна а тохкуш хиллий: «Сипсо», «Боккало», «Паскоч»… Амма Ермоловн цIе дукха хенахь дуьйна а ламанхоша шайн жIаьлешна лора…

Моторан сакхт шоферо дIа а нисдина, машен хIинца трамвайн некъана уллохула йоьдура — «Трамвайни тIай» долчухьа. Цхьана-шина куьпах тIехйаьлча, йуха а сецира Нефтяной институтан маьIIехь. Шофер охьа а воьссина, йуха а мотор талла хIоьттира. Тавсолта цеце хьалахьоьжура цигахь лаьттачу, болатан гIортораш тIехь леккха хьалайаханчу, хи дIасадоькъучу бIаьвне. БIаьргашца и йустуш, лакхара дуьйна и охьавогIуш, когашка кхечира. Когашкахь нисйина, йеакIов йехий гIайракхаш гина, царна тIехь Iаьрбан йоза дайна, цецваьлла, тIехилира и. ГоратаьIна деша хIоьттира:

— Сан да!.. Берс! — мохь белира цуьнга. Горавахна,

1 ... 89 90 91 92 93 94 95 96 97 ... 122
Перейти на страницу:
На этой странице вы можете бесплатно скачать Лаьмнаша ца дицдо - Магомет Абуевич Сулаев торрент бесплатно.
Комментарии
Открыть боковую панель
Комментарии
Сергій
Сергій 25.01.2024 - 17:17
"Убийство миссис Спэнлоу" от Агаты Кристи – это великолепный детектив, который завораживает с первой страницы и держит в напряжении до последнего момента. Кристи, как всегда, мастерски строит