Категории
Самые читаемые
RUSBOOK.SU » Проза » Историческая проза » Лаьмнаша ца дицдо - Магомет Абуевич Сулаев

Лаьмнаша ца дицдо - Магомет Абуевич Сулаев

Читать онлайн Лаьмнаша ца дицдо - Магомет Абуевич Сулаев

Шрифт:

-
+

Интервал:

-
+

Закладка:

Сделать
1 ... 47 48 49 50 51 52 53 54 55 ... 122
Перейти на страницу:
араваьлча, книга йуха шен метте, ша ма-хиллара, охьайилла дагадеара Керимна. Амма: «ЦIеххьашха… цхьа пайдабоцчу бахьаница Iедална и кхузахь хаалахь… Хьанах тасалур бу?.. Уггаре а хьалха спецпереселенцех… Со-х. XIapa йагийча тоьлу!» — сацийра Керима.

Газета йуккъе а хьарчийна шайн чу йаьхьира, тIома кIел а лаьцна. Кесира а, Каташ а дара чохь, пеш йогуш йара, тIехь чайник а кхехкаш. Жимачу гIанта пеша хьалха а хиъна, Керима книгин кехаташ кегийра этIа а деш, цIерга тийса долийра. Кехаташ цIергахь сенчу алуца догура, амма цхьадерш, ийа а луш, тIома девлча санна, дага ца туьгуш, духанехьа цIенкъа кхиссалора, арахьарчу мохо схьаийзорна.

Керима, уьш, схьа а лоьцуш, юха чу а туьйсуш, аьшкалца кега а деш, цIергахь догуьйтора, тIера бIаьрг ца боккхуш. ТIаьххьара кехаташ а чутийсина, дагийна xIapa ваьлча, кехатан цхьа цуьрг, овкъарна кIелхьара, дийна хIума санна, схьаиккхина, цIенкъахула дIайедира неIарехьа. Керима тIаьхьакхиъна схьалецира иза. Леррина тIехьаьжира: цIаро дагоза бухадисна кхо элп гора: «Бух»… «ХIан-хIа! Верриг а ваьгна ван ца лаьа-кха Бухаринна а», дагатесира Керимна, цу кехатан цуьрге бIаьрг тоьхча. Йуха шен ойланийн кIоргехь, ша дийриг новкъахеташ, ша-шех эхь хийтира цунна, амма кхин дан хIума дацара: Керима кхе йахийтира Бухаринан книгин и тIаьххьара кийсиг.

Аьшкалца кIегий тIекIаладохуш, цIеран алунгахь дайира книгин тIаьххьара доь. Диван тIера хIинццалц йист ца хуьлуш, шен майрачо лелочуьнга хьоьжуш Iийначу Кесирас хIинца, шен семачу дагца и сингаттам баьлла леларх кхиъна, тIе а йеъна, хаьттира Кериме:

— Алахьа соьга — хьан зуда йац со? — хIун ду, ахь, соьга а ца хоуьйтуш, сел чIогIа сагатдийриг?

— ХIума дацара и-м… Цхьа ца оьшу тиша книжка йара…

— Муха «хIума дацара?».. Суна ца го моьтту хьуна, кху деношкахь хьан ойлане хилар?.. Хьан набарх лер?.. Ахь неIарна нисдина шозлагIа догIа?.. Жимачу корана лаьцна аьчган бой?.. ХIинца сел лерина йагийна и книжка? Дийца! Со зуда йац хьан? Со хьайн накъост ца хета хьуна? Каташах ас дуй боу хьуна: ахь аьллачунна тIехь сецна хир ма йу со! Дийцахьа!

Каташ, хIинца шен меттахь наб озийна, Iуьллура. Керима шена йуххе диван тIе Кесира охьа а хаийна, ма-дарра дийцира цуьнга дерриг а. Кесира йилхира, меллаша, Каташ сама ца ваккха гIерташ. ТIаккха, бIаьргех йовлакх а хьаькхна, къонахчун озаца элира Кесирас:

— Ас къобалдо ахь цунна делла жоп: шен къомана айкх хуьлучул, чуволлийтар тоьлу. Амма хьо цара чуволларна ца кхоьру хьуна со! Воллал шаьш майра белахь! Ас и Джамбул а тIекIел оьккхуьйтур йара царна, мохь хьоькхуш, хьан бехк бацар гойтуш.

Керима маракъевлира Кесира.

— Тахана Сталинна, Iедална ца луьйш мила ву, къаьсттина, вайх? ТIе, уьш массо дIабийцина вера вуй? — тIетуьйхира Кесирас.

Самаваьлла Каташ велакъежира, Кериман марахь шен нана а гина. Керим вухахилира. НеI йиллина, маршалла а хоттуш, чувелира самукъане велакъежа Азрет, йуха цIеххьашха кхоьлинчу йуьхьца гIанта охьалахвелла, элира:

— Сан кадам бу хьоьга, Керим.

— Тавсолта?.. — ирахIоьттира Кесира.

— ХIан-хIа!.. ХIан-хIа!.. — йуха велакъежира Азрет. — Кхана… Ануфриенко… дIавуллуш ву.

— Муха? — цецвелира Керим.

— Селхана, суна вайн районан лоьро дийцарехь, цIеххьана ге чохь лазар а хьаьдда, иза Джамбул-гIаларчу больнице дIавадийнера. Аппендицит иккхина а карийна, этIо охьавиллинчохь, операци чекх а йалале стоьл тIехь велла.

— Алалур дарий кхул тIаьхьа Дела вац! — Кесирас ши куьг хьалатесира.

Кесирас хьалха диллина пхьор а диъна, дIавоьдучу Азрета, цIеххьашха дагадеъна, кисанара схьадаьккхина, цхьа кехат а кховдийра Кериме:

— XIapa хьоьга дIало элир-кх райисполкоман секретара: председатело хьоьга а, Эзауга а кхана тIекхойкху.

— ХIунда?

— Хаац, — Азрет дIавахара.

Керима йуха а сингаттаме ойла йора: «Гарехь, говрана тIехула со хьийзо бохку уьш»…

Iуьйранна Эзау а, Керим а райисполкоме чукхаьчча, бухахь кхаьрга хьоьжуш Полат вара:

— Вайга цхьана гIуллакхна кхайкхина, — элира цо.

Цу сохьта, председателан кабинета неI а йиллина, секретара:

— Чудуьйла! — аьлла, дIакхайкхира. ХIорш чубевлча, доцца лергина къоьжа маж-мекх долу, бIаьргех маьIан куьзганаш а дохку председатель, хьала а айавелла, хьасене велакъежира кхарна. «Гарехь, гIуллакх луьрачех а дац», — аьлла, хийтира Эзауна а, Керимна а.

— Охьаховша!.. Облисполкомера, Джамбул-гIалара, xIapa сацам кхаьчна — спецпереселенцашна гIo даран хьокъехь. Цу тIехь оха а кхузахь сацам бина. XIapa бу. Беша… Шун хаамца хIоттийна бу…

Массаьрга а цхьацца экземпляр а йелла, председатель дехьа чу вахара. Сацамо билгалдоккхура меттигерчу колхозан а, йуьртан а куьйгалхоша шен хеннахь хьакъ боллу гIайгIа цабарна (Облисполкомо ша и цаьрга аьлла цахилар-м хьехош а дацара), дукхахболу бахархой, къаьсттина спецпереселенцаш, витаминашший, напгIий цатоарна, алиментарная дистрофия цIе йолчу цамгарх кIелбисна хилар, и бахьанехь царех дуккха а нах балар а. «Мацалла» боху дош а дацара йукъадалош. Колхозана оьшуш болу и белхалой лечуьра кIелхьарбахаран дуьхьа, сацамо тIедуьллура районерчу массо а колхозийн а, йартийн а куьйгалхошна:

— Спецпереселенцашна сихонца, колхозийн чоьтах, церан гурахь хиндолчу жамIана чу а лоруш, мах боцуш, жижиган-шурин напгIa дIахецар, оцу гIуллакхан нийса тидам байта, шен-шен меттехь жоьпаллин комиссеш хIиттайар а, меттигера лор а, колхозан бухгалтер а, спецпереселенцийн староста а йукъавалош…

Сацам бешна xIoрш бовллушехь председатель йуха чувеара:

— Шун участкехь оцу комиссин председатель — тхан сацамца — оха чIагIвина лор Эзау Рудольф Рудольфович, членаш беш йукъабахийтина колхозан коьрта бухгалтер Полат Жумсаитов а, Албастов Керим а… ХIан, дIаэца тхан сацам а. Дуьло, сихо йе! — аьлла, уьш дIахьажийра цо.

Цигара духадогIуш Полата элира:

— Ма дика ду и аша йаздина. Шу бахьанехь, мацаллех баларш совцур ду-кх районехь.

— Йерриге а областехь а! — тIетуьйхира Эзаус. — XIapa Керим бахьанехь: кхо ца йаздинехь хир бацара и сацам.

— Рудольф Рудольфович, ахь тидам бирий: сацама тIехь, сан кехат тIера дIаэцна, ахь йаздайтина, дешнаш ма дара дуккха а.

— И дешнаш-м царна вуьшта шайна а дагадан хьакъ долчех дара. Вуьшта, ас деза лорург сацаман тIехь, цIе а йоккхуш, спецпереселенцашка хIоьттина хьал Iорадаккхар ду.

— Мел хир бу те мацаллех белларш вайн районехь? — хаьттира Керима.

— Сан хьесапехь, ах гергга, — шен цхьаъ бен доцу куьг хIаваэхь тамаше ластийра Полата.

— Областехь а хир бу оццул: цара и сацам, вайн районна лерина ца Iаш, областана а баржоре хьаьжча, — тIетуьйхира Эзаус.

ТавсолтагIеран чухIоьттира Керим, цуьнга а и дийца.

— И-м дика ду!.. Ткъа! Вай цIа маца дохуьйту алахьа? — иза цхьаъ дара, Тавсолтина даима а диллина дагахь доллург.

* * *

Вукху дийнахь дуьйна Полатан колхозера оьшшучул сурсаташ схьахоьцура, Керима уьш больнице схьакхачадора колхозан ворданахь. Эзаун куьйгаллица больницин кухнехь, лоьраллин хьесапца кеч а йеш, жижиган, шурин йовха чорпеш йала йолийра мухIажаршна. Больницин кертахь, кухнина хьалха, шайн кедаш каралаьцна, рагIйина лаьттара мацаллина бIаьргаш чу а эгна, тиша тIедуьйхина, беснеш макхйелла нах: зударий, бераш. Царна чорпеш Кесирас кечйора, МаригIаза кедаш чу йуттура.

Йалх шо хир долуш жима кIант Арсен шозлагIа тIевеара МаригIазна, ша сиха бассийна кад буха бахьаш.

1 ... 47 48 49 50 51 52 53 54 55 ... 122
Перейти на страницу:
На этой странице вы можете бесплатно скачать Лаьмнаша ца дицдо - Магомет Абуевич Сулаев торрент бесплатно.
Комментарии
Открыть боковую панель
Комментарии
Сергій
Сергій 25.01.2024 - 17:17
"Убийство миссис Спэнлоу" от Агаты Кристи – это великолепный детектив, который завораживает с первой страницы и держит в напряжении до последнего момента. Кристи, как всегда, мастерски строит