Категории
Самые читаемые
RUSBOOK.SU » Проза » Историческая проза » Лаьмнаша ца дицдо - Магомет Абуевич Сулаев

Лаьмнаша ца дицдо - Магомет Абуевич Сулаев

Читать онлайн Лаьмнаша ца дицдо - Магомет Абуевич Сулаев

Шрифт:

-
+

Интервал:

-
+

Закладка:

Сделать
1 ... 76 77 78 79 80 81 82 83 84 ... 122
Перейти на страницу:
ма аьллахь! Дерриге а дацара хьуна цуьнца иштта вон! Шен хеннахь цо партина дуьхьалйаьлла оппозици ца йохийнехьара, тIе, вайн махкахь хазанеха санна, вешан индустри кхоллар а, колхозаш йахкар а чекх ца даьккхинехьара, оцу хиллачу тIамехь вай, суна хетарехь, тоьлла а хир дацара! — элира Керима, амма Тавсолтас вон ладоьгIура цуьнга.

Сталин веллачул тIаьхьа сихонца баккхий хийцамаш буьйлабелира Советан махкахь. Цхьа кIира даьлча, Нурседе кехат деара районан спецкомендатуре кхойкхуш — «тешалла дан».

— ГIуо… ший а!.. — элира Тавсолтас, Селитехьа а корта ластош…

Бухахь Керим а вара оццу гIуллакхна дIакхайкхина. ХIинца, полковникан хорма охьа а йиллийтина, кителан хьалха йохку орденийн планкашший, меран кIел дохку шен тохарлерра даккхий Iаьржа мекхашший бен, кхин хIумма а хьалхалерачу куьцах бухайисна воцчу Идрисов Бакара, дай-й куьг ластийна, хьаькиман кабинета чухьажийра уьш, Селита буха а йитина.

Керла хьаькам — капитан Сериков Олег Миронович — гIиллакхе хьала а гIаьттина, некха тIехулий, букъаций дIасаоьху эпсаран хормица долу керла бахтарш, доьхкий а цIийзош, охьатаьIира, хIокхарна охьахаа гIанташ гойтуш, тIе пIелг а хьажош. TIe сийна исхар а тесна, йеакIов йехачу стоьла тIехьа Iаш, векъачу аматахь, чукхетто Iаьржа бIаьргаш а, тIейаьхкина беснин даьIахкаш а йолуш, кхин цхьа стаг а вара штатски хормехь, амма эпсаран куьцехь белш, букъ а нийса латтош.

«Гарехь, областера талламча хир ву», — дагатесира Керимна. Раз бIаьрг тоьхна, цунна хьалха, стоьла тIехь Iуьллучу папкин тIера йоза дийшира: «Халкъийн сийлахь-воккха тхьамда Сталин нахана йуккъехь Еланцевс Д. У. йемалваран хьокъехь долу гIуллакх».

Чу а валийна, сонехь, табуретки тIе охьахаийтира «Сталин нахана йуккъехь йемалвина» волу заьIапхо.

— ХIара вевзий шуна? — хаьттира. Шимма а тешалла дира цигахь хилларг и хилар, амма цо аьлларг шайна къаьсташ ца хезира аьлла, чIагIдира. Цигара йухадогIуш, Керима, чухIоьттина, Тавсолте и дийцира.

— Схьахетарехь, Сталин хIинца а верриг ца велла, — элира Тавсолтас.

— ХIунда бах ахь?

— Цунна тIоьхула хIинца а нах хьийзабо дела…

— И мила вара хиирий шуна? — хаьттира Селитас.

— Цхьаннах тера-м хийтира, — Нурседа ойлане соцунгIа хилира.

— Цуьнан бесни тIера мо ца гира хьуна?.. И тоххара Эскинойхь вайн школехь доклад йинарг ма вара… Сени чухула ша тIехвоккхуш, соьга лерина схьахьаьжира иза..

— ОстопируллахI! — цецвелира Тавсолта а. — Тохара ЧIап-ломахь тхоьца немцойн десант лаца веънарг!?

***

Кхин а цхьа бутт баьлча, Кериме а, Нурседе а тешалла дан суьде дIакхайкхира, — амма и суд, райцентрехь йоцуш, Джамбул-гIалара областан суд йара: «Гарехь, Еланцевн гIуллакх луьрачех лерина», — ойла хилира Кериман.

XIopш дIакхаьчча, суьдан зала чохь хоттуш, дIадоьдуш кхин цхьа дов а хилла, и чекхдаллалц собар дан дийзира. Iа-ш сагатделла Керим херайаьллачу неIарехула зала чу хьаьжира. ЛадуьйгIира:

— Со хIетахь кхеран коштIахь комендант вара… ХIетахь дукха лара спецпереселенцаш мацаллах а, тифах а… ДIабохка ца кхиабора… ТIаккха ас хIокхунна тIедиллира, кхунна кхин цхьаъ баьпган норма лург, шен виран-ворданахь вел-велларг хьуьлла йистерчу ор чу дIакхехьap, уьш бахьа кхин меттиг йоцу дела… Амма аса-м ца аьллера кхуьнга цига валаза верг а дIахьо…

— Ас вахьа а-м ца ваьхьна! — шa Iачуьра хьалакхоссавелира эттIачу шинелехь волу цхьаъ.

— Муха ца ваьхьира?.. Со-м ваьхьира… Ас хьайга доьххушехь: «Со хIинца а дийна ву… Ца вала а магара… Витахьара», — боххушехь… Ахь элир-кха: «ХIан-хIа! Со вуха а кхуза эха мукъа вац… Хьо иpx-пурх а кхин цхьана сохьтехь бен вехар а вац…», — аьлла, айина хьайн вордана тIе а виллина, ваьхьна, цига беллачарна йуккъе охьатесир-кха со а… Валийта!.. — бохуш, дуьйцура, хьалха шен Iаьржа куьйгаш а туьйсуш, кIарул-Iаьржачу курдо.

— Ткъа муха висира хьо ца леш? — хаттар дира суьдехь. Жоп ца луш, курд дIасахьера.

— Дийцал!

— Ца вала… аса… йуххехь Iохкучу… беллачеран пхьаьрсах а, белшах а дилха диира… Ца леш висира… ГIаьттина, вахара… CaгIa а доьхуш, лийлира кхечухьахула… вехха. ХIинца, Сталин велча, кхуза вухавеъна, хIокхунна и ца дита!.. — элира курдо.

Керима доккха садаьккхира. Чоьхьара цхьамма-м залан неI, гIорттош, тIечIегIира… Кестта КеримгIаьрга чукхайкхира. XIopш чубевлча, дехачу гIанта тIехь, суьдана дуьхьал хиъна Iа, цIена маж а йаьшна, тIехь а цIена Еланцев вай-й велакъежира кхарна.

Суд йах ца йелира: Еланцевна йерриг а тоьхна хан «15 дей-буьйсий» йара, цо, нах а болчохь, пачхьалкхан меттехь маьттаза мотт лебарна. ЙухавогIуш, Керим хIинца а ТавсолтагIеран чу хIоьттира:

— ДIахаалда хьуна: Сталин велла, хьуна, верриг а, цинц буха ца вуьсуш! — элира Керима чуволлушехь Тавсолте…

Доцца дийцира суьдехь хилларг.

— Далла хастам бу!.. ХIинца-м кестта цIа дахийта а мега вай! — элира Тавсолтас.

* * *

Кхин а ши кIира сов хан йаьлча, ТавсолтагIеран неI туьйхира. Селитас, тIейахана, схьайиллира. Еланцев вара неIарехь лаьтташ: цIена дуьйхина, шляпа а коьртахь, галстук йихкина, карахь хаза Iaca а йолуш.

— Схьачувола! Марша вогIийла! Суна вевзира хьо, накъост Еланцев, — элира Селитас.

— Суна хьо а йевзира, Селита! — аьлла, куьг делира.

Нурседас а:

— ПаргIатваларца декъала хуьлда хьо! — аьлла, куьг лецира цуьнан. Кестта Керимца чувеанчу Тавсолтина а хазахийтира хьаша веъна. Селитас кечдина чай хьалха диллира…

— Шу махкахдаьхначу шолгIачу дийнахь со вахийтира отрядца ломан кIотаршкахула, цхьаццанхьа бухабисна нохчийн доьзалш вовшах а тухуш, охьабаха. Сан отряд дIатуьйхира, Грозный-гIалара ваийтинчу, ширчу чекистех волчу Коленкин ротех, и коьртехь а волуш… Бухабисна доьзалш-м наггахь а бацара… Тхан декхар хилира, дIабаха ца лууш, герз а карахь бевддачийн гIеранаш схьалецар, йа йайар. Масех кIиранах а лийлира тхо, уьш лоьхуш. Царех цхьаберш, къаьсттина майрабевлла, шаьш тIелетара тIехьашха эскархошна, бийшина Iохкурш а ца кхоош.

Къаьсттина багайахна йара Сату коьртехь волу гIepa… Цо, четарна чу а иккхина, бийшина Iохккушехь байинера салтий а, лоьраллин болх бен зударий а.

— Хьай, йовсар йаI!.. Зударий а байинера, тов! — элира Тавсолтас.

— Амма тхан командир Коленкин ша а вацара «дидийчех»… Шара — Органехула тхо, цигахь бухабисанчех гулбина цхьа-ши доьзал, стерчийн вордана а хаийна, охьабалош догIуш, суна гира, тхо тIай тIе кхаьчча Коленкина, тIекхайкхина цхьана-шина салтичуьнга лере цхьаъ-м аьлла, цу-шимма вухавахана, хьалхара сту, тоьхна, тIай тIера чу а харцийна, цунна тIаьххье и ворда а кIоргге чуйахара, тIерачу берашца, зударшца, баккхийчу нахаца… Ас и дIадийца сайн дагахь дитира… Цул тIаьхьа, тхо чIожах чекхдовлуш, тхо чекх а довлийтина, тхуна тIехьашха тIелетира цхьа гIepa. Царна хьалха кIайчу говрахь, Iаьржа верта а кхоьллина, цIечу башлакхца, буйнахь маузер а лестош, цхьа зуда йара, омра деш:

— ТIетох!.. ТIетох!.. Ма кхоабе! — бохура.

— Кхокха йу!.. И Кхокха йу!.. — элира суна йуххерчу сержанта.

И цIе хIетале цигахула йекаш йара: Кхокха гIарайаьллера къиза а, майра йу бохуш. Дуьйцура, цо ша шен майра, шен буьйр кхочуш ца дича, гIерана хьалхха, тапча а тоьхна, вийра бохуш. Цигахь тхайх вийна масех бIаьхо а витина, Коленкинна а йай-й чов а хуьлуш, тхо халла кIелхьарадевлира. Цул тIаьхьа Коленкина, Галан-чIожахула тхо

1 ... 76 77 78 79 80 81 82 83 84 ... 122
Перейти на страницу:
На этой странице вы можете бесплатно скачать Лаьмнаша ца дицдо - Магомет Абуевич Сулаев торрент бесплатно.
Комментарии
Открыть боковую панель
Комментарии
Сергій
Сергій 25.01.2024 - 17:17
"Убийство миссис Спэнлоу" от Агаты Кристи – это великолепный детектив, который завораживает с первой страницы и держит в напряжении до последнего момента. Кристи, как всегда, мастерски строит