Категории
Самые читаемые
RUSBOOK.SU » Проза » Историческая проза » Дарц - Абузар Абдулхакимович Айдамиров

Дарц - Абузар Абдулхакимович Айдамиров

Читать онлайн Дарц - Абузар Абдулхакимович Айдамиров

Шрифт:

-
+

Интервал:

-
+

Закладка:

Сделать
1 ... 73 74 75 76 77 78 79 80 81 ... 167
Перейти на страницу:
йохкура правительствос. XIX бIешеран шолгIачу эхехь нохчийн уггар дикачу махка тIе, дукхахйолу нохчийн йарташ дIа а йохуш, гIалагIазкхийн станицаш йехкира. ХIинца Грозный-гIалел совнаха, Нохчийчохь ткъе шиъ тIеман гIап а, ткъе шиъ гIалагIазкхийн станица а йара. Станицашкара бIе эзар гергга гIалагIазкхи Iедало, олуш ма-хиллара, цергашна тIехIотталц герзаца кечвинера, царал совнаха, тIеман гарнизонашкахь эзарнаш салтий а, йаккхий тоьпаш а лаьттара. Доцца аьлча, хIинца нохчел алсам оьрсий бара Нохчийчохь.

Цул совнаха, иттаннаш шерашкахь лаьттинчу тIамо ах боьрша нах байъинера, бахамаш хIаллакбинера, халкъ чIанадаьккхинера. Уггар коьртаниг: оцу тIамо, Iедалан къизалло, харцонаша, питанаша, йамартлонаша дукхахболу нохчий шайн хьалхалерчу оьздангаллех, собарх, ийманах бохийнера. Хьалхалера хьекъале, оьзда, майра, халкъана тешаме баьччанаш а, бIаьхой а тIамехь байъина а, махкахбаьхна а, белла а дIабевллера. Цундела оцу хьолан кIорггера ойла йечара дог диллинера, къоман барт хилча а, нохчийн шайн цхьаьннан ницкъаца паччахьан Iедал а дохалур ду, шайн махкара колонизаторш ара а бахалур бу бохучух. И ойла йийраш, шайн кхоллам Делан кара а белла, севццера.

Дерриг халкъ паччахьан Iедална дуьхьал гIатта ницкъ а, барт а бацахь а, нохчаша дог ца дуьллура шайн маршонах. Россина дуьхьал тIом сацийнехь а, къарбелла, цуьнан олаллина кIел ца севццера уьш. Къаьст-къаьстинчу нохчаша шайн ницкъ кхочу бекхам оьцура шайгара маршо дIайаьккхинчу, шайн халкъан коча Iазапан, лоллин дукъ доьллинчу харцонийн, йамартлонийн паччахьан Iедалх. Паччахьан эскарийн гарнизонашна тIелетара, къиза хьаькамаш бойура, банкаш, почташ талайора, гIалагIазкхийн хьолахошна къоланаш дора. Шайн ницкъ ма-кхоччу хIара мохк колонизаторшна къахьбан, церан когашна кIел латта даго, оцу некъашца уьш хIокху махкара арабаха гIертара.

Оцу халкъан бекхамхойх обаргаш олура. И обаргийн болам XIX бIешеран кхузткъалгIачу шерийн йуьххьехь болийнера гIараваьллачу обарго – гиххойн Варас. Обаргийн, халкъан бекхамхойн, халкъан сийлахьчу кIентийн тIаьххьара а нуьре седа бара хорачойн Зеламха.

Шаьш обаргаш бу бохуш, къуй а, талорхой а бара къомана зуламе бевлла лелаш. Церан цхьа а тайпа бала бацара шайн къоман кхолламца.

Россин империн дегIа тIехь цкъа а ца йоьрзуш, даим а цIий Iийдалуш, лаьттар йолу чов, лазарийн даI дара Нохчийчоь. И чов, и даI доьрзур ду бохург хьехочохь а дацара, нохчашна маршо а йелла, и меже цо шен дегIах дIа ца къастийча. Ткъа Россина иза ца лаьара. Цкъа-делахь, Россина нефть латточу шина махках цхьаъ Нохчийчоь йара. ШолгIа-делахь, Нохчийчоь дIакъастийча, изза луур дара Россин олаллина кIелхьарчу кхечу даккхийчу а, кегийчу а халкъашна.

Россина дуьхьал нохчийн къоман маршонехьа бакъонца къийсаме шайн-шайн хьежамаш бара кхузарчу колонистийн. ХIокху къийсамехь нохчийн халкъ тоьлла, йа революцин некъашца паччахьан Iедал дохийна, хийцамаш а хилла, иза шен лааме даьлча, шайна кхерам гора царна массарна а. Хьолахой – шайн долара заводаш, фабрикаш, промыслаш, банкаш, туьканаш, кхиерш а дIайовларна. ГIалагIазкхий – шайгара мохк дIабаккхарна. Оьрсийн кхечу белхалойн а, муьжгийн а цхьана а тайпа хьагI-гамо йацара нохчашца, цаьргара дIадаккха долалла а дацара. Амма уьш а кхоьрура, шаьш кхузахь халла тарйинчу хIусамашкара ара а баьхна, балхах а бохийна, лелхийна Россе дIахьовсорна. Цигарчу къелло, мацалло арабаьхна ма баьхкинера уьш.

Россин империн арахьарчу политикин мах хадош, иза ша кхоллаелчахьана дуьйна схьа даим а варварийн пачхьалкх йу аьлла Маркса а, Энгельса а. Иза европейски реакцин букъан сирт, коьрта гIортор, гIоьналлин эскар, Европин жандарм, революцийн, шайн маршонехьа къуьйсучу халкъийн чаьлтач, халкъийн мостагI йу аьлла. Европин пачхьалкхашна, халкъашна йукъа питанаш туьйсуш, мостагIалла кхуллуш, уьш вовшийн коча туьйсуш, цIий Iенадойтуш, дуьненахь шен олалла хIотто гIерта иза даим а. Россин дипломати кху заманан шатайпа иезуитийн орден йу. Шен арахьарчу политикехь боьха а, цIена а гIирсаш ца къестабо цо. Тешнабехк, йамартло цIийх йоьлла цуьнан, къайлах адамаш дайар цуьнан корматалле дирзина. Кхечу пачхьалкхийн политикин, дипломатин, тIеман деятельш оьцуш а, бойуьйтуш а ахча ца кхоадо. Шайн толамах шовкъ хуьлу, эшам хиларх догдиллина йуха ца бовлу, миллионаш салтий къинхетамза тIаме лоьхкуш, бойуш, церан декъашна тIехула, цIийн Iоврашна чухула импери шорйо, чIагIйо. Амма Россин арахьара политика Iаламат мекара йу. Шел нуьцкъалчу пачхьалкхашца девнах, тIамах къехка иза, гIорасизчу, къечу шведашца, туркошца, персашца тIом бо, церан мехкаш дIалоьцу. Россин исторически сатийсам бу православни килсан коьрта шахьар хилла Константинополь бусалба туркошкара схьайаккхар, Босфор, Дарданелла, Эгейски а, Адриатически а хIордаш, Балканаш дIа а лецна, Дуьненайукъарчу xIоpдa тIехь шен олалла а хIоттийна, цигахула дуьхьал Малхбале европахой лела хIордан некъ шен тергамна кIел латто бохуш, йаздина Маркса а, Энгельса а.

Оцу Iалашонца Россис кест-кеста тIом бора туркошца. Амма ша цаьрца тIом кхайкхош, Россис шен баккъал йолу Iалашо ца йуьйцура. Оьрсашца цхьана динехь болу эрмалой а, грекаш а, цхьана динехь а, цхьана цIийх а болу болгараш а, сербаш а бусалба туркойн Iазапах маршабаха Iалашо йолуш тIом болийна ша, олура. Йа цкъа хьалха грекаш, болгараш, сербаш туркойн Iедална дуьхьал а гIовттабой, тIаккха «керста вежаршна гIоьнна» олий, туркошца тIом болабора. Вуьшта аьлча, ша кхечу халкъийн мохк дIалоцуш, уьш шен лолле дерзош, ша дIа мел бо тIом цивилизацина, культурина, исторически кхиарна тIаьхьадисинчу оцу халкъашна йукъа культура, цивилизаци йаржо дIалоцу ша, олура Россис. Ткъа варвараш аьлла Европехь цIейаханчу бусалба туркойн пачхьалкхехь бехачу керста эрмалойн, грекийн, болгарийн, сербийн бакъонаш а, маршо а дуккха а алсам йара, Iep-дахар дика дара шайн махкахь, шайн оьрсийн паччахьна, цуьнан Iедална кIел бехачу оьрсийн муьжгийчул. Импери чуьра кхидолу халкъаш-м хьовха, оьрсийн халкъ а къизачу Iазапехь, лоллехь латточу оьрсийн паччахьна, правительствона, хьолахошна гIенах а дага ца догIура туркойн олаллина кIелхьара керста халкъаш маршадаха а, царна маршо йала а. Лакхахь йийцинчу Iалашонал совнаха, и халкъаш туркойн лоллера схьа а даьхна, шен лолли кIел дерзо Iалашо йара Россин.

Доцца аьлча, иштта мах хадийна Маркса а, Энгельса а Россин арахьарчу политикин. Ткъа цуьнан чоьхьара политика хIумма а дикачу aгIop къаьсташ йацара арахьарчух. ХIунда аьлча муьлххачу а пачхьалкхан чоьхьара а, арахьара а политика, вовшашца къастам боцуш, ши йиша хуьлу. БIешерийн дохалла оьрсийн халкъ къизачу лоллехь латтадора цо, кхечу халкъийн мехкаш дIалоьцуш, импери шоръеш, чIагIйеш, цигарчу халкъашна тIехь шен олалла хIоттош, чIагIдеш, салтийн чоэш тIедуьйхина миллионаш оьрсийн муьжгий хIаллакбора, ахархойх, бежанех санна, йохка-эцарш йора, шен толлу жIаьла мехала а, сийлахь а дара помещикана шен доларчу ахархочул.

Ткъа империна чохь дехачу кхечу къаьмнийн оьрсийн кIеззиг йолчу бакъонех уьтталгIа дакъа а бакъонаш йацара. Сибрехахь, Казахстанехь, Йуккъерчу Азехь, Кавказехь ша дIалецначу латтанашна тIе оьрсийн колонисташ, къаьсттана – гIалагIазкхий, охьаховшабора, уьш законашца а, бакъонашца а меттигерчу туземцел масех тIегIа лакха хIиттабора. Уьш Россин колонешкахь империн гIортораш йара. Россин губернешкахь латта а доцуш, адамийн цхьа а тайпа бакъонаш а йоцуш, помещикийн лоллехь лаьттина, ткъа оцу лоллех маршабаьхча а латта а доцуш,

1 ... 73 74 75 76 77 78 79 80 81 ... 167
Перейти на страницу:
На этой странице вы можете бесплатно скачать Дарц - Абузар Абдулхакимович Айдамиров торрент бесплатно.
Комментарии
Открыть боковую панель
Комментарии
Вася
Вася 24.11.2024 - 19:04
Прекрасное описание анального секса
Сергій
Сергій 25.01.2024 - 17:17
"Убийство миссис Спэнлоу" от Агаты Кристи – это великолепный детектив, который завораживает с первой страницы и держит в напряжении до последнего момента. Кристи, как всегда, мастерски строит