Категории
Самые читаемые
RUSBOOK.SU » Проза » Историческая проза » Лаьмнаша ца дицдо - Магомет Абуевич Сулаев

Лаьмнаша ца дицдо - Магомет Абуевич Сулаев

Читать онлайн Лаьмнаша ца дицдо - Магомет Абуевич Сулаев

Шрифт:

-
+

Интервал:

-
+

Закладка:

Сделать
1 ... 34 35 36 37 38 39 40 41 42 ... 122
Перейти на страницу:
class="p1">Охьахьаьжча, вайна го и Iаьржа латта

Мачийн метта дуьйхина тишдинарг мила ву?..

Адамийн дахар дуьненан паналлина гергахь дош дацар а, амма кху дуьненахь дахарал дош долуш кхин хIума цахилар а — цхьабосса чIагIдора эшаро. Селитас шен дагца чухудура цуьнан маьIна, эшаро цунна хьалхахIиттадора «тIом луьрачохь соьцучу» кIентан сурт: хIинца Селитина а гуш, иза Iуьллура гена махкахь цхьалха, мостагIаша вийна, гонаха йиш-ваша доцуш, тIехула, хIинца кхузахь санна, маьхьаршца къийгаш а хьийзаш. Амма кура кIант, «сийна олхазар» санна, шен синтем лоьхучех хиллехь, хIинца а вехаш а хир вара цхьанхьа, амма цхьанна а ву-вац а ца хууш. Цу кIанта, шен синтем ца лоьхуш, шен са а ца кхоош, мелхо а, тIамна тIех ца волуш, «тIом луьручохь» сецна, ша вейтина бакъонгахьа къуьйсуш. Цундела и хIинца а веха адамийн дегнашкахь, Рашидан иллица, Селитин ойланехь кху геннарчу махкахь шен амат йуха ден а луш. Селитин бIаьргара хин тIадам гIамарла буьйжира: иза йерриг а эшаро дIалаьцнера.

Эшарийн марзо дика йевзачу, дIогахь, гIарйайина, лаьттачу казахийн а йаххьаш цIийеллера: дешнех ца кхеттехь а, амма эшарийн лазам церан дегнаш чу дIакхаьчнера. Массо а дIатийра шаьш болччохь, хIинца Рашида, ира а хIоьттина, аз кхин а чIагIдеш, шен тIаьххьара дешнаш олуш:

Дуьнен чохь ца биъна и мерза ва безам

Ха харццал доцучу готтучу лахьти чохь

Биънарг а мила ву?..

Селитин бIаьрхиш охьаоьхура, эшаран тIаьххьарчу дешнаша кхойкхура массо адамашка кху лаьтта тIехь, вовшашца барт а болуш, ирс долуш хиларе.

— Сихбел уьш хIинца! — омра дира лейтенанта шен гIоьнче йуха а. Цуьнан гIоьнчаша, дIасахьаьвдда, доьзалш цхьаьний а нисбеш, шаьш гIo а деш, хIургонаш тIе ховшийра мухIажарш, массо а, шайн хIумнашца.

Нохчех йоьттина хIургонийн къепал, эшелон санна йеха, новкъа йелира.

Уггаре хьалхарчу хIургонахь бара Кериман доьзал. Церан хIургонна тIехьа а хиъна, ши ког охьа а кхозийна, гIийла шен узам а беш вогIура Рашид а. Царна тIаьхьарчу шозлагIчу хIургонахь, йух-йуххе а хиъна, дIаоьхура Тавсолтий, Селитий. Селита тидаме дIасахьаьжира: дIо, хIорш охьабиссийнчохь, аьчган некъаца лаьтта и цхьа цIелиг доцург, кхин цхьанххьа а гуш йа цIенош а, йа дитташ а доцуш, бIаьрго ма-лоццу шуьйрра дIасайаьржинера хIинцца соьналла тоьхна аре. ДIо геннахь, аренан йисттехь, анайух стиглах дIахотталуччохь, стигалан сийначу баса тIехь Iаьржа гуш къаьстара, цхьаъ вукхунна тIаьхьа йоьду ши эмкал, тIехь адамаш а долуш. «Мичахьара мича боьлху-те уьш кху йист йоцчу арахула», — дагатесира Селитина. Ша йичахьана хIинца дуьххьара цIера йаьллачу Селитина цIеххьана инзаре йоккха а, йеса а хийтира xIapa йист йоцу паналла:

«Кхузахь муха деха-те и адамаш?» — йуха а дагатесира цунна.

XIopш тIехь богIу хIургонаш а, цIахь ца гинчу тайпана, йехий-йаккхийра йара. Кхузахь царех рыдванаш олура. КеримгIар тIехь болу рыдван гIийла цIийзара, шина старо халла дIатекхош.

Тавсолтий, Селитий тIехь Iачу хIургонах боьжна, йеха маIаш йолу, боккха ши сту а партал техкара. И стерчий а, цIахь, ломахь гиначех тера доцуш, кху аренашца ма-товв, тамашен даккхий хетара Селитина. Амма даккхий делахь а, уьш меллаша догIура. Стиглахь, йуьхьанца хилла мархаш дIа а йевдда, хIинца малх берриг гучубелира, xIapa бIаьстенан хьалхарчех долу де серладоккхуш. Мокха, йеса хетта аре хIинца цIеххьана самукъане къегира. ДегIана там беш, Тавсолтина тIе хьоьжура бовха малх. Шен кетар, схьа а йаьккхина, кIелйиллира цо.

— Дада, итт де а далале, Iаьнна йуккъера бIаьстенга кхечи-кх вай! — тамаш бира Селитас.

Де сиха дохлора. ХIетте а кхеран стерчий лоьхкурш кетарш а тIехь богIура, улло бевлла, шек а боцуш, ира баххьаш долу цхьогалан можа куйнаш а техкина. Уьш йукъ-кара кхаьргахьа гома схьахьовсура: царна бериянцаша хьалххехь дIахаийтинера нохчий, беран цIий а муьйлуш, адамаш а дууш, акхарой ду аьлла.

— ДIа маца кхочур-те вай? — хаьттира Селитас.

— И тайша сту кIеззиг ларшха бу, тIе, вайн киранчаш башха каде а бац, — элира Тавсолтас.

Амма цу сохьта, ира йуьхьиг йолу беха сара туьйхира кхеран стерчий лоьхкучо аьтту aгIopчу стеран вортанах. Реза бацарца шен йеха маIаш йуха а ластийна, старо ког масабаьккхира. Важа тIаьхьа соьцура. Цунна а ластийна туьйхира къоначу казахо. Шина а стеран вортанаш тIехь, уьш дукъах хьекхалучохь, даьIнаш гора. Жимма хан йаьлча, церан болар йуха а малделира: Iаьнан докъарх а хаьдда, бIаьстенан керлачу бацах а дузаза долу стерчий, серий санна, шайн пIендарш а гуш, гуттар эгIаздевлла мур бара. Царна йуха а оьгIазе тIекIирвелира казах, сара бетташ, тIаьхьабогIучарна а хьем боккхура цара.

— «Ма къиза бу хIорш!» — дагатесира Селитина.

— Ма йетта алахьа! Къа дац церан! Хьайбанаш ма ду уьш, Дала а кхоьллина! — элира Тавсолтас йоIе. Селитас оьрсийн маттахь иза шега дIааьлча, хьаьжкIийн буьртигех тера луьста кIайн цергаш гучуйохуш, велакъежначу казахо:

— Билмейман!3… — аьлла, стерчашна йуха а сара ластийра.

«ХIорш-м вайл а тIаьхьабисина ма бу», — аьлла, хийтира Тавсолтина. Уьш дуьххьара гучу Селитина церан йаххьаш сов горгий, марош кегийра, бIаьргаш вовшашна гена ховшийна, ткъа массо а вовшех цхьатера хийтира уьш. Доккха са а даьккхина, йухахьаьжира Селита: йа галц а, йа очакх а доцчу шерачу новкъахула генна могIа бина йогIура, эмкалш санна, и даккхий стерчий доьжна йолу, нохчий шайн керлачу метте балош йогIу xIypгонийн ковра. Iожачу говрахь, оцу могIанна цкъа коьрте, тIаккха цIогане хьодуш лелара, хIорш спискица багар а беш схьаэцна, лейтенантан хормехь волу казах. Иза шайга хIинца нисвелча:

— Тхо дуьгу меттиг йийцахьа! — хаьттира Селитас.

— Джамбулан цIарах колхоз йу… Жал-тюбе-Юьртахь… Са ма гатделахь, цуьрриг вон йурт йац хьуна… — жоп делира цо цIеначу оьрсийн маттахь.

Хьалхарчу рыдванна тIехьа хиъна, шен узам а беш вогIу бIаьрзе Рашид кхаьрга схьа а ца хьаьжира.

— Цунна-м башха а хир йац, ша миччахьа хиларх? — меллаша дега элира Селитас.

— ХIан — хIа, — схьа мохь туьйхира, Селита цецйоккхуш, и хезначу бIаьрзечо, — когашна дика хаьа лаьттан чам, мерана къаьста аренийн кхин тайпа хьожа… Ткъа лергаша а схьалоьцу… керла аьзнаш. ХIан-хIа, йоIиг, бакълец хьо! — элира Рашида.

Ша хIун эр ду а ца хууш, цIийелла IадIийра Селита.

Йуьрта дIакхечира.

Некъаца нийсачу могIаршца лаьттара, тIе латта а тесна, паьштигца таIош поппарх дина, шера беданаш долу цIенош: царна гонаха поппарх йина керташ — дувалаш йаьхьнера. Царна хьалххахула йаьккхинчу саьнгар чухула догIура татол — арык. Нилхо лаьттара, арыкца йийгIина, хIинцца сенйелла йогIу гlapгIанаш, акказеш.

— Xlapa ду-кх шуна билгалдаьккхина цIа… Джейран, чохь дуй шу? — мохь туьйхира лейтенанта-казахо лохачу учахь малхехь Iачу зудчуьнга.

— Дика ду-кх… делахь! — элира Тавсолтас. Селита IадIара. КеримгIеран хIургон тIехйаьлла дIайахара, Керима кхаьрга забаре куьг а ластош. Йуьхьа тIехь йуккъерачу хенара хета, Iаьржачу гиччошкахь цхьацца детин хьесий а лепаш, хьалагIаьттича, йоIстаг санна, дуткъачу дегIахь йолу Джейран кIедачу боларца тIейеара. Казахийн маттахь кIеззиг цеце

1 ... 34 35 36 37 38 39 40 41 42 ... 122
Перейти на страницу:
На этой странице вы можете бесплатно скачать Лаьмнаша ца дицдо - Магомет Абуевич Сулаев торрент бесплатно.
Комментарии
Открыть боковую панель
Комментарии
Сергій
Сергій 25.01.2024 - 17:17
"Убийство миссис Спэнлоу" от Агаты Кристи – это великолепный детектив, который завораживает с первой страницы и держит в напряжении до последнего момента. Кристи, как всегда, мастерски строит