Категории
Самые читаемые
RUSBOOK.SU » Проза » Историческая проза » Лаьмнаша ца дицдо - Магомет Абуевич Сулаев

Лаьмнаша ца дицдо - Магомет Абуевич Сулаев

Читать онлайн Лаьмнаша ца дицдо - Магомет Абуевич Сулаев

Шрифт:

-
+

Интервал:

-
+

Закладка:

Сделать
1 ... 29 30 31 32 33 34 35 36 37 ... 122
Перейти на страницу:
а, хьала ма-кхиъи, уьззуш хир болуш. Бериян верасаша шайн ойланехь йеххачу хенахь Iамийначу царна кхин хIума ца хаьара. Амма царалахь а наггахь цу ойланехь воцург а волура, делахь а, цунна-м хаьара, нохчех ша хIинца къинхетам бахь, цул тIаьхьа шех къинхетам хир боцийла!

Бериян омранца и салтий таханналц ишттачу ойланехь Iамош, схьавеъна волу ша Еремеев а вара, нохчашна массарна а тоьпаш тоха кийча цхьажимма а бахьана далахь. Оцу ойланехь Iамийна ша хиларал совнаха, цу ойланехь и кхин тIе а чIагIвала бахьана а дара цуьнан шена гергахь: Белоруссехь, Минскана гена доцуш, шайн хIусамехь, дийна боллушехь, неIарш, кораш тIе а чIагIийна, багийнера фашисташа цуьнан дай-наний, жима ши ваший. Ткъа нохчийн къам фашисташна гIo деш хилла бохург Еремеевс, ойла ца йеш, цуьнан бухе ца хьоьжуш, тIеэцнера.

Цундела хIумма а къа ца хеташ хьоьжура Еремеев лайлахула схьатекхачу шен къепале. Эххар, Яьссийн тогIех чекхбевлла, хIорш схьабогIуш, цIеххьана, хечин барч а лаьцна, некъан йистехьа дIахьаьдира Эскинойхь массарна а вевзаш, наха «ах бIаьрзе, ах хьераваьлла» ву а олуш волу Сайхан.

ГIароло автомат йалийтира. Иза хьакхалуш кхетча, Сайхан, воьжначуьра маса айвелла, кхайкхира:

— Ва, нах! Со ма виэ алийша цуьнга: йуьртана а хууш, хьераваьлла вар-кха со!..

Амма хьерабевлларш цу дийнахь мехехь бацара: шозлагIа тоьхначу автомато, цуьнан аз хадош, охьавиллира иза. Оццу могIарера схьаиккхина, шийтта шо долу, Сайханан йуьхьлело вешин кIант — Салауддин, тIулг а карахь, чухьаьдира гIаролна. Иза а автоматан багара, бода а батIош, схьатоьхначу цIеро даиманна а дIанисвира хьерабевллачийн могIаре.

Ший а и шиъ Iуьллучохь а витина, Iадийна къепал, цул тIаьхьа гIap йайна, болар сихдинна йогIура.

Райцентре дIакхечира. Кхуза схьабалийнарш берриш а гулбина, йоккха Iаьржа пхьоьха гора шуьйрачу майданахь. Стогарш а латийна, кийчча лаьттара йаккхийра студебеккерш. Накхармозий санна, даккхий, месала лайн чимаш саццанза тIеоьхура. Тохара, Керимна а гуш, нанна хьалха, шегахь тапча карайарна эскархоша вийна Iуьллучу жимхин хIинца, хIетахь гуш хилла, мера буьхьиг а, йа эткийн буьхьиг а ца гора кхин: иза верриг а, тIехула кIайн барз беш, дIахьулвинера, Iожаллел а цIенчу, кIайчу лайно. Оцу жимхан хIинца хIумма а дацара йа гуш а, йа дозуш а хIокху доккхачу, бакъдоцчу, и ца кхеташ дисинчу дуьненах.

Школехь иза доьшуш волчу хенахь дуьйна а и ца кхеташ дисна дара: ширачу Римехь хьоладас, ша кхобуш болу, шен хьал дебош болу леш, цхьа кIеззиг а бехк баьлча, хазахета хи чу а кхуьссий, дийна боллушехь чIерашка баийтар.

Йа малхбалера тIамца веанчу бIаьнчо, ша ма-аьлла кара ца йеъначу шахьаран бахархой, кегийчу берашца цхьаьна, дийна боллушехь багор. Йа адамашна дика дан шортта таро йолчу оьрсийн паччахьо, шега дехаре баьхкина мискахой тоьпаш тоьхна байийтар. Йа гитлерхоша эзарнашца жуьгтийн бераш, дийшина Iохккучохь, балдех дIовш а хьоькхуш, дайар — дуьххьалдIа уьш къомаца жуьгтий хиларна! Уьш дерриге а и жимха ца кхеташ дисна дара. Амма массо хIуманал а и ца кхеташ — кхеттане а ца кхеташ! — дисинарг дара, дуьнен чуьра массо а харц хIумнаш дIадаха кхоьллина йолчу, Советан пачхьалкхехь, xIapa а нийсонан ойланехь кхиийначу махкахь, тахана, цхьа а бехк боцуш, кхунна а гуш, дуьххьалдIа къомаллин бахьница, дерриг а кхуьнан халкъ, кегийчу берашца цхьаьна, делхош, шен махкахдаккхар!

И жимха ца кхеташ дисна долу и тIаьххьара хаттар дара, и вуьйчу секундехь а адамашна цо тIедоьгIначу цуьнан бIаьргаш чохь нахана гинарг.

Саццанза ло оьхура цуьнан барза тIе…

Схьагулбина нах, хIинца машенашна тIебахале, эскархоша йух-йуха багарбеш, къаьстина хилла доьзалш йуха вовшахтухуш, кхин а бехха лаьттира майданахь цIийзачу шелонгахь.

Баккхийчу наха, шаьш болччохь, лай тIехь, гонаха автоматчикаш а лаьтташ, ламазаш дора. Зударий гIийла тийжара. Кегийра бераш доьлхура шелонна, йовхарш йетташ. Баккхийчех цхьаберш, кхуззахь дог а гIеллой, лайла охьа а оьгий, кхин хьала ца гIовтталуш буьсура. Беллачарна, циггахь цхьана ор чу а тосий, тIе ло хьоькхура салташа. Эпсаро шен блокнота тIехь тIаккха билгало йора.

ТIаьххьара а берриге нах схьагулбина а бевлла, хIинца машенаш тIебаха болийча, массо зударийн цхьабосса белхар делира, шайн доьзалех хаьдда бисначеран цIерш а йохуш.

Студебеккерш а массарна тоьуш ца хилира: хIоранна тIе нах шозза а сов тарбора. Мисканийн оьшу хIуманаш а, совнаха йу а бохуш, машенаш тIера салташа йуха охьакхуьйсура, нахана тIе а чехаш…

Эххар а Iуьйранна йалх сахьт доллуш, майданара машенаш, нохчех йоьттина, йерриш а, цхьаъ вукхунна тIаьхьа, Грозный-гIaлехьа новкъа йевлира.

Тийналла хIоьттира майданахь.

Райкоман шозлагIчу этажа тIехь Iачу Анна Львовнина тамашена хийтира лахарчу этажа тIера цIеххьана схьахезна самукъане эшарш а, пондар а. Сихха йахана зал чу хьаьжира и: стоьлаш тIе маларш, даарш а хIиттийна, эпсарш бара гонаха Iаш, коьртехь полковник Петросов а волуш:

— Схьайола чехка! Схьайола!.. Операци дика чекхйалар билгалдер вай цхьаьний! — элира цо Анна Львовне.

Анна Львовнас, корта а ластийна, дийхира ша Эскиной сихха дIакхетайар, цомгушчу мардений, йоIаний тIекхачош…

* * *

«Виллис» тIера школин кетIахь охьайоьссина Анна Львовна, сихха шайн чухьаьдира: оцу кIуркаманехь, ца хууш а, кхуьнанаш а махкахбаьхний-те? — аьлла, дагатесна. ДIасахьаьжира чухула: жимачу маьнги тIехь, балдаш дусийна, набйеш Iуьллура Ниночка. Савва Ильич чохь вацара. Кертахь тийна дара. Арахьаьжира: йуьртахь a гIap яйнера, цхьана-шина туьнкалгах бен кIур ца болура. Сихха уьйтIа йелира: «Дада-бIар» лаьттара, лайн чечакхаш охкийна кIайн гаьннаш, куьйгех тера, Деле кхойкхуш санна, стигала а кховдийна.

Сахиллалц ихна ло сатоссуш сецира. Йерриге аре бIаьрго ма-лоццу шурула кIайн йара, амма дIо лакхахьарчу басехь, кешнашкарчу хIолламийн баххьашкахь, мохо лестош, цIарула цIен кегий байракхаш гора, схьалаьцначу олхазаран тIам санна, йетталуш. Уьш школерчу комсомольцаша xIop шарахь а эскаран дезде тIекхочуш царна тIе ухкура. Малделлачу боларца, даго цхьа вон хьоьхуш, ТавсолтагIеран цIийнехьа йахара Анна Львовна: кешнаш санна, тийна а, йеса а йара керт. Учахь лаьттара бертиг йихкина ахьаран гали.

Сихха, неI ца тухуш, чуйелира Анна Львовна. Аддам дацара. Этажерка, стол, нар йерззина лаьттара. Коран боьхначу бIаьргехула чухьоькхура Iаьнан шийла мох. Масийтта шарахь Ленинан сурт кхаьзначу дуьхьаларчу пена тIехь дисина гуран деакIов сирла томмагIа гора. Портрет дацара. Анна Львовна ша-шах вукху аьрру агIорхьа а хьаьжира: десачу цIа чохь, дай мохо а хьедеш, ша кхозура сапаргIат схьахьоьжучу Сталинан портрет. БIаьрзе чухула хьаьвзира Анна Львовна. Этажерки йуххехь Iуьллура «Сталинах эшарш» тIейазйина Селитин стомма тетрадь.

Йуха а Сталинан суьрте хьалахьаьжира Анна Львовна.

— Ахь динарг, ахь динарг! — аьлла, шина куьйга корта а лаьцна, десачу цIа чохь, мохь тоьхна йилхира иза. Цкъа соцуш, тIаккха йуха а дог карзахдуьйлуш, йоьлхура и. Цуьнан йелхарца дара, тохара дуьйна а цо шен кийрахь къуьйлуш, IаIийначу халахетарийн Iеткъар; хIинццалц шен даг чохь сецийна майрачух дерг а, жимачу йоIаца хIинца цхьалха йисар а;

1 ... 29 30 31 32 33 34 35 36 37 ... 122
Перейти на страницу:
На этой странице вы можете бесплатно скачать Лаьмнаша ца дицдо - Магомет Абуевич Сулаев торрент бесплатно.
Комментарии
Открыть боковую панель
Комментарии
Сергій
Сергій 25.01.2024 - 17:17
"Убийство миссис Спэнлоу" от Агаты Кристи – это великолепный детектив, который завораживает с первой страницы и держит в напряжении до последнего момента. Кристи, как всегда, мастерски строит