Категории
Самые читаемые
RUSBOOK.SU » Проза » Историческая проза » Лаьмнаша ца дицдо - Магомет Абуевич Сулаев

Лаьмнаша ца дицдо - Магомет Абуевич Сулаев

Читать онлайн Лаьмнаша ца дицдо - Магомет Абуевич Сулаев

Шрифт:

-
+

Интервал:

-
+

Закладка:

Сделать
1 ... 66 67 68 69 70 71 72 73 74 ... 122
Перейти на страницу:
яйна.

Товарнякан буферш тохайелира.

— ХIа! Вежарий! Вайн ваша фронтовик — майор, иштта беркъа бакъахь вац! Вовшахтохал сиха шайгахь йерг! — элира лейтенанта.

Цу сохьта шайн галеш, тIоьрмигаш схьадаьстина, доггаха хьаьвзира тIемалой. Пхи минот йалале Керимна тIе дирзира, дустуш хаьржина, керла духар: шинель, китель, эткаш, хеча, фуражка.

— Вежарий!.. — аьлла, куьг ластийра цо, кхин дIа баркалла ала ницкъ ца кхаьчна, легашкахь хорам хIоьттича санна.

Керима тIера схьайаьккхина тиша бедар сержанта шен тIоьрмиг чу тесира:

— ХIорш ас, накъост майор, шун комендантана дIайохьуьйтур йу!..

Массо а велавелира, товарняк тохайелира.

— Хьо тхоьца дIавагIахь, — Кериман пхьарс лецира лейтенанта, — сан дас-нанас хьо везаш лелор ву, дIавола соьца, тоьла хьуна. Жимма са а даьIна, тIаккха гIop хьо цIехьа!

— Баркалла!.. Баркалла! И тарлуш дац. Сан доьзална xIинца а ца хаьа со мичахь ву…

— Делахь… xIapa а дIаэцал! — лейтенанта Кериман хьалхарчу кисана таIийра, горгам йеш, хьарчийна ахча. Сержанто кхалла хIума чохь тIоьрмиг а белира.

— Баркалла шуна!.. Сан вежарий!.. — аьлла, лейтенантана а, сержантана а мара а иккхина, массеран Iодика а йина, охьавоьссира Керим… Товарняк дIайахара.

Вехха лаьттира Керим, перронехь и къайлайаллалц цунна тIаьхьа хьоьжуш.

Лениногорскехьа йоьду цIерпошт буьйса йуккъейаханчул тIаьхьа, кхоъ доллуш бен ца кхечира схьа… Билет хьехочохь а дацара. Вагонан неIарехь лаьттачунна кисана туьманан кехат а таIийна, хьалавелира Керим. Билеташ «ца тоьънехь» а, меттигаш йара. Сихха лакхарчех йеса терхи а хаьржина, гIевлинга шинель а нисйина, дIавижира Керим. Цхьа хан йаьлча, чам боцуш муьшка йина, самаваьккхира xIapa:

— Къонаха! Хьан кехаташ?

Керим охьахьаьжира: шиъ вара милицин хормехь. Паспорт доцурш а, бевдда лела спецпереселенцаш а лоьхуш хиллера уьш. Керим сапаргIата кителан кисанашка кхевдира — кехаташ дIагайта: дацара йа уьш а, йа ахча а, йа йуххе охьабиллина, йуург чохь хилла тIоьрмиг а. Билет-м муххале а. Керима ша мила ву дийцира, — амма къамел ца дахдеш, сихха вагона тIера охьа а воссийна иза а, кхин цхьа немцо а меттигерчу спецкомендатуре дIавигира.

Ша дIавуьгуш: «Кху меттиган цIе хIун йу?» — хаьттира Керима. «Шемонай», — олуш санна хийтира Керимна, цо и сиха аларна ца къаьсташ. Меттигерчу спецкоменданто Марка Артемьевича Марченкос (и цIе дика йевзаш хиллера кхуьнца схьавалочу немцочунна) уггаре хьалха шинна а «мат-перемат» диллира. ТIаккха ший а КПЗ-чу хьажийра:

— Кхана шинненна а акт а хIоттийна, дIадохьуьйтур ду шен метте! — элира цо самукъане. Керим а, цуьнга кхин чорда дош ца олуш, (и мегар доций хIинца дика хаьара цунна) элира:

— Со лагерера паргIатваьккхина вогIу. Сан кехаташ новкъахь лачкъийна. Амма хьуна хIун хаьа со веддийла а? Цкъа зIе, мукъна, йахьийтахьа цига со хоттуш! — йаздина, адрес дIаделира Керима. Коменданта ойла йира: «Баккъал а и ведда хилахь, и схьалацарна суна баркалла а доккхаха хир ду!»

ШозлагIчу дийнахь жоп деара, Керим мила ву билгалдеш, цуьнан дайначу кехатийн метта шолгIнаш шаьш почтехула тIаьхьадоуьйту аьлла.

Цаьрга баттахь гергга хьежа дезара. Кериме цкъа куьг а таIадайтина, и водург цахилар чIагIдойтуш, цуьнан кехаташ схьакхаччалц аьлла, коменданто дIанисвира иза, комендатурана гена воццуш Iачу нохчочун Касаев Ширванина лулахь.

Ширванис вон вийцира комендант:

— Кхаьънаш оьцуш вац, нуьцкъаша дохуш ву: байна гергарнаш схьалохург цхьа мах боккху, кхечу гIала гергарчарна тIевохуьйтург кхин а сов боьху, цхьанхьа балха дIанисвала бакъо лург-м йетт эццал xIyма йоккху. Хьан кехаташ схьа ма-кхаьчча, гур ду хьуна, цо уьш, хьоьгара цхьа кхаъ баьккхиний бен, хьоьга дIа ца луш. TIe массаьрца а кIоршаме а ву, ур-атталла шен гIоьнчица Ивановца а.

— И вуй, Ткъа кхаьънаш ийдеш?

— Вац. И цо кхерош латтаво.

Керим ойлане вахара:

— Соьгара хIун доккхур ду цо? ДIадала-м хала ма дацара — делахьара. ХIун дийр дара-те цунна?

— Дика, хьаха, хир дара иза Iораваккха вайн ницкъ кхаьчча! — хьала а гIаьттина, гIайгIане дIасаволавелира, лам санна, зоьрталчу дегIахь волу Ширвани, баьхьанаш санна, шен даккхийра куьйгаш хьалха а туьйсуш.

— Хьажахьа! Шо хьалха кхуза, деккъа шен ши куьг а ластийна, шен озачу зудчуьнца веана волу иза хIинца мел вехаш ву: эццига йуххехь цIенош ду эцна, массо пен а, цIенкъа а нохчийн кузех дуьзна, йоккха мотоцикл эцна, шиъ йетт, кхоъ хьакха лелайо! ТIехула тIе, вайна дена а хьежадо! Вала да вац-кха! XIop шарахь Кавказерчу курорташка а воьду. ХIинца а, кхана, отпуск а эцна, Сочи воьду, боху.

— Баккъала? И-м вон дац? — сакх хилира Керим. — И цIахь воцуш вайн аьтто сов хир бу!

— ХIун дан?

— И Iораваккха?

— Муха?

— Ахь ца элира, цуьнан чоь нохчийн кузех йоьттина йу? И нохчий кхузахь буй хIинца а?

— Бу.

— Нохчашна девзар дарий шайн кузаш? Хаьттича, даре а дийр дарий цара уьш шайн хилар?

— Дера, ца хаьа!.. Кхоьру… Амма цхьа-шиъ-м ву даре дийр долуш, шайн корта баккхарх, кхера ца луш.

— Уггаре а хIинца вайна коьртаниг — Iедална тешаме волу, кхаьънаш ца ийдеш волу Иванов вайгахьа валар ду. Ваьхьар вуй-те?

— Хьовсур-кх! «Попитка — не питка», — элира Ширванис.

ШозлагIчу дийннахь, Марченко курорте новкъа ма-велли, Ширвани, ларлуш, сов лерина дагавелира комендант вухаваллалц цуьнан метта висинчу Ивановх.

Цамоьттург хилира: Иванов атта тIевирзира гIo дан.

— Дукха хан йу ас, и дерриге ган а гуш, цунна садетта, шун наха и даре цадарна кхоьруш…

Шена хуучу, коменданта кхаьънаш даьхначу бapxI нохчочуьнца, къайлах ше-шеца дийца вахара Ширвани, и даре дийриг хиларх цаьргара дош даккха. Дош ца лора — кхоьрура:

— ГIуллакх ца хилахь, чудухкур ду.

— ГIуллакх хир ду: хьекъал долуш, куьйгаллин балхахь а лелла, кху гIуллакхах кхеташ накъост ву вайца.

— Ахь дуй баал, хьо вухавер вац алий.

Керима биира, тIе, дош а делира коменданто цаьргара кхоана даьхна кузаш а духадерзо, болчарна уьш бовзахь. БархIаммо а куьйгаш а таIош, ша — ша йаздина кехаташ караделира Керимна.

Йуха оццаьргара, массеран а куьг тIехь а долуш, йукъара заявлени а эцна, Ширвани сихха Иванов волчу вахара. Ивановс ша дIакхачийра и областан НКВД-н куьйгалхошка. Вукху дийннахь и гIуллакх талла схьакхечира капитан Шаповалов.

Цхьацца тIекхойкхуш, барт хетта болийра цо Ивановн кабинета чохь, и йуххехь а волуш. Массара а даре дира. Кхин тIе а бийцира, шайна хезна болу, ца девллачу денна комендантана ахчанца совгIаташ динарш а. Царна йукъара а велира шиъ, даре деш. Ивановс а, шайн таьптарш тIехь гайтира капитане Шаповаловга коменданто харц гIуллакхаш лелийна билгалонаш. Эххар а, цIахь йолчу Марченкон зудчуьнга дIакхечира эладита. Шен садаIар йукъах а дитина, веана, хенал хьалха цIа кхечира Марченко. Шаповаловс гIоьнна областера кхин цхьа капитан а тIевийхира. Цу шимма, шайн бакъонаш дIа а гайтина, барт хатта болийра Марченковга — цо массо хIуманна а керстдора:

— Уьш Советан Iедалан а, вайн а мостагIий бу. Со цаьрца, законо ма-бохху, уьш ловза ца беш, буьрсо вара. Цара хIинца хIуъа

1 ... 66 67 68 69 70 71 72 73 74 ... 122
Перейти на страницу:
На этой странице вы можете бесплатно скачать Лаьмнаша ца дицдо - Магомет Абуевич Сулаев торрент бесплатно.
Комментарии
Открыть боковую панель
Комментарии
Сергій
Сергій 25.01.2024 - 17:17
"Убийство миссис Спэнлоу" от Агаты Кристи – это великолепный детектив, который завораживает с первой страницы и держит в напряжении до последнего момента. Кристи, как всегда, мастерски строит