Категории
Самые читаемые
RUSBOOK.SU » Проза » Историческая проза » Лаьмнаша ца дицдо - Магомет Абуевич Сулаев

Лаьмнаша ца дицдо - Магомет Абуевич Сулаев

Читать онлайн Лаьмнаша ца дицдо - Магомет Абуевич Сулаев

Шрифт:

-
+

Интервал:

-
+

Закладка:

Сделать
1 ... 8 9 10 11 12 13 14 15 16 ... 122
Перейти на страницу:
тоьпаш, бомбанаш йетташ. Бераш мацаллех дадийна догIу хIордан кеманаш а, тухий, хин буха дохуьйтура берашца.

Амма мокхазах тера лаьттара ленинградцаш. Цаьрга радиочухула дерриг а советски халкъан цIарах кхойкхура генарчу къеначу казахо:

— «Ленинградхой! Гур дац эшна шу! Къена Джамбул шух дог тешна ву».

ДЕН ВЕСЕТ

Мархех халла чекхъйуьйлучу маьлхан зIаьнарша гIийла къагийна башлаьмнийн кIайн кортош бен доцуш хьуьйсура карзахдаьллачу дуьнене.

Сендала тIаьхьадахана аьрцнаш сингаттаме гора. Март беттан йуккъера ши-кхо де къегира, «хIинца-м бIаьсте а еъна ели» моттуьйтуш. Амма оццу деношкахь ТавсолтагIеран уьйтIахь xlop шарахь а кхеран кхура тIехуу алкханч, йажа лаьтта охьайоьссинчохь, боргIало, тIекхетта, зIок а йиттина, йийна Iуьллура. Цуьнга охьахьаьжначу Тавсолтас элира:

— БIаьсте йуьйхи… Кхунах бIаьсте хир йац… Май тIекхаччалц.

Баккъал а цул тIаьхьа денош дехха лаьттира шийла, кест-кеста догIанаш а доьлхуш, бIаьсте цкъа а йаьлла йер йуй-те аьлла, хоьтуьйтуш. И кхоьлина денош къагош, радиоссий, газеташий Эскинойчу хаза кхаъ беара: фронтехь а цхьана полке нисвеллачу Иван Саввич Терентьевний, Албастов Керимний, цара «Даймахкехьарчу тIамехь гайтинчу хьуьнаршна», БIаьхаллин ЦIечу Байракхан орденш йеллера. Газеташ вовшашка кар-кара а кхийдош, баккхийбера дешархой а, хьехархой а.

Школин кертахь гулйинчу йуьртахойн митинган президиумехь эсала ул — уллохь Iapa Анна Львовний, Кесирий. Ниночка кара а лаьцна, военкомна йуххехь дIанисвеллера Савва Ильич. Корта а айбина лелара Увайс.

Райкомпартин векало Далхьада шен къамелехь билгалдира xlapa де шозза а хаза хилар: Ленин вина де а дара таханлерниг! Чекхволуш, цо кхайкхира массаьрга а Албастовн, Терентьевн бIаьхаллин хьуьнарех масал оьцуш, тылехь шайн декхарш кхочушдаре. «Асланбек Шериповн» цIарахчу бронепоездана ахча гулдаран а, йуьртахь пачхьалкхан заем йаржоран а верас волчу Тавсолтас хаийтира оцуьнан план Эскинойхь хенал хьалха чекхйалар а, тIе, Даймахканий, Советан Iедалний эшахь «шайн тIаьххьара меже а дIайала Эскинхой кийча хилар а!»

Албастов Увайса шен къамелехь кегийрхойн цIарах элира:

— Ас тешалла до тхо кестта, цхьа-ши бутт баьлча, школа чекх ма-йаьккхи, тхешан берхIитта шераш дузаре ца хьоьжуш, баккхийчарна тIаьххье фронте дIагIуриг хиларх…

Чохь тIараш дийкира.

Селитин тидам хилира: Увайсан хадийна пIелг, цо куьг лелош, вуьйш санна, кхоччуш нис ца лора. Нурседас, лере а таьIна, элира:

— Хьажахь, тапчин лаг озош санна, сеттинчохь биси-кх цуьнан и.

Селита йелакъежира и цунна дага дарах. ЙоьIан йелакъажар шена ду моьттина, Увайс, къамел дIадерзош, Селитегахьа хьаьжира:

— Оха дош ло шуна, — элира цо, «шуна» бохучу дашна тIехь аз а чIагIдеш. — Тхаьш мел халонгахь хиларх, вайн халкъана а, шуна а хьанал хила!

Хьалхарчу могIарехь Iачу Тавсолтас, резахилла, можах ка хьаькхира. Нурседас, шен пхьарс Селитас йухаийзошшехь, куьг айира. Вухахьаьжначу Тавсолтин цIоцкъамаш хебира: «Ванах, кийчча йуьхьIаьржо йу-кх и йоI… Кху нахана йуккъехь хIун ала йоллу-те и хIинца?!»

— Вай тахханехь тIелаца деза, — аз айдина элира Нурседас. — Вешан турпалхойн — Албастов Кериман, Иван Саввич Терентьевн сийнна, кху йесса лаьттачу школин кертахь хIокху бIаьста беш йогIар! И хоуьйтуш, цаьрга йукъахь кехат йаздар а!

Президиумехь Анна Львовнин йуьхь серлайелира. Ша волччохь охьахьаьжира Тавсолта. Нурседас кхин а тIетуьйхира:

— Таханлерачу дийнахь ас доьху вайн комсомольски комитете суо комсомоле эцар а!

Селита ша Iаччохь йулаелира: кхузахь и данне а ца догIура. Цунна гира: хьалха Iачу Тавсолтин ворта цIийелира!

Трибуни тIеваьллачу, колхозан хIинца комсорг а, трактористийн бригадир а волчу, Цултигов Расула школехь йогIа дагалаьцначу бешана оьшу синтарш хилийта тIелецира:

— Амма, аьхка асар деш, дешархоша колхозна гlo дан-м дезар ду! — тIетуьйхира Расула.

— Дийр ду! Дийр ду, — маьхьарий девлира маьI-маьIIехь.

Митинг чекхйолуш, Анна Львовнас, хьалагIаьттина, Кесирин а, шен а цIарах баркалла а аьлла, къамел дерзош, дайшка-наношка дийхира берийн тидам бар, цаьрга дика дешийтар:

— Къаьсттина зудаберашка, уьш йукъах а ца дохуш, — оцу дешнашца йай-й Тавсолтехьа хьаьжира иза. Шех и дешнаш ца тасалучу куьцехь, йовхарш туьйхира Тавсолтас.

Митингехь гулбеллачарна баркалла а аьлла, райкоман векал Далхьад, дагахь воккхавеш, дIавахара. Нурседина вусавелла вахара дIа Тавсолта.

* * *

Малхбузехь чувеъна Тавсолта, вист ца хуьлуш, дIасалелара чухула, бераш чудахказа дара.

— Хезий хьуна, хIей, уьш хIунда хьиэбелла хаьий хьуна?

— Ца хаьа суна-м… Гулам хила мега шайн бохуш-м бара уьш… Хьажий со?

— Эшац! — сацийра Тавсолтас, оцу бехказлонца, мукъане, доладала доллучу девнах кIелхьарайала дагадеъна Нурбика.

— Суна хаьа: хьо йу уьш дIахецнарг! — волавелира Тавсолта. Амма цу сохьтта Даудца цхьаьне йижарий чукхечира. ХIинцца шайн хиллачу собранехь комсомоле дIаэцна Нурседа йекаш йогIура. Кхоьлина волчу дех хьалха бIаьрг кхеттачу Селитас йишина мIар къовзийра, «IадIехьа!» бохучу маьIнехь.

— Схьавоьл! — шена тIаьххье Дауд дехьа чу вигира Тавсолтас.

Дехьа чуьра, неI херайаьллачухула, чIогIа лен ваьллачу Тавсолтин къамел схьахезара:

— Мацах жайна даьккхича кхеттарг хир ву хьо! И хIун ду… йуккъехула, йоIстаг комсомоле ийзор!..

— Дада, хьо дуьхьал ву ткъа комсомолана?

— Вац-те! Велахьара, хьо хIунда волуьйтур вара ас цига, айса вала а аьлла! Зударийн гIуллакх дац иза!.. ХIинца, цига а йаьлла, и буьйсанна собранешкахула лелар дара суна оьшуш! Схьакхайкхал цуьнга!

Нурседа а дехьа чу йигира.

— ЛадогIал! Соьга а ца хоттуш, ахь и хIуьмалгаш леладахь, ас корта схьабоккхур бу хьан! Кхетий хьо?!

Нурседа йист ца хилира.

— Хезий хьуна? Хьоь ца луьй со?!

Нурседа IадIара, ишттачохь шаьш олу: «Дика ду, дада», — ца олуш. Дега а хьаьжна, неIарехьа дIайолайелира иза. Дас тIаьхьашха Iaca ластийра:

— Моьлкъа! ДIабала суна гучуьра!

ДIаиккхина Нурседа неIарх кхийтира, бат а лазош, бIаьштига тIе буьччалг а хIуттуш.

— ДIайала гучуьра! — мохь туьйхира Тавсолтас йуха а.

Нурседа, бетах даьлла цIий куьйгаца дIаса а хьоькхуш, йист ца хуьлуш, чуьра арайелира. Цунна тIаьххье аравелира Дауд а.

— ГIикхдоху-кх ахь и бераш… Ма хилахьа сел кIоршаме! Кхетар бай уьш-м, — йукъагIоьртира Нурбика, тата дайнна йуххехь Селита а лаьтташ.

— КIордийна суна и шун эрна ваIданаш! — когаца неI тоьхна, аравелира Тавсолта…

Сарахь, йуьхь а йилина, хьалххе дIайижинчу Нурседина наб ца кхетара.

«Стенна чуьраваьлла и? — ойла йора цо. — ХIун новкъа ду цунна тхан дешар, комсомоле довлар?» — йух-йуха а хоьттура цо шега. Лаамера йевлла, оьгIазе ойланаш генна дIаоьхура: «Со цкъа-а кхин йист хир йац цуьнга, дIа а-м хьожур йац и… лахь а!» — сацийра Нурседас шен даг чохь дера.

Селита Iуьллура йуххехь, йист ца хуьлуш. Набарна хIорш дIатийначул тIаьхьа, бодашкахь, бай ког боккхуш чуеана, Нурбикас, Нурседина йуххе хиъна, цуьнан коьртах, йуьхьах шен шога куьг хьаькхира. Ненан энжеде куьг девзина, цунна боданехь оба элира йоIа. Йуха Расулан амат дуьхьал а тосуш, набарх йуьйлира иза.

Iуьйранна, цхьаьнгге вист ца хуьлуш, ша схьаэцна гIовтал, маьхьсеш тIе а йуьйхина, йуучух ца кхеташ, гонах хьийзачу Нурбике а дIа ца хьожуш, балха вахара Тавсолта:

— «Карарабовла гIерта-те уьш? Я со тохарлерниг вац-те хIинца?» — ойла йора цо ша новкъа воьдуш.

Нурседа а, Дауд а чохь кхоьлина дара. Селита а

1 ... 8 9 10 11 12 13 14 15 16 ... 122
Перейти на страницу:
На этой странице вы можете бесплатно скачать Лаьмнаша ца дицдо - Магомет Абуевич Сулаев торрент бесплатно.
Комментарии
Открыть боковую панель
Комментарии
Вася
Вася 24.11.2024 - 19:04
Прекрасное описание анального секса
Сергій
Сергій 25.01.2024 - 17:17
"Убийство миссис Спэнлоу" от Агаты Кристи – это великолепный детектив, который завораживает с первой страницы и держит в напряжении до последнего момента. Кристи, как всегда, мастерски строит