Категории
Самые читаемые
RUSBOOK.SU » Проза » Историческая проза » Лаьмнаша ца дицдо - Магомет Абуевич Сулаев

Лаьмнаша ца дицдо - Магомет Абуевич Сулаев

Читать онлайн Лаьмнаша ца дицдо - Магомет Абуевич Сулаев

Шрифт:

-
+

Интервал:

-
+

Закладка:

Сделать
1 ... 51 52 53 54 55 56 57 58 59 ... 122
Перейти на страницу:
хетара Селитина. Цу шатайпанчу амало хьалххехь йаьккхира иза жималлин йоккхайерах, амма оццу амало хьалххе дуьзира цуьнан экаме дог, баккхийчеран а наггахь бен ца хуьлучу, кIоргачу адамаллех а, оьздангаллех а. Цундела Ахатна а, цул хазанаш а шена дукха гиннашехь, кхечерачух тера йоцуш, шатайпа тамаше хийтира цуьнан, де санна, сирла, амма буьйса санна, забаре йоцу хазалла.

ХIинца ша балхана чувоьлла хьийзаш а, дагара ца йолура и цунна. Мел дийриг а, мел дуьйцург а, мел гург а цуьнан даим дуьхьал лаьттачу аматан пардох чекх гора кIантана… ХIетте а, йоI шеца билггал шийла хилар гуш, Ахатан ницкъ кхечира и йолчу эрна ца эха. Амма цунах лаьцна ойла ца йан, иза мел эрна делахь а, цуьнан ницкъ кхочуш бацара. Шен кийрахь эрна безам гIуьттийла ца лууш, иза ма-хуьллу къахкара хIинца йоI шена совнаха гарх.

Амма йоI, ца хууш а, йуха ма-гиннехь, и йуха а ган лаар совдолий, цхьа хан йоллушехь, хьаьвззий, детъясли кхочура Ахат.

Селита, цо шен бечу тидамах дагахь йоккхаехь a, амма зил тIера ца йолура, шегара совнаха дегайовхо а ца гойтура кIантана: Увайсан амат даг чуьра дIататта ницкъ хIинца цхьана а хIуманан бацара. Цундела Ахат, йоьIан шело гуш, вол-волуш вухавелира. Цуьнан йижарий а херабевлира Селитех. ХIинца Селита цхьа йиснера.

Тавсолта а дукха хьолахь, вист ца хуьлуш, шен гIуллакхаш дой, дIатевжара нара тIе йа араволура. Нурседера кехаташ а нилхадевллера. Амма сингаттаман кара ца йаха Селита, тохара Эскинойхь санна, ма-хуьллу йуха а книжканашна чуйуьйлира…

Йуьртахь массеран а багахь вара Ахат. Массара ладоьгIура, и хьанна кхочу-те бохуш, цуьнчуьнца цхьаьна йохуш кхин цIе а ца хезаш, нохчийн йоIаца цуьнан хилла и доций цхьаьнакхетарш а нахана хааза дисира.

Ахатна а кIордийра шен цхьаалла: могуш а, къона а, вара, хийланна хаза а хетара xIapa, къаьсттина кхеран школерчу химик-лаборантка йолчу Карынбаева Асеткульна. Дуккха а бара кхуьнца гергарло лоьхуш — «цхьаъ йоцург» — цу тIехь чекхйолура Ахатан ойланийн зIе. Бакъду, тайна а, хьекъале а йолу Асеткуль, шеца доттагIалла хила мегар долуш йара. «Важа дагара йалахьара!» — бохура йуха а Ахатан ойлано.

Асеткульца доттагIалла ша тIаьххьара а тIеэцале, кхин цкъа а шен кхоллам тIаьххьара зен детъясли вахара Ахат. Дикка хан а йаьллера вахаза. Кхана сарахь школехь Октябран дезчу денна бечу синкъераме кхойкху кхо билет кховдийра цо Кульджане:

— Шу шинней… Селитиний, — йуххе лаьттачу Селитегахьа корта а ластош.

— Баркалла, Ахат… бехк ма билла… сан йан йиш хир йац! — кIант тIекIава ца лаара Селитина.

— ХIунда? Цхьаьна хир ма ду вай! — тIехьаьрчира Кульджан.

— Кхузахь а ду вай-м цхьаьна! — бегаш бира цо.

Ша-шена оьгIазвахана, кхин детъясли а ца ван дIавахара Ахат!..

Кестта цхьаболчийн сапаргIатделира. Октябран дезчу дийнахь дуьйна Ахат хазачу Асеткульца хуьлура — школехь а, клубехь а, кинохь а. Дукхаммо, къаьсттина зударша, цхьаьна товш лорура и шиъ. Бакъду, цхьацца мехкарша йоI кIанте ца кхочу олура. Ахатан йижарий-м баккхийбера. Церан хьесапехь, ло санна, кIайн, тайна йоIстаг Асеткуль, цхьана къомах а, тIе дешна а хиларна Ахатца дикаха йогIура.

Кертахь, йиттина бедарш хьалаухкуш, Селитех ша кхеттачохь, дагахь хIума доцчу Кульджана эккхийтира:

— Селита! Ма хаза йу, моьтту хьуна, Ахат тIехьийза йоI! Гиний хьуна?.. Асеткуль! Селхана а йара Ахатца кинохь.

— Хьажахь, ма дика ду и! — догцIена къобалдира Селитас.

ХIетте а деган кIоргехь, Ахат цIеххьашха цIенна дIахадар новкъа-м деара йоIана: тIе цахьийзарх, вуьшта вевзаш хила а ца тарло-те, хетара Селитина. Наггахь, ца хууш бен ца гора и хIинца, хIорш цхьана кертахь а Iашшехь, йа гина меттиг хилча а, тохара санна, къамеле а ца волуш, маршалла хоттий, йа цхьа бен доццург олий, тIехволура, Селитин мелла а дог къовзош. Делахь а йа и Iexo а, йа йахь дIайала а дага ца лоцуш, шен гIайгIанна къурд а бина, дог къевллина, IадIара йоI.

* * *

Керлачу шарна клубехь дийнахь хIотточу спектакле кхойкху кхо билет кховдийра йуха а Ахата Кульджане:

— Шу шинней… лаахь, Селитиний… меттигаш хьалххехь лаца… Со Асеткульца тIаьхьо тIевогIур ву.

Кульджан СелитагIаьрга йеара. Тавсолта а вара чохь. Селитас гIиллакхе элира:

— Йан йиш хир йац сан… Бехк ма билла, — Кульджан дIайахара. ЦIахь йише дийцира.

Айгерим оьгIазйахара вешина, шаьш клубе дIакхаьчча, ша лаьттачу Ахате элира:

— ХIунда кхойкхура ахь цуьнга йуха а?.. Мила йу а ца хуу нохчи! XIapa стенна язйелла!..

Кульджан а тIетайра:

— Зен гIерта-кх… Йитахь и, ваши, тергал а ца йеш! — ша мел догцIена йелахь а, вешех хьакхаделларг ловр долуш иза а йацара.

— Ас хIун до, ца йитина?.. Дика ду…

Цкъа а цунах ойла ца йан а сацийра Ахата шен дагахь.

— Асеткуль? — хаьттира Кульджана.

Ахат цIийвелира:

— ХIинцца… схьакхача йеза…

Ахата цул тIаьхьа хьаха а ца йора Селита. Къонахчун ницкъ гулбина, догцIена чIагIо йира цо: «Иза йицйан, дагара дIайаккха, эрначу синIаткъамах паргIатвала!»

Нийссачу хьесапе сема ладоьгIча, Ахатна цхьа а совло а ца гора Селитин аматца Асеткульна хьалха: «Оьздангаллица а, йа хазаллица а оьшуш йац, тIе, дешна йаьлла а, даггара со везаш а йу…», — ша-шен чIагIвора Ахата. Асеткульца гар а ша леррина садаьккхира кIанта: школехь денна цхьаьнакхетара, дедда-йукъа кино оьхура, хьошалгIа а цуьнца бен ца воьдура. Шен йерриге ойла а доггах, нуьцкъаша цунна тIейерзийра цо.

ХIинца, Асеткуль ца гуш цхьа-ши де далахь, ша дIахьодура и йолчу.

Йоккхайера Асеткуль: тIаьххьара а шена везарг карийна, ша ирсе хетара… Ахат а вара хIинца шена реза, дог шен буйна къовлуш, кхочушдира цо шен кхетамо сацийнарг! Хьалххе дуьйна Iеминера и деган лааман коьртаца литта. Селита цо дага а ца лоцура хIинца, Ткъа дуьхьалкхетча а, цуьнгахьа хьажа а ца гIуртура. Шa-шех воккхавера Ахат: и бара семачу кхетамо дагна тIехь, йуьззинчу стогалло безамна тIехь баьккхина бакъболу толам: «Наггахь бен баккхалуш а боцу, поэташа ца хуьлу а боху», — шех дозалла дира цо дагахь.

«Нах эшийнарг — ницкъ болуш ву, ша эшийнарг — турпал ву», — дагадеара шайн комиссаро олуш хезна кица.

Ахатан болар а, хьажар а хIинца хьалхачул стогаллех дуьзна, синтеме дара. Амма хIетте а… ХIетте а, овкъарна кIел богуш Iуьллу кIега санна, кхетаман кIоргехь гуш а боцуш, амма дIабан ца туьгуш, наг-наггахь дог а къовзош, меттахъхьеш, цхьа шира цатам хаалора, цхьаммо-м исбаьхьа йиш уггаре хазачохь цIеххьана хадийча санна.

* * *

Кхин ши-кхо бутт а белира Ахат Селитина дуьхьал ца кхеташ а, и ган ца гIуртуш а, Асеткульца шен доттагIалла цо хаза дIакхоьхьуш… БIаьстенан йуккъехь вирусни грипп кхетта, пехашна хьу а йоьлла, вуьйжира Ахат. Беснеш йогура, бIаьргаш чуэгнера. Лоччарна крахмал а тухуш, йижарша кечбинчу кIайчу назбарна тIехь, мархашлахь бутт санна, Iуьллура цуьнан гIорасиз дIакерчина

1 ... 51 52 53 54 55 56 57 58 59 ... 122
Перейти на страницу:
На этой странице вы можете бесплатно скачать Лаьмнаша ца дицдо - Магомет Абуевич Сулаев торрент бесплатно.
Комментарии
Открыть боковую панель
Комментарии
Сергій
Сергій 25.01.2024 - 17:17
"Убийство миссис Спэнлоу" от Агаты Кристи – это великолепный детектив, который завораживает с первой страницы и держит в напряжении до последнего момента. Кристи, как всегда, мастерски строит