Категории
Самые читаемые
RUSBOOK.SU » Проза » Историческая проза » Лаьмнаша ца дицдо - Магомет Абуевич Сулаев

Лаьмнаша ца дицдо - Магомет Абуевич Сулаев

Читать онлайн Лаьмнаша ца дицдо - Магомет Абуевич Сулаев

Шрифт:

-
+

Интервал:

-
+

Закладка:

Сделать
1 ... 90 91 92 93 94 95 96 97 98 ... 122
Перейти на страницу:
хьераваьлча санна, сиха, шен ницкъ маббу чурт схьаийзо вуьйлира Тавсолта. Схьа ца даккхалора. Цецваьлла тIевеара шофер.

— Ахь хIун леладо? И мегар дац. Стенна оьшу хьуна и?

— Сан ден чурт!.. Сан ден Берсин чурт ду и!.. — мохь хьоькхура Тавсолтас. Машен тIера, цецбевлла, чухьуьйсура Джейран, Селита, Нурседа, тIехбуьйлу нах а соьцура. Шоферан йуьхь цIийелира — иза кхийтира:

— Тавсолта! ХIинца и дан мегар дац. ТIаккхахула вухавогIyp ву хьо…

Тавсолта деша вуьйлира кхечарна тIе йаздинарш а:

— Тхан йуьртахойн чарташ ду уьш!.. Шу адамаш дац! Шу жIаьлеш ду! — тIекхохкавелира и бехк боцчу шоферана. Иза эсала, цIий а велла, лаьттара:

— Тавсолта! Сан бехк бац!.. Тхан бехк бу!.. Шу кхин йухадогIур дац, уьш шуна кхин оьшур а дац моьттура тхуна, — Тавсолта кхето а, теван а гIертара ма-хуьллу оьрсийн шофер: цунна дагадеара, шега а дакъа лоцуьйтуш, уьш кхуза схьакхехьар. Йуха а ден чурта тIе а вахана, гора а хIоьттина, цомгашчу берана санна, тIе куьг хьоькхуш, дехха доIанаш дира Тавсолтас. Урамера нах, севцца, тийна хьуьйсура.

— Баккъал а йоккха хьакхалла йу и оьздангаллина гергахь а, цкъа а уьш кхин йухабоьрзург ца хиллехь а! — элира царна йуккъерачу, йеха кIайн маж йолчу воккхачу стага оьрсийн маттахь. — Веллачу стеган кошца къийсар адамалла дац!.. — аьлла, дIавахара и.

Бисинарш а, бист ца хуьлуш, меллаша дIасабекъабелира. Шоферо мотор йуха а меттайалийна машен хIинца сихха гIалех болучу боккхачу урамехула дIайоьдура. Тавсолта, вист ца хуьлуш, йуьхь кхохкийна, корта а оллийна вара: иза когашкара коьрте кхаччалц вагийнера гинчо: «ХIетте а шайл тхо лахара а лору-кх цара… Аса-м дийр дацара и санна дерг цкъа а! Делахь а… церан а… хIун бехк бу?.. Уьш а бацара реза… Заманан хьу йу-кх!.. Делан кхиэл йу-кх массо хIуманан а!.. Йо, АллахI! Айхьа диначунна муьтIахь йе ахь сан ойла!» — цуьнан карзахйевлла ойланаш эххар а тийра мелла а… Машен, гIалех ара а йаьлла, хIинца Нохчмехкан йоккхачу шерачу аренгахула дIаоьхура.

PeгIa охьатеIа малх хIинца а бовхха лепара. Тавсолта тидаме дIасахьоьжура.

Массанхьа а цхьаъ хета и стигал, кхузахь шен бен доцчу шатайпа къаьсттинчу сибатехь дуьхьалхIуьттура цунна. Морзин басахь цуьнан сийна лепар а, дIо шурин чопанах сийса мархийн йистош а, церан кура дIашершар а, тоххара хьалха шена гина, кхузахь бен кхин цхьанхьа хилла а доцу, сурт хетара Тавсолтина. Бакъду, шерачу арара лома кхаччалц дуьхьалйетталу моггIара дийгIинчу диттийн баьццара раьгIнаш, хьалха кхузахула хилла йацара. Амма Эскинойхьа бирзинчу новкъа девлчхьана шена мел гург Тавсолтина, йуха а хьалхенгахь шена дайнна, «хIетахьлераниг» хетара: дIогара, Iинна дехьара, куьйса бохь болу лекха тарх а, хьуьлла орца ирзехь йух-йуххе даьлла тайна кхоъ акхтарг а, кху лаьттан и шатайпа мокха-Iаьржа бос а, некъан йистехула хьалайевлла кондарш а…

Машен, гу тIе а йаьлла, дIайоьрззучохь цIеххьана шайн некъ а хадош, дIаиккхина пхьагал а, дера, хийтира Тавсолтина «хIетахьлерраниг». Цецваьлла, велакъежира и: цунна цIенна дагадеара, маццах, цхьанхьа-м доьлхуш, кхузахь шайна иштта дуьхьал, некъ а хадош, пхьагал эккхар. Пхьагал хIинца, некъал дехьа а йедда, сийначу кулла кIел тебира, шера сира букъ кхаьргахьа а берзийна, шена xIopш ца гича, ша а ца го моьттуш. Шофер машен а сацийна, шен гIентана тIехьарчу шалго-тоьпана тIе кхевдира.

— Не надо! Убивай не надо! — тоьпан бух йухаозийра Тавсолтас.

— Ну, ладно! — цуьнга а хьаьжна, шоферо йуха дIайолайалийтира машен.

Йуьртана герга мел гIоьрти а, совбуьйлура Тавсолтин дагалецамаш, бIаьрг къарзош, дог карзахдохуш. Ганза а, дагадахканза а вуно дукха хан йолу цIенна дицделларш а, хIинца кIеззигчу хIуманах а бIаьрг кхетташехь, йуха дерриш а ма-дарра карладуьйлура: и некъан бердашца духдуьйлу самукъане шовданаш а, некъаца маьI-маьIIехь Iохку даккхий чхернаш а, геннара схьагу, амма даима гергахь хета, и къоьжа лаьмнаш а — уьш массо а, шайна чохь садолчу куьцехь, xIapa а вевзинчух тера леррина, шега хьуьйсуш санна, хетара Тавсолтина.

Яьсса-хи тIе а кхаьчна, Эскинойх чувулучу тIех бевлира хIорш: хIинца, гена йоцуш, дIо басахь, гучуйелира хьоме йурт.

— ЭлхьамдуьлиллахI! Хьо доккха де! — ша Iаччохь хьалакхоссавелира Тавсолта! Хин йисттехула боьдучу новкъа машен аьтту агIорхьа дIайоьрззушехь, ЦIен-берд а гучубелира: цIеххьана схьахьаьлхинчу генарчу жималлин гIаларташ, гондIа мел дерг хьулдеш, пардо лецира къеначу бIаьргашна хьалха. БIаьргаш а севцца, меттах ца хьара Тавсолта. Хиллачун суьрташа, роггIана дуьхьалхIуьттуш, сихха вуханехьа идавора иза, шен дахаран йуьххье. Цунна шайн машенан гIовгIа а ца хезара хIинца, некъаца сихха тIехтуьлу йуьртан цIенош а ца гора. Амма шайн цIеношна хьалхха машен сецча, цIеххьана самаваьллачух тера, тохавелла машенара ша-шах охьаиккхира и. ГондIаранаш ца гуш, меллаша, тидаме керта хьаьжира тамаше догучу бIаьргашца. ТIаккха, ша волччохь, горавахана, цомгушчу доьзалхочух санна, хьастаме, къахеташ куьг хьаькхира цо лаьттах. Йуха, цхьа гIорза схьа а эцна, ирахIоьттира. И бIаьргаш хьалха а йаьхьна, лаг тIе таIийра, гонах ирсе бIаьрг кхарстош. Вела а къежаш, хьалха лаьттара Керим.

Мараиккхина а, маршалла хаьттина а ма-велли, Керима, кисанара схьадаьккхина, кехат дIакховдийра Тавсолте:

— ХIинца хьан цIенош йуха а хьан ду-кх!

Тавсолта дика бешлелорхо хиларрий, цуьнан кIант, эпсар, Даймахкехьарчу тIамехь валаррий дагалоцуш, Кериман гIoьнца Iедало йухадерзийнера цунна цIенош. Царна чохь Iийнарш а ши-кхо кIира хьалха Дагестане дIабаханера.

Кериман Iуналлица, бевзачарий, лулахоший, xIopш цIа а бахкале, чу кираш а тухуш, цIан а динера цIенош.

— Баркалла. Ма-дарра аьлча, кху чу ца воьссинехь-м, со вуьззина цIа кхаьчча санна а хетар дацара суна! Баркалла! — Кериман белш тIе куьг диллира Тавсолтас. — Баркалла кху чохь Iийначу дагестанхошна a xIopш лардарна! — элира Тавсолтас.

— Цара-м, хьаха, вайн кешнаш а дика латтийна!.. TIe, хаьий хьуна, — сирла велакъежира Керим, — гуьржаша шаьш Iийначу керташкахь, шаьш дIабоьлхуш, бухахь цхьацца уьстагI а битинера, хьуна, сагIийна — йуха цIа богIучу нохчашна!

— И а къонахалла йу! — къобалдира Тавсолтас…

Керимца баьхкинчарий, лулахоший гIo а деш, чуйаьхьна хIуманаш дIа а нисйина, буьйса йоллалц Iийра цIа кхаьчнарш, бухарнаш цхьаьна — мел хилларш карладохуш. Эххар а, Нурседас, Селитас, доккхачу текхахь нар тIе хIоттийра Джейрана йина, чомехь Iаь гIуьтту бешбармакх!

— OxIo! Казахстано шен хьошалла до вайна хIинца а! — элира Керима Джейране. Йела а къежна, Iадда лаьттара Джейран.

Пхьор а диъна, дIабахара лулахой.

— Со Iуьйранна Грозный-гIала ваха дезаш а ву. Лама цIа вогIур ву… Аш садаIа! — аьлла, дIавахара Керим а.

Бехачу некъо гIелбина Тавсолтин доьзал шаьш цIа бирзинчу дуьххьарлерчу буса набаран марахь мерза дIатхьаьвсира.

* * *

Сатоссуш гIаьттира Тавсолта. Ламаз а дина, тIе хIума а йуьйхина, вуьйш сама ца бохуш, меллаша аравелира и. Цкъа хьалха цIеношна го баьккхира цо, тIаккха кертахула волавелира: даьхникерт йоькъу зIар дацара, божал дохийнера, пенаш хирцинера. УьйтIахула доьду татол лекънера. Шайн дирша йетт а, жIаьла а дагадеара цунна. Уьш, хьовха шен хиллачу бахаман гIиpcax

1 ... 90 91 92 93 94 95 96 97 98 ... 122
Перейти на страницу:
На этой странице вы можете бесплатно скачать Лаьмнаша ца дицдо - Магомет Абуевич Сулаев торрент бесплатно.
Комментарии
Открыть боковую панель
Комментарии
Сергій
Сергій 25.01.2024 - 17:17
"Убийство миссис Спэнлоу" от Агаты Кристи – это великолепный детектив, который завораживает с первой страницы и держит в напряжении до последнего момента. Кристи, как всегда, мастерски строит