Категории
Самые читаемые
RUSBOOK.SU » Проза » Историческая проза » Лаьмнаша ца дицдо - Магомет Абуевич Сулаев

Лаьмнаша ца дицдо - Магомет Абуевич Сулаев

Читать онлайн Лаьмнаша ца дицдо - Магомет Абуевич Сулаев

Шрифт:

-
+

Интервал:

-
+

Закладка:

Сделать
1 ... 67 68 69 70 71 72 73 74 75 ... 122
Перейти на страницу:
а кхуллур ду со бехван.

— Дика ду. Хьан цIахь кузаш дуй?

— Ду, — озийна жоп делира Марченкос, хаттаран дуьхье ца кхуьуш.

— Мичара?

— Эцна, — йуьхь цIийелира цуьнан.

— Мичахь?

— Базарахь…

— Хьаьнгара?

— И суна хIинца мичара хуур ду: уьш хIинца со тIекхочехь а ма бац.

— Бу!.. — дехьачуьра Ивановс схьавалийра ши нохчо.

— Алал, Баудинов, ахь кхунна куз боьхкирий?

— Ца боьхкира… Цо баьккхира-кх соьгара Акмолинскера

сан йиша схьайалориг.

— Ахьа хIун олу, Несерхоев?

— Актюбинскехь велла сан ваша дIаволла суо вохуьйтург ас а белира кхунна цхьа куз.

— Девзар дарий шуна?

— Дара!.. Цу сохьтта-м! — элира шимма а.

— Цара шайн дацахь а, эр ма ду и-м хIинца! — тийсалора Марченко.

— Шун чу а дахана, хьовсур вай!..

Пен санна, кIайеллачу Марченкон зудчо доьхначу озаца:

— Чудуьйла!.. Чудуьйла!.. Хьоме хьеший!.. — бохуш, ма-хуьллу ца йоьхна кеп хIиттайора. Пенашца кхозуш а, цIенкъа тийсина а кузаш дара чохь шортта.

— Мм-да!.. — элира Шаповаловс…

Массо а тийна лаьттара.

— Охьаховшийша, ирахь ца лаьтташ, — гIенташкахьа куьг а ластийна, хIусамнана шина нохчочуьнга гомо дIахьаьжира.

— ХIа! ДIахьовсал! Дуй шун кузаш? — хаьттира шинге а Шаповаловс.

— И сайниг бу.

— Билгало?

— ТIехьа, аьрру маьIIехь, цIечу тайца йазйина сан зудчун Хадижин цIе хила йеза.

Хьаьвсира — бакъ хилира. Вукхунна а бевзира шен куз, цо йийцина билгало — тIехьа хьостамо цестина лар а — бакъ хилира.

ТIаккха Шаповаловс буьрсса:

— Гражданин Марченко! Хьо лаьцна ву! Схьада герз! — омра дира. Шаповаловн гIоьнчас а, Ивановс а тIехилла, схьаийцира Марченкера тапча.

— Ашшимма шаьшшиннан кузаш дIахьо!

Кузаш а эцна, дIавахара ший а.

— Ахь, — Ивановгахьа вирзира Шаповалов. — Схьакхайкхал хIинца бисинчу тешашка а!

Марченко, Iадийча санна, вогIавелла лаьттара, хIусамнана хIинца цIенкъа охьа а йоьжна, корта лаьттах бетташ йоьлхура:

— Вай, сан Дела! Вай, сан Дела! — бохуш.

Ивановс чувалийра важа йалх теш а, цаьрца Касаев Ширвани а. Ширванис чордо элира хIусамнене:

— Ма йелха! Тохара, кузаш чугулдеш а, ца йоьлхурий хьо. ХIетахь тхайнаш боьлхура!

Шайн-шайн кузаш массарна а шеко йоцчу билгалонашца девзира. Хезна а доцург хилира: суьдан кхел а хилаза, кхоанна даьхна кузаш кхуззахь духа а дерзийна, акташ кIел куьйгаш а теIадайтина, дIабахийтира нохчий.

Марченко дIавигира, цуьнан цIера хIумнаш дIа а йазйина. Нохчашна цу дийнахь Советан Iедал духадеача санна хийтира.

— ХIуъа делахь а, Iедалехь, вайна а ца хууш, цхьа хIуманаш хийцаделлачух тера ду. ХIинца санна, массо, бакъдолчунна тIе а хIоьттина, барт ца бухуш, цхьабосса гIоьртича, нийсо тола магаран билгало йу… — элира Керима.

— И дац, Ткъа xIapa дуьне доладелчхьана а, ца нислуш схьадогIург… — велавелира Ширвани. — Массеран ца буху барт нислуш белхьара-м, Сталин тоьлла а хир вацара…

Марченкон метта комендант Иванов чIагIвира. Кериман кехаташ схьа а кхаьчна, схьаделира кхуьнга Ивановс.

* * *

— Гой хьуна, Керим, хьо новкъа ваккхал ахча-м, сайгара а, духалург даьккхина а, вовшахтухур дара ас, амма хьо иштта сиха дIагIойла дац-кха хIинца а, сан гIуллакх а ца нисдеш, — элира Ширванис.

— ХIун ду?

— ХIинца со Iаш волу сан оьрсийн зуда Ирина Фадеевна Тыквина, хьоьга алаза вара со, сан шозлагIа зуда йу. Вай цIерадохуш со, сайн цIахь а ца нисвелла, гергарчарах а къаьстина, кхуза кхаьчначохь, кхуьнан хIусаме нисвелла. Мар тIамехь а вийна, шина бераца Iачу кхо, дола деш, дика а лелийра со. Делахь а, ас кхуьнга хIеттахь аьлла дара, сан зуда а, бераш а ду, уьш схьакарийчахь, царна тIе дIагIур ву со. Амма эххар, сан мел берш, вежарий а, зуда а, ший бер а Лениногорскехь мацаллина белла аьлла, цхьана-шина стага тоьшалла а дина, цул тIаьхьа, ойла йоьхна, ас кхуьнца ЗАГС а йина, xIoкxo сан дуьхьа бусалба дин а тIеэцна. Ткъа хIинца цIеххьана, сан хьалхара зуда Ламара дийна а йу, йелла а ца хилла, Лениногорскана уллохь, ненахошкахь Iаш а йу, цомгуш а йолуш, боху хабар кхаьчна. Ириница, и кхетош, къамел а дай, цо сан дIалачкъийна некъан кехаташ ахь схьадахахьара сан гIуллакх хуьлур-кха. ТIаккха вайша цхьаьний Лениногорске а вахана, ас цигара хьо Джамбулехьа дIа а хьажор вара.

***

Керима кIеда а, дехха а дийцира:

— Цунах гIуллакх хир дац! Цкъа-делахь, дин а хийцина, сайн нахана хьалха а, шина берана хьалха а сийдоцчу йаьлла со. ХIинца тIе, со а тесна, xIapa дIавахча, нехан тIехбеттамашна кхузахь Iойла а хир дац! — оьгIазе ирахIоьттира Ирина. — Ас мацалла лечуьра кIелхьараваьккхина хьо-х! Эхь ца хетий хьуна, — Ширванина тIейирзира иза.

— Кхетахь! Ас хьоьга хIеттахь а ма элира и!..

— Ткъа иза йелла аьлла, хезначул тIаьхьа, вай йина ЗАГС? Ас хийцина дин? И кIезиг хета хьуна?

— Кхетахь! Ас баркалла олу хьуна ахьа суна мел диначу диканна! Амма со хIинца дIа ца вахча ца волу!.. Ахь сан кехаташ, хIуманаш схьа ца лахь a, гIyp ву со!

— ГIахь, мацалла лийр ву-кх хьо а цигахь! Дохко вер хьо!

— Дохко вер вац! Мацалла а лийр вац! — оьгIазъэха вуьйлира Ширвани.

— Латта дуур ду ахь цигахь!

— Лаахь, дечиг а дуур ду, тIулгаш а дуур ду, амма дохко вер вац!

— ХIа! ДIаэца xIapa хьайн кехаташ а, и дIора хьайн чамда а! — Ширванин кехаташ стоьл тIе тийсира цо. — ДIагIо! ПаргIат ву хьо, йамартхо! Амма… сан къа гIойла хьо-х, — аьлла, йоьлхуш, дехьа чу йахара Ирина.

Шен чамда а, кехаташ а эцна Ширвани, Керимца цхьаьна буьйса йаккха цуьнан хIусаме а веъна, сихха шайна Лениногорскехьа билеташ эца вахара.

Iуьйранна и шиъ, шен хеннахь вокзале схьакхаьчча, цIерпошт хьалхарчу платформехь лаьтташ, вагонна уллохула, тIоьрмиг а карахь, дIасалелаш Ирина гира кхарна.

TIe а йеъна, гIийла йелакъежира иза:

— Шуна некъана кхалла хIума йу кху чохь, — аьлла, тIоьрмиг Ширванига кховдийра.

— Баркалла хьуна! Хьо даима а йара дог дика! — Ширванис схьаийцира цунна вас ца йархьама…

Куьйгаш а делла, мара ца эккхаш, вовшийн Iодика йира цара. ЦIерпошт йолайелча, тамбур тIехь лаьттачу Ширванига мохь туьйхира Иринас:

— Диц ма делахь, со, хIинца а ахь йитаза, хьан зуда йу хьуна!..

* * *

Церпошт новкъахь дуккхазза а соьцуш, буса бен дIа ца кхечира. Лениногорскан вокзалехь даьсса дара. ДIо сонехь леташ кхо-виъ стаг вара, вовшашна маьттаза «нанна а бохуш», — оьрсийн а, нохчийн а маттахь. Шина милиционеро дIабигира уьш. Оццу цIерпошта хьалха лаьтташ ши-кхо нохчо а вара, чIоггIа луьйш.

ТIевахана, салам а делла, къамеле ваьлча, царех цхьамма, Ширванин гергарнаш дIабухкуш, ша а хилла элира, шинге а буьйса йаккха чукхайкхира. Кхузарчу цIейойучу отрядехь, йоккха машен лелош, балхахь ву ша бохура. Махьмуд цIе йара. Чай молуш Iаш, дехха дийцира цо кхузара хьал:

— Ах а сов белла хьалхарчу шина шарахь — шелонний, мацаллиний, цамгаршний. Бан болх боцуш а лийлира: кхузарчу шахташка а дIа ца оьцура, шайна белхалой а ца тоьъушехь, тешам бац бохуш. Кхин

1 ... 67 68 69 70 71 72 73 74 75 ... 122
Перейти на страницу:
На этой странице вы можете бесплатно скачать Лаьмнаша ца дицдо - Магомет Абуевич Сулаев торрент бесплатно.
Комментарии
Открыть боковую панель
Комментарии
Сергій
Сергій 25.01.2024 - 17:17
"Убийство миссис Спэнлоу" от Агаты Кристи – это великолепный детектив, который завораживает с первой страницы и держит в напряжении до последнего момента. Кристи, как всегда, мастерски строит