Категории
Самые читаемые
RUSBOOK.SU » Проза » Историческая проза » Дарц - Абузар Абдулхакимович Айдамиров

Дарц - Абузар Абдулхакимович Айдамиров

Читать онлайн Дарц - Абузар Абдулхакимович Айдамиров

Шрифт:

-
+

Интервал:

-
+

Закладка:

Сделать
1 ... 81 82 83 84 85 86 87 88 89 ... 167
Перейти на страницу:
къола, талор дан, стаг вен дагадеача, шайн ворхIалгIачу йа уьтталгIачу дена вай дина таIзар дага а деана, цуьнан кIожан пха тохабалийта! Адамашна зуламца бале ваьлла стаг Делан бекхамах, таIзарх кIелхьарвер воцийла хаийта! Вайн Iалашо ваьш дийна а дуьсуш, разбойникаш хIаллакбар йу. Нагахь санна разбойник йа разбойникаш цхьана гIишло чу къовлабеллехь, ойла ца йеш, хьайба санна, маIашна тIегIерта ца оьшу. ГIишлойн неIаршна а, корашна а дуьхьал а йоцуш, агIонашца позици лаца йеза, цара шайна схьатоьхнарг кхетар а йоцуш, аш дIатоьхнарг царна кхетар а йолуш. Цхьа неI йа кор маьрша дита деза, разбойникаш бовдийта, ара мел иккхинарг тоьхна Iункар вахийта. Нагахь санна оцу мекарлонех уьш ца Iехалахь, гIишлонан цхьа aгIo шайн герза кIел а лаций, вукху агIонах цIе таса. КIуьро садукъийча, цIаро батта боьлча, чуьра аралелхар бу. Амма вайн гIуллакх тIехь уггар коьртаниг топ нийса тохар ду. Ахь нийса топ тохахь, мостагI вуьйр ву, ткъа ахь гал тохахь, цо хьо вуьйр ву. Цундела отрядерчу хIора салтичо шена топ караерзо йеза, муха, мича тоха, Iамо деза. МостагI лечкъина велахь а, Iуьллуш велахь а, ведда водахь а, говрахь, дитта тIехь велахь а, лен волччу тоха йеза. Топ, тур-шаьлта караерзо, цхьамза тоха, мар-мара вахана лата леррина цхьана-шина кIиранах Iaмop бу салтий. Иза сайн гIоьнчина штабс-капитанна Григорчукана тIедуьллу ас.

Цигаьрка а латийна, сирник лаьтта а кхоьссина, боккха баьккхина кIур чу а тоьхна, эпсарийн йаххьашна тIехула бIаьрг кхарстийра атамана:

– Вай дIатуху xIоpa дIаьндарг разбойникан хье йуккъе йа гиччошка кхета йеза. Aмма хаалаш, вaйн уггар кхераме мостагI къинхетам хилар. Вайн къинхетамо, догдикалло, гуманизмо, адамалло берзор бац акха туземцаш. Кхерамо а, къизалло а бен къарбийр бац уьш. Шайгахь алсам ницкъ хилча, толам шайгахь буьсур буйла хиъча, майра хуьлу нохчий. Амма шайна дуьхьал ницкъ гича, гIаш йуккъе цIога а таIадой, бовду. Вай къинхетаме хила гIертахь, вайн цIий алсам Iенар ду. Ткъа вайгара къинхетам хир боцийла хаахь, герз охьа а диллина, совцур бу уьш. Цуьнан локхалло, областан начальнико шен инструкцица вайна бакъо йелла, разбойник къайлаваьккхинчунна, и схьавала, герз схьадала дуьхьало йинчунна, веддачунна, вада гIоьртинчунна, вайн омра кхочушдан дуьхьало йинчунна герз тIетоха. Уьш, мотт ца хууш, хьайбанаш ма дац. Шайга хIyн боху, ма хаьа царна. Шодмаша, буйнаша кхерор бу уьш. Хье йуккъе дIаьндарг тохий, хье тосуьйтуш, тур тохий, корта боккхуш, некхах, дага йуккъе Iоьттинчу цхьамзане, хьовзийна, кхо го боккхуьйтуш, шайн ворхIе дайшна тIаьхьа дIахьовсабе!

Хьаьсарта вахана атаман, хьала а гIеттина, дIасаволавелира:

– Отрядаш, цхьана пунктехь совцайай, дукха ма йита. Даим а дIа царна дагахь йоцчу меттигашка массо а aгIop тIелатарш дан деза. Къуй, разбойникаш лелачу даккхийчу а, кегийчу а некъашкахь кIелонаш йан йеза. Бахархой кхерош а, ахчанах оьцуш а, разбойникех лаьцна хаамаш гулбе. Разбойникаш болу меттиг, герз долу стаг вийцинчунна ца кхоош ахча ло. Бахархошкара гIуданна даьккхина шортта ахча ду оцу гIуллакхна дайа. Хаалаш, нохчий хIокху дуьненахь а сутара нах хилар. Шайна ахча делча, шайн бIаьргаш а дохуьйтур долуш. Ахчанах шайн ден марчо а духкур долуш. Олуш ма-хиллара, цхьана куьйга пряник кховдае, вукху куьйга шед гайта.

Кхеташо чекхйаьлча, шен гIоьнча штабс-капитан Григорчук, штабан начальник штабс-капитан Вобиц чохь а сацийна, важа эпсарш мукъа битира Вербицкийс. Сонехь лаьттачу тумбочки чуьра долийна къаьркъанан шиша, стака схьа а эцна, цкъа хьалха шена доьттина дIа а мелла, шиша а, стака а вукху шинна хьалха теттира цо.

– ГIа а даьлла, хьаннаш йукъайалале, йа вуьшта аьлча, апрель баттахь чекхйала йеза вайн операци, – цигаьрка а латийна, боккха баьккхина кIур пехаш чу уьйзира атамана. – ХIара март йочане хуьлу. Лаьмнашкахь ло ду, ткъа раьгIнашкахь – ло а, хатт а. Амма март эрна бохуьйтийла дац. Хьоьга дехар ду сан, Алексей Матвеич, отрядашкара лахара чинаш тIеман гIуллакхна Iамор. Уьш дукхахберш эскарехь гIуллакх дина, ткъа цхьаберш тIамехь дакъалаьцна белахь а, герз карадерзор карладаккхар эрна хир дац царна. Оцу балхана Воздвиженски уллохь дика меттигаш йу. Цхьана aгIop – шера аре, вукху aгIop – хьаннаша хьулдина лаьмнаш. И цхьаъ ду. ШолгIа. Апрель тIекхаччалц мукъа ца Iан, арентIарчу цхьацца йарташкара герз схьадоккхуш, масех операци йича, бакъахьа хета суна. Масала, гIалгIазкхашна динчу зуламийн лараш дукха тIеихначу Гуьмсехь а, Мескар-Эвлахь а, Цоци-Эвлахь а. Цкъа-делахь, вайн коьрта болх дIаболабале, арентIарчу йарташна кхерам а тесна, вешан букъа тIехье кхерамзе йар хир ду. ШолгIа-делахь, мукъа битича, салтийн сагатлур ду. Хьалхара операци Гуьмсехь йийр йу вай. Сан агентуро соьга хаамаш бина, базаран дийнахь цига разбойникаш бoгIy, герз а, лачкъийна даьхни а духку аьлла. Операци кечйан ши кIира хан йу шуьшинна. 14-чу мартехь Гуьмсехь базар гулло. Iуьйранна цигахь хилийта 84-чу Ширвански полкан разведкин команда а, хорунжий Яицкийн сотня а, Кахановскехь ханна лаьтташ йолу ГIизлара-Гребенски полкан сотня а. Нагахь санна шайна оьшу аьлла хетахь, Ширвански полкан цхьа рота салтий а. Базарна го а лаций, разбойникаш а леца, туземцашкара герз а, лачкъийна даьхни а схьадаха. Дуьхьало йинчарна луьра таIзар а де. Операци чекхйаьлча, отрядаш Хаси-Юьрта дIайига. Операцина тIехь куьйгалла дар Ширвански полкан разведкин командирин начальника штабс-капитана Ардабьевскийна тIедилла. Ткъа со цхьамогIа дIатетта йиш йоцчу гIуллакхашна БуритIа воьду.

Царах коьртаниг «Теркан ведомосташ» газетан редакцехь дара Вербицкийн.

3

ГIачалкха-Дукъ малхбузехьа хедачохь, жимачу Гумс-хина йистехь, йаьржина Iуьллура пхи бIe гергга цIа долу Гуьмсе йурт. Цунна уллохула чекхболу Соьлжа-ГIалара Хаси-Юьрта кхаччалц болу, хьалха тIеман заманахь оьрсийн эскарша хьаннаш а хьоькхуш баьккхина, нохчаша БIон-некъ олу шуьйра некъ.

Гуьмсена уллохула чекхболу Соьлжа-ГIалара схьа Хаси-Юьртахула Петровске боьду аьчганекъ а. Кхузара аьчганекъан станци хIокху Къилбаседа Кавказерчу уггар йаккхийчарех цхьаъ йу.

Гуьмсе йуьртах хоттаелла, ала мегаш ду, станци а, цунна гонахара оьрсийн слобода а. Цигахь бехаш бу аьчганекъан белхалой а, гIалагIазкхий а, муьжгий а. Кхузара дIа гена йац гIалагIазкхийн станицаш – Кахановски, Петропавловск, Iаьмар-Хьаьжин-юрт, Джалкински, Червлени. Ткъа кхузара дIа ткъех чаккхарма хиллал бен гена доцчу Теркал дехьа – Щедрински, Шелковски, Гребенски станицаш.

Пхи бIe гергга цIа, йа нохчаша олуш ма-хиллара, пхи бIe гергга кIур болу xIapa Гуьмсе, йа диканна а, йа вонна а цIе ца йоккхуш, бIешерашкахь историна йуьстах лаьттинера. Хьалха тIеман заманахь а, йерриг а нохчийн йарташ йохош, йагош, кхузарчу бахархойн хьекъал кхаьчнера тIом бечу шиний агIонца машаре барт бан а, шайн йурт бохамех, зенех-зуламех ларйан а.

Гуьмсена уллохула БIон-некъ а биллича, уллохь гIалагIазкхийн станицаш а йехкича, ткъа уггар коьрта – аьчганекъан станци а йиллича, историна йукъайахара и йурт. ТIом чекхбаьллачул тIаьхьа йаккхий базарш схьайиллинера Шелахь а, Веданахь а, Курчалойн-Эвлахь а, Шуьйтахь а, Девкар-Эвлахь а, шина а МартантIехь а. ХIинца царна тIе схьайиллинера Гуьмсера

1 ... 81 82 83 84 85 86 87 88 89 ... 167
Перейти на страницу:
На этой странице вы можете бесплатно скачать Дарц - Абузар Абдулхакимович Айдамиров торрент бесплатно.
Комментарии
Открыть боковую панель
Комментарии
Вася
Вася 24.11.2024 - 19:04
Прекрасное описание анального секса
Сергій
Сергій 25.01.2024 - 17:17
"Убийство миссис Спэнлоу" от Агаты Кристи – это великолепный детектив, который завораживает с первой страницы и держит в напряжении до последнего момента. Кристи, как всегда, мастерски строит