Категории
Самые читаемые
RUSBOOK.SU » Проза » Историческая проза » Лаьмнаша ца дицдо - Магомет Абуевич Сулаев

Лаьмнаша ца дицдо - Магомет Абуевич Сулаев

Читать онлайн Лаьмнаша ца дицдо - Магомет Абуевич Сулаев

Шрифт:

-
+

Интервал:

-
+

Закладка:

Сделать
1 ... 30 31 32 33 34 35 36 37 38 ... 122
Перейти на страницу:
ша оццул дезаш Iамийна бераш сел къиза махкахдахар а.

ЙухайогIуш, уьйтIахула йелира иза. PaгIy кIел гоьргах тоьхнначохь доллура диг; божли чуьра ара а баьлла, даьхникертан берте а беъна, Iоьхура йуьртана а бевзаш хилла, ТавсолтагIеран бордаха дирша йетт; уьйтIахула, зIе текхош, угIуш хьийзара байдаьлла Борзиг. ТIейахна дIахийцира и Анна Львовнас. Борзиг цкъа, тIехилла, кхунах хьожа а йаьккхина, йуха дIахьаьдда, дIо лаьттачу аьттан когах мотт а хьаькхна, цхьамма-м кхайкхича санна, кертара арахьа дIадедира, шен логах боллу йоьза хIоз а лепош. Кийрара дог лазадуьйлура Анна Львовнин: йух-йуха дуьхьал туьйсура, шаьш хIунда, стенга дуьгу а ца хууш, машенашкахь дIаоьхучу Селитин, Нурседин, Каташан, кхечийн а цецдевлла аматаш.

«ХIун бехк бу-техьа, тIамехь кIант а вийна, висинчу Тавсолтин а, майра тIамехь хиллачу Кесирин а, шен орденашца новкъа ваьккхинчу Кериман а?» — ша-шега йух-йуха хоьттура Анна Львовнас. Оцунах кхета гIерташ, оцунна цхьаъ, мукъна, бегIийла бух каро и мел доггах гIортарх а нис ца лора цуьнан. «Ткъа Сталин?.. Цо муха туьдур дара техьа и шега хаьттичахь… Цунна хууш а дуй-техьа xIapa?» — ойла йора цо. ТIаккха йуха а, хьаьвззий, ойла кхечухьа йоьдура. Шена хIокху гIуллакхах хьалхенгахь мел хезнарг а хIинца кхечу, нийсачу агIорхьа кхетадора цо: тохара, партизанашна оьшу аьлла, герз дIалахьо «виллис» тIехь веъна Церетели а, тIеман хьашташна аьлла, Грозный-гIала веана хилла Берия а хIинца шайн йамартачу аматехь дуьхьалтуьйсура кхунна. «Цара дина xlapa… уьш бу бехке… Цара тилкхазваьккхина хир ву Сталин а»…

Шен ма-хуьллу и бехказаваккха некъ лоьхура цуьнан даго. Амма и дан шен кхетаман кIоргехь а ницкъ ца кхочура Анна Львовнин: «Ленин коьртехь волуш-м хир дацара xIapa саннарг!» — бохучо кхачадора шадерг. Эцца кхаьчча, цуьнан ойланаш кегалора. ХIинццалц цунна хьехнарг а, цо дIахьехнарг а цхьаьна ца догIypa тахана хиллачуьнца. Саццаза сирла даьгна цуьнан бIаьргийн нур хIинца, малх чубуьзча санна, чуьра суьйнаш дайна кхоьлира. Йоьлхучуьра а сецна, йовлакхца бIаьргаш дакъийна, шайн чуеара и парталчу боларехь. Ниночка хIинца а ховха наб еш Iуьллура. Цунна тIepa юргIа а нисдина, шен кегайелла ойланаш цхьана хорша йерзо дагахь, коре хиира иза. Чувелира Савва Ильич. HeIcaгIepa схьакхоьссира:

— ХIа! Вевзин хьуна хIинца хьайн Сталин?

Анна Львовнас йоьхна элира:

— Сталинна — м ца хууш хила а мегий xIapa…

— Хаьа! Цуьнгахула схьадогIуш ду! Цуьнан амалехь ду. Адам Iадош бен Iедал шен карахь диса йиш йоцийла хаьа цунна. Цо хIаллакйина Ленина кхоьллина парти а.

— Ткъа хьо?.. Ткъа… хьо санна болу тешаме партийцаш? Хьо цхьаъ хилла-х ца Iай ишттаниг! Йу хIинца а парти! ХIинца а бу, дуккха а бу хьо санна берш!

— Бан-м бу! Шайна хетарг ала таро йолуш-м бац! Алал хIинца ахьа а, хьуо йахьахь, алал тахана! Эра-м дацара! Аьлча а, эрна хир дара! Аьлла хьо а эрна йовр йара, цхьа а пайда боцуш. Цундела, ас айса а ца тадо хьуна и алар. Иштта ду тахана гIуллакх!

Савва Ильич чухула волавелира:

— Ойла йехьа цу белхан! «Халкъан мостагIий» бу а бохуш, цкъа хьалха цхьацца адамаш хIаллакдира. ТIаккха, цу тIехь а тоам ца хуьлуш, «халкъан мостагIий» бу бохуш, дийнна тайпанашца бакъболу халкъан доттагIий — гIарабевлла ленинцаш хIаллакбира, хIинца — дийнна къаьмнаш, дийнна халкъаш хили «халкъан мостагIий»… И-м коьрта чу а ца тарлой: дийнна халкъ, берашца цхьаьна, къомаллин бахьница махкахдаккхар! Дайна хIума а дуй и цхьанна а? Коммунист?.. Ву — «коммунист»… «Таханлера Ленин» — тьпуй!.. — лаьттах туйнаш туьйхира Савва Ильича, корах ара а хьаьжна. — И лаьмнаш а хIун йу хIинца, шаьш динчу шайн адамех девлча? Олхазарш доцу беш! Стом боцу дитт! Хи лекъна апари!..

Корехула цунна гуш дара, дукхазза а дайна, даим а дуьнене бендоцуш хьуьйсу, делахь а, тахана гIийлачу ойланехь хетало къена лаьмнаш.

Адамашка беанчу балано шайн а дог дохийначух тера, баккъала а, кхоьлина хьуьйсуш санна, хетара уьш. Амма хин йолу тIаьхье хIинццехь а шайна гучух тера, сапаргIат а хеталора…

Месала куй бIаьргаш тIе а теттина, кIентан докъа тIехь лаьтта да санна, шайн халкъан бала шайна чухудуш, тийна лаьттара Кавказан лаьмнаш. Церан дагахьдерг хуур дацара цхьанна а, амма цаьрга дIахьаьжначунна цу сохьта гора, уьш хIуъа а ловр долуш, цхьангга а эшалур доцуш, шайн дагца чIогIанаш хилар!

II. ХЬАЙН БАЛА ТАМАШ МА ХЕТА

НОВКЪАХЬ

Можачу басара, лаьхьарчий санна йехий, товарни цIерпошташ, неIарш тIе а къевлина, цхьанххьа а диллина кор доцуш, дIаоьхура цхьаъ вукхунна тIаьхьа, аьчган новкъахула, ур-атталл минотана а цхьана а станцехь сацар доцуш. Уьш йоьттинера нохчех, гIалгIайх: масех сохьтехь ах миллион халкъ, цу цIерпошташна тIе а хаийна, эзар шерашкахь ша даьхначу махках а даьккхина, йа кегийчех а, йа цомгушчех а цхьа къинхетам ца беш, къаношца, берашца цхьаьна, дIадуьгуш дара, мича дуьгу а ца-хуучу, цхьана генарчу махка, Сталинан, Бериян, МолотовгIеран лаамца, кхин цхьана а бакъонца доцуш, дуьххьалдIа къомаллин билгалонца. Цу гIуллакхна оьшу цIерпошташ а (ах эзар гергга), аьчга-некъан керла га а, (масех бIе чаккхарма) уьш новкъа а бахале, хьалххехь, кечдинера Кагановичан урхалло: Соьлжа-гIалара Гуьмсе, цигара Аштаркхане, тIаккха Казахстанехьа дIа. Ростохахула, оьрсийн йаккхийчу гIалашна йуккъехула а бохуш, дерриге дуьненна а гойтуш, уьш бигар — цкъа-делахь, политикан aгlop бегIийла ца хеттера сталинхошна, йуха экономикина гергахь а «тIеман заманахь» данне а санехь ца догIура. Ма-хуьллу и гlapa ца даьн долчу aгlop дIабуьгуш бара уьш. XIopa вагона чохь а шовзткъе итт гергга (ткъаннан меттана) стаг вара чутарвина, берашца-наношца цхьаьний. Шийла дара: арахь февраль лаьттара, вагонаш чохь йолчу, «буржуйкаш» олучу, кегийчу аьчган-пешех а кIезиг пайда хуьлура — дечиг цатоарна. Кериман доьзалца цхьаьна вагон чу нисделлера Тавсолтий, Селитий — и хазахетара цу шинна. Амма Нурседий, Расуллий мичахь ду ца хууш, цу бехачу новкъа саготта бара уьш.

ШозлагIчу дийнахь а цхьанхьа ца соцуш, дIаоьхура цIерпошт. ТIеттIа совйуьйлура шело. Пальтош а, кетарш а массаьргахь цахиларна, цхьацца шаршуш а, истангаш а дегIах а хьарчийна, Iapa мухIажарш. Шишнаш чуьра хи а кестта кхачийра, йуург а ца тоьура: цхьаберш и шайца йанне а йоцуш новкъа баьхнера. Хьоткъан гIуллакхна баккхийчара садеттара, бераш делха доладелира. Тавсолтас вагонна йуккъехь дагарца Iуьрг а даьккхина, цхьацца гIожмаш карийна, царех гIортораш а йина, вагонан цхьана пена тIера вукхунна тIекхаччалц тIийриг а тесна, тIехула шаршу а оьллина, цхьа кхалун тайпа йира.

ШолгIачу сарахь дуьйна, Кавказана ша дикка генайаьллачул тIаьхьа, эшелон, массо а кегийчу станцешкахь а соьцуш, меллаша йоьдура, мухIажарийн дог этIош, сецначохь ур-атталла неI а ца йоьллуш. ХIинца массарна а лаьара, шайна йоьгIначу метте сихха дIакхача. Вагон чохь хьожане а, шийла а дара. Дехьа сонехь цхьа бер цIеххьашха чIогIа мохь хьекха дуьйлира. Йиш йоьхна хьаьвзира беран нана. Селита

1 ... 30 31 32 33 34 35 36 37 38 ... 122
Перейти на страницу:
На этой странице вы можете бесплатно скачать Лаьмнаша ца дицдо - Магомет Абуевич Сулаев торрент бесплатно.
Комментарии
Открыть боковую панель
Комментарии
Сергій
Сергій 25.01.2024 - 17:17
"Убийство миссис Спэнлоу" от Агаты Кристи – это великолепный детектив, который завораживает с первой страницы и держит в напряжении до последнего момента. Кристи, как всегда, мастерски строит