Категории
Самые читаемые
RUSBOOK.SU » Проза » Историческая проза » Лаьмнаша ца дицдо - Магомет Абуевич Сулаев

Лаьмнаша ца дицдо - Магомет Абуевич Сулаев

Читать онлайн Лаьмнаша ца дицдо - Магомет Абуевич Сулаев

Шрифт:

-
+

Интервал:

-
+

Закладка:

Сделать
1 ... 77 78 79 80 81 82 83 84 85 ... 122
Перейти на страницу:
лелаш, цигахула цхьаццанхьара оха схьагулбина, бIе гергга зударий, бераш, баккхий нах, цхьана йесса йисинчу школа чу а лаьхкина, тIехула неIарш ондда тIе а чIаьгIна, цIетесна багийра дийна боллушехь!.. Маьхьарий!.. ЦIогIанаш!.. И суна дицлур дац цкъа а! Хьалха цо уьш цу чу гулбеш, «кханналц буьйсайаккха, шелонгахь ца бита» элира — суьйре йара. Чуьра пешаш лато, аьлла, амма цIейилла дагалаьцна йаго хIума а цаьрга шайга схьалахьайайтира цо гондIахьара… Виц ца ло суна цхьа бутIаз: «Хьажал! Ас дуккха а гулдина», — бохуш, марахь ча дахьаш вогIу… ХIинца а дуьхьал лаьтта… Сан собар кхачийра!.. Со ведда Грозный-гIaла а веъна, тхайн хьаькмашна тIе вахара… Дийцира… Йаздайтира! Таллам болийра… Амма Коленкина, вуно атта, тешаш а xIиттош, со кIелвитира: шина салтийчо тешалла дира, сту ког а тасабелла, ша чубахара аьлла… Школа чу гулбина нах а, шаьш пеш лар цайарна, шайн ледарлонна цIе а йаьлла, багар чIагIдеш а, масех теш кечвинера Коленкина. Со таIIийна чувоьллира: суна дуьхьал таллам болийра…

Грозный-гIалахь со набахтехь волуш, цигахь Сату а гира. Иза — шен йуьхьсибатца и хилар соьга чIагIдайта со чувигнера талламчо.

— ХIинца идда ваьллий хьо, стешха кIилло! — тIечевхира талламча, куьйгаш а дихкина, шена хьалха лаьттачу Сатуна…

— Со шух идда вац… Со шуна тIаьхьа идда… Сох стешха кIилло ма ала! — жоп делира Сатус.

— Ву хьо стешха кIилло!.. Бийшина Iохку тхан салтий а бойуш!..

— Ткъа дийна боллушехь аша багийна тхан зударий, бераш?!. И шайна иштта дуьсийла лаьара хьуна! — аьлла, Сатус талламчин йуьхь тIе шеташ туьйхира. Талламча ша лаьттачахь:

— ДIавига и карцер чу… Ас кхана Iуьйранна гойтур ду хьуна, кIиллo! — мохь белира талламче. HeIcaгIe дIакхоччуш, Сатус, вуха а вирзина, кхоьссира талламче:

— Иза а хаьа суна… Кхана аш со вуьйр вуй… Амма хьоьга сан цхьа дехар ду: со муха ле хьажа, кхана соьга хьажа, мукъна, волахьа!

— Къонаха! Сату — вуьззина къонаха!.. — цунах ша аьлла дош йуха хийцира хIинца Тавсолтас.

— Кхана Iуьйранна, набахтин кертахь, цхьаболчу, кхозлагIчу этаж тIерачу лецначеран тидам а хуьлуш, гIовгIа йоккхуш латийна мотоцикл а йекаш, банин пенаца а хIоттийна, цунна тоьпаш туьйхира…

Со халла велира воь суд йечуьра: фронтовик хилла хиларна, ца вуьйш а витна, со йуха а фронте — амма гIудан-батальоне дIахьажийра.

Дуьненахь доллучу хIуманах а догдаьлла, сайн са ца кхоош, со вере сатуьйсуш, лар а ца луш, лийтира со фронтехь… Хьовсийша, тIом дIабаьллачул тIаьхьа, йуха а шортта орденш а йахьаш, цIавеъна волу со, тоххара дIадаьлларг цхьамма карла а даьккхина, итт шо хан а тоьхна, Сибрех ма хьажий!.. Йуха цигахь мала а Iеми, дечиг тIекхетта бойна ког а дIабаьккхи…

Массара a, гIap яйъина, ладоьгIура…

— И боьха хIума Берия хIинца а коьртехь ву-кх… Цуьнан хIуманаш ду уьш! — эккхийтира Керима.

— ХIан-хIа!.. Коьрта бехкеверг и вац — Сталин ву! — ша Iачуьра хьалаайвелира Еланцев. — Берия цуьнан хьанала лай ву!.. Коьрта бехкеверг а, чалтач а ша Сталин ву!.. Исторехь цуьнга а кхочуш боьха стаг хилла а вац: цо шегахь цхьаьнатоьхна Неронан маьттазалла, Иван Грозныйн къизалла, Азефан йамарталла! — элира, хIинца йуьхь цIиййеллачу Еланцевс.

Селита йай-й йелакъежира, тоххара Эскинойхь, школехь ша доклад йеш, Еланцевс Сталинах аьлла кхитайпа дешнаш дагадаьхкина.

Нурседас, неIаре а йахана, и дика тIечIегIира: Сталин веллехь а, Берия хIинца а дийна вара.

* * *

Кхин а масех бутт баьлча, цхьа гIуллакх хилла, правлене ваханчохь, Тавсолтина учахь, акъбевлла, радиога ладоьгIуш нах гира. Хьехориг Берия вара: халкъан а, партин а мостагI и хиларна, чувоьллинера хIинца Берия. «Хьай, делазхо йаI! И вара и, цкъа а вийна дIа а ца воккхуш, даим вен везарг!» — ойла хилира Тавсолтин. Сиха, гIанташ тIе а буьйлуш, сакъералуш, дIадохура цуьнан портреташ чуьрачара. «Хийцамаш буьйлабелла!» — дагатесира Тавсолтина: «Делан чIир кхочушхилаза ца йуьсу. КIелхьарчунна тIехула гIа а бехкамаза, церан меттигаш йуха ца хуьйцуш, дуьтур дац Ша, аьлла цу Дала», — шен ойла йора Тавсолтас…

…Кхин а цхьа хан йаьлча:

— ГIарчI-аьлла схьа а лецна, занкъаьлла чу а боьхкина, гарраст аьлла, тоьпаш тоьхна-кх вай махках даьхначарна! — аьлла, ТавсолтагIеран чувелира самукъадаьлла Керим, газета а карахь. Газето хоуьйтура: Берияна а, цуьнца цхьаьна хиллачу йамартхошна а тоьпаш тохар. Дерриг советски халкъо доккха садаьккхира, и даггара къобалдарца. Массарна а хиира 1937-чу шарахь берриг Советски махкахула чекхдевлла, хIинццалц жоп даланза дисина, инзаре зуламаш хьан дина. ХIинца партис бехкечарна хьакъдоллу таIзар а деш, иза Iорадаккхарна, адамашна хьаам белира. Къаьсттина хазахийтира и, бехк а боцуш, цу йамартхоша сийсаздина, шайн махках даьхначу къаьмнашна.

Керима шена газета доьшучу хенахь, Тавсолтас синкъераме корта хьийзабора:

— Хьажал, Церетели вуй царна йуккъехь?

— Ву, Къуръанора-кх, хIокху меттехь-м!

— Хьай, йовсар яI! — Тавсолтина дагадеара цуьнан Эскиной вар. — Ма дера дилли церан! — воккхавера Тавсолта:

— ХIуъа дийцича а, нийса ду вайн Советан Iедал! — тIетуьйхира Тавсолтас. — ХIинца вай цIа дахийтахьара!..

— Делахь а… хIинца а… сатоха деза, — элира Керима. РаьгIнаш йу гIуллакхийн…

* * *

— Районан комендант чохь вацара. Хьалхарчу цIа чохь стоьла тIехьа, таьптар а даржийна, Iapa НКВД-н лейтенант, цунна хьалха, чоь йуьззина, ирахь лаьттара цхьа нах, цо цхьацца тIе а воьхуш, массо уьш дIа а йазбеш. Цхьаберш сонешкахь, дехачу гIенташ тIехь хевшина Iapa.

Керимна йуххехь ирахь лаьтта, дика тIедуьйхина, цхьа хьаьрса интеллигент вара, шена уллохь Iаьржа дуьйхина, корта а оллийна, Iачу зудчуьнга луьйш, гуьржийн акцентаца:

— Хьо хIунда хIоьттина сел холча? Хьуна-х и хIокху тIаьххьарчу дейтта шарахь цкъа бен гучуваьлла а вац… Цо-х хьоьга шеран коьртехь цкъа бен телефон а ца тухура!..

Зуда IадIара, корта а оллийна.

Лейтенанта и шиъ шена тIе дехча, хиира Керимна уьш муьлш бу: Iаьржа дуьйхина зуда Бериян йиша хиллера — Мария Павловна, важа — цуьнан майра. Чохь болу вуьйш а Берияца цхьаьна, дукха хан йоццуш, хIаллакбинчу цуьнан гIоьнчийн доьзалхой бара, хIинца шайх спецпереселенцаш а бина, махках а баьхна, кхузахьа схьалаьхкина. Кабуловн зудий, йоIIий, ший а, сирла-хьаьрса, стигалан басахь долу бIаьргаш а лепош, шекйоцуш, йела а къежна, Iapa сонерчу гIантахь, шайна хилларг хIумма а доцуш санна. Кхиберш-м маларан хьожа а йетталуш бара.

— Хьуна хIун оьшура? — лейтенантан Керимах бIаьрг кхийтира.

— Со-м Идрисовца гIуллакх долуш веънера.

— Иза, цомгуш а хилла, балхара а дIаваьлла хIинца… ЦIахь ву…

И волчу церан цIа ваха дагалецира Керима, хьалха ша цуьнан цIахь хилла вацахь а, хIинца цунна тIехIоттар шен декхар хетта: хIуъа дийцича а, цхьана къомах а, цхьана хьолехь а, вовшийн цIе йевзина а вара. Кериман дагахь даим а кхин xIума а дара: цуьнга 1937-чу шарах лаьцна хаттар дан. «Оцу муьрехь НКВД-хь доккхачу хьаькамаллехь а лелла, ша лацаза а висина, чекхваьлла ма ву иза… Ма дукха хаьа хир ду

1 ... 77 78 79 80 81 82 83 84 85 ... 122
Перейти на страницу:
На этой странице вы можете бесплатно скачать Лаьмнаша ца дицдо - Магомет Абуевич Сулаев торрент бесплатно.
Комментарии
Открыть боковую панель
Комментарии
Сергій
Сергій 25.01.2024 - 17:17
"Убийство миссис Спэнлоу" от Агаты Кристи – это великолепный детектив, который завораживает с первой страницы и держит в напряжении до последнего момента. Кристи, как всегда, мастерски строит