Категории
Самые читаемые
RUSBOOK.SU » Проза » Историческая проза » Лаьмнаша ца дицдо - Магомет Абуевич Сулаев

Лаьмнаша ца дицдо - Магомет Абуевич Сулаев

Читать онлайн Лаьмнаша ца дицдо - Магомет Абуевич Сулаев

Шрифт:

-
+

Интервал:

-
+

Закладка:

Сделать
1 ... 14 15 16 17 18 19 20 21 22 ... 122
Перейти на страницу:
вер ву хьо… Хабар ма дийца!..

Сатассале, и гIуллакх дина а ваьлла, ша дIавоьдуш, Тойсума дийхира Бетаре церан кетIахь:

— Гой хьуна, Бетар, хьо соьгара богIу мах буьззина дIаэцна а ваьлла, со дIабелла а ваьлла. Вайна йукъахь хIинца йуьззина расчет йу. Вийна стаг витинчул тIаьхьа машар беш Iедал ма ду вайнехан. Цундела ас хьоьга доьху, xlapa гIуллакх цхьаьнгге а цкъа а цахьахадар а, хIинца дуьйна вайна йукъахь машар хилийтар а. Сайн aгlop аса дош ло хьуна: шуьца хIинца дуьйна сайн ма-хуьллу дика хила!

— Дика ду! — резахилира Бетар а.

Вовшашка дегазо куьйгаш а делла, дIасакъаьстира ший а. И дерриге а хIеттехь къайлаха хезнера Тавсолтина: Нурбикин гергара хуьлуш йара Совпату. Амма Тавсолтас, кхин цхьаьнгге а ца хьахош, шеггахь дитира и.

Тойсумна цул тIаьхьа кхин цхьа вас а хилира. Шо чекхдолуш, райисполкомо динчу жамIаца Тойсума куьйгалла ден сельсовет дикка тIаьхьайиснера, тIе, кхуьнан йуьртарчу колхозникийн гайтамаш а ледара бара. Цу хьокъехь, кхуьнга а, кхечу йуьртадайшка а дIа а кхойкхуш, — Тавсолтина дика дагадогIу и — райисполкомо хIетахь райцентрехь гулам бира.

Райкомпартина хьалххехь йолчу майданахь дIахIоттийра аннех йина, тIебоьду некъ а аннийн болуш, айаелла гIопаста. Цу тIе а бохуш, церан цIерш а кхайкхош, тоьллачарна, массарна а гойтуш, «толаман байракхаш» а, кхин тайпа совгIаташ а лора хIетахь. Тойсуме а цига тIекхайкхира. Шена кечдинарг хIун ду а ца хууш, курра дIахIоьттира Тойсум. Тавсолтина дагадогIу иза цигахь, цхьа ког хьалхахьа дIа а тесна, кура дIахIоттар. Шина стага, оззийна тIе а йаьккхина, Тойсумна йуххе дIахIоттийра жима сира вир.

— Xlapa вир… цо цабаьхначу кхиамашна Тойсумна ло вай! — аьлла, схьакхайкхийра. Цу заманахь белхан йохьаллин къовсамехь эшначарна и тайпа совгIаташ деш а Iедал дара оцу районехь. «ГIоггI!» — аьлла, нехан белар иккхира. ТIаккха вир а Iаьхира. Нах кхин а чIогIа бийлабелира, хIаваъ декош. Воьхна, дIасахьаьжира Тойсум, ша хIун дер ца хууш.

ЦIеххьашха, оьгIазвахана, шен куралла дагайеъна, мийра тоьхна, цо и вир Iункарнехьа чуйаийтира, цуьнан цхьа ког а бош. Вир ша йолчохь а йитна, шуьйрра куьйгаш а лестош, курра дIавахара Тойсум, «суна-м аш хIун дер дара?!» — бохучу дагахь…

Цул тIаьхьа кхин цхьа боккха цатам а белира Тойсумна: берриге Советан махкахула, массо радиочухула а, газеташ тIехь а кхайкхош арахийцира Сталинан керла статья: «Кхиамех кортахьовзар». Сталина кхиамаш лорура, йарташкара ах гергга нах, кулакийн цIерш а техкина, шайн бахамах а бохуш, дакъаза бахар а, тIе бисинчу ахархошна тоъал кхачо йеш хиллачу церан бахамийн метта, массанхьа а ша хIетахь — къушний, хьаькамашний бен, аьтто луш а йоцу, колхозаш йаржор а. Ткъа кортахьовзар лорура цо, и гIуллакх кхочушдеш, барамал тIехбуьйлуш меттигерчу хьаькамаша шена хьалха базбала гlepташ, нахана совнаха бина ницкъаш. Сталинна дика хаьара, «сплошной коллективизаци» ечохь, меттигерчу хьаькамаша Iедалан цIарах а, шен цIарах а, нахана совнах ницкъаш бинийла а, шайн дагахь наха хIинца шена а, шен Iедална а бехк буьллийла а. ХIинца нехан оцу бехках шен цIе халкъана гергахь цIанйан лаьара Сталинна, и бехк берриге меттигерчу хьаькамашна тIе а бахийтина. Оцуьнан дуьхьа дара цо и статья арайаккхар а. Сталинан и статья ара ма-елли, цо бохург, гуттар а санна, шуьйрра тIечIагIдеш, массанхьа а Советан махкахь дийнна цхьа мур дIабаьхьира, колхозаш йохкуш, нахана законехь ца богIу ницкъ бина цхьаболу хьаькамаш балхара дIабохуш. И мур кхеран районе а кхечира. Сталинан статья бакъйархьама, дуьххьалдIа оцуьнан дуьхьа, халкъан дуьхьа а доцуш, кху районехь а цхьацца хьаькамаш балхара дIабехира. Мел хазахийтира эскинхойшна, цхьана Iуьйранна районан газето, Тойсум оцу бахьаница йуьртда волчуьра дIаваьккхина аьлла, хаийтича.

Делахь а, Тойсум веха-м ца лийлира балхахь а воцуш: меттигерчу НКВД-н хьаькамо кIелхьарваьккхира иза, партера ца хьавойтуш, тIе, кестта районан хьуьнан верас а — лесничий — вайтира цунах, и меттиг паргIат ма-йелли, «цу меттахь тешаме накъост хила веза», аьлла. Ша хьуьнхо ма-хилли, Тойсума цу сохьта дIахадийра, йуьртахоша хьуьн чуьра дечигаш «лечкъор». Йуьртахойн цIеношкахь шело алсамйелира. Хьуьнах веанчу йуьртахочуьнгара говр а, ворда а дIайоккхура Тойсума, и дан шен бакъо йоццушехь: шена ахча делча, йуха дIа а лора. Хьуьнхара дечиг а, шена мах белча, дохьуьйтура. Bopxle а дех дуьйна а йуьртахоша пайда оьцуш, цара шаьш Iалаш а йеш, церан долахь хилла хьун хIинца Тойсуман дола йирзинера: гонаха ха чIагI а дина («бандиташ ца бахкийта!»), шена ма-луъу хьун йохка йолийра Тойсума ахчанах, харц квитанцеш а луш, нахана и цхьаъ ду а моьттуш. ХIетте а кхуьнан терахьа тIехь гайтамаш лакхарнаш хуьлура, йеанчу ревизино хIоразза а кхуьнан белхан мах дикачех а хIоттабора, районан газето а тоьшалла дора тIаьххьарчу заманахь районан хьуьнхахь нийса низам дIахIоттийна бохуш: хьуьнан боданерчу кIоргехь, цхьанна а ца гучохь, йина безамехь бун йара, кор-неI а, чохь xIиттийна ши маьнга а, стол, гIенташ а долуш. Цу чохь шен-шен хенахь гуллора Тойсуман доттагIий: дукха хьолахь, меттигерчу НКВД-ера а, наггахь райфинотделера а, йукъ-кара редакцера а накъостий.

И болх «дика барна» Тойсум, кхо шо а далале, — Тавсолтина иза а дагадогIу, — райисполкоман председателан заместитель вира, цул тIаьхьа кестта председатель а хилира цунах. Тойсум райисполкоман председатель хIоьттийчхьана районан гайтамаш, дикка лакхабовлар хоуьйтура кест-кеста районерчу а, гIаларчу а газеташа. Цхьадерг, баккъал а, цо, ондда тIетоIIий, дан а дора, нахе дан а дойтура, нах ца кхоош, тIаьххьарниг а цаьргара схьайоккхий: «коьртаниг — пачхьалкхан хьашт ду, неханиг — цара шаьш дер», — бохучу хIетахьлерачу хьесапехь.

Цкъа обкоман пленумехь Тойсума шен къамелехь аьллера (Далхьада, вела а воьлуш, и дийцина дагадогIу Тавсолтина): «Вайн Даймахкана и эшахь, партис, пачхьалкхо и алахь, оха районехь хIинццалцчул кхузза а сов дохур ду йуьртбахаман сурсаташ. ГIалахь шура ца тоьу боху. Оха, иза эшахь, шо далале и хIинцачул пхоьазза сов а йаьккхина, молокопровод а йина, цу чухула схьатоттур йу гIалина и шура, партис алахь»…

Эццигахь, соцунгIа а хилла, зал чу хьаьжира Тойсум, аплодисменташ хуьлий хьоьжуш. Чохь цхьаьнга белар делира, цо аьлларг бух боцуш хетта. Президиумехь а цхьамма-м, лере а таьIна, вукхуьнга элира:

— Вай шурех хьегийта-м ца воллу xlapa!

— Сан нанас а ца йаийна суна оццул шура… — аьлла, важа а велавелира.

И хезна йуххернаш а бийлабелира. Президиум йоьлуш гича, зала чуьрнаш, оцуьнан дуьхе ца кхиънарш а тIехь, массо а, и чоь а йекош, бийлабелира. Эццахь дуьйхира Тойсуман лоппаг.

ДIаса а хьаьжна, йуха меттавеанчу Тойсума, аз айъина, ондда чекхдаьккхира шен къамел:

— Декъал хуьлда вайн хьоме Парти, вайн сийлахь-воккха тхьамда накъост Сталин!

Ша хьаьгна аплодисменташ а йехира цо эццахь майрра. Амма цу чохь хиллачу Далхьадна, даггара хазахеташ, пленумо цхьадика йуххе а ца дитира молокопроводах лаьцна цо аьлларг. Ткъа нагахь ца хууш а пленумо и

1 ... 14 15 16 17 18 19 20 21 22 ... 122
Перейти на страницу:
На этой странице вы можете бесплатно скачать Лаьмнаша ца дицдо - Магомет Абуевич Сулаев торрент бесплатно.
Комментарии
Открыть боковую панель
Комментарии
Вася
Вася 24.11.2024 - 19:04
Прекрасное описание анального секса
Сергій
Сергій 25.01.2024 - 17:17
"Убийство миссис Спэнлоу" от Агаты Кристи – это великолепный детектив, который завораживает с первой страницы и держит в напряжении до последнего момента. Кристи, как всегда, мастерски строит