Категории
Самые читаемые
RUSBOOK.SU » Проза » Историческая проза » Лаьмнаша ца дицдо - Магомет Абуевич Сулаев

Лаьмнаша ца дицдо - Магомет Абуевич Сулаев

Читать онлайн Лаьмнаша ца дицдо - Магомет Абуевич Сулаев

Шрифт:

-
+

Интервал:

-
+

Закладка:

Сделать
1 ... 109 110 111 112 113 114 115 116 117 ... 122
Перейти на страницу:
class="p1">— Суна сайна а ца хиира тIаьхьий бен, — башха лелина доцчу озаца жоп делира Элдаровс, шегара даьллачу гIалатна а, шена хIинцца иккхинчу йуьхьIаьржонна а бехкениг хIара лоруш: «Хьо лаьхьа ца хиллехь, ас тIеэцна а хила мегарий и-м», — элира цо дагахь.

— ТIаккха, тIаккха, Муси… хIун эли цо?

Элдаровна йуххерчо ца вешаш эккхийтира:

— Цо, дера, элира, культурин министр сов сиха дIа а ваккхий, цуьнан метта хьо хIоттае!

Гонахарнаш гIадбахана бийлабелира. Дуккханна а хезнера: луларчу республикашкахь а культурин министраш зударий бу, ша а кхузахь цу балха йахийта, бохуш, ТIаус хьийзар. Иза ша лаьттачохь а йитина, букъ берзийна, кхин ТIаусе вист ца хуьлуш, шен накъостаца дIавахара Элдаров: массарна а гучохь шен цуьнца гергарло дацарх нах кхетийта! Охьаихинчу хьацаро хьоькхнаш а хIиттийна, хIинца шен йуьхь эрчайаьллачу ТIауса, цунна тIаьхьа, гIам-гIим дора, шеца лаьттачу зудчуьнга:

— Iовдал! Боьха хIума! Суна ца хаьа моьтту-кх цунна, шен да мила хилла! Соьга ша мел дийцинарг а суна дицделла моьтту-кх цунна! Iовдал! Ас гойтур ду цунна и-м! — аьлла, вокзалан йуькъаллехь, коьллашлахь моьлкъа санна, тIепаза йайра ТIаус.

* * *

Перронехь, йистехьо а йаьлла, Усмановца къамел деш лаьттара Нурседа. ТIехволучу Элдаровс, хIинца тидаме схьа а хьаьжна, Iодика йеш, корта таIийра кху шинга. Нурседа дIа а ца хьаьжира. ХIинцца шена хиллачу йуьхькIомах йоккхайерна, цуьнан кийрахь лекхалора, цунний бен хезаш йоцу, исбаьхьа зурма: «ХIинца сихха чекхйер йу интернат!»

Кхуьнца лаьттачуьра Усманов, кхуьнан Iодика а йина, шозлагIчу некъа тIерачу поездан «Москва — Баку» тIейаздинчу вагонна тIе волавелира, цхьана накъостах бIаьрг кхетта. Оццу вагон тIера охьавоьссина, аьрру куьйга лаьцна чамда а йолуш, схьанехьа вогIучу кхечу стага, саца а вина, хаьттира, xIapa шега нисвелча, оьрсийн маттахь:

— Бехк ма биллалахь! Уггар йуххерчу гостинице муха кхочур вара со?

Оцу стага цIеххьана тидам тIеоьзна, Нурседа а сецира. ТIехьаьжча, шовзткъа шо сов хир долуш, погонаш тIера йаьхна, эпсаран тишо хорма а йуьйхина вара иза. Цуьнан шатайпа, аьрру ког кIеззиг дIа а тесна, дIахIоттар а, цхьаьнга-м ладоьгIучух тера, корта жимма агIор а саттийна латтар а, цхьанначух-м тера хетта, амма дагалаца ницкъ ца кхочуш, хьоьжура Нурседа.

Цу стеган йуьхьан сибато-м цхьа а дага ца воуьйтура: аьрру бесни тIехула раз охьабогIура вагийна муо. ЧIогIа къежделла гиччош тадаза дара. Схьахеза цуьнан аз а цхьанненчух а тера ца хетара йуьхьанца. Цо, шегара чамда охьа а йиллина, цигаьрка латийра. Усмановгара йехначу сирникца. Амма йуха а цуьнан аматаша, леларо тамашена цхьаъ-м дагаоьхуьйтура Нурседина. Усмановна баркалла а аьлла, и схьаволуш, цо шен чамда лаьттара йуха схьаоьцуш, Нурседина, цхьаммо-м цIеххьана бодашкахь йуьхьа хьалха фонар лаьцча санна, цецйолуш гира цуьнан аьрру куьйган чолакха хьажон пIелг, тапчин лаг озош санна, сеттинчохь бисна болу. «Ма тамаш бу-кх хIара а сел тера нисдалар… Хоттур ма ду ас», — дагадеъна, Нурседас хаьттира оьрсийн маттахь:

— Бехк ма биллалахь, хьо сайна вевзачух тера хеттера суна! Хатта мегар дарий?

— Дера мегар ду. Хаттал! — шегара чамда, йуххе охьа а хIоттош, велакъежира и, бага йуьззина кIайн болатан цергаш гучу а йохуш.

— Муьлхачу къомах ву хьо?

— Нохчо ву, — элира цо вайнехан маттахь.

— Увайс!

— Нурседа! — и шиъ, ваший, йиший санна, вовшашна маракхийтира:

— Берхитта шо даьлла-кх вай ганза!

* * *

Оццу «Кавказ» гостиницехь хIусам а лаьцна, ша паргIатваьлча, Увайса дийцира Нурседега шеца мел хилларг. Кхуьнан истори тера йара Терентьевичух. I943-чу шарахь, атакехь, вагош, чов а хилла, хIара, кхетамчохь а воцуш, йийсаре вигнера фашисташа. Словакехь фашистски лагерера ведира xIapa шина накъостаца. ХIорш леца тIаьхьабевллачара пхьаьрсах чов а йина, эрзан цхьана уьшалахь Iиллира хIара, шина-кхаа дийнахь, накъостех хаьдда. ТIаьххьара а тIеIоттабеллачу словацки «таллархоша», аьлча а, партизанийн разведчикаша дIа а вигна, вехха Iалашвира xIapa, куьг тадаллалц. Цул тIаьхьа, церан партизанийн отряде хIоьттира: динамитца лелхийтина тIеш, Iина йуххехь херцийна мостагIчун поездаш; тоьпан дIаьндаргаца эгийна обер- эпсарш; хехошна бага горгамаш а йуьхкуш, сатоссуш кIелхьарбаьхна байа кечбинарш; Москваца хьуьнахара латтийна радион зIе — дукха дара масех баттахь цара дина гIуллакхаш. Амма тIамехь майрачийн а гуттар ца хуьлу аьтто. Цхьана дийнахь мостагIчун герзийн складаш лелхийта богIуш, кхеран план айкхехула хиъначу фашисташа хIорш, кIело а йина, бохийра. Шина-кхаа йуьртах а ваьлла воьду хIара, немцойн дозорнийша, кхуьнгахь документаш цахиларна, шекбевлла, лаьцна, гестапога дIавелира. Цигахь кхуьнгара шайна пайдехьа дош дериг а ца хилла, xIapa ма-варра ца вевзаш, «Бухенвальд» концлагере хьажийра. Йуххерчу тIеман гIирсийн заводехь кхуьнга, кхечаьрца цхьаьна, куьйга хала болх бойтура. Меллаша йоьдура Iазапе хан… Цхьана дийнахь оцу заводана американски кеманаша, къаьхьа-къурс оьккхуьйтуш, бомбанаш йиттира. Фашистски гIaрол дIасаделира. Лецначех дуккха а адам цигахь хIаллакьхилира, амма бисинчех бохазнаш, хIара а тIехь, цу йуккъера а бевлла, бевдира. И дара тIом чекхболлучу муьрехь, I945-чу шеран апрелехь, нисса пхийтта шо хьалха! ХIетахь вайца союзни долчу англо-американски эскаро шайна тIекхаьчча хIара, кхуьнан дехарца, вайн эскарх схьакхетийра.

— Циггахь йийцира ас дуьххьара сайн бакъйолу цIе а, со мила ву а, айса лелийнарш а, — дуьйцура Увайса!

— Амма фашистийн тIеман гIирсийн заводехь болх бина ву аьлла, шекбевлла, чу а воьллина, махкана йамарт хилларг веш, ткъе пхиъ шо хан а тоьхна, со Сибире хьажийра. Малх гуттаренна а дIабайча санна, хийтира суна. Ас мел лайнарг — ткъа суна хилларг! — дагара ца долура. Цхьаьнгге а йаздан а, йа суо дуьненахь вуйла хаийта а дог ца догIура сан йуьхьанца. Делахь а, цхьа хан йаьлча, кIеззиг меттавеана, со а волавелира, кхиберш санна, сайн бехк бацар далхош, кехаташ йаздан. Жоп ца догIура. Эххар а лагеран коменданто тIе а кхайкхина, суна мера кIел уьйхьира сан леткъамийн барз: «Маца соцур ву хьо хIара эрна аьшпаш буьттучуьра!.. ДIахоуьйту хьоьга: кхин йаздахь, карцер чу вуллург хилар! Куьг таIаде! ХIоккхуза!» — Ас мел йаздина кехаташ суна хьалхха пеша кхиссира цо! ТIетуьйхира кхерош: «И хIун ду?» «Со нохчо ву… цигахь, хаттий, къастаде, сан цIе хIун хилла, со хIун стаг ву?!» Хаьий хьуна, хьан дерриг къам пачхьалкхана йамарт хиларна махках даьккхинийла? Ма хIума а карийна: «Со нохчо ву», — тIетуьйхира цо йуха а заявлени тIера сан дешнаш…

— Тхайн лагере керла лецнарш кхаьчча, хиира суна цо аьлларг бакъ дуйла! ТIаккха гуттар дуьненах догделира сан: бер санна, вилхира со, йуьстах а ваьлла. Сайна хиллачул ззарзза халахийтира халкъе деанарг. ХIумманах а ца кхетара со: мел хиънарг а, Iамийнарг а — шадерг коьрта чохь кегаделлера цу хенахь, хиллачун дуьхье ца кхуьуш. Сибрехахь цинга а хилира суна. ХIетахь, туйнаца багара дIа а кхийсалуш, охьаийгира цергаш. Амма лагершкара хьал цIеххьана хийцаделира: Сталин веллачул тIаьхьа бандит Берия а чувоьллинера! Йуха а катоьххна, заявленеш кхехьийта долийра оха, тхешан бехк бацар дуьйцуш. Кестта, ХХ-гIа

1 ... 109 110 111 112 113 114 115 116 117 ... 122
Перейти на страницу:
На этой странице вы можете бесплатно скачать Лаьмнаша ца дицдо - Магомет Абуевич Сулаев торрент бесплатно.
Комментарии
Открыть боковую панель
Комментарии
Вася
Вася 24.11.2024 - 19:04
Прекрасное описание анального секса
Сергій
Сергій 25.01.2024 - 17:17
"Убийство миссис Спэнлоу" от Агаты Кристи – это великолепный детектив, который завораживает с первой страницы и держит в напряжении до последнего момента. Кристи, как всегда, мастерски строит