Категории
Самые читаемые
RUSBOOK.SU » Проза » Историческая проза » Лаьмнаша ца дицдо - Магомет Абуевич Сулаев

Лаьмнаша ца дицдо - Магомет Абуевич Сулаев

Читать онлайн Лаьмнаша ца дицдо - Магомет Абуевич Сулаев

Шрифт:

-
+

Интервал:

-
+

Закладка:

Сделать
1 ... 61 62 63 64 65 66 67 68 69 ... 122
Перейти на страницу:
хьийзара, цхьаберш шаьш лаьттачохь дIасалестара, нийсса латта де доцуш. Хьуьллахь цхьаъ охьавуьйжира, тIебахна, хьевсичахь — веллера.

Кхин ши дакъа а дитна, белхан де чекх а даьлла, шайн баракашкахьа бухабирзира КеримгIар а, дIо шаьш къастийна балош, урканаш болуш. Иштта, xIopa денна бохург санна, шайх цхьацца — шишша цигахь лей, йухабоьрзура цигара бараке.

Тахана сарахь кхеран I3-чу баракехь башха шийла а дацара: цхьаццанхьа лехьийна кегийра дечигаш а, чIешалгаш а, чета а йоьхкина, чуеънера зекаша. Цхьацца дуьйцуш xIopш, шайн-шайн жIуганаш а йина, чохь Iаш, Керимна, корехула дIахьаьжча, тохарлера жима нохчо-урка тосавелира, кхаьргахьа схьа чу а хьоьжуш, меллаша тIехволуш. «Лаан ма дац иза!» — аьлла, Керим сихха неIаре вахара. Нохчо-урка схьатIехилира. Сиха, шабарца, кхечарна ша ца гайта гIерташ, ша волччохь тебаш, Кериме цо элира: «Тховса буса шуна цIеххьана тIелата кечлуш бу тхайнаш — шина тобанца: хьалхара тоба чуер йу, шуна ца хоуьйтуш, тебина, цхьацца чуволуш, шун тIехьарчу сенин неIарехула. Цара, шу дийшнна Iохкушшехь, шун чухлара гIopaш дIа а даьхна, важа тоба шун арахьарчу йоккхачу неIарехула чуйер йу, шу тIаккха дерриш а дойур ду… Шайн виъ накъост нохчаша цхьанхьа-м вийна бах…

— Хьо хир вуй цаьрца? — хатта кхиира Керим. «Хаац», — цу сохьта бодашкахь вайра иза.

Баракехь староста волчу Керима, хьем ца беш, цкъа хьалха лакхарчу тIехьожурге а, дежурничуьнга а и дийца вахийтира шайх цхьаъ. Цара и вухаваийтира, и эрна кхерамаш тIетуьйсуш, урканийн амал йу, царех кхеран эшац, делахь а ларлуш хила аьлла. Кхин цхьа а йа гIo а, йа хьехам а ца бира. «Церан хIун дов? ДIатоьхча, бойу берш урканаш бу; схьатоьхча, бойу берш политически зекаш бу», — аьлла, дагатесира Керимна. Цо шайх кхо-виъ накъост схьа а хаьржина, кхеташо а йина, катоьххна неIарш, кораш дика тIечIагIдира, чохь массаьрга хаам а бина, шайна карийна бел, гIуй, эчиг, хьокха, кхиерг а караэцийтира чохь болучаьрга. Шен бIобулучех цхьаберш дIахIиттийра сенин неIаре а, йоккхачу неIаре а, шина коре а.

— Делахь а кхерам боккха бу: вайн баракехь ши бIе сов бен вац, церан баракехь кхо бIе сов ву. Цара тIаьххьара а неI йохор йу. Амма вайна церан план хаьа, вай оцунах пайдаэца беза. Уьш хьалха бодашкахь тебина вайна а ца хоуьйтуш, цхьацца чу волуш, чубахка билгалйина неI тIехьарчу сенин неI йу.

Вай цкъа оцу неIарна хьалха доккха кIорга ор даккха деза хIинццехь, — бодашкахь царех чуваьл-ваьлларг цу ор чу вожийта… Эххар а царех цхьаъ кхетта вухавала кхиахь, шайн тешнабехк гучубаьллийла а хиъна, уьш берриш а бухабевр бу, йа бухур бу… Вайн аьтто сов бер бу… — хьехар дира жимчу дегIахь волчу, «бургат» цIе тиллинчу, нохчийн мотт а хууш волчу гIалмакххочо.

Белаш а карийра… Шина сохьтехь ах бIе стаг циггахь доккха ор даьккхина велира. Чохь серло ца латош, корехула сема арахьоьжура… Буьйса йуккъе йаьлча, лагерехь массо а барак дIатийначул тIаьхьа, йоккхачу неIарна аьтто aгIop долчу корехь терго йан хIоттийначо:

— Тсс!.. — аьлла, пIелг хьалаайира. ТIевахна хьаьжча, Керимна гира: урканийн барак йолчуьра дуьйна кIайчу лай тIехула схьатекха бодане Iаьржа оьла… Цунна тIаьххье кхин цхьаъ… Кестта кхин цхьаъ… «Берриш ара-х ца бевллий-те уьш?» — ша волччохь вулавелира Керим. Мел ойла йарх а, хIинцца хила кечбеллачу цу бохамах кIелхьарадовла, и ца хилийта некъ ца карабора: бухадиснарг цхьаъ дара — хIуъа а дина а, шаьш цаьрга ца дайийтар. Латар.

Хьалхара, церан йоккхаха йолу ши тоба, кхеран йоккхачу неIарна тийна тIе а йеъна, гIap йайина, арахьа дIатебира. Жимаха йолу тоба, тата доцуш, кхеран баракана тIехьа, сенин неI йолчухьа йахара: кхарна а ца хоуьйтуш, цигаша, бодашкахула, тебна, чоьхьа а бевлла, бийшина Iохку зекаш самабовла кхиале, йоккхачу арахьарчу неIарна чухула доьхкина гIopaш дIадаха дезаш бара хIорш, шайн дагахь, цул тIаьхьа арахьара шайн важа накъостий а чулелхийта.

Сени йолчухьа вахара Керим. Сенин неIарна йоьллина, даим а санна, цхьа йай чIуг йара, кхин тIе чIагIам а ца беш, йитина. НеIсагIина тIера схьа шуьйра кIорга ор дара, хIинцца даьккхина, и хуучунна бен боданехь тидам хир боцуш. Керимна а хаалуш, теббина, кхечарел хьалха неIарна тIехиллачу цхьана уркано, гIapa ца йеш, атта дIайаьккхира чIуг. Шена тIехьа, чукхойкхуш, куьг а ластийна, чоьхьа гIулч йаьккхира цо. Цу сохьта кIоргачу ор чу вуьйжира, къорра тата схьахезаш… ШозлагIниг… КхозлагIниг… ВоьалгIаниг… ПхоьалгIаниг а, ор а хааделла, вухавала гIурттушехь, неIарехь лаьттачу зекаша коьртах хIума тоьхна чувахийтира. Цуьнгара баьлла мохь а хезна, биснарш бухахьевдира:

— Атас! Нас предали! — аьлла, цIогIа долуш.

Керим йоккхачу неIарехьа ведира.

— Кечлолаш! Амма гIapa ма йелаш! — элира гIаролехь лаьттачу зекашка. НеIарна тIе лерг а диллина, Керим ладогIа хIоьттичахь, бухабевддачу урканаша, кхуза неIарехьа а баьхкина, шайчаьрга олу хезара:

— ГIуллакх дуьйхи!.. Цигахь йина кIело йу!..

— Делахь, кхузахь хьовсур вай! ТIетаIа неIарна! — элира стоммо аз долчу уркано. Зекаш кечбелира.

— ХIораммо а шен вортанах сиха дIатаса мерах хьокху кIайн йовлакх! — элира «Бургато». — Бодашкахь вовшийн довзийта. Цара неI йоьллушехь, вайх цхьа тоба араэккха а йеза, царна тIехьашха тIетоха, Ткъа чоьхьабевлларш вай тIеоьцур бу! Уггаре а хьалха церан и стомма аз дерг вожо хьовсалаш! Цуьнан карахь финка хила тарло шуна.

Керим йуха а сени йолчухьа вахара: цигара гIарол тоъал дара. Ор чуьра хьала узарш хезара. HeIape гIерташ кхин урканаш ца гора. Цигахь дIахIиттийнчохь цхьаболу зекаш а битна, Керим вухавеара: арахьара йоккха неI сеттош йара. Лахара кIажа чуьрабаьккхинера. Чулелха сахьт дацара. Корехула дIа арахьаьжча, оццул йоккхачу гIовгIанна аракъедаш цхьана а баракера а, йа лагеран белхахойн цIа чуьра а цхьа стаг ца гора. Кериман буйнахь ирйина аьчган бел йара. Керимна а хаьара — аьтто балахь, коьртаниг, хьалххехь и урканийн баьчча вожор дара — шайн тхьамда ма-вийннехь, йоха тарлора церан гIepa.

— Тхо герз карахь а ду, тхо дукха а ду! Йухадовла! ДIагIyo! — мохь туьйхира Керима неI йоьхначухула дIа.

— ГIур ду, дера, хIинцца!.. ТIетаIа неIарна! — омра дира тохарлеррачу озо.

Керим йуха а арахьаьжира неI йоьхначухула: и аз дерг, карахь даьккхина, хIаваэхь лепош, деха финка-урс а долуш, ша лайтIехь йуьстах а лаьтташ, урканаш чухоьхкуш вара.

Керим билгалдира цуьнан доккха дегI, коьртара лергаш долу месала куй. НеI йохийра. Урканийн хьалхара раьгIнаш маьхьаршца чухьаьлхира. ТIом дIаболабелира. Керим, йохийначу неIарна тIехьа а тебна, арахьоьжура, лергаш долу месала куй тидаме лаьцна. Иза тохарлеррачохь лаьттара, урканаш чу а лоьхкуш. ЦIогIанаш!.. Маьхьарий! Узарш!.. «Бургато» билгалйинчу, уркашна тIехьашха тIелата кечйинчу, зекийн тобанан араэккха аьтто ца болура: уьш а чохь летара. Эххар царех иттех стаг а эцна, Керим араиккхира. ХIорш а гина, дIаведда стомма аз дерг, дуьхьалъиккхинчу кхечу шина зеко некъ а лаьцна, шенаш болчухьа схьахьаьдира, амма кху агIорхьа, цуьнан тидам

1 ... 61 62 63 64 65 66 67 68 69 ... 122
Перейти на страницу:
На этой странице вы можете бесплатно скачать Лаьмнаша ца дицдо - Магомет Абуевич Сулаев торрент бесплатно.
Комментарии
Открыть боковую панель
Комментарии
Сергій
Сергій 25.01.2024 - 17:17
"Убийство миссис Спэнлоу" от Агаты Кристи – это великолепный детектив, который завораживает с первой страницы и держит в напряжении до последнего момента. Кристи, как всегда, мастерски строит