Категории
Самые читаемые
RUSBOOK.SU » Проза » Историческая проза » Лаьмнаша ца дицдо - Магомет Абуевич Сулаев

Лаьмнаша ца дицдо - Магомет Абуевич Сулаев

Читать онлайн Лаьмнаша ца дицдо - Магомет Абуевич Сулаев

Шрифт:

-
+

Интервал:

-
+

Закладка:

Сделать
1 ... 57 58 59 60 61 62 63 64 65 ... 122
Перейти на страницу:
а къовзийра. Чета, ша къовзийначу метта, куьг а дахийтина, схьайаьккхина, бIаьргхьалха уьйхьира: меза бара. Амма мел боккха бара и. Набарна тхьусдоьллачу дегIана кIеззиг бен хаалуш а ца хилла къийзор хIинца цIеххьашха карзахделира. Къовз-къовзинчу куьг а хьош, мезий схьадаха волавелира Керим. Шена хьалхха цементан цIенкъа охьа а дохкуш, тIе мачин айра а таIош, вехха уьш дойуш Iийра и. ДIасахьаьжира: кхунна а гуш тIехула сийсаш мезий долушшехь, набйеш Iохкура цементан цIенкъахь лецна нах. Аьрру агIорхьа вижна Iуьллучуьнан меран Iуьрге а хиъна Iаш моза боллушехь иза а, дера, Iуьллура шен «ху-ур» а деш, ур-атталла, ца хууш а, и моза дIаэккхо куьг меттах а ца доккхуш.

Керимна аьтто агIорниг самаваьлла, охьахиира. Мезий дойъуш, хиъна Iен Керим а гина, велакъежира:

— Набйе!.. Уьш дайина вер вац хьо!

Йуха а дIавижира иза. Керим, кхин наб ца кхеташ, сахуьлунга велира. Iуьйренца гIевттина, массо а меттаххьайра, шайн-шайн гIуллакхаш деш. Хаьттича, лацаран бахьана массеран а цхьаъ дара — бакъо йоцуш дIасабахар. Пенан йистаца хиъна Iачу Довтхана дийцира ша гIалина йуххерчу колхозера хилар. Джамбул-гIаларчу йоккхачу больницехь, лоьраша этIа а вина, Iуьллу шен пхийтта шо кхаьчна кIант цIеххьана чIагIвелла аьлла хезча, xIapa, коменданте хатта а ца кхуьуш, кху гIала веънера. КIант дIаваьллачу а кхаьчна, и цIерачаьрга а хаийта, xIapa сихха вухавогIуш, кхунна тIеIоттавеллачу комендатурин белхахочо, кхуьнгахь бакъо ца карийча, xIapa цу сохьттехь кху чу кхоссарх хIинца а Iаш ву-кх, кIира сов, цIерачарна йа хилларг а ца хууш, йа кIентан дакъа мичахь ду а ца хууш.

— «Ма доккха хIума ду xIapa!» — дог Iовжийра Кериман. НеI йиллина чукховдийра чийлик чохь Iуьйранна йуург — чорпийн метта цхьа диларшший, чохь буракан кескаш а керчаш, баьпган метта, куьйгех а леташ, цхьа Iаьржа буьйдиггий.

Керим тIе ца хилира. Хаьттира тIехьожурге:

— Талламчо тIе маца кхойкхур ву со?..

— Сатоха! ТIекхайкхичхьана хуур ду хьуна!.. Хьаьрса олхазар! — тоьхна неI а чIаьгIна, дIавахара тIехьожург. Чуьрнаш бийлабелира:

— Тхо иштта Iа дуккха а денош ду, хьуна!.. Эрна ду дехарш…

Йуха а, неIаре а веана, тIехьожург, неIаран Iуьргахула чухьаьжира.

— ХIей! Накъост тIехьожург! ДIаала талламче — соьга кху сохьта дIакхайкха! — мохь туьйхира Керима.

— Сатоха! Шена хьо эшчхьана, ша дIавуьгур ву цо! Сиха ма хила… сан хазниг! — аьлла, цавашарца и ши дош тIе а тоьхна, дIавахара тIехьожург.

Кериман кийра кхехкара, кхин цкъа а ша собарх валарна кхоьруш, садеттара, амма сатоха ницкъ а бацара, кхин хIун дийр ду а ца хаьара. Чухула ойлане дIасалелара — меллаша, цхьана сонера вукхунна тIекхаччалц. Чийлик а, наштаран кедаш а дIадахьа вухавеара изза тIехьожург а, цуьнан гIоьнча а. ДIабахара.

Кериман собар иккхира:

— ХIей!.. Хезий шуна?.. Ас доьху кху сохьта со прокурорана дуьхьал хIоттавар! ХIей!.. Хезий шуна?.. — неIарх буй бетта вуьйлира и.

Цхьа хан йаьлча, неIаре, карахь аьчган догIанаш а декош, ши-кхо стаг веара. Бист ца хуьлуш, неI схьайиллира.

— Вало! — элира царех цхьаммо.

— Шу Iодика йойла! — чуьрачаьрга а аьлла, Керим аравелира. НеI тIечIегIира. Цу сохьта, кхин бист ца хуьлуш, Кериман куьйгех, уьш букъа тIехьа а даьхна, аьчган гIоьмаш доьхкира. Бист ца хуьлуш, боданечу учахула дIавигира уьйтIа кхаччалц. ТIехьара аьчган неI а йиллина, дуьхьала аьчган зIара лаьцна кор долу машен лаьттара кертахь, мотор а латийна.

ТIехьара неI а йиллина, шиммо:

— ТIевала! — аьлла, чутеттира иза: — Прокурор хIинца гур ву хьуна!

НеI тIечIегIира. Цуьрриг бен са ца гучу, машенан оцу гIутакха чохь, шина a aгIop хиъна шиъ спецкомендатурин белхахо а волуш, дIавигира Керим, мича вуьгу ца хууш. Машен некъашкахула хьийзаш йоьдура, иза муьлхачу aгIop, мича йоьду хаа йиш йоцуш, эххар сецира. Амма эха сохьтехь гергга бен цуьнан цаэхаре хьаьжча, xIopш дIакхаьчна меттиг хIоккху гIалин йистехь бен — кхин генахь хуьлийла дац аьлла, дагатесира Керимна. Иза машен тIера охьавоссийна, йуха а цхьана боданечу йехачу сени чухула вигна, карцер чу тесира, гIоьмаш дIа ца дохуш. Лаккхахь, тIе ца кхочехь, цхьа жимо кор дара, дуьхьала аьчган зIара лаьцна. Тхевнах кхозура, тIехула аьчган бой а йаьхьна жима электролампа, неIарехь параша лаьттара. XIapa воцург, чохь кхин садолу хIума а ца гора. Кестта, неI йиллина, чоьхьавелира шиъ НКВД-н хормехь, сержантийн чинехь, царна тIаьххье чувеара лейтенант. Кериме а хьаьжна, цавашаре вела а къежна, кхин вист ца хуьлуш, аравелира.

Шина сержанто, Кериме цхьа а дош ца олуш, хаттар ца деш, шайн карара йуьйцина шодмаш йетта йолийра — букъа тIехула, коьртах, настарех. Керим охьавуьйжира: бетах а, мерах а цIийш оьхура, настарш йогура. Узурш де Керим Iилла а витина, дIавахара ший а. Кериман дегIан гIopa дайнехь а, кхетамчуьра иза валаза висира. Сатассалц Iиллира цIенкъахь, меженаш лозуш, наб йоцуш. Iуьйррана лекхачу готтачу корехула чукъедира маьлхан дуьххьарлера зIаьнарш, пена тIехула нуьран лоппагаш дIасаидош. Керим халла охьахиира. Ойла йан вуьйлира: «ХIун ду-те xlapa?.. ХIун бехк бу-те, суна а ца хууш, соьгара баьлларг? Цхьа а бехк боцуш со хилча, кху тайпана ницкъ бан дага хIунда догIур дара?.. ХIун деш ю-те Кесира шина бераца?.. Ма йиш йоьхна хьийза хир йу иза?»… Керимна дуьхьалхIоьттира Кесира а, шен цIахь дисна доьлху бераш а…

Йуха а ойланаш хьалхалеррачу хорша йирзира: «XIapa Iазап стенна тIехула, маца доладелла-те?.. ХIаъ… ТIом хилара… И-м массарна а ма хилира… Нохчийн лаьмнашкахь бандиташ, дезертираш бу бахара… Уьш-м кхечахьчул сов ма бацара… ТIамехь а белла шортта нохчий… Ткъа хIун ду те хIинца тхоьгара даьлларг?.. Йа нохчий хилар иштта доккха зулам ду-те?..» — шен хеттарийн дуьхье ца кхуьура Керим.

НеI йиллина, чуваьлла, кхуьнан куьйгех тоьхна гIоьмаш дIа а даьхна, наштаран кедахь чорпий, баьпкан йуьхккий цIенкъа охьа а йиллина, дIавахара тIехьожурггий, цуьнан гIоьнчий.

Керима тIаьхьа мохь туьйхира:

— Алийша, талламчо со дIа маца кхойкхур ву?

— Шен йиш ма-хилли… Сатоха! — аьчган неI тIечIегIира…

Кеда чу Iайг хьовзийра Керима: чухула хахкайелла цхьа картолан йуьхк а, буракан кийсиг а йара, тIехула лепаш даьттан ши-кхо тIадам а гора, схьайетталуш чоме Iаь а йара. Керимна дагадеара ша хIума яанза xIapa кхозлагIа де хилар.

— «Ца йиъча а вер вац… Ца вала гIорта веза. ХIун хаьа, тIаьххьар цхьа дикадерг хуьлий а… Сайн доьзална эххар йуха тIекхочий а»…

Чомехь йолуш санна, бепигца дIакхачайаллалц йиира чам боцу чорпа. Талламчо дIа ца кхойкхуш, масех де а делира. Лаамазчу ойланаша, жIуганашца коьрте хьийзаш, хьераваккха санна, готте хIиттавора Керим. Йуьхь а йаьллера — маж йашаза маса де дIадахнера!.. Шен сибат а дицделла догIура. Баккъал а ша хьераваларна а кхоьрура… Хьера ца вала а, ницкъ а кхочуш ца вала а сацийра Керима. Денна а ша — шеца сема къамел дора цо масех минотехь леррина нохчийн маттахь. Iуьйранна а,

1 ... 57 58 59 60 61 62 63 64 65 ... 122
Перейти на страницу:
На этой странице вы можете бесплатно скачать Лаьмнаша ца дицдо - Магомет Абуевич Сулаев торрент бесплатно.
Комментарии
Открыть боковую панель
Комментарии
Сергій
Сергій 25.01.2024 - 17:17
"Убийство миссис Спэнлоу" от Агаты Кристи – это великолепный детектив, который завораживает с первой страницы и держит в напряжении до последнего момента. Кристи, как всегда, мастерски строит