Категории
Самые читаемые
RUSBOOK.SU » Проза » Историческая проза » Лаьмнаша ца дицдо - Магомет Абуевич Сулаев

Лаьмнаша ца дицдо - Магомет Абуевич Сулаев

Читать онлайн Лаьмнаша ца дицдо - Магомет Абуевич Сулаев

Шрифт:

-
+

Интервал:

-
+

Закладка:

Сделать
1 ... 50 51 52 53 54 55 56 57 58 ... 122
Перейти на страницу:
дуьхьалтуьйсура Анна Львовна, Нурседа… йуха а — Увайс! ХIан-хIа! Иза дагара ца волура, иза къаста а ца лора, уггар гергарчех. Дерриг цуьнца мел дозург, кинохь санна, цхьаъ вукхунна тIаьхьа, хьалхахIуьттура: шаьш цхьаьна дечиг хедор, цуьнан пIелг лазор, шен йовлакхца и бехкар… И тIаме новкъа воккхуш, шаьш орцахула чекхдовлуш, дуьххьара шайн безам бийцар… цо делла зезаг, ша делла дош…

ТIорказ чуьра шен блокнот схьа а эцна, лерана йуккъе хьаьжира: ша ма-дарра Iуьллура хьоме, амма маргIалдоьлла, басадаьлла зезаг. ТIаккха шена хьалхарчу Ахата йеша йеллачу книжкех бIаьрг кхетта, кIант шега шатайпа вистхилар а, цуьнца ша эвхьаза хилар а дагадеана, йуха а Увайсан суьрте хьаьжна, луьста цIийелира Селита, шех чекх са гуш, шегара йаьлларг хьарамло хеташ.

«ХIан-хIа! зезаг санна, атта маргIалбола йиш йац безам, и адамийн хиллехь!» — ойла йора цо. Набкхеттачу дена хазарна кхоьруш, къийлалуш, къурдаш а деш, йоьлхура Селита, Увайсан суьрте а хьоьжуш, цо, йуха а, шена хьанал хилар доьхуш санна, хетара! «ХIан-хIа! И велла вац! Со хьоьжур йу цуьнга, сайн дош ас дохор дац!» — и сацам буха чIагIбелира йоьIан даг чохь.

ЦIеххьана, стелахаьштиг детташ санна, декъа татанаш хезна, цецйаьлла арайелира иза. Новкъахь лаьттара синкъераме, даккхийде адамаш. Бодане стигал бес-бесарчу цIерашца серлайохуш, хьийзаш, хьалаоьхура луларчу гIалахь, Толаман де даздеш, кхуьйсу ракеташ: геннахь чухерцачу бердех тера, къорра схьахезара шатлакхна йуьйлучу йаккхийчу тоьпийн гIовгIа.

***

Цхьа-ши де даьлча, йоIаца кхин а къамеле вала дагахь, церан уча хIоьттира Ахат, делкъанна и чуйогIуш а йайна. Тавсолта чуваза вара. ХIетте а къамел ца деара: йоI кхуьнца кхоьлина йара. Дог Iаьвжина, вухавахара и, оцуьнан бахьанех ца кхуьуш. Хан йалийтина, йуха а веара: цкъа йоI чуйазачу кхечира, тIаккха — Тавсолтина тIе нисвелира. Эххар а, Селита ша чохь карийра цунна. Амма дарехь йоI къамеле йала лууш йацара кхуьнца. Кхин ца ван сацийра кIанта! Амма йоIа йиначу дуьхьалоно кхин а марсайаьккхира цIеххьанчу безаман алу. Жимма хан йаьлча, цхьа гIуллакх иккхина, Ахат детъясли вахара, Кульджан йолчу: цигахь Селита а йара балхахь.

— Хьуо чуйогIуш, хIapa дIа а лой, кхуьнан тIаьхье йалахь библиотекера, со перерывехь нисвелира! — йишига шегарчех цхьа книжка дIакховдийра цо. ТIаккха, цахуучуха, шена гинчу Селитега а вистхилира:

— Де дика хуьлда, Селита!.. Йелин хьо роман йешна? Муха хийти?

— Дика хета… йуккъе бен-м ца йаьлла со. Хазахеташ йоьшу.

Бераш дIадийшийна сахьт дара. XIopш учахь Iapa.

— XIapa йешний ахь? — хаьттира Ахата.

— Мухтар Ауэзов… «Абай»… Ца йешна.

— Йешалахь… тхан халкъан дахар а, дог а девзар ду хьуна! — гIанта охьахиира и. Цу книжки тIера цхьацца дийца велира. Ша дуьйцучунна тидам тIеозо хаьара кIантана. Хаз-хазаниг ша-шах дагадогIура йоIана дийца. ТIамах дийца cиxa вацара.

— Берлин схьайоккхуш, хьо хилирий цигахь? — тIаьххьара а хаьттира йоIа.

Цунна хаа лаьара тIамах дерг а. Селитас гуттар тамаш бора адамашка вовшийн дайадаларх. И церан муха нисло хаа гIертара иза. Ахата дийцира шена гиначух цхьадерг. Дуьххьара цуьнгара бен Селитина хезза а йоцу турпалхойн цIераш, зеш, охьайагарйора цо: Момыш-улы, Тулегенов, Мамедова, Панфилов…

— Инарла Панфилов а вара… казах? — хаьттира Селитас.

— Вацара… Казахстанера вара-кх. И ма ду коьртаниг!

Шен хьоме Казахстан, цуьнан халкъ, шена санна, массарна а девзийла а дезийла а лаьара Ахатна:

— Хаьий хьуна, Даймахкехьа хиллачу тIамехь Казахстано шен турпалхойн дукхаллица къоман республикашлахь уггар хьалхарчех меттиг лаьцнийла?..

— Хаьий хьуна, Союзни республикашлахь Казахстан шен лаьттан дукхалица массарел йоккха йуйла?..

— Хаьий хьуна, Алма-Ата бошмаш алсам хиларца дуьненан шахьаршлахь уггар хьалхарчех лорийла?

Хоьтту-уш, цо жоьпаш а ша лора.

— Ахат! Ахь-м… «Огонёкан» тIаьххьарчу агIон тIехь санна, хаза ма дуьйцу! — йелакъежира йоI.

Мацах хьуьн чухула довлуш, Увайса шена йелла ботаникан урок дагайера Селитина. ЙоьIан дешнашца кIелдIахула Iоттар хетта, Ахата йухауьйзира къамелан чап, ша дийцинчуьнан ойла йеш.

— Ахат, хьуна гиний йуххера… адамаша вовшийн дойуш?.. Ахь вийний цхьа а? — кIентан бIаьра хьаьжира йоI.

— Ца вийна… йа ган а ца гина!.. — и хаттар цунна ца дезачех дара.

Цу сохьта дийшинчуьра гIевттина бераш дуьйладелира чухула. Учахь керла стаг а гина, Ахатна тIевеара техкачу боларехь цхьа бутIаз, кехат, къолам а карахь.

— Ваши! Хьуна говр йилла хаьий?

— Хаьа.

И тIе а озийна, цунна а гойтуш, сихха сурт диллира Ахата: динахь, леккха байракх айина, воьдура цIен дошло. Кхин а бераш тIегулделира.

— Суна а… суна а!.. — го бира цара. Ахат ца кхиавора: пийл… була… лом… кема… Берийн сакъералора, амма, цо уьш дерриш а шен дагахь Селитина дохкура. Селита тIехь а лаьтташ, Ахата кехата тIехула къолам, котамо бай тIехь мIараш санна, бен доцуш сиха дIасахьоькхура, йукъ-кара Селите хьала а хьожуш. Кхуо хIун леладо-техьа бохуш, лаьттачу Селитина цIеххьана, дохк дIасадаьржича гучуболу бутт санна, кехата тIехь шен сибат къаьстира.

Ахата тIе а ца хьожуш, дагахь дохкура берашна сурташ: Ленин, Амангельды, Панфилов, Пушкин, Джамбул… Амма Ахата диллинчу суьрта тIехь цхьаболу оьрсех берш а Селитина кIеззиг казахех тера хийтира. Делахь а, и ца олуш IадIийра иза.

— ХIа! Со вада веза! — аьлла, Iодика а йина, дIавахара, хIинца дагна хьаам хилла Ахат. Цул тIаьхьа кест — кеста, цхьацца бахьаница, детъясли вогIий, йа и новкъахь лоций, йа цкъацца, кертахь тIеIотталой, йоIаца къамел нислора цуьнан. Шена мел хуу тамашениг — дерриг цуьнга дийца лаьара. Амма йоI цуьнан къамеле тидаме ладугIуш йелахь а, цуьнца тIекаре лоьхуш йацара.

Ахат, шена хетарг ца хилча, тIаьххьара, и дага чуьра йериг а ца хилла, гIала вахара. Шен гIуллакхаш нисдеш а, йоI йицйан гIерташ, сакъоьруш а, цхьа ши бутт баьлча, эскарера а мукъаваьккхина иза эххар вухавеара, кхузарчу школе, физика хьехархочун а, завучан а болх белла, ша гIалахь а вуьттуш. Шегахь товш хилла тIемалочун хорма охьа а йиллина, цо тIейуьйхира сирачу коверкотан костюм, амма иза а эпсаран хормехь товш хетара цуьнгахь. Балхо и сихха верриг дIалецира.

Кхин а нилхадевлира цуьнан Селитица цхьаьнакхетарш — хан ца тоьура. Школехь тIебогIучу сентябрана кечамбан а безара. ХIетте а Селита ша волчу балха йало-м гIоьртира и цкъа, хьалхарчу классехь хьехархо а йина. Амма коменданто бакъо ца йелира. Селитин дагахь баркалла дара Ахатна, цо шен гIайгIа барна, амма и кхочуш цахиларо дегаIовжам йуха самабаьккхина, Селита сарахь, учахь жIай-гIанта а хоий, шина куьйга голаш а лоций, йехха Iapa малхбузехьа хьоьжуш. Анна Львовна, Яьсса- хи, Нурседа, нана… Дауд… Увайс дагаоьхура йух-йуха.

Йерриг марзо хIинца дагалецамех йоллура. Цхьаволчуьнан амалехь шира баланаш сихха дахаран синкъерамехь бицбар делахь, Селитас, мелхо а, ма — хуьллу уьш, йух-йуха дагалоьцуш, шен даг чохь кхобура. И мелхо а, кхоьрура беллачийн аматаш а шена бицбаларна, тIаккха ша баккъал а царех йолуш санна: белларш а, уьш дагахь мел латто, дийна болуш санна

1 ... 50 51 52 53 54 55 56 57 58 ... 122
Перейти на страницу:
На этой странице вы можете бесплатно скачать Лаьмнаша ца дицдо - Магомет Абуевич Сулаев торрент бесплатно.
Комментарии
Открыть боковую панель
Комментарии
Сергій
Сергій 25.01.2024 - 17:17
"Убийство миссис Спэнлоу" от Агаты Кристи – это великолепный детектив, который завораживает с первой страницы и держит в напряжении до последнего момента. Кристи, как всегда, мастерски строит