Категории
Самые читаемые
RUSBOOK.SU » Проза » Историческая проза » Лаьмнаша ца дицдо - Магомет Абуевич Сулаев

Лаьмнаша ца дицдо - Магомет Абуевич Сулаев

Читать онлайн Лаьмнаша ца дицдо - Магомет Абуевич Сулаев

Шрифт:

-
+

Интервал:

-
+

Закладка:

Сделать
1 ... 48 49 50 51 52 53 54 55 56 ... 122
Перейти на страницу:
МаригIаз цуьнан кеда чорпа йотта кечйеллачохь, Кесирас сацийра и:

— Мегар дац! ЦIеххьана дукха йиъча, кхераме ду боху Эзаус.

ДIо, кхера тIе а хиъна, шен кедара хIума йууш Iачу воккхачу стагна тIевахара Арсен.

— Дада, ло суна, — дIакховдийра кад. Воккхачу стага шен йисина чорпа йерриг цуьнан кеда йоьттира. «Суна кхин а йели», — аьлла шечарна тIе вахара Арсен…

XIopа денна а, Iуьйррехь доладой, и гIуллакх делкъехь чекхдоккхура. ТIебахка де а доцуш, цIахь Iохкучарна, шатайпа къастийна кечйина, хьена йоцу чорпа а, маннин хударш а МаригIаза дIасахьора Керима билгалйаьхначу хIусамашка.

Кестта мацаллех баларш севцира цу йуьртахь. Шайн xIycaмашкахь Iохкурш а кестта гIевттира, дукхахберш. Нехан чу са деара. ХIинца уьш колхозан балха эха а, вовшийн чухIитта а ларабора

Амма МаригIаз чухIитта цуьнан гергарчех цхьа а ца виснера кхузахь. Шен диъ бер а, майра а дIа воьллина, царна тIаьххье ша а йала кечйелла, Iожаллина резахилла, цунна кIелсецна Iаччуьра, цIеххьана, Делан къинхетамца, йалаза йисина МаригIаз хIинца, шен дегIана чу йуха садеъча, шен белларш хьалхачул чIогIа дагаоьхуш, кухнин чохь соне а хуий, кест-кеста тийжара. Керимна а, Кесирина а къаьсттина къахетара цунах.

Керима эххар, комендатурехула кехаташ дIасакхехьийтина а, нахехула и хоьттуш лелла-а, цхьана-шина баттахь къахьегна, схьалехира МаригIазан шичой беха меттиг.

— Уьш къилбседехьа, Iа шийла хуьлчу генарчу Аягузехь бу. Хьуна кхузахь Iийча тоьлий-те? — хаьттира Керима йоьлхучу МаригIазе.

— Делахь а, дIахьажаехьа со царна тIе, хьайн ницкъ кхачахь, — дийхира МаригIаза.

Керима комендатурера йаьккхинчу бакъонца МаригIаз, ша Джамбул-гIалин вокзале а кхачийна, шен чоьтах билет а эцна, некъана кхалла хIума а, кIеззиг ахча а делла, цIерпошта хаийра. Тамбур тIера гIийла чухьоьжура МаригIаз перронехь лаьттачу Кериме:

— Ахь суна мел динарг хьуна Дала духа доькхийла: сан и хьуна духа декха ницкъ хир бац цкъа а. Амма шу а, шун дикалла а ас йицйийр йац. Дала ахь дагалаьцначу дикане кхачавойла хьо!

— Хьуо цига дIакхачарх хаам белахь. Дала некъ нисбойла хьан, МаригIаз!..

ЦIерпошт тохайелира, меллаша йолалуш. Тамбурехь лаьттачу МаригIазин бIаьргех хиш охьахьаьвдира. И ца гайта цо Керимехьа букъ берзийра. ЦIерпошт, сиххачу боларе а йаьлла, къайлайелира. Цхьана aгlop дикачу дагара, амма вукху агIор гIийлачу ойланехь вухавирзира цигара Керим.

** *

МаригIаз новкъа а йаьккхина, Джамбулера вухавогIуш, Жал-тюбехь ТавсолтагIеран чухIоьттира иза. Тавсолта чохь вара. Иза а йуьхьан басца мелла а меттавеанчух тера хийтира Керимна. Эххар чуйелира Селита а, йекхайеллачу йуьхьца, Нурседера деъна кехат а дахьаш. Кериме маршалла а хаьттина:

— Деший, дада? — дIауьйхьира цо даьстина кехат.

— Дешал! — юьхь серлаелира Тавсолтин а.

Нурседас, кхаьргара хьал-де а, шайгара посылка дIакхаьччий бохуш а хоьттура, шаьш дика Iap а дуьйцура, Кесирей, Керимей маршаллаш а лора. Оцуьнан тийнна тидам беш Iачу Кериман бIаьргаш къегира. Кехат чекхдоллуш, йаздора: «КIант вина. ЦIе хIун тилла?». Кхааннен а цхьаьна даьккхина сурт а дара: Нурседа бер марахь хиъна Iapa, йуххехь ирахь лаьттара Расул (стундеца гIиллакх лоцуш, цунна и сурт гур дуйла хууш).

Тавсолта вехха хьийжира суьрте:

— Джамбул!.. ДIайазде, Джамбул цIе тилла алий!

Селита жоп йаздан охьахиира…

Бутт чекхболлуш, Тавсолте кхин цхьа кхаъ а баьккхира Селитас: Кесирас а, шен кIантана Каташна тIе йоI йира.

— ХIай-хIай! Довр дац нохчийн доь! — шеха корта ластийра Тавсолтас.

АХАТ

ТIом чекхбалар даздеш, Советски халкъо а, дуьнено а сатийсина Толаман де иссалгIачу майхь схьакхайкхийра радиос. Оцу дийннахь, дагахь а доцуш, делкъехь цIа кхечира лулахойн кIант — Ахат: масех баттахь кехат а даза волу и, эцца новкъахь сецначу машенара воьссина, цIеххьана шайн керта велира лейтенантан хормехь, хьалха шортта орденаш а кхозуш. УьйтIахь хиллачу Айгеримий, Кульджаний: «Ахат!» — олуш, мохь хьокху а хезна, наггахь бен чуьра ара а ца волу къена Шакен-агIа а схьахьаьдира, Iaca а луьйзуш. Дайчу боларца маса схьакхечира Джейран а: цхьаъ бен воцу шича доггах маравуьхкура цо, йижаршкара а ваьккхина. Гара когаш шуьйрра дIаса а хIиттийна, хьалха Iaca а гIортийна, чIениг а йегош, малхана санна, кIантана къежна лаьттара да, Ахатана тIера бIаьрг ца боккхуш и тIеваре хьоьжуш. Зударийн марара а ваьлла, тIеведира Ахат дена.

— Аман, ата7, аман! — кIентан белша тIехь дехха Iахкийра дас, саксаулан басахь, маззакъдоьлла куьйгаш… Хебарша аьхначу цуьнан йуьхьан тачанаш чухула охьахецаделира бIаьрхиш…

Ахат цIаварна той, тIаьхьа ца тоттуш, оццу сарахь дар сацийра дас:

— Маццалц веха а хаац… хIop де а деза ду.

Маса кечам бан буьйлабелира йижарий, Джейранний…

Тахана Джейрана ша дехха лелийна Iаьржа духар, дуьххьара охьадиллина, тIейуьйхира къорзачу дарин коч а, цIечу тIаьрсиган эткаш а, коьрта тиллира чилланан кIайн йовлакх. ЙоIстаг санна хетара и хIинца, йуьхь галлалц.

Шакен-агIеран уьйтIахь доккха той хIоьттира малх дIа а бузале. Кхайкхина дIавигна, Шакен-агIаца баьрчче охьахаийра Тавсолта а. Гена воццуш, йуьртдеца Iapa Керим. Кесира берашца цIахь сеццера. Нийсархошца къамел деш лаьттара, эпсаран хормехь некха хьалха орденийн дийнна цIов богу Ахат. Цуьнан йижаршца лаьттара Селита. Бал болош, Шакен-агIас, гIаж а буйнахь йуккъеваьлла, баккхийчу нехан хелхаран цхьа букмашаран кеп йира. ТIаккха Джейранний, Тавсолтий хелхадаьккхира цхьаьна. Тавсолтас нохчичух, ткъа Джейрана кхечу хотIехь иэбеш, баьккхина и хелхаран бал самукъане хийтира массарна а. Тавсолтин астагIалла и хелхаволуш хIумма а ца хаалора. Шен йоккхачу йишица Айгеримца йукъаваьккхира Ахат.

Репродуктор чухула схьахеза Шостаковичан «Хелхаран сюита» а тамехь йогIура ловзаран эшаршца. Шакен-агIа тапъаьлла хьоьжура Ахате.

ЧIу санна тайна, хелхаргахь вай-й хьийза лейтенант массарна а товш хетара. Къеначу дена дуьхьал хIуьттура кIентан жима хан а, цунна ша сагатдеш баьккхина мур а.

I942-чу шарахь, институт чекх ма-йаьккхи, школехь ша физика хьеха вуьттушехь, шен лаамехь, Джейранан кIенташца йохье ваьлла, тIаме вахара Ахат. ХIинца иза цIа веана. Амма… Джейранах бIаьрг кхетча, дог лазадолура Шакенан: шечух ца къастабора цо цуьнанаш! Шакен-агIас, ша таханенна тIейуьйхинчу, къорзачу дарин обанан пхьош хьаькхира бIаьргех.

Хелхавуьйлу Ахат, шен белша тIехула цкъацца раз Селитегахьа хьожура. Хелхар деш, Айгеримна йуххе кхаьчча, меллаша, цхьаъ-м элира цо йишига. Айгерим йелакъежира, корта а таIош. И тосаделла Селита, цара йуьйцург ша хетта, кхин Ахатехьа дIа ца йоьрзуш, лаьттара хIинца. Делахь а, бIаьргаш йукъ-кара ларамза хьовсура цуьнгахьа. Хелхар дина ваьлла Ахат, тIемалочун боларахь кегийрхошна тIе а вахана, паргIат охьахиира. Айгерима, йела а къежаш, хаьттира Селите:

— Муха хета хьуна тхан хелхар? — шен вешех лаьцна хьалха Селитас хаттаре сатуьйсура цо.

— Хазахета. Товш хелхар ду, — элира йоIа, хIинца хелхабуьйлучу Кульджаней, йуьртдегий а хьоьжуш. Ахат шозлагIа а йукъаваьккхира. Схьагарехь, цо йишица бинчу бартаца, Айгерима шена йуххера Селита йукъаозийра. Хелхайала а, нахана гуш йухаийзайала а цхьабосса эхь хета Селита, ца йаьллачу денна йукъайелира. Массо цецбехира Ахата, бохь а бугIуш, йукъ-кара — «хIорстох» — олуш, динчу нохчийн хелхаро. Тавсолтин бIаьрг серлабаьллера. Селита, ийзалуш, дика ца йолура

1 ... 48 49 50 51 52 53 54 55 56 ... 122
Перейти на страницу:
На этой странице вы можете бесплатно скачать Лаьмнаша ца дицдо - Магомет Абуевич Сулаев торрент бесплатно.
Комментарии
Открыть боковую панель
Комментарии
Сергій
Сергій 25.01.2024 - 17:17
"Убийство миссис Спэнлоу" от Агаты Кристи – это великолепный детектив, который завораживает с первой страницы и держит в напряжении до последнего момента. Кристи, как всегда, мастерски строит