Категории
Самые читаемые
RUSBOOK.SU » Проза » Историческая проза » Дарц - Абузар Абдулхакимович Айдамиров

Дарц - Абузар Абдулхакимович Айдамиров

Читать онлайн Дарц - Абузар Абдулхакимович Айдамиров

Шрифт:

-
+

Интервал:

-
+

Закладка:

Сделать
1 ... 44 45 46 47 48 49 50 51 52 ... 167
Перейти на страницу:
дацара нохчашна. Амма ламанхойх вийна стаг, Iедалах ларвелча а, кIелхьара ца волура. Цара шайн вийначу стеган чIир йоькхура, мацца йоькхий а. ЧIирах, мостагIаллех кхоьруш делахь а йа иза шайн лулахо, дегIастанхо, шаьш санна, бусалба хиларна делахь а, оццул къиза Ханжалов ца вуьйш витира нохчаша. ШолгIа: Нохчийчохь шен тIеман-колониальни къиза урхалла нохчийн луларчу къаьмнех болчу нехан куьйгашца латтадора Iедало. Ткъа оцу къизачу администраторшка нохчийн цабезам, цатешам, мостагIалла церан къаьмнашна тIе а даьржара. Оццу Iалашонца Ханжаловн меттана округан начальник хIоттийнера хIири Галаев.

УстаргIардойн-Эвлахь хиллачу гуламан декъашхошa дог-ойла гIаттийнера Овхьадан. Оцу гуламо Iедалера цхьамогIа политически бакъонаш а йаьхнера нохчашна. ХIетталц йуьртдай а, къеданаш а, молланаш а, йартийн урхаллийн къаной а Iедало хIиттабора. Гуламо инарла-губернаторера бакъо йаьккхира уьш йарташка шайгга харжийта. Герз а ца хьедеш, цIий а цa Iанош, иштта машаречу, политикин а, демократин а некъашца халкъана маршо йухаерзайаларе дог дохура Овхьада.

ХIокху муьрехь дIатетта йиш йоцуш цхьа гIуллакх а нисделлера Овхьадана. Россехь революци йолаелча, помещикийн бахамаш баго а, тало а болийра ахархоша. Уьш ахархойх ларбан, ламанхойх йолахой вовшахтухуш дара Iедал. Йолахочунна шарахь 460 сом йал а, говр а, духар а лора. Цул совнаха, доггаха гIуллакхдеш гоьваьллачунна мидал йала а, Iедалан балха дIанисван а тIелацам а бора. Оцу гIуллакхна Нохчийчу веанера цхьа хIуьнехдина полковник Загоскин. Нохчех ши бIe йолахо карийнера цунна. Царна ахча а, духар а дIаделлера цо, ткъа говраш цига дIакхаьчча лур йу а, аьллера. Доцца аьлча, ши бIe нохчо резахиллера йолахо хила. БIешерийн дохаллехь шаьш лоллехь латточу помещикашна дуьхьал шайн маршонехьa, бакъонашкахьа гIевттинчу оьрсийн ахархошна тIехь чаьлтачийн декхар кхочушдан. ХIуъа дина а, нохчий цига ца бохуьйтуш, совцо безара. Вуьшта а сийсазе дукха цIерш техкина нохчашна. Царна тIе йолахой, чаьлтачаш боху эхье цIе йоккхуьйтийла дацара. Уьш ца бигийта, гIалара белхалой гIовтто безара. Теркан областерчу кегийчу къаьмнашна тIера Пачхьалкхан Думехь депутат ву Эльдарханов Таьштамар. Цунах а, кхечу накъостех а дагавала а везара иза.

2

Керлачу законаца йуьртан урхалла харжа веана пурстоп Хамов йуьртден СаьIадан хIусамехь хьевеллера. Амма майдана гулбеллачу нехан хIумма а са ца гатлора. Сарралц кхузахь Iийча а, кхачалур доцуш, дийца дуккха а керланаш дара церан. Барт бича санна, хIора тобано, декъна, цхьацца дуьйцура.

Цхьанхьа лаьттачара дуьйцура обарго Зеламхас шен мостагI, хьалха округан начальник хилла Добровольский а, цуьнца хилла эпсар есаул Нецветаевский а верах лаьцна.

Кхечухьа – оьрсийн-японски тIамера нохчийн дошлойн бIо цIа берзарх лаьцна. Оцу тIаме ваханчу кхаа гатийуьртахочух цхьаъ бен цIа ца веанера. Иза Солтханан Солта вара. Мацах цкъа оьрсийн-туркойн тIаме вахана шен да санна, хIокху тIамехь шен аьрру пхьарс а битина веанера Солта. Бакъду, тIамехь майралла а, хьуьнарш а гайтарна, Солтина, мидалан меттана, жIар йеллера. Амма цо иза цкъа а некха тIе ца уллура. Керстанаша шайн Делан метта лоруш ма йу иза.

Кавказерчу къаьмнех вовшахтоьхначу дошлойн бригадерчу ламанхойн сихха дог делира империалистийн шина пачхьалкхо шайн олаллин классийн хьашт-дезарийн дуьхьа бечу оцу харцонан тIaмах. Уьш йолах салт бовлуш цаьрга аьллера, Японис вайн йукъарчу даймахкаца тIом болийна, вайн йукъара даймохк ларбар Россехь дехачу массо а къоман сийлахь декхар ду. Aмма, цига дIакхаьчча, царна хиира, и тIом вовшахлетачу шина а пачхьалкхан бехкенна болабеллийла а, цара шайн къинхьегаман халкъийн хьашташ ца лоьхийла а. Уьш кхитIе а карзахбохура салтий эрна хIаллакбечу инарлийн сонталло. ДIадаханчу шеран октябрехь Манчжурехь, Лапузо йуьртана уллохь, нохчийн а, гIебартойн а шина бIоно сацам боллуш дуьхьало йира фронтах хьалхарчу позице баха. Цара командованига дIахьедира, шайна хIара тIом оьшуш а бац, шаьш кхуза Iехийна далийна, шаьш даймахка цIа дерзаде аьлла. Шайн лехамаш командованис кхочуш ца бича, герзашца цхьаьна даймахка цIа берза новкъа белира и ши бIо. Амма царна тIаьхьадаьккхинчу гIалагIазкхийн дошлойн эскаро, тIаьхьа а кхиъна, гуo а бина, герз дIа а даьккхина, йухабалийра. Дукха хан йалале ханна йолчу тIеман-аренан суьдо Мукденехь кхел йира «бунтана» бехкечарна. Шина бIон командирашна – нохчочунна Тасмахилов Пашиний, гIебарточунна Керифов Зелам-Гериний – вен кхел йира. Шовзткъе йалх нохчочунний, ткъе шина гIебарточунний Сибрехь каторгехь йаха итт шарера берхIитта шаре кхаччалц хенаш туьйхира. Уггар хьалха кхойттаннах шина бIаьхочун – Гати-Юьртарчу Аьрзун Мохьмадан а, Аьрсамирзин Эламирзин а – суд хилале вада аьтто баьллера.

Тасмахилов Пашина вен йина кхел, тIамехь цо гайтина майралла а, даккхий хьуьнарш а тидаме а эцна, дошлойн бригадан командиран эла Орбелианин а, инарла-адъютантан Мищенкон а дехарца, фронтах командующис – инарла-адъютанта Куропаткина – каторжни белхан итт шарца хийцира2.

Шайн кIезиг махкахой Генарчу Малхбалехь империалистийн тIамна дуьхьал гIовттар сихха хиира Нохчийчохь. TIaмo жимайинчу Терско-Кубански дошлойн полкана керла йолахой вовшахтоха гIертарх гIуллакх ца хилира Iедалан. Хьалха тIаме баханчарна шарна 240 сом деллера, ткъа хIинца 480 сом лора, амма Нохчийчохь Iедална керла йолахой ца карийра. Шайн махкахошна йинчу къизачу кхело карзахбаьхначу ламанхошна йукъахь бунт эккхарна кхеравеллачу Кавказан наместникан дехарца Терско-Кубански дошлойн полк, фронтера цIа а йалийна, дIасахецнера.

Цхьана тобанехь дуьйцура, Россехь стражникийн декхарш кхочушдан йолахой лаха Нохчийчу цхьа полковник веана, цига воьдучунна шортта ахча а, говр а, тIедуха-когадуха а ло, Мудар а, Расу а цига ваха резахилла бохуш.

ТIаьххьара а дуьйцу керланиг дара Кавказан сардал Воронцо-Дашков Соьлжа-ГIала вар. Нохчаша, гIалгIаша, хIираша, гIебартоша цуьнга мосазза а кехаташ йаздина хиллера, шайн латта кIезиг ду, гIалагIазкхийн а, хьоладайн а долахь шортта мохк бу, цунах цхьажимма мукъана а шайна латта лахьара, налогаш а лахйахьара, ца дoгIy гIуданаш а ма деттийтахьара, шайн къаьмнийн гIиллакхаш а, амалш а тидаме а оьцуш, паччахьан Iедал тIедале шайн ма-хиллара, йуьртан урхалла мукъана а шайгга харжийтахьара, шайгара Iазап жимма мукъана а дайдахьара бохуш.

Нахана моьттура, ша Соьлжа-ГIала веача, йарташкара лоруш болу нах шена тIе а бехна, царах дагавуьйлуш, сардала нохчашкара хьал толлур ду. Иза аьттехьа а ца хиллера. Гатийуьртахоша къастийна Овхьад, Iела, Ахьмад, Солта а витина, СаьIад, Хьуьси, Iабди, Инарла а вигира цига Галаевс. Уьш цигара цIа баьхкича, хиира нахана, нохчийн дехарна жоп луш, йартийн урхалла харжа сардала бакъо йалар. И бакъо-м УстаргIардойн-Эвлахь хиллачу гуламехь областан начальнико хьалххе ма йеллера царна. Ткъа латта далар а, налогаш лахйар а, гIуданаш дIадахар а, кхидерш а хьеха а ца дайтинера сардала.

Шеца кхо салти а валош, гатийуьртахошка йуьртда а, йуьртан урхалла а харжийта, кхуза веанера пурстоп Хамов.

Баккхийчу нехан тобанца волу Аьрсамирза, церан къамелашка ла а доьгIуш, вист ца хуьлуш хиъна Iара. Цуьнан дог ца догIура оцу эладитанашка ладегIа. КIантах хилларг цахааро боккха сингаттам бинера цуьнан дагна. ТIамехь вийнехь а, дог диллина Iийр вара иза. Накъостий санна, хан тоьхна, Сибрех

1 ... 44 45 46 47 48 49 50 51 52 ... 167
Перейти на страницу:
На этой странице вы можете бесплатно скачать Дарц - Абузар Абдулхакимович Айдамиров торрент бесплатно.
Комментарии
Открыть боковую панель
Комментарии
Вася
Вася 24.11.2024 - 19:04
Прекрасное описание анального секса
Сергій
Сергій 25.01.2024 - 17:17
"Убийство миссис Спэнлоу" от Агаты Кристи – это великолепный детектив, который завораживает с первой страницы и держит в напряжении до последнего момента. Кристи, как всегда, мастерски строит