Категории
Самые читаемые
RUSBOOK.SU » Проза » Историческая проза » Лаьмнаша ца дицдо - Магомет Абуевич Сулаев

Лаьмнаша ца дицдо - Магомет Абуевич Сулаев

Читать онлайн Лаьмнаша ца дицдо - Магомет Абуевич Сулаев

Шрифт:

-
+

Интервал:

-
+

Закладка:

Сделать
1 ... 54 55 56 57 58 59 60 61 62 ... 122
Перейти на страницу:
Куьйгаш гоьлех а тесна, учахь хиъна Iapa Селита, малхбузе хьоьжуш…

Дагайала, йа къамел дан, йуххехь цхьа а вацара. Тавсолта а, балхара жеррехь цIа а вогIий, шен гIуллакхаш а дой, сихха КеримгIаьрга, йа, хIинца санна, луларчу ШакенгIаьрга воьдура. Селитин берриг сатийсам хIинца Нурседа кхуза схьайаре бара: «Маца йогIур ю-техьа и?!» Маццалц Iер-те иштта… вовшех а хьоьгуш?»…

Кех чу а хьаьжна, почтальоно конверт гайтира. Селитас, йедда, схьаийцира.

Кехата тIехь Нурседас хоуьйтура: шайн йоI а хилла, цунна цIе Зама а тиллина. Конверта чохь хIинца деаннан сурт дара цхьаьна даьккхина: дений — нанний йуккъехь, берийн гIудалкхахь, тайниг санна, Iуьллура Зама; йуххехь, жIанк санна, лаьттара, буйнахь жима тур а къуьйлуш, Джамбул. «ДIадуьйла!» — бохура йуха а. ХIинца кхин а воккха хиллачу Джамбулан сурт дайча, Тавсолтин цергех хи делира. Царна тIе тахана дIакхалххал, сахьаьгира цуьнан. Дагавала КеримгIаьрга ваханчохь, Кесирин бераш хьоьстуш Iийра вехха. Чукхаьчча, Селита сихйира:

— ХIан, йоI, йаздел цаьрга, схьакхалха алий!.. Кхузахь а карор бу болх а, хIусам а… Шахтанаш йацахь а, колхозехь доккхург а тоьур ду.

Маьлхан цIеста горгал, ша дIабузале тIаьххьара бегийна, анайистах хьакхабелира. ШолгIачу дийнахь йуха а кех чухьаьжира, IиндагIа санна, татанза, почтальон. Селите телеграмма дIа а йелла, дIавахара.

Селитас йийшира: «Бохам хилла, шахтехь Расул велла. Нурседа».

Селита, диван тIе охьа а йоьжна, йоьлхуш, чукхечира Тавсолта.

— ХIун хилла хIинца? — йоьIан йелхарехь а хилларг кIезиг хIума доцийла хаьара. Телеграмма шена йешча, корта охьабахара Тавсолтин. Зу санна, кIохцале мекх кеггийра дегадора. КIац йиллинчу кондарех тера долу цIоцкъамаш ваьштадахара. БIаьштига тIера сийна пха, цIубдарх тера, бусабелла, сеттира.

— Ма йелха йоI! XIapa вайна хила Iеминчех ду… Лан деза! — малделлачу боларца уча велира иза. Бакъ ца хиллера: «Арахьара вон — нуц велла догIийла», — боху кица… Кериме хабар дахьийтира.

Нурседин доьзал схьабало йаха тохайелира Селита цу сохьтта.

— ХIан-хIа, оццул бехачу новкъа йоI яхар товш дац. Со гIyp ву, — дуьхьалвелира Тавсолта.

— Хьуна некъаш а довзац, оьрсийн мотт а ца хаьа, — тIe ца тайра Селита. Балхахь а, лулахь а биллина буьйцу казахийн мотт Тавсолтина хIинца шерра Iеминехь а, амма оьрсийн мотт кхин ца шарлуш, бисира цуьнан:

— ХIума дац, суна казахийниг хаьа!..

Iуьйранна схьакхаьчна Керим, комендантера бакъонаш а йаьхна, Нурседа схьайало оцу саррахь цIерпоштахь ша новкъавелира. Цхьа иттех де даьлча, схьакхечира Нурседа шен берашца, Кериман гIоьнца.

Цуьнан йерриг йийбар контейнерца схьатесира цигара, ца оьшу севликаш эха мехах дIа а йоьхкина. И схьакхаьчча, ма-дарра хиира хилларг: шахтина бухахь, кIоранна буру тухуш, ткъех сов белхало а волуш, тIехарцца йоллучу гIайракхна кIел Расула шен вагонетка хаьхкина. Эццахь окъам тIе а йоьжна, и хьаьшна, амма, цуьнан вагонетко йаьккхинчу хараллехула ара а лелхаш, адам лечуьра даьлла. Шахтин урхаллой, цигарчу бахархоший чIогIа сий деш дIаверзийра Расул. Доьзална ахчанца гlo а дира, берашна пенси а хIоттийра. Амма, рицкъанан хало йацахь а, Нурседина Iаьткъира ша хеназа Расулах йалар а, бераш сел хьалхе байлахь дисар а… И схьайеъна бутт чуьрчу тезетахь: сагатдеш, боьлхуш, кадамаш схьаоьцуш, массара а Нурседин догъоьцуш чекхбелира…

Йалташ лелочу бригаде балха йахара Нурседа, шурин-товарни фермехь меттиг а ца хилла. Детъясли нисдина Джамбуллий, Замий, нене ца кхочуьйтуш, ша дIасакхуьйлура Селитас. Шен ма-хуьллу балхана чуйуьйлира, шен бала сихха бицбан гIерта Нурседа. Тавсолта хIинца хьалххе чувогIура. Къаьсттина синкъераме вара, хIинцца мотт Iемина вогIу, дIаьндарг санна, чухула хьийза Джамбул, и тIе а озавой, мара а къовлий, Тавсолтас олура:

— Хьо-м хьайн метте схьакхаьчний, хьайн цIарах йолчу колхозе!

Цхьаьна дара. Бертахь Iapa. Амма, шина бераца Нурседа а тIекхетча, пхеанна сов готта дара xIapa цхьа цIа. Нурседин цхьайолу хIуманаш, чу ца тарлуш, арахь paгIy кIел Iохкура. Нурседа тохайелира. Цкъа дIайоьлла цо, гIоьнна кийчачу Шакен-aгIaгapa, и шаьш чохь Iан цIа, боггIу мах а белла, учица схьаэцна, шайн дола даьккхира. Шакен-агIас ишттанехьа тIе варкхалш а, уьш къовла атланаш а делира. ТIаккха райбанкера переселенцашна цIенош дан луш долу ссуда даьккхира Нурседас. Мел оьшу гIиpc хьалххе гул а бина, августехь катоьххана тIедан долийра кхин цхьа цIа. Цкъа, сихха чхо а йаккхийтина, тIон лард йогIийтира. ТIаккха, нахера эцна, буьйда кибарчигаш мехах дIайоттийтира. Шифер йелира колхозо. Тавсолтас тхов тиллира Кериман гIоьнца. Оганаш, пенаш хьохуш белхи бира. Кесира тхьамда а йолуш, Айгеримас, Кульджана гIo а деш. Кир бацарна, Нурседассий, Селитассий цкъачунна кIир туьйхира, кхузахь кхечара а санна. Октябрехь дина делира и цIа, массеран а гIоьнца. Амма Нурседа, суй санна, ша ца хьаьвзинехь, и хир дацара иштта сиха. ТIаккха, дуьйладеллачуьра, вукху цIенна а ремонт йайтира, кор, неI а тодойтуш. Шина а чу аннаш тохийтира. Керлачу цIа чу а йаьлла, дений, йишиний йуххехь йаха хиира Нурседа шен берашца. Селита а ша йолчу цIа чу йаьккхира цо, Тавсолтина дехьа чохь паргIато йитархьама. ХIуманаш, йерриш схьа а йаьстина, дIанисйира керлачу хIусамехь. ТIорказахь дIадиллина Iиллинчуьра схьа а эцна, Нурседас пенах дIатуьйхира цIера схьадеана долу Ленинан доккха сурт. Гуьйрено схьакхачийра шен комаьрша совгIаташ а: стохкачул сов делира Тавсолтина йалта, гIеххьа Нурседина а кхечира. Пачхьалкхо гIo деш, уьстагIий а делира цу шарахь. Йуха а даха дог догIура.

* * *

ХIорш массо чохь а болуш, уча хIоьттира къена Шакен-агIа.

— Джахсы кибитка!8 — хастийра цо. Лохачу гIанта охьахиира. Тавсолта ирахь лаьттара. — Отар! отар!9 — аьлла, Тавсолта а охьахаийра цо.

ТIаккха кIеззиг казахийн маттахь, Ахатан цIе а йохуш, къамел дина, вела а къежна, дIавахара Шакен-агIа.

— ХIинца тIекхочучу дезчу дийнахь Ахатна зуда йалайо. Шайгахь ловзар хир ду, боху. Вайга а чукхойкху. СовгIат кечде! БIаьрла кIант ву Ахат! ГIур ду вай! — схьахаийтира Тавсолтас.

Да араваьлча, Нурседас хаьттира:

— Селита! Ахь-м ца хьахийра… Ахат чIогIа хьо йезаш хилла бохуш, ма хезара суна?

— Шега йола аьлла-м, хьаьвзира.

— Ткъа ахь?

— Реза йац элира-кх.

— ХIундий? Хьан метта хилча, со-м гlyp йара ишттачу кIанте.

— Даг чохь цхьаъ а волуш, кхечуьнга муха йоьду?

— Увайс тIамехь вайна масех шо а даьлла. Масане хир бу уьш, цIерш а йовзаза, вежараллин кошахь Iохкуш. И цхьанхьа вуйла хиъча-м, хьежар тIехь дара! Ткъа хIинца, эрна, маццалц хьежа йоллу хьо? Ахат санна болу кIентий тIех а туьлуьйтуш? Эрна йов-кха хан…

— Эрна ца хила а мега!.. Сан даго кхин хьоьху. Дадига а хIун ала йоллура хьо?

— И-м тIевоьрзур вара тIаьхьо… Расулна санна, шена нуц тайчхьана…

Шакен-агIан кертахь ловзар хIоьттира. Нускална Асеткульна гIo деш, хехь лаьттара Нурседий, Кульджанний. Йуург кечйечу Джейранна гIo деш хьийзара Айгериммий, Селитий. Шакен-агIас, кхин дах ца деш, цхьана дийнахь лаьттина ловзар хаза чекхделира. Ловзар дIадирзинчул тIаьхьа хезира, Ахат шен нускалца гуттаренна а Алма-Ата дIавоьду аьлла. Цигахь, Асеткулян ден,

1 ... 54 55 56 57 58 59 60 61 62 ... 122
Перейти на страницу:
На этой странице вы можете бесплатно скачать Лаьмнаша ца дицдо - Магомет Абуевич Сулаев торрент бесплатно.
Комментарии
Открыть боковую панель
Комментарии
Сергій
Сергій 25.01.2024 - 17:17
"Убийство миссис Спэнлоу" от Агаты Кристи – это великолепный детектив, который завораживает с первой страницы и держит в напряжении до последнего момента. Кристи, как всегда, мастерски строит