Категории
Самые читаемые
RUSBOOK.SU » Проза » Историческая проза » Дарц - Абузар Абдулхакимович Айдамиров

Дарц - Абузар Абдулхакимович Айдамиров

Читать онлайн Дарц - Абузар Абдулхакимович Айдамиров

Шрифт:

-
+

Интервал:

-
+

Закладка:

Сделать
1 ... 121 122 123 124 125 126 127 128 129 ... 167
Перейти на страницу:
буса, буькъа хатт а, нитIa а кегош, винчу йуьрта Йоккхачу АтагIа вогIура Аюб. Кхана гIурбанан беттан хьалхара де ду. Цуьнан дас ТIамас хьалхарчу дийнахь даим а бежана дуьй гIурбанна. ХIинца а цунна барстийна сту бу цуьнан. ГIурбанан беттан хьалхарчу дийнахь даим а Аюб цIахь хила лаьа цунна. Селхана Аюбе хабар тоьхна цо, нагахь санна аьтто нислахь, цIа вола аьлла.

Ломара охьа Дуби-Эвла кхаччалц говрахь веара иза. TIаккxa маьркIажал тIаьхьа, цигахь доттагI волчохь говр а йитина, гIаш некъ беш вогIура. Говрахь стаг билгал ма хуьлу новкъахь дуьхьалнисвеллачунна. Сих-сиха соьцуш, эткех летта буькъа хатт охьабожабора цо карарчу гIожах хьокхий. Буьйса шийла йелахь а, букъа тIера коч йашош хьацар даьллера. Коча тийсина а, йукъах дихкина а герзаш дазделлера цунна. Йоккхачу АтагIара чиркхийн серлонаш гучуйевлча, некъа йистехь Iуьллучу боккхачу тIулга тIе охьа а хиъна, настаршка садаIийтира цо. Цхьадика, церан цIенош йуьртан сехьа йистехь дара, царал схьанехьа масех цIа бен доцуш. Боккхачу урамехула цIа ваха а кхоьрура иза. Лулахойн бошмашкахула ваха дезара.

Доккха бахьана дара Аюбан ларваларан. Нийсса кхо бутт хьалха йамартлонца кхузахь вийнера цуьнан йуьртахо, доттагI, обарг Хасун Абубакар.

И шиъ, вовшех ца къаьсташ, ши доттагI вара бераллехь дуьйна. Шаьшшиннах обарг хир ву бохург цкъа а дага а ца догIура. Нийсархошца Органан тогIи чохь, хьаннашкахь ловзуш дIайоьдура бералла. Аьхка луьйчуш, чIерий лоьцуш. Хьаннашкахула кхерсташ. Йуьртарчу хьуьжарехь доьшуш а. Iаьрбан йоза-дешарца цхьаьна оьрсийн йоза-дешар а Iамийра Аюба. Цуьнан шийтта шо кхаьчча, дас ТIамас Соьлжа-ГIала оьрсийн ишколе деша дIавелира иза. Цигахь дикка кхиамаш а хилира цуьнан. Амма кхо шо даьлча, ишкол йита дийзира. Доьзалан аьтто бацара кхидIа дешийта. Амма Аюба ламанхойх дог лозучу оьрсийн йаздархойн Пушкинан, Лермонтовн, Толстойн книгаш йоьшура. Цаьрца цхьаьна цо йоьшура нохчий сийсазбеш, уьш бандиташ, разбойникаш, адамашдайархой, акха адамаш ду бохуш, кхечу оьрсаша йазйинарш а. Цкъа Абрамов Яковн «Кавказан ламанхой» цIе йолу жима книжка карайеара цунна. Абрамовс ма-дарра гайтинера паччахьан Iедало ламанхошна, къаьсттана нохчашна, тIехь латто харцонаш. Къоначу Аюбан даг чохь, цкъа а машар хир боцуш, цабезам а, мостагIалла а гIеттира паччахьан Iедале. Къоначу Аюбана ца хаьара и шен дог-ойла къайлайаккха. Цо кхайкхайора иза халкъа йукъахь. Йуьртдега, пурстопе дуьххьал дIаолура ша резавоцург. Аюб, лаьцна, набахти кхоьссира. Цигара дIа Сибрех ссылке вахийтира пхеа шарна. Иза, ведда, цIа веара. Амма шен хьалхалера ойланаш хийцаелла ца веара. Мелхо а, уьш чIагIйира набахтехь а, ссылкехь а цуьнца нисбеллачу политически тутмакхаша. Аюб, шозлагIа а, лаьцна, ссылке вахийтира. ХIинца итт шарна. Амма иза шозлагIа а ведира. Iедал йуха а цунна тIаьхьаделира. Аюбана кхин некъ ца бисинера, цхьаъ боцург. Обаргалла.

Аюб ссылкера шозлагIа, ведда, цIа веача, Абубакар Зеламхица вара. Накъосташца гIалагIазкхийн станице къолах вахча хиллачу кхийсаршкахь хIокхара масех гIалагIазкхи вийнера, ткъа Абубакарна чов хиллера. Иза хиънера пурстопана. Ша лаца хьовзийча, Зеламхех дIакхийтира Абубакар. ШозлагIа ведда, ссылкера цIа веача, Абубакарца вахана Зеламхех дIакхийтира Аюб а.

Цкъа а вовшах ца къаьсташ, исс шарахь обарг лийлира и шиъ. Уггар кхерамечу операцешка а цхьаьна воьдура. Кхераме киртиг тIехIоьттича, Iожалла тIегIоьртича, вовшийн ларвора. ТIаьххьара сискалан йуьхк, йоькъий, йуура, духар а, герз а йукъара дара цушиннан. Амалш а цхьатера йара. Мел кхерамечу хьоле нисвелча а, Iожаллина хьалха хIоьттича а, вовшашца забарш ца йуьтура. Ший а дегабааме вацара, дог-цIена, оьзда, майра, самукъане вара. Къоначу хенахь цхьаьний синкъерамашка а лийлира. И шиъ тIехьийзина, цаьршиммо йалийна ши йоI а ши доттагI йара. Аюбал цхьа шо воккха вара Абубакар. Вовшашца барт а бина, Абубакарна хьалха йалийра зуда. Цуьнан ловзар дIадирзинчул тIаьхьа цхьа бутт баьлча, Аюбана йалийра. Шиннан а шишша бер а дара церан – цхьацца йоI а, цхьацца кIант а. Къена дай-наной а бара, амма шиннан а вежарий бацара. Цундела вовшех ваша а тарвина, хан йаьккхира цаьршимма.

ХIинца тIетовжа верас воцуш, гIийла дисина Абубакаран къена да-нана. Жимачу шина бераца хеназа жоьра йисина къона Шовда. Церан доладан декхар ву Аюб. Шен ден-ненан, доьзалан санна…

Лулахойн ши беш а хадийна, шайн бешахула керта вахара Аюб. Да-нана а, цуьнан доьзал а бехачу шина цIийнан корашкахь чиркхан серлонаш къегара. Йуьхьанца xIapa ца вевзина, хIокхеран месала жен-жIаьла дера лета дуьйлира, тIаккха хIара вевзича, хьалакхийсалуш, цуьнан некха тIе когаш бетташ, хьестадала дуьйлира.

Буса тIаьххьалц да-нана долчохь а Iийна, охьавижа доьзал болчу вахара Аюб. Стенна делахь а, сатоссучу хенахь самавелира иза. Йуха набкхетарг хиларх дог диллинера цо, амма ламазана гIатта а мало йеш, цхьацца ойланаш йеш, дуккха а Iиллира. Аюб иштта сема Iуьллуш, лулахойн жIаьлеша гIовгIа йаьккхира. Дера лета дуьйлира церан жIаьла а. Вуьшта а даим сакх хуьлу Аюб, сихха шена тIе бедарш, кога пазаташ йуьйхина, зудчо йакъайала пешан белшаш тIе хIиттийна эткаш кога а оьзна, йукъах патарманийн гIап йихкина, топ схьа а эцна, хилларг хIун ду хьажа аравала гIоьртира. Амма зудчо сацийра.

– Хьо ара ма валахьа. Со хьожур йу, и жIаьлеш хIунда лета, – Аюб йуха а теттина, арайелира иза.

Пурхе йаьллачу цунна кетIахь масех стаг гира. Царна тIехь ламанхойн духар делахь а, шатайпачу куйнех а, коча тийсинчу таррех а, маж-мекхех а уьш гIалагIазкхий хилар хиира цунна. Шена уьш ца гинчуха, шек йоцчуха, меллаша йуха а йаьлла, цIа чу йахара иза.

– ГIалагIазкхий бу кетIахь лаьтташ! – йагийча санна, мохь белира цуьнан.

Аюб аравала гIоьртича, цуьнан дегIах хьаьрчира зуда.

– Цара вуьйр ву хьо! Сан докъа тIехула бен аравер вац хьо!

Аюба шех хьаьрчинчуьра дIайаьккхира иза.

– ДIайала! Хьо хьерайаьлла? Каравахча, ирхъуллур ву цара, Саламбек санна. Дуьхьало йича, вай дерриг а дойур ду, берашца цхьаьна. КIелхьарвала хьожур ву со!

БIаьрнегIар тухучу йукъана цо ойла йира хIоьттинчу хьолан. ЦIийнан тIехьарчу пенан кор дац. Тхов тIе хьалавала меттиг а бац. ЦIенна го бина хир бу. Цхьа некъ бу цунна. НеIарехула ара а иккхина, мостагIашна йуккъехула чекхваьлла, вадар. Аюба иза къастийра. Далла тIе болх а биллина, цIеххьана неI а йиллина, топ хьала а лаьцна, араиккхира иза. Кертахь лаьтташ Кибиров а, ши гIалагIазкхи а вара.

– Саца! ТIетуху хьуна! – мохь туьйхира Кибировс.

Аюб ца сецира. Иза пурхин дохалла дIахьаьдча, араиккхира да. Цунна кхетарна кхерабелла севццехь а, уьш тоьпаш ца тухуш севцначу йукъах пайда а эцна, ведда, хьаьжкIийн дайна тIехьа иккхира Аюб. ТIаккха бешарчу дитташ тIехьа а лечкъаш, ведда, керта тIехула лулахойн беша иккхира иза. Цигахь гIалагIазкхий лаьттара, хIокхунна тIе тоьпаш а лаьцна. ХIapa ма ве, дийна схьалаца аьлла, омра хиллера а хаац цаьрга, амма тIе ца тухуш, маьхьарий хьоькхура цара. Аюб шолгIачу беша иккхича, гобаьккхина тIе герз детта долийра цунна. Аюба топ йеттара массо а aгIop.

1 ... 121 122 123 124 125 126 127 128 129 ... 167
Перейти на страницу:
На этой странице вы можете бесплатно скачать Дарц - Абузар Абдулхакимович Айдамиров торрент бесплатно.
Комментарии
Открыть боковую панель
Комментарии
Вася
Вася 24.11.2024 - 19:04
Прекрасное описание анального секса
Сергій
Сергій 25.01.2024 - 17:17
"Убийство миссис Спэнлоу" от Агаты Кристи – это великолепный детектив, который завораживает с первой страницы и держит в напряжении до последнего момента. Кристи, как всегда, мастерски строит