Категории
Самые читаемые
RUSBOOK.SU » Проза » Историческая проза » Дарц - Абузар Абдулхакимович Айдамиров

Дарц - Абузар Абдулхакимович Айдамиров

Читать онлайн Дарц - Абузар Абдулхакимович Айдамиров

Шрифт:

-
+

Интервал:

-
+

Закладка:

Сделать
1 ... 53 54 55 56 57 58 59 60 61 ... 167
Перейти на страницу:
къиза паччахь. Оьрсийн эскарша мосазза а йохоза, йагоза цхьа а йурт ца йисинера оцу ткъа шарахь. Ткъа шена дуьхьало йина йа реза йоцу, йа тIом ца безаш, тIом кIордийна, оьрсашца машар бан гIоьртина йарташ Шемала йагайора. Цхьана aгIop суьйлийн Шемална, вукху aгIop оьрсийн паччахьна гIуллакх деш бара цхьаболу нохчий. Ахчанах, даржех, кхоьруш, Iехалуш, къелла а, мацалла а гIаддайна, вовшийн бухкуш, вовшийн хIаллакбеш. Ткъа дукхахберш сутаралло бохура оцу эхьечу, зуламечу новкъа. ХIетахь хиллачунна-м тIом бехке бийр бара вай. И тIoм дIабаьллачул тIаьхьа шовзткъа шо даьлча а, ма ца даьхкина вай иймане, кхетаме. Шa кхоьллина синош ма дайа, боху Дала, Ша кхоьллина уьш, Ша дIа а оьцур ду. Ткъа цхьаболчу нохчашна дош а ца хета адам дер. Арахьара чувеанчу мостагIчух шен дин, даймохк, доьзалш, хIусамаш ларъеш тIом бар сийлахь декхар, гIазот ду стеган. Ишта веана мостагI хьо тIекхаьчначохь, хьайн аьтто баьллачохь къинхетамза ве, боху Дала. Амма машаре адамаш ма дайа, боху, уьш муьлххачу къомах а, муьлххачу динехь а делахь а. Ткъе итт шо хьалха туркошна а, оьрсашна а йукъахь хилла тIом дагабогIу вайна. И тIом болийнарш керста оьрсий бара. Туркойн мохк дIалаца, уьш лолле берзо Iалашо йолуш болийна. И харцонан тIом болийнчу керста оьрсийн паччахьан эскаршца цхьаьна бусалба туркошна дуьхьал шайн лаамехь тIаме бахара цхьаболу нохчий. Цкъа-делахь, оцу оьрсаша иттаннаш шерашкахь сийначу цIарца йагийнера Нохчийчоь, ах къам хIаллакдинера, дийна дисинарг лолле дерзийна, цунна тIехь къиза Iазап латтош бу. Ткъа оцу керста оьрсийн паччахьо нуьцкъах махкахбаьхна эзарнаш нохчий тIе а лаьцна, туркоша шайн махкахь дIатарбинера. ХIетте а шайн къоман мостагIашна улло а хIиттина, шайн бусалба вежарех, туркойх, лата, уьш байа, церан йарташ, шахьарш йохо, йаго, тало баханера нохчий. Шайн къам санна, туркойн къам а оьрсийн лолле дерзо! Мича бахьанаша бигнера уьш цига? Мацалло, къелло бигнера?

– Ца бигнера, – корта ластийра Овхьада. – Сутаралло бигнера. Тхан эвлара виъ ваханера оцу тIаме. Цхьаъ къен-миска стаг вара, важа кхоъ – таро йолчарех. Цу кхааннах цхьаъ сан ваша вара. Тхан ден дика цIенош а, шортта латта а, туька а, даьхни а дара. Ша йуьртда а вара иза. Паччахьан Iедална хьалха диканаш хила, Iедалерчу дикане, цигахь хIонц карайаре, цIа бирзича, мелла а шаьш даржашка нисбаларе дог дохуш баханера. Сан ваша вийра цигахь. Важа шиъ, некха тIе мидалш а оьхкина, говраша ма-лов цигахь талораш дина хIонц йохьуш, цIа веара. ХIинца цхьаъ тхан йуьртда, важа йуьртан къеда ву.

ХIокху шинна хьалхара шун дIаэца нус чуеача, цхьана йукъана къамел сацийра цара.

– Иштта, ши шо хьалха японца тIамe а бахара нохчий. Японаш-м бусалбанаш а бац. Муьлххачу динехь делахь а, адам де, ма ца боху Дала. ТIе, йолах! Ткъа хIинца оьрсийн хьолахой ларбан Россе баха резахилларш а бу. Уьш-м берриг а къехой бу, боху. Шайн мецачу доьзалшна рицкъа лаха боьлхуш. Амма Къуръан чохь Дала ма боху, керста доттагI, накъост ма лаца. Цигахь керстанаша кечбина кхача бaa, церан хIусамашкахь охьабийша ца беза уьш? Вайн къам хIаллакдарна, вайгарчу бохамашна, вайгарчу Iазапана уггар хьалха бехкенаш и оьрсийн хьолахой ма бу. Шен мостагIчун йалхо, лай хуьлучул, доьзалца цхьаьна мацалла валар гIоли ма йу!

ХIорш бIаран IиндагIехь белахь а, малх гIушлакхе мел гIоьрти, йохлуш, тов хьийзара хIаваэхь. Соип-Молле ла а доьгIуш, беша бIаьрг туьйхира Овхьада. Беш йоккха йацахь а, хилла а, хила бос кхетта а Iежаш, хьорматаш, туьркаш, шапталш, кхин дуккха а стоьмаш дара луьстта кхиийна. Бешан цхьана маьIIехь тIехула поппар хьаьхначу тускарш чохь масех никх а дара.

– Тамашийна амалш йу вайн, Овхьад, – шена Iаьткъинарг дуьйцура Соип-Моллас. – Бусалба дино хьарам дина нехан рицкъа а, хьакъ а, къола дина, шен дола даккхар, цунах пайдаэцар. Дуьненахь иза дIа ца такхахь, кханалерчу Къематдийнахь Далла хьалха а, оцу рицкъин дена хьалха а жоьпала хир ву бехкениг. Дала, шен бакъо йац, боху цунна иза гечдан. Мацалла леш велахь а, нехан рицкъа тIе куьг ма кховдаде, боху Дала. Иштта кIелвисинчу стагана гIo дар тIедуьллу цуьнан гергарчу нахана. Нагахь санна гергарчу нехан цунна гIo дан ницкъ бацахь, йа цуьнан гергара нах бацахь, и декхар йуьртана тIедожадо. Цхьаьнггара а гIo доцуш висахь, сагIа деха, боху. Амма къола ма де, боху, хьо мацалла леш валлахь а. Ткъа вай, нохчаша, хIун до? Къийвелларг caгIa деха ара ца волу, къола а, талораш а дан араволу. Дуьненарчу дерриг а къаьмнаша, массо а заманахь доккха эхь лору къоладар, ткъа сагIадехар эхь ца лору. ШариIaтехь, боьрша а, сте а ца къастош, ког, куьг а, кхийолу меже а йоккхуш, таIзар до къунна. Иштта таIзар дина нохчо гиний хьуна? Ца гина, гyp а вац. Цкъа-делахь, вай шариIато бoxypг деш дац, шолгIа-делахь, нохчаша йа эхь а, йа къилахь а ца лору къола дар. Нохчийн иллешкахь хестабо Теркал дехьара, салойн аренашкара даьхни а, говрийн реманаш а йалийна нах; ткъа цхьана цIийнах мацах цкъа сагIадоьхург ваьллехь, иза тIаьхьенна а тIехветта, шун хьенех сагIа доьхуш лелла бохуш. Цхьана стага зулам дан дагалаьцнийла хьайна хаахь, йа цо зулам деш хьо тIекхачахь, иза сацаве, боху бусалба дино. Нагахь санна иза сацо хьайн ницкъ ца кхачахь, Iораваккха, шариIатан кхеле дIало, цунах хьайна гинарг а, хуург а дуьйцуш, шариIатан кхелехь цIена, бакъ тоьшалла де, боху шapиIaто. Нагахь санна и зуламхо ахь къайлаваккхахь, цо динчу зуламан декъашхо хуьлу хьо Далла хьалха. Ткъа нохчаша ца до иза. Зуламхо сацо а ца гIурту, иза Iедале дIа а ца ло, и Iедало схьалаьцча, йа цо зулам динчо Iедале дIавелча, цо дина зулам гина а, хууш а волчу стага кхелехь тоьшалла ца до. Цхьаберш, иштта тоьшалла дича, эхь ду бохуш, Ia, цхьаберш оцу зуламхочун йа цуьнан нехан бекхамах кхоьруш Iа. Зуламхочух кхоьру, цунах эхь а хета вайна бакъдерг ала, ткъа и бакъдерг ала бохучу Делах эхь а ца хета, кхера а ца кхоьру вай. ТIаккха цIена бусалбанаш дуй вай? Делах тешаш а, Делах кхоьруш а волу стаг Дала гайтинчу нийсачу некъа тIера йуьстахвер вац. Цо адам дуьйр дац, нехан хьакъ а дуур дац, мотт-эладита а лелор дац, аьшпаш а буьттур бац, нахах гIийбаташ а дохур дац, адамийн барт бохош питанаш лелор дац. Нагахь санна и ас дийцинарш а, Дала бусалба стагана ца магош, хьарам дина кхин дуккха а лелош стаг велахь, иза Делах тешаш а, Делах кхоьруш а, бусалба а цахиларан тоьшалла ду хьуна, иза дийнахь-буса хаддаза Далла Iамал йеш велахь а!

Соип-Моллас, шен бIаьргех доьхкина куьзганаш дIа а даьхна, гIовталан кисанара схьаэцна, кисин кIайн йовлакх хьаьжа тIе хьаькхира.

1 ... 53 54 55 56 57 58 59 60 61 ... 167
Перейти на страницу:
На этой странице вы можете бесплатно скачать Дарц - Абузар Абдулхакимович Айдамиров торрент бесплатно.
Комментарии
Открыть боковую панель
Комментарии
Вася
Вася 24.11.2024 - 19:04
Прекрасное описание анального секса
Сергій
Сергій 25.01.2024 - 17:17
"Убийство миссис Спэнлоу" от Агаты Кристи – это великолепный детектив, который завораживает с первой страницы и держит в напряжении до последнего момента. Кристи, как всегда, мастерски строит