Категории
Самые читаемые
RUSBOOK.SU » Проза » Историческая проза » Лаьмнаша ца дицдо - Магомет Абуевич Сулаев

Лаьмнаша ца дицдо - Магомет Абуевич Сулаев

Читать онлайн Лаьмнаша ца дицдо - Магомет Абуевич Сулаев

Шрифт:

-
+

Интервал:

-
+

Закладка:

Сделать
1 ... 72 73 74 75 76 77 78 79 80 ... 122
Перейти на страницу:
шуна а, йа тхуна а хIинца!.. — эккхийтира Венкина. — Сан ваша, Роман, фронтехь а хилла, орденаш йаьхна а ву… ХIетте а, гой хьуна, хIинца… Москохахь цхьа кIира хьалха лаьцна аьлла, йаздо.

— Мича бахьнина, боху?

— Израиль-махкаца къайллаха уьйр лелош ву аьлла… Бакъ ма дац и!.. Тхан-м вац цхьанхьа а дозанал арахьа вевзаш стаг…

— Ткъа хIун оьшуш лаьцна те иза?

— Хьанна хаьа?.. Сталинан амал йу-кх ша шекваьлларш, цаьргара бахьана а далале, хьалххехь чубухкуш… Гой хьуна, и жуьгтийн пачхьалкх — Израиль — кхуллуш, цо дикка гIo динера, и шегахьа хир йу моьттуш… Ткъа иза, мелхо а, Америкехьа йели, вайна дуьхьал йоьрзуш… ХIинца Сталинна дагадеана хир ду-кх, вайн пачхьалкхехь мел болу жуьгтий а хIинца дуьйна къайлаха цаьргахьа озабезам беш хир бу аьлла… Гой хьуна, вайн газеташ тIехь хIинца долийнарг… Иза хазахета ма дац!.. Вайн жуьгташкара даьлла хIумма а доццушехь, цаьргара и далале аьлла, хьалххехь царна хIума тоха дагалаьцна-кх.

— Молла-Несарто шен газана санна! — элира Керима.

Венкин соцунгIа хилира, ца кхетта. Керима дийцира:

— Молла-Несарт хилла шен газанна йетташ. Лулахочо хаьттина: «ХIунда йетта ахь?». «Йажа дIалоллуш йу xIapa»… «ТIаккха?» «Цигахь ас йийна сан копуста а йу». «ТIаккха?»… «Цо и йуур ма йу»… «Ой, цо и йаан а йаале, ма йетта ахь цунна?!»… «Хьалххехь йетта-кх… Кхано тIаьхьа хир ма ду»…

Венкин велавелира:

— Дера, тера-м ду!.. Дерриге дуьненан суьдан Iилманехь ду: хетарехь цхьа а стаг бехке цавар, цуьнан болу бехк билгало йоллуш гучубаллалц. Ткъа Сталин шекваьллехь а — и тоьуш ду-кх. Цо ша шекваьлларш хIаллакбийр бу-кх, хьуна, ца кхоош, хьалххехь, церан бехке а ца хьоьжуш… Пачхьалкхан дуьхьа а доцуш… шен синпаргIатонан дуьхьа!.. — тIетуьйхира Венкина. Керим шен даг чохь мелла а цкъа цецвелира иза цу тайпана луьра къамелаш шеца майрра дан вахьарх; йуха дагатесира: «Делахь а ший а тхойшиъ ши фронтовик а ву, хIинца цхьана хьолехь а ву»…

— И-м нийса а ма ца догIу цуьнан, ша мозгIар хиларе хьаьжча а, — элира Керима, Сталин семинарешкахь дешна хилар дагадеъна.

— Христианийн динехь ма ду: «Иттанна йуккъехь цхьаъ мукъна, бехк боцуш велахь, уьш массо а таIзарх мукъабита», — аьлла.

— Дан-м ду… Амма цо, бIенна йуккъехь цхьаъ бехке хетахь а, и бIе а хIаллак-м во… ХIинца кхин хIун долийна хаьий хьуна цо? — соцунгIа хилира Венкин. Керим сакхвелира.

— Хьажалахь, и шун къомах а хьакхалуш!.. — элира Венкина. — Америкин президенте, дукха хан йоццуш, гIо дар кхайкхийна вайн махкахь динехь болчарна… Ткъа хIун моьтту хьуна? ХIинцале кехаташ даьхкина-кх Москохара: динахошна тIехь тидам алсам а баккха, цхьаъ цаьргара доллушехь, кхоа а ма бе! ДIалеца! — аьлла!.. И хIун ду хаьий хьуна? Боцу бехкаш тIе а кхуьллуш, хIинца дуьйна чубохка болор бу, хьуна, уьш — «хьалххехь» — Сталинан амалехь. Гур ду хьуна…

Ший а Венкин Iачу цIеношна йуххе кхечира:

— Суна хьо дика вевза, со хьуна ца вовзахь а… — элира Венкина. — Ахь шайн къомана даьккхина орца а хаьа, бехк а боцуш хьо лаьцна хьийзавар а хезна… Со теша хьох… Со кхузахь Iаш ву… Сан цIе Петр йу, Керим. Гур ду вай кхин а! — аьлла, Кериме куьг а делла, и чувахара.

«Ма йоккха йукъ ца оьшу вайн заманахь стеган де хийцадала: дукха хан йоццуш вайн «мехкан элех» волу иза… тахана соьга нисвели», — бохучу ойланца ша схьавогIуш, Керимна гира, генара дуьйна а, тIамарш а йаржийна, верриг вела а вахана, дуьхьалвогIу цхьа стаг — йуххе тIекхачалц, вовзанне а ца вевзира иза.

— Маса шо, мел хан дIайели вай ганза, сан хьоме вешин кIант!..

Тойсум вара. ХIумма а хаза ца хийтира Керимна: «Кхин бIе шо а даьлла делара», — элира дагахь.

Тойсум маракхийтира. Керима, дуьхьал куьг а даьхьна, дIахилийра цо, оба ала дагахь, шена тIейерзийна бат. Цуьнан и тIуьна оба лога тIе нисйелира. Керимна и ганза а, тIе и вицвелла а, Баккъал а дукха хан яра: тIом а болабалале дуьйна. Кериман тайпана, дехойх лоруш гергара хуьлуш а вара иза, амма Керимна хезнера и мотт тухучех ву бохург а, хан а тоьхна, и лаьцна лелла хилар а.

Керима шийло ша тIеэцар ца тосаделлачух Тойсум самукъане векара:

— Хьажахьа, со йуххехь Джамбулехь Iаш ву, хьо кхузахь Iаш хилла, хIетте а вовшийн ву-вац а ца хууш Iа… Сан хьоме вешин кIант, муха деха шу, дийцахьа…

— Вон ца деха… ДIа Iаш ду…

Керима шен къамел, шор ца деш, гIеххьа дIакхоьхьура, ца хууш а цуьнга «чугIур ду вай» ца олуш. Тойсума къамел кхечу зил тIе даьккхира:

— Хьажахь, вайн къомана кху Iедало динарг? Исторехь цхьана а Iедало дина а дуй техьа и санна дерг?

— «ХIинца талла волавелла… Ларвала веза»…, — ойла хилира Кериман.

— Кхин а доьхнарш а дукха хилла: дийнна къаьмнаш дайина меттигаш а йу исторехь…, — жоп делира Керима.

Тойсума, къамел говза керчош, питане хеттарш дора, амма Керима царна дуьхьал жоп, Iедална гергахь а раз а доцуш, бакъдолчуьнгахьа оьзно лора.

— Ткъа нийса хетий хьуна хIинца жуьгташна дуьхьал лелориг?..

— «АхIа!.. Цунах лаьцна нехан йолу ойла таллар а тIедиллина хIокхунна», — дагатесира Керимна.

— Делахь а, уьш шаберш а ма ца хьийзабо… Цхьацца бехк баьлларш…

— Хьажахь, ас хьастагIа буса приемник чухула ладоьгIча, «Американ аз» чухула луьйш верг мила вара хаьий хьуна? ЦIенчу нохчийн маттахь Авторханов… Ма-дарра вайгахь латто хьал дуьйцура. ЧIогIа хьекъал долуш стаг вара… Суна вевзара иза…

«Цуьнца хьенан хIун уьйр йу хаа а лаьа»…

— Сан йац приемник. Ас репродукторх а тоам бо. ТIе, веддачу эмигранто дуьйцург дош хеташ а вац.

— И-м нийса бах, хьуна, ахь, — сиха вухавелира Тойсум.

— «ХIета, питана чуьраваьлла лело хьаькамаша ца могуьйтучух тера ду хIокхунна»…

— Хьо хIунда веънера? — хаьттира Керима шийло, къамел дIадерзо дагахь.

— Гой хьуна, мовлад йешийта дагахь вара со… Тхан цигахь, Джамбулехь, Iийна, молла Бауддин дукха хан йоццуш кхуза схьакхелхина, бах… И мичахь Iа ца хаьа хьуна?.. — хаьттира Тойсума, хьена ши бIаьрг кхунна тIехь а сацош.

— Цхьанхьа и кхузахьа ву бохуш-м хезнера суна, амма суна вевзаш а, мичахь Iа хууш-м вац иза, — элира Керима, шена хуъушехь.

— Делахь, со и лаха воьду… И оьшу суна! — аьлла, шуьйрра ши куьг а лестош, урамехула хьалаволавелира Тойсум…

ТIехволуш, ТавсолтагIеран чу хIоьттира Керим:

— Веъна, кхузахула лелаш Тойсум ву, хьуна… И чу ма виталахь… Ларлолахь цунах!

— Дала ларвойла шех! И-м суна вевза хьуна… Муха кхаьчна кхуза?

Керима дийцира.

— Тамаш бу-кх, цхьа зулам ца деш, дIаводахь! — велакъежира Тавсолта.

* * *

Цул тIаьхьа цхьа бутт а белира. Кериман, Венкинан цхьаьнакхетарш, къамелаш тIеттIа совдуьйдуш догIура. Венкин хьекъална кIорггера а, дуккха а хууш а, дуьненан йоккхачу политикех кхуьуш а стаг хиллера.

И ца гуш

1 ... 72 73 74 75 76 77 78 79 80 ... 122
Перейти на страницу:
На этой странице вы можете бесплатно скачать Лаьмнаша ца дицдо - Магомет Абуевич Сулаев торрент бесплатно.
Комментарии
Открыть боковую панель
Комментарии
Сергій
Сергій 25.01.2024 - 17:17
"Убийство миссис Спэнлоу" от Агаты Кристи – это великолепный детектив, который завораживает с первой страницы и держит в напряжении до последнего момента. Кристи, как всегда, мастерски строит