Категории
Самые читаемые
RUSBOOK.SU » Проза » Историческая проза » Дарц - Абузар Абдулхакимович Айдамиров

Дарц - Абузар Абдулхакимович Айдамиров

Читать онлайн Дарц - Абузар Абдулхакимович Айдамиров

Шрифт:

-
+

Интервал:

-
+

Закладка:

Сделать
1 ... 141 142 143 144 145 146 147 148 149 ... 167
Перейти на страницу:
Iела, хьо ган лаар бен, кхин гIуллакх долуш а ца веана со-м. Наха хьо вуьйцу хезча, ган сатесира ас. Дуьне девзина, халонаш лайна, баланаш Iийшина, замано хьекъал делла стаг ву, олу хьуна наха. Хьоьгара хьехар а оьшура суна. Хьо ган а лаьара. Мел дийцича а, Шемалан бIаьхойх нах кIезиг бисина хIинца. Ахь бехк ма билла, Iела, кхечу гIайгIа-баланашна хIокху тIаьхьарчу хенахь доьзалан бала а тIекхетта суна. Доьзалан ойла йечуьра-м цкъа а ца ваьллера со хIокху цхьайтта шарахь. Иза хIокху махкахь болуш а. Хьуна хезна хила мега, стохка Сибрех бахийтина иза.

– Хезна суна. Боккха буй хьан доьзал?

– Сан хIусамнана а, пхи бер а ду. Вешех Солтамурдах йисина Зезаг а, цуьнан кIант а. Ши зуда а, йалх бер а. Ойла йехьа, Iела, генахь, пана махкахь, боьршачу нахана а халчу Сибрехь – йалх бераца ши зуда. Оьрсийн мотт а, йоза-дешар а ца хууш.

– Кехат догIий цаьргара?

– Шозза деана. Ах шо ду ца догIу.

– Мичахь бу уьш?

– Минусинск олучу меттехь. Муха мохк бу-те иза? Хьо хиллий цигахь? ЦхьакIеззигчу хенахь Сибрехь хилла со. Амма и Минусинск йуьйцу ца хезна суна.

– Со а ца хилла Минусинскехь. Цунна малхбалехьа, Нерчинскехь, йаьккхина ас сайн дукхахйолу хан. Оцу шинна йуккъехь, герггарчу хьесапехь, кхузара дIа, Хонкара санна, некъ хир бу. ТIаьххьара деаначу кехато хIyн бохура?

– Йоккхахчу йоIа йаздинера иза. Шаьш могаш а ду, цигара оьрсий чIогIа дика а бу шайца бохуш. Сох лаьцна газеташа йаздинарг доьшу, бохура, цигарчу оьрсаша. Цара шайн цIа хьошалгIа а кхойкхуш, сох лаьцна хабарш дуьйцуьйту, боху. Цхьана меташкано шайна оьрсийн йоза-дешар Iамийна, боху. Массарна а гIеххьачул оьрсийн мотт а Iемина шайна, боху.

– ХIаъа, вайна чIогIа оьшу оьрсийн мотт а, йоза-дешар хаар а. Иза ца хуу стаг хьайбанах тарло, вайн махкара араваьлча. Ткъа Iедало вайн бераш Iамо ишколаш ца йоьллу йарташкахь. Дуьненан Iилманна тIе ца кхочуьйту нохчий. Бодане стаг Iехо атта ма ду. Зуламе гIуллакх серлонгахь ца дало. Амма кIез-кIезиг вайна йукъара а буьйлу дуьненан Iилма Iамийна нах. Бакъду, уьш цхьаберш Iедало ша Iамабо. Ишттанаш, Iедалехьа а бовлий, вайн халкъана коьшкала ховшу. Даим хир дац иштта. МостагIийн карахь делахь а, Iилманах пайда хилаза дуьсур дац халкъ. Вайн халкъана дуьненан Iилма оьшу. Iедале, хьолахошка ша ца Iехадайта. Цара шена тоьхначу буржалех маршадала. Вайна бусалба динан Iилма а оьшу, садоIу хIаваъ санна. И Iилма кIорггера цахаар бахьана долуш, шариIатана йуьстахдуьйлу вай. Дала хьанал динарг а, хьарам динарг а къасто ца хаьа. И ши Iилма халкъана хаахьара, хIapa таханлера зуламаш а, бохамаш а хир бацара вайн махкахь.

Дуьйцурш ца кхачош, пхьуьйра-ламаз тIехтилийтира цаьршимма. Буьйса йуккъе йахча, ламазана хIоьттира.

– Йа АллахI, хIай веза, сийлахь, къинхетаме Дела, – доьхура Зеламхас шен доIанехь. – Нагахь Хьо резавоцург ас дагалацахь, оцу тIера сан ойла йохаелахь, сан куьйгаш, когаш йухаозалахь. Нагахь ас бакъонца дерг, Хьо реза верг дагалацахь, иза кхочушдан суна ницкъ лолахь, сан дог, куьг чIагIделахь, бIаьрг серлабаккхалахь. Йа АллахI, хIай ницкъ болу, комаьрша Дела, йамартлонах, тешнабехках, йуьхьIаьржонах ларвелахь со, сан Iожалла ийманехь йелахь. Харцонашца къуьйсуш, лаамца а, лаамаза а ас леточу къиношна суна гечделахь. Йа Аллах, хIай къинхетаме Дела, ас дIакхоьхьучу хIокху декъазчу новкъа волучух, хIокху харцдуьненахь токхучу а, ловчу а Iазапах, халонех, баланех ларвелахь бусалба а, керста а. Со бахьана долуш махкахдаьхна адамаш могаш-маьрша цIа дерзаделахь, адамашна хилла зенаш беркате меттахIиттаделахь. Беллачарна гечделахь, уьш декъалбелахь, йа АллахI, хIaй тхан сийлахь, воккха, комаьрша, къинхетаме Дела…

Мисканна дика хаьара мацца а цкъа, цхьана дийнахь йа буса, цхьаьннан йамартчу матто шена тешнабехк бийр буйла. Амма ца хаьара, и йамартхо ша тешаш волу стаг хир вуйла. Мискачу нахера Iедало дIадаьккхина берхIитта бIе туьмий, кхо бIе десятина латтий схьа а эцна, цомгаш, кIелвисина Iуьллучу шена тIе Iедалан йолахой балор буйла а, хIинцa санна, доIина куьйгаш лаьцна, Далла дуьхьалхIоьттина Iаччохь, йамартлонца шена тIехьашхула, букъах топ тухур йуйла а…

Эрна дара оцу мисканан доIанаш…

ХIокху минотехь Зеламхина ца хаьара генарчу Минусинскехь шен жима Ахьмад а, Солтамурдан Лом-Iела а велла, Беци а, Зезаг а, диъ бер мара а къуьйлуш, бIарзйелла хьийзаш хилар…

3

БуритIахь набахтехь бархI баттахь латтийча, цхьана дийнахь Iуьйранна шайн кIезигчу сал-палца станце а бигна, корашна аьчган чIораш лаьцначу шатайпачу вагон тIе хьалабехира БецигIар.

Вагонах масех купе йара, неIаршна догIанаш а тухуш. Сени чохь, сих-сиха хийцалуш, хадеш салтий хуьлура. Вагонах цхьана йистерчу купе чохь гаттехь тIекIел дIатарбина Беци, Зезаг, йалх бер, неIарна догIа а ца тухуш, маьрша битинера. Кхечу купеш чуьра тутмакхаш гора царна, салташа уьш нишка буьгуш.

Цхьана баттахь некъ бира цIерпошто. Йуьхьанца – къилбаседа-малхбалехьа, тIаккха – хаддаза малхбалехьа. Корехула арахьаьжча, гора бес-бесара Iалам. Йист ца гуш йаьсса, шера аренаш, раьгIнаш, хьаннаш, даккхий а, кегий а хиш. Даим дIа лерехь дара керчачу чкъургийн цхьанаэшшара татанаш, паровозо, йиш хаьлча санна, доьIу са а, станце кхочуш, хьоькху цIогIа а. Цхьацца станцешкахь паровоз чу хи дуттуш, даго дечиг тIедоккхуш, соций, йехха лаьттара цIерпошт. ТIаккха, меттахйолий, Iаьржа кIур туьйсуш, малхбалехьа дIаоьхура.

Йуьхьанца цIерпоштан некъаца йолу меттигаш, йарташ, хиш, хьаннаш гуш самукъадолуш, кор къуьйсуш, арахьуьйсура бераш. Масех де даьлча, иза кIордийна, цхьацца ловзарш вовшахдетташ, туьйранаш дуьйцуш, хан йойура цара. ХIора дийнахь дийца керла туьйранаш а ца хуьлура, цхьатайпа ловзарш а кIордийра. ХIинца уьш дукхахьолахь набарш йеш Iохкура. Мелла а самукъадолура церан салтичо купе чу кхача беача. ГIаддайна кхача бара иза а. Iаьржа бепиг а, чохь копаста йа берцан Iов кхехкийна сирла чорпа, йа коча худар. Оцу кхачанах боьллера уьш набахтехь. Цабевллачу денна буура. Мацалла кIел ца диса.

Баттахь гергга некъ бича, Красноярскехь цIерпошта тIера охьа а биссийна, хинкеман тIеховшийна, къилбаседехьа дIабигира уьш. Къилбаседехьа дIа мел гIоьрти, хи шорлора. Кеман тIехь а, лаха чохь а шатайпа доккха ши цIа дара тутмакхаш чохь латтош. Божаршна а, зударшна а, вовшех къастийна. Кхузахь а БецигIарна шайнна жима каюта къастийнера. Наггахь цхьана-шина сохьтана палуби тIе хьалабовлуьйтура уьш, цIенчу хIаваэхь садаIийта. Бакъду, пассажирашна улло ца бохуьйтура. Бакъо йелча а, цаьрца къамел дан оьрсийн мотт ца хаьара царна. Оцу сохьташкахь гора царна и исбаьхьа, шуьйра Енисей, цунна тIехула, морзахдуьйлуш, дIасалела тайп-тайпана хинкеманаш а. Шиний aгIop генахь луьста, лекха, йуькъа хьаннаш а, наггахь кегий йарташ а.

Къилбаседехьа мел гIоьрти, шело чIагIлуш хаалора. Хин шина а йистонца стомма ша гора. Деа дийнахь некъ бича, церан кема цхьана жимачу йуьрта уллохь сецира. Кеман тIе хьалаваьллачу шина жандарме дIабелира уьш хIетталц хIокхарна ха деш хиллачу салташа. Шина жандармо хIокхарна тиша кетарш, валенкаш, лергаш

1 ... 141 142 143 144 145 146 147 148 149 ... 167
Перейти на страницу:
На этой странице вы можете бесплатно скачать Дарц - Абузар Абдулхакимович Айдамиров торрент бесплатно.
Комментарии
Открыть боковую панель
Комментарии
Вася
Вася 24.11.2024 - 19:04
Прекрасное описание анального секса
Сергій
Сергій 25.01.2024 - 17:17
"Убийство миссис Спэнлоу" от Агаты Кристи – это великолепный детектив, который завораживает с первой страницы и держит в напряжении до последнего момента. Кристи, как всегда, мастерски строит