Категории
Самые читаемые
RUSBOOK.SU » Проза » Историческая проза » Лаьмнаша ца дицдо - Магомет Абуевич Сулаев

Лаьмнаша ца дицдо - Магомет Абуевич Сулаев

Читать онлайн Лаьмнаша ца дицдо - Магомет Абуевич Сулаев

Шрифт:

-
+

Интервал:

-
+

Закладка:

Сделать
1 ... 9 10 11 12 13 14 15 16 17 ... 122
Перейти на страницу:
цецйаьллера: дас йа тухуш а, сардам буллуш а ца гинера хIинццалц. «ХIун ду-техьа хилларг?» — хоьттура Селитас ша-шега. Даудна а хаьара, деца йа къовса а, йа цо бохург ша дийр дац цуьнга дуьххьал дIаала а шен йиш, бакъо йоций. Цо сацийра: «Цхьадерг цуьнга ца хаьттича а мегар ду». Оцу деношкахь, Дауда гlo а деш, Нурседина райкомехь схьаделира комсомольски билет.

* * *

Школин кертахь беш йогIа йолийра. Маьлхан де дара. Расула, ша ма-аллара, кирлелон машен йоьттина, тоьллачех, лурчахлера синтарш деара. Уьш дIа муха дугIу гайта a, гlo дан а Тавсолта а ваийтинера колхозан правленис. Комсомольцашца цхьаьна Кесирий, Анна Львовний а йара машен тIера синтарш схьаоьцуш а, дIадуьйгIуш а. Дауд а хьийзара шен даимлера мокхачу хуьтан пиджака хьалха, шегахь бен йоцу, и значок а лепош, — значока тIера схьахьоьжура, хьалха цIен бант а латийна, кепки кIелхьара, малх санна, велакъежа Ленин. Иза, таханлера шайн болх къобалбеш, шайна велакъежаш санна хетара берашна.

Расула роггIана тIеоьхучу дешархошна цхьацца синтар лора. ТIейеанчу Нурседас кхоъ дийхира. Тоьллачех хаьржина, кхо синтар дIаделира Расула. Увайса а, Дауда а даьхьира цхьацца! Ор доккхуш воллучу Даудна аьтту агIорхьа шен синтар дIадугIуш Селита а йоллура.

«Дада — бIарна» тIеххьа, хьалхарчу могIарехь, шен кхо синтар дIадуьйгIира Нурседас.

ТIаьххьарчу могIарехь, татола уллохь, дешархошна шен тIоьрмига чуьра гIиpc дIаоьхьуш воллучу Тавсолтех бIаьрг кхийтира Нурседин: массарна а хозуьйтуш, йуьйцура цо, царна хезна а йоцу, асанах бахтарш доху вескет а, жима воттана а, беш кходу урс а, чIода а, хIума йукъаIовду борзморзах а, жIовморзах а, жамбалт а, га хьовзо дечиган гема а, дитта тIера мурйоьлла кевстиг охьахьокху, эшча веназаш а йоху, аьчган гам а, урс ирде ков а… Увайса, xlopa гIиpc а, караоьций, бIаьргашца толлий, блокнота тIе дIайазбора.

— Хьажал кхуьнга а… — велакъежна Тавсолтас, кхин цхьа хIума а гайтира Увайсана.

Йуха а леррина дегахьа дIахьаьжна луьста цIийелира Нурседа: хьастагIа буьйсанна шен цунах хилла йолу челакх ойла дагаеана, «ма дика ду-кх и цхьанна а хуур доцуш», — элира цо дагахь ша-шега. ХIинца туьркан синтар, бер санна, маракъевлина, ор тIе хьош воллучу Тавсолтина тIейедира Нурседа:

— Дада, ас гlo де хьуна!

Малх тIехьаьжча санна, йуьхь серлайелира Тавсолтин:

— Диэ, хьайна лаахь, — хаза а хеташ, шена ца оьшу гlo дайтира цо йоIе: хьастагIа дуьйна вовшашка дист хилаза дара и шиъ.

— ХIинца дIагIо хьайн метте! — йоI сихха йухахьажийра цо — совнах дерг осал хетара.

Тавсолта, шен болх чекх а баьккхина, дIавахара.

Расул тIаккха тIевеара йоIана:

— Ахь кхоъ хIунда дуьйгIи, Нурседа?

— Цхьаъ — сан, важа — Терентьевна, кхозлагIннг — Кериман цIарах дуьйгIи-кх, — элира Нурседас. — Шаьш цIабаьхкичхьана цара а хьалакхиор-кх xlopш!

Расул, ойлане охьа а хьаьжна, соцунгIа хилира: цо шен дагахь цу сохьта тIаьххьара сацийра и йоцург шена кхин цаэшар.

ГIодина а ваьлла, Расул а дIавахара.

«Дада — бIар» долчуьра дIа, тIехьарчу ахкана тIекхаччалц, xlopa могIарехь пхиппа а долуш, хьехархочунна хьалха дуьххьара школе баьхкина дешархой санна, дIахIиттира дуткъий синтарш.

Дешархой гул а бина, Дауда шен некха тIе куьг даьхьира, вела а къежаш:

— Комсомольски комитетан цIарах оха сацам бина, дешаран отметкаш дика а йолуш, шен дитт диках кхиочунна xlopa баттахь xlapa значок йала! — цунна хаьара берашна и значок хазахетийла.

Синкъераме гlyгl делира. Цу дийннахь, и дерриге дуьйцуш, Нурседас йаздина кехат дахьийтира дешархоша фронте.

* * *

Кху аьхка йижарий уьтталгIачу а бовлуш, Дауддий, Увайссий чекхвелира… Шимма а дийхира военкомате шаьшшиъ, тарлахь, цхьаьна полке хьажавар.

Военкомо, тIамехь лазийна чолакх куьг хIоранна белша тIе а дуьллуш:

— КIентий иштта хуьлу! — элира…

Сарахь школехь йинчу комсомолийн собранехь, фронте воьдучу Даудан меттана Нурседа хаьржира комсорг. Селита комсомоле а ийцира… Шимма а, школера чуйеъна, буьйса йуккъе йаллалц, Нурбикица цхьаьна, кечйира кхана эскаре дIавоьдучу Даудна оьшу хIумнаш.

Iуьйранна, сиха хьаьвзина, бевза-безачийн Iодика а йина, Дауд хIинца нара тIехь ойлане Iачу Тавсолтина хьалха хIоьттира.

— КIант! — элира Тавсолтас, — вай йуха гой а ца хаьа, Дела воцчунна! Ас сайн весет цундела хьалххехь дIахоуьйту хьоьга. Адамна дуьнен чохь массо хIуманал дукха дезарг шен са ду, шен сил а дезарг — бер ду! Амма, хаалахь, берел а хьоме бу, хьуна, Даймохк! Хьо лахь а, висахь а, Даймахкана хьанал чекхвалар — сан уггаре а хьалхара весет ду хьоьга! Иванца, Керимца йохье валий, дика кхочушделахь командиро тIедиллинарг! Ца оьшучохь хьайн корта, майралла гайта a гlopтий, Iожална кIел ма лацалахь, амма толамна оьшучохь — и кхоо а ма гIорталахь! ТIаьхьенан ойла тIех йиначух къонаха ца хилла! Iожаллех ларло, амма ма кхера! Тахана дуьххьара араволу хьо хьайн цIентIера: дин некъаца бевза, кIант арахь вевза. Адамашца дог цIена, ийна хила. Царна дика дан мало а ма йе, вониг дан сих а ма ло: ахь диннарг, гобоккхий, духакхочу хьуна. Йуххерчарна хьайн хIума а ма кхоае: нахана делларг — йуха карийна, шена дитинарг — дайна. Хьайна оьшург дика Iалашде, амма хIуманна тIехь сутара ма хила: кIезиг эшнарг хьолахойл а тоьлла. Нахаца чорда ма хила, амма сов кIеда хила а эшац: тIех эсалла — осалла йу. Сов муьста хилахь, наха охьатосур ву, тIех мерза хилахь, верриг дIакхоллур ву. Де тоьлча кура а ма вала, амма де эшарх — кураллех а ма вада: коьртаниг — къонахалла йу! Бакъду, ойла йичахь — дуьне дош дац!.. Амма, кIоргга ойла йича, дуьненал дош долуш кхин хIума а-м дац кху дуьненахь… йуха а къонахчун цIе йоцург! Цундела даьхнел а чIогIа ларйе хьайн цIе: веллачул тIаьхьа а йуьсуйерг иза йу. Хьуо санначу нийсархошлахь накъост харжа — дог цIенаниг, куьг чIогIаниг: цхьана косказа тIехь гена вахалац… Ткъа кегийчу сакхаташна тIехула доттагIчуьнца эгIа кийча а ма хила: айп данне а доцу доттагIа лехнарг ванне а доттагI воцуш висина. ГIалат гечде, йамартло ма гечйе. Хьуо даим тешаме а хила доттагIчунна: накъост кхерамехь а витина, хьуо кIелхьара валахь — дийна воллушехь велла ву хьо тIаккха — хьайн синца! Амма накъостех тарвалархьама цаьргара вониг схьа а ма эца. Цкъа а ма Iамаделахь маларрий, цигаьркий! Зударшца леррина оьзда а хилалахь! TIe… хьо мукъаваьллачу сохьтехь цIехьа кехат а даийталахь! — дехха дийцира Тавсолтас ишта, йукъ-кара соцунгIа хуьлуш, ойлa йеш, кицанаш лехьош. Дийцина ваьлча бIаьрг-негlapш охьадийшийра цо, кIанта аьндолчуьнга ладоьгIуш.

— Дика ду, дада! Ма кхералахь, со ледара хир вац хьуна!

Оцу къамелан а, кху сохьтан а доккхаллех кхетта Дауд ша лаьттачохь вулавелира.

Тавсолтас, нара тIера хьала а гIаьттина, меллаша маравоьллира и. Шен некха тIеоззийначохь латтийра цо и вехха, дагахь доIанаш доьшуш. Ден куьг тIедижжинчохь, шен кач логана тIетаьIча, тIуналла хаайелла,

1 ... 9 10 11 12 13 14 15 16 17 ... 122
Перейти на страницу:
На этой странице вы можете бесплатно скачать Лаьмнаша ца дицдо - Магомет Абуевич Сулаев торрент бесплатно.
Комментарии
Открыть боковую панель
Комментарии
Вася
Вася 24.11.2024 - 19:04
Прекрасное описание анального секса
Сергій
Сергій 25.01.2024 - 17:17
"Убийство миссис Спэнлоу" от Агаты Кристи – это великолепный детектив, который завораживает с первой страницы и держит в напряжении до последнего момента. Кристи, как всегда, мастерски строит