Категории
Самые читаемые
RUSBOOK.SU » Проза » Историческая проза » Лаьмнаша ца дицдо - Магомет Абуевич Сулаев

Лаьмнаша ца дицдо - Магомет Абуевич Сулаев

Читать онлайн Лаьмнаша ца дицдо - Магомет Абуевич Сулаев

Шрифт:

-
+

Интервал:

-
+

Закладка:

Сделать
1 ... 105 106 107 108 109 110 111 112 113 ... 122
Перейти на страницу:
Массо а хIума ду дуьнен чохь, ойла йича, цхьабосса тамаше — жиманиг а, доккханиг а! Зингат а — тамаш бу! Вай батта тIе кхачийна ракета а — тамаш бу! Массанхьа а деба!.. ВПШ-ахь профессора хIун элира хаьий хьуна: «Iожалла дахаран гIоьнча а, цуьнан йалхо а йу, иза тIеттIа карладохуш, цIиндеш, Iожалла йацахьара дуьнен чохь дахар а гена дIадахалур дацара»! Муха хета хьуна? Цкъа, мацца а, Iилмано ма-баххара, вайн Лаьтта тIехь дахар дIахадахь а, и кхечу планетехь йуха дIагIур ду, кхин а лаккхарчу тIегIан тIехь, керла зазадоккхуш. Дахаро, цкъацца, вай а ма-хийццара, шен квартира-м хийца тарло, амма довр-м дац и цкъа а дуьненан паналлера! Оцунах йоккхайел хьо! Оцунах бел ахь самукъане тамаш, белларш дагалоьцучул… Суна а богIy, хьуна, уьш-м дага. Йелха дог а догIу сан тIаккха. Делахь а соьга хIун хийцалур ду? Иштта ду-кх xIapa дуьне! Амма, хьуна санна, xIapa вон кхоьллича санна-м, ца хета суна! Ткъа хIун ду «кхана-лама лаьттах вай дIадухкург» хилча а? Валар дац дуьненахь коьртаниг, дахар ду! — аьлла, дерзийра Нурседас.

Селитин йуьхь йекхайелира: Нурседа цу сохьта шел йоккха хийтира цунна.

НeI туьйхира.

— Мегар дуй?

НеIарехь гучувелира Баштиров. Селита, хьалагIаьттина, Iодика а йина, дIайахара. Баштиров стоьла хьалха дIахIоьттира:

— Ахь кхойкху бохура…

— Кхойкхура-те! Валол, хьалхарчу секретарна тIе гIyp ду вайша, — Нурседа хьалагIаьттира…

— Нурседа, ма вигалахь со цига… ахь аьлча а тоьу, хьуна, суна.

— Хьайга хIунда кхайкхина хаьий хьуна, накъост Баштиров?

— Хаьа. Иза бакъ дац… Бегаш бинера ас, иза кхеро… Аьлларг ца деш, чIогIа харцахьайаьллера иза.

— Дика ду. Цуьнан беркъа лелар? Хьо-м ву, артист санна, кечвелла.

— Иза шен лаамехь йу-кх. И ма ду ас цуьнга бохург а… Йухур-м йацара и тIелхигаш бен!

— Ткъа хьайца клубе йуьгий ахь и цкъа а?

— Ца йогIу… йа мукъа ца хуьлу. Ас-м, дера, йоуьйту иза, цунна лаахь.

— Ахь хIун дей, накъост Баштиров, и туьйранаш кхузахь дуьйцур дац ахь. Хьайл тIаьхьайисина хьайн зуда, хьайн берийн нана, хьайга нисйан хьажа. Реза ваций — къамел ша хир ду! Реза вуй — бутт хан йу хьуна! Кхочуш ца дахь — гIуллакх ас генадоккхур дуй хаалахь!

— Реза ву со-м. Дера ву-кх…

— Велахь, охьахаал, дIаяздел иштта!

Баштиров меллаша йаздан охьалахвелира…

ГАРА ЧУРТ

Эскинойхь цIеххьана керла хабар делира: «Тойсум цIавеъна!»… Тоххара, нохчийн махкахбахале дуьйна, Iедало лаьцна вахийтина волу иза, гучуьра дIаваьлла а, дуккханне вицвелла а дикка зама йаьллера. Бакъду, цо хьалха кхузахь лелийнарш а, Казахстанехь цо бехк боцуш «веа стагна бIе шо хан» тохийтар а, наг-наггахь дагалоцуш а, хьахош а нислора йуьртахоша, амма ша оццул дукха зуламаш динчу, ша сел дика вевзачу, нийсса аьлча, ша бIаьрга ван а ца везачу кху йуьрта иза вухавогIур ву бохург цхьанна а дага ца догIура.

И цIавеъна аьлла, шена ма-хеззанехь Тавсолтас лаьттах туйнаш туьйхира:

— ОстопираллахI! Ма эхь доцуш стаг ву иза…

Эскиной ша веъанчуьра чухIоьттинчу Керима хаьттира Тавсолте:

— Баккъал а веъна?.

— Веъна… Бердан йистехь дех дисинчу цIеношкахь дIанисвелла… Ша ву… Бераш дац… Зуда Казахстанехь йелла… Ма веа велара кхин эзар шарахь… Хьажахь: ламаз а до, рузбана а веънера… Цхьа зулам кечдина ма хилахьара цо йуха а… Шен хьалхалера амал йитина Iийр ма йац борз…

— ЦIабаьхкинчара хIун леладо, хIун дуьйцу хьажар хир ду-кх хIинца цунна тIедиллинарг… И хIумма а доцург ду… Хьалха санна, нах чубохкийта таро хир йац: харцдерг тIе ца лоцу хIинца, — Тавсолтин сапаргIатдаьккхина, дIавахара Керим.

Керим райкомпартина хьалха кхоччуш, майданахь дуьхьал кхийтира цунна Тойсум. Иза шена ца вевзинчуха Керим тIехвала гIоьртира, амма, малх санна векхавелла, тIамарш а йаржийна, мараэккха дагахь тIеволавелира Тойсум:

— О, сан хьоме вешин кIант!.. Ганза мел дукха хан йара!

Керим, ши куьг тIехьа а дохуьйтуш, буьрсса дIахIоьттира.

— Ой-й!.. Хьо ма шийла ву соьца, сан вешин кIант… ХIун хилла!

— Цкъа-делахь, ас хьоьга тоххарехь аьлла: со цкъа а хьан вешин кIант цахилар… ШозлагIа-делахь, хаьий хьуна, бехк боццушехь ахь бехке а вина, бle шо хан тохийтина виъ стаг хIинца, Советан суьдо бехказа а ваьккхина, схьахецнийла?! ХIинца хIун олу ахь?.. Хьо харц теш хилар, хьо йамарт хилар цуьнца Советан суьдо а чIагIди!..

— Ахь хIун до?.. Батта тIера охьавоьжча санна… Ма чIогIa кхехка хьо… ХIетахь зама кхин ма йара!.. Хьо-х коммунист ву. ХIетахь пачхьалкхо, партис суна и тIедиллира — ас партис боххург кхочушдира, суо коммунист волу дела!.. TIe, хIетахь НКВД а йара… тур текхаш. Цу тIехь суна хIинца билла бехк а бац, ша коммунист волчуьнан муххале а, — куьйгаш хьалатуьйсура Тойсума.

— Молла Бауддин воцчун!.. — Iоттар йира Керима. — Цо а, цуьнан накъосташа а, шаьш бакъбина схьахецале, масех шо эрна чохь ма даьккхина… ахь… динчу тешаллица!..

— ДIавалахь дIа!.. Ахь хIун дуьйцу?!. Со-х молла Бауддица вай цIа а дахкале Казахстанехь куьйге вахана, вовшашна мара а кхеташ. Цо-х суна гечдина ша ара ма-велли… шен а, накъостийн а цIарах. Со хIинца мила ву хаьий хьуна: партин ветеран! персональный пенсионер!.. — шен некха тIе, значок гойтуш, куьг туьйхира Тойсума.

— Делахь-хIета, хьо иштта чIогIа коммунист велахь, сел атта хIунда тIелоцура ахь НКВД-с хьайна тIедуьллу и харц тешалла?

— Хьуна стенах хаьа, ас и «сел атта» тIелоцуш хиллий?.. Вай махках даьхначул тIаьхьа, айса хьалха мел лелийначух а дог даьлла, дохковаьлла, йерриге а сайн уьйраш а НКВД-ца дIа а хедийна, цара схьакхийдориг а тIе ца лоцуш… сайн лесопилки тIехь парггIат сайн болх а беш, оцунах напгIа а хуьлуш, Iаш ма вара со… Эххар цхьа ревизи а йеъна, пайдабоцчу хIуманна тIехула со чувоьлли… ТIаккха… эццигахь веар-кха суна тIе НКВД-pa векал, хьайна бархI шо хан тухийла ца лаахь, и гIуллакх тIелаца аьлла — и партис а, пачхьалкхо а тIедуьллуш ду хьуна… ТIаккха дир-кх ас царна и тешалла а…

Керимна, хIинца иза шена цкъа каравеъанчуьра, дIа ца хоьцуш, бухе кхаччалц, цуьнан ойланех кхиа а, ма-хуьллу и Iораваккха а лиира:

— Делахь… суьдехь… царна кхиэл схьакхайкхийча, велха хIунда вилхира хьо? — хаьттира Керима.

— Ой-й… Иза а хаьа хьуна?.. — кIеззиг вуьйхира Тойсум, цIийвелира, цуьнан хьена бIаьргаш кхоьлира, йуха элира цо:

— Сайх къа а хетта, вилхира-кх, «церан» карара ца вели-кх со хIинца а аьлла.

— ХIинца? — хаьттира Керима.

— ХIинций?!. ХIинца-м, хьаха, ваьлла: зама кхин йу!.. Зама хийцайелла!.. Сайна цхьа эссала болх карийна, иза а беш эссала Iийра ву …

— Ламаз а цундела долийна хир ду ахьа?.. Хьо-х коммунист ву.

— Хилча хIун ду?.. Парти дуьхьал йац динна… хьо Iедална йамарт ца хилчхьана… Сан къинош дукха ду… Такха деза… ХIинца ас гойтур ву суо нахана а, йуьртахошна а дикачу aгIop.. Нах а къинтIерабовла мега тIаьххьара а.

… Цара

1 ... 105 106 107 108 109 110 111 112 113 ... 122
Перейти на страницу:
На этой странице вы можете бесплатно скачать Лаьмнаша ца дицдо - Магомет Абуевич Сулаев торрент бесплатно.
Комментарии
Открыть боковую панель
Комментарии
Вася
Вася 24.11.2024 - 19:04
Прекрасное описание анального секса
Сергій
Сергій 25.01.2024 - 17:17
"Убийство миссис Спэнлоу" от Агаты Кристи – это великолепный детектив, который завораживает с первой страницы и держит в напряжении до последнего момента. Кристи, как всегда, мастерски строит