Категории
Самые читаемые
RUSBOOK.SU » Проза » Историческая проза » Лаьмнаша ца дицдо - Магомет Абуевич Сулаев

Лаьмнаша ца дицдо - Магомет Абуевич Сулаев

Читать онлайн Лаьмнаша ца дицдо - Магомет Абуевич Сулаев

Шрифт:

-
+

Интервал:

-
+

Закладка:

Сделать
1 ... 15 16 17 18 19 20 21 22 23 ... 122
Перейти на страницу:
тIеэцнехь, — Далхьадна хаьара — Тойсума дакъаза а бохур бара-кх хьуна районера бахархой, и план кхочушйан гIерташ, пачхьалкхан дуьхьа а доцуш (цуьнан ойла-м багахь бен ца йора цо), адамийн дуьхьа а доцуш (уьш-м дага а ца лоцура цо), — дуьххьалдIа хьаькамашна хьалха ша вазваларан дуьхьа, шен цIе йаккхийтаран, ша айъийтаран дуьхьа! Цу заманахь, и воцург а, дукха бара, оцу тайпанчу амалехь хьалакхиъна белхахой. Коьрта долчунна цара хIоттадора цу заманан политикин де а.

ТIехIоьттира эххар а Сталина цIий Iеночу шерашлахь а уггаре а мIаькдаьлла I937-гIа шо. Moгlapepa нах а, баккхий хьаькамаш а, аьтту а, аьрру a aгlop схьа а лоьцуш, гуш бахьана а доцуш, «халкъан мостагIий» бу а бохуш, тIепаза бойуш хан йара. Тойсум санна болчеран дезде хIоьттира. Тойсума массо собранешкахь а массарел чIогIа кхойкхура хIинца, «халкъан мостагIий» шайн орамашца дIабаха беза, бохуш.

Оццу муьрехь кхеран райкоман шолгIа секретарь а ваьхьира, цуьнан метта Далхьад а воккхуш, Далхьадна и хIумма а хаза ца хеташ, амма цунна дуьхьалойар а кхераме дара xleтахь. Хьалхара секретарь а таьIно лелара. Райисполкоман председатель волу Тойсум хIинца цо кхайкхича а дегазо вогIура тIе, ца вогIуш меттиг а йора, тIе, районан активехь цо, демагогех йуьззина, бух боцу критика а йира райкоман хьалхарчу секретарна: «Шен меран кIелахь, ша бIаьрзе волуш санна, ган а ца гуш, «халкъан мостагIа» шолгIа секретарь а вина лелийра цо», — аьлла. Тойсум хIинца, дарехь, нахана а, райкоман куьйгалхошна а цхьабосса чIогIа коьртахвелира. Цунна хIун дийр ду а ца хууш, кIордийнера и массарна а. ТIаккха Далхьада — и хIинца а шерра дагадогIу Тавсолтина — ша волчу дIа а кхайкхина, Тавсолтига шегга къайллаха цхьа хьехам бира Тойсумах лаьцна. Тавсолтас и кхочушбира.

Цул тIаьхьа йуьртахой, Тойсумна луьйчуьра а сецна, мелхо а собранешкахь, хьала а гIуьттуш, шайн къамелашкахь, иза Сталинга дIа нисвеш, хесто буьйлира, тIе xlopа къамел чекхдолуш, массара а, цхьамма санна, мохь туххий кхайкхам а бора:

— Декъала хуьлда халкъийн тхьамда сийлахь-воккха Сталин! Декъала хуьлда вайн тхьамда Тойсум Мотбехов.

Кхин а сонтавелира Тойсум. Цунна ца хаьара и мел кхераме ду! Амма, дукха хан ца йелира: I938-чу шарахь бIаьста, дагахь а доцуш, газето хаийтира, Тойсум, и «халкъан мостагI» хиларна, чувоьллина аьлла.

Цу заманахь керла мур бара Сталина нахана гергахь ша закон мелла а меттадалоран куц xIoттош: ша хIинццалц мел Iенийначу цIийн бехк а халкъана гергахь шена тIера дIахило лууш, Сталина, шен амалехь, лаххьийна цхьаболу лакхара а, меттигера а НКВД-н хьаькамаш, лецна а, байина а, дIа а баьхна, церан цхьа чкъор хийцира. ХIинца тIебаьхкинчу НКВД-н керлачу хьаькамаша гIурбанна шайна эшначохь ТойсумгIар а башха кхоа ца бора: уьш кхин а шортта бара.

Эскинойхь нах къаьсттина баккхийбера, халкъан мостагI ву а аьлла, хIинца эххар а, баккъал а халкъан мостагI волу Тойсум чувоьллина. Амма гойтуш баккхийбе а ца баьхьара: «бIаьрг хиларна» кхоьрура, тIе, «хIун хаьа, цIеххьана схьахоьций а»… — бохург а дара дагахь. Амма, хье ца луш, хIеттахь, районан клубехь суьдан процесс дIайолийра, чубалийна корреспонденташ а Iаш, пропускашца чугулбелла а, арахь лаьтташ а дуккха нах а болуш. НКВД-н хьаькамашна а, Iедалхошна а хаьара и процесс хIинца мелла а «схьайиллина» йолчу хормехьа оьзна йан мегар дуйла: цкъа-делахь, тахана шена тIехь кхел йийриг, халкъана а ца везаш, билггала волу халкъан мостагI ван а вара, меттигерчу Iедалхошна а, нахана а цхьабосса кIордийна. ШозлагIа-делахь, Сталинан Iедал хIинца дуьйна халкъехьа, нийсонгахьа оза даьлла бохург нахана шуьйрра дIагайта дезаш мур а бара. Цхьаболу нах баккъал а, Iехабелла, чу са деъна, хIинца дуьйна-м цхьа диканиг хила а ма мега вайна, бохучу ойлане а бевлира.

Процесс йола ма-елли, церан а ойла хийцайелира: массарна а гира Тойсумна а, цуьнца цхьаьне суьде оьзначу, и санна нахана ца везачу кхин шинна а (районан налоговой инспекторний, Эскинойрчу колхозан председательний) тIетуьтту бехкаш, церан шортта баккъала а болучех а боцуш, мелхо а, чохь ладоьгIучарна а бакъ ца хета бехкаш дара: уьш кхуьй а бехкевора, Тойсум а коьртехь, районехь къайллаха йолу буржуазно-националистически организаци цара кхолларна, халкъан экономикехь зуламаш дарца Советан Iедал харцо дагахь уьш хиларна. Схьагарехь, НКВД-чу хьаькмаша суд йаран хорма, мелла а керлачу Iалашонехьа узуш, нийса хийцинехь а, амма цуьнан чулацаман хатI хьалхалеррачу эшарехь дитинера цара — йа иза оцу Iалашонца нисдан шаьш цакхиарна, йа шайн хьекъал цатоарна: башха хьекъална кIорге йолуш а бацара хIетахьлера НКВД-н белхахой а, йа суьдан куьйгалхой а: уьш дукха хьолахь леррина долу, хьовха, ур-аттал дуьззина йукъара дешар а чекхдаккхаза хуьлура. ГIалитIера ваийтинчу коьрта бехке вечо, прокуроро, дарехь, гIараваьллачу Москварчу генеральни прокурорах — Вышинскийх тарвала гIерташ, аркъал а сетташ, аз стамдина хаьттира:

— Гражданин Мотбехов Тойсум Абастович, даре дой ахьа: айхьа районехь кхоьллинчу къайлахчу буржуазно-националистически организацина коьртехь хьуо хилла хилар?

— Ца до! — доцца, майрра дIатеттира Тойсума шен боцу бехк. — Йа и тайпа организаци кхоьллина а йац ас, йа цуьнан коьртехь а ца хилла, йа и стенца йуу а ца хаьа суна! — тIетуьйхира Тойсума, чуьра цхьаберш бийла а беш.

Оцу тайпана хуьлура цуьнан кхидолу жоьпаш а. Цо бохучуьнга нисдеш, цунна тIаьхьахIуттий, жоьпаш лора вукхашимма а. Амма кхана Iуьйранна арадевллачу районан а, гIаларчу а газеташа зорбатоьхначу репортажехь, нах цец а бохуш, нисса пурхнехьа йаздина хуьлура: «Даре до! Бехке ву со и организаци кхолларна».

Иза а дара цу хенахьлерчу НКВД-н хьаькамийн хьекъалдацар: царна хIунда ца хаьара, пропускашца чубитинчу, шайна тешаме хетачу корреспонденташна а, вукхарна а йуккъехь вер вуй цхьаъ йа шиъ, и репортажаш нийса цахиларх лаьцна кхечаьрга къайллаха аьн дерш?

Йа шайн луьралло уьш массо а совцор бу моьттура?

Къаьсттина эскинхойша тамаш бийриг дара оцу репортажашна кIелахь хIоразза а йазйина «Мотбехов Эмин» — цIе хилар! Иза-х Тойсуман ден вешин кIант вара, да веллачул тIаьхьа Тойсума дола а дина.

Ткъа иза а иштта нисдинера НКВД-рчу хIетахьлерачу хьекъалечу хьаькамаша — цатешарш а тешийта!

Процесс дIаоьхура.

Политически агIонех дерг дийцинчул тIаьхьа, суьдехь хетта долийра Тойсуме а, вукхаьрга а, цара экономикехь динчу зуламех.

Кхузахь йуьхьанца кхин а майра велира Тойсум: цо хецца дагахь охьадагардора ша куьйгалла динчу экономикехь хиллачу кхиамийн терахьаш, уьш зорбатоьхна газеташ а дуьйцуш. Амма кестта йиш йуьйхира Тойсуман а, вукху шиннан а: уьш чубоьхкинчул тIаьхьа йинчу ревизино ма-йарра гучайаьхнера цара мел йина припискаш а, къоланаш а. Царна хьалха уьйхьира цара харц мел йаздина квитанцеш, хIиттийна финансийн ведомосташ. ХIинца-м чохь ладоьгIучарна а дукханне а хуурш дара суьдо Iорадохурш.

Кхааммо а кортош охкийра. Делахь а Тойсум къарвала ца туьгура:

— Аса вайн экономикна дина зулам дац, пайда бина!

— Делахь-хIета, — ша-шех тоьъна элира суьдан председатело. — Ахьа хьайн куьйга

1 ... 15 16 17 18 19 20 21 22 23 ... 122
Перейти на страницу:
На этой странице вы можете бесплатно скачать Лаьмнаша ца дицдо - Магомет Абуевич Сулаев торрент бесплатно.
Комментарии
Открыть боковую панель
Комментарии
Вася
Вася 24.11.2024 - 19:04
Прекрасное описание анального секса
Сергій
Сергій 25.01.2024 - 17:17
"Убийство миссис Спэнлоу" от Агаты Кристи – это великолепный детектив, который завораживает с первой страницы и держит в напряжении до последнего момента. Кристи, как всегда, мастерски строит