Категории
Самые читаемые
RUSBOOK.SU » Проза » Историческая проза » Дарц - Абузар Абдулхакимович Айдамиров

Дарц - Абузар Абдулхакимович Айдамиров

Читать онлайн Дарц - Абузар Абдулхакимович Айдамиров

Шрифт:

-
+

Интервал:

-
+

Закладка:

Сделать
1 ... 110 111 112 113 114 115 116 117 118 ... 167
Перейти на страницу:
вогIург, говрара чу а вуссий, урх лоций, дехьа-сехьа волура. Гуттар а шех а, шен говрах а тешарг говра тIехь а волура. Сатоссучу хенахь накъосташца цига веанчу Зеламхас шина кIелоне дIанисбира шен тIеман ницкъаш. Шеца Азамат а, Мохьмад а, Бийсолта а витина, тIайна нийсса дуьхьал лекхачу торха тIе охьахиира иза. Отрядан йуьхь тIай тIе йаьлча, тIетоха йезара оцу веаммо. Ткъа Элбарт а, Мута-Iела а, Эдал-Гери а тIайна пхи бIе гIулч лахахь торха тIе охьахиира. Оцу кхааммо, ЗеламхагIара герз тоьхча, отрядан аръергардана тIетoxa йезара, салташна йухабовла некъ ца буьтуш. ВорхIе накъостехь пхоьазза йовлу тоьпаш а, xIoрангахь а цхьацца бIе патарма а, кIелонгахь шаьш хьелахь а аьлла, цхьана денна кхача а, хи а дара.

Малх гIушлакха баьлча, тогIи чохь гучуйелира отрядан авангард. Хьалха говрашкахь гIалагIазкхийн, дегIастанхойн дошлойн ши бIо а, царна тIаьхьа гIашсалтийн ши рота а. Гуттар а тIаьхьа говраш тIехь отрядан сурсаташ, патармийн йаьшканаш, кхиерг йохьуш богIура нуьцкъала арабаьхна гIалгIай.

Зеламха турмалца лерина хьоьжура тIай тIе кхочучу отряде. Говрашкахь хьалхаваьлла масех эпсар вара. Царах шиъ, Андронников а, Донагулов а, вевзира Зеламхина. Цигаьркаш уьйзуш, вовшашца къамеле ваьлла, шеквоцуш вогIура и шиъ.

– Уггар хьалха эпсарш бойур бу вай. Ас Андронниковна тухур йу, ткъа ахь, Азамат, Донагуловна тоха. Мохьмад, ахь а, Бийсолтас а, барт а бай, шаьшшинна цхьацца къаставе.

– Э, Зеламха, со реза вац ахь бохучунна! Андронников суна вита веза!

– ХIан-xIa, Азамат, цо сан доьзал йийсаре бигна. Иза вен чIагIо йина ас.

– Ткъа суна шина гIалагIазкхичуьнга йеттийтина цо! Куьйгаш а, когаш а дехкийтина. Ша тIе а хIоьттина. ЧIоггIа тоха а бохуш. Коьртах, чоьже, чукIеле тоха а бохуш. Там хилла вела а воьлуш, говрах терсаш. ХIан-xIa, Зеламха, и гуьржи ас вуьйр ву. ТIе, тхан Несара округан начальник волчу цо дукха зударий, бераш делхийна. Важа суьйли, Донагулов, вехьа ахь. Иза а ма вара цуьнца хьан доьзал йийсаре лоцуш. Цуьнца хийцалуш, Бецера а, Зезагера а лем оьцуш а. Цуьнан суьйлаша дукха дог этIийна хьан доьзалан.

– Дика ду, Азамат. Андронников хьуна вуьту ас.

ТIаккха, ши бIаьрг лаьмнашна тIехула стигала хьала а боьгIна, даржийна ши куьг доIина хьалалецира Зеламхас:

– ХIай АллахI, хара дуьне-Iалам кхоьллина ницкъ болу тхан Дела! Айхьа кхоьллинчу синошна лаьттахь, хи чохь рицкъа латто къинхетаме, комаьрша Дела! ГIийлачунна, мискачунна, дедоьхначунна орцахволу Дела! Бохаме, халоне нисвеллачунна собар ло Дела! Хьо воцург кхин Дела цахиларх дог тешначу, Ахь ваийтина Хьан лай Мухьаммад пайхамар бакъвинчу, Aхь декъалбина эвлайааш къобалбинчу, Ахь гайтинчу некъахь тхешан ницкъ ма-кхоччу нисдала гIертачу тхох къинхетам белахь, тахана тхуна орцахвалалахь! Нагахь тахана тхо харцонна арадевллехь, тхан бIаьрса бIарзделахь, тхан куьйгаш лахаделахь, тхан дегнаш чу кхерам тасалахь! Нагахь тхан некъ Ахь къобалбеш белахь, тхан бIаьрса серладаккхалахь, тхан куьйгаш чIагIделахь, тхан дегнашна собар лолахь! Хьан бакъ динан мостагIаша бIарздинчу тхуна хIокху керстанех бекхам эца ницкъ лолахь! Хьо воцург орцахвала да воцуш, гIo дан накъост воцуш, хIокху керстанийн Iедало акхаройн амалшка дерзийна, кIелхIотта тхов боцуш, лаьмнашкахула, хьаннашкахула меца, дерзина лелачу тхуна гIo делахь, хIай АллахI, тхан ницкъ болу, къинхетаме, комаьрша Дела!..

ТIай тIекхьаьчча гIаш а бевлла, говрийн архаш лаьцна схьабуьйлабелира эпсарш. Массарна а хьалха вогIура Андронников а, Донагулов а. Цаьршинна тIаьхьа – полковник Курдиев.

– Курдиевна хIун до вай? – хаьттира Мохьмада.

Зеламхина ца дицлора шена кIеззиг а дина дика. Цуьнан кIант Мохьмад, лайлахула ца вахалуш, кIадвелла соьцуш гича, Курдиевс схьа а эцна, говра тIе а ваьккхина, шена хьалха охьахаийнера. Иза ца дицделлера Зеламхина.

– Курдиев ма хьеве.

Цкъа Донагуловн шина бIаьрга йуккъе ниша лецира Зеламхас. Цуьнан хье баржийна дIатаса. ТIаккха даг тIе хьажийра. Амма тоьпан лаг ца узура цо. Оцу шинхьа тоьхча, сихха лийр дара и дахкаделла суьйли! Цуьнан сихха са даккха ца лаьа Зеламхина. Цуьнга xIapa дуьне къаьхьа даийта деза. ХIокху Iедало Зеламхин доьзале санна. Велла а, дийна а воцуш. Мича тоха-те? Ши эпсар тIай йуккъе кхечира. ЦIеххьана дагадеара Зеламхина мича тоха йеза. Донагуловн зуда хаза йу, боху. Цунна дукхайезаш. Иза мел дукхайезахь а, цунна уллора дIаваьлча, кхин зударий а беза, боху. Дийцарехь, и Донагулов зударшца лела кхахьпа ду. И боьршаллин билгало дIа а йаьккхина, ша дуьненахь йоккхучу ханна зударех, самукъанех дIахадо веза иза…

– АллахIу акбар!

Цхьатерра йиъ топ йелира. Андронников а, кхин ши эпсар а охьавуьйжира. Донагулов, чукIела ши куьг а таIийна, цкъа шалха вахара, тIаккха меллаша голаш тIе охьалахвелира. Оццу хенахь кхо топ йелира накъостийн а. ТIаккха шинххьа а сацам боцуш тIеетта йолийра. Омра дала эпсарш синкхетамехь боцуш, цхьана ханна боьхна хьийзира салтий. Говрашкара гIалагIазкхий а, дегIастанхой а, гIаш салтий а, цхьаьнаийна, уьйриг хилла, керчара. Белларш а, чевнаш хилларш а тергал ца беш, уьш хьоьшуш, тIехула лелхаш, ловчкъа меттиг лоьхуш бевдда лелара уьш. Эххар а эпсарш саметта баьхкича, церан омрица чхернаш тIехьа а, оьрнаш чу а левчкъина, цхьа а Iалашо а, низам а доцуш хIаваэ а, дIaca а тоьпаш йетта буьйлира. Болх бан йолайелира масех пулемет а. Амма цара шарахь герз диттича а, кIелонехь болчу ЗеламхагIарна хила зен дацара. Цара дIатуху цхьа а дIаьндарг эрна ца йоьдура. Белла йа чевнаш хилла, охьаоьгура мостагIий. Чевнаш хиллачара узарш дора, орца доьхуш, маьхьарий хьоькхура. Йуьхьанца уьш тергал а ца бора цхьаммо а. Оцу хьовр-зIоврах пайда а эцна, маххьаш охьа а тийсина, шайн говраш хаьхкина, дIабахара кхуза нуьцкъах балийна гIалгIай.

ТIулган бердашна тIе герз деттар эрна дуйла а хиъна, шайна кхин а алсам дараш хилале, байъинарш а, чевнаш хилларш а говраш тIе а бехкина, йухайирзира отряд.

Иза тоьпан дIаьндарг тIе ца кхоче генайаьлча, биргIа йохйеллачу тоьпан хен лаьтта а хIоттийна, отрядан тIаьххьара салти гучуьра валлалц цунна тIаьхьахьоьжуш лаьттира Зеламха. ТIаккха, тIом болабалале санна, ши куьг доIина а лаьцна, лаьмнашна тIехула дIa стигала ши бIаьрг а боьгIна, мохь туьйхира цо:

– ХIай АллахI, тхан ницкъ болу, къинхетаме, комаьрша Дела! Оха хастам бо-кх хьуна, оцу керстанашна тIехь толам баккха ахь тхуна ницкъ баларна!

Важа кхо накъост шайна тIе схьавеача, лаьмнашка хьалавахара Зеламха.

Iассан чIожахь тийналла хIоьттира, цкъа а тIом ца хилча санна.

***

TEPКAH ОБЛАСТАН НАЧАЛЬНИКЕ

1910 шо, 22 сентябрь

№ 1678

Буру-гIала

РАПОРТ

Хьан локхалле хоуьйту, 20-чу сентябрехь Гушмазукаев Зеламхин доьзал йийсаре балийна йогIучу Дагестански полкан йалх сотнина делкъан хенахь, цIорхойн тайпана Ерш-кIотарна уллохь, Iacca-хин готтачу чIожахь кIело а йина, Зеламхин обаргаш тIелатар.

Исс сохьтехь хиллачу тIамехь байъина: Несаран округан начальник, гвардин ротмистр эла Андронников, Кавказски саперни батальонан поручик Афанасьев, Дагестански полкан йолхалгIачу сотнин 5 дошло, Теркан милицин милиционер Циганков,

1 ... 110 111 112 113 114 115 116 117 118 ... 167
Перейти на страницу:
На этой странице вы можете бесплатно скачать Дарц - Абузар Абдулхакимович Айдамиров торрент бесплатно.
Комментарии
Открыть боковую панель
Комментарии
Вася
Вася 24.11.2024 - 19:04
Прекрасное описание анального секса
Сергій
Сергій 25.01.2024 - 17:17
"Убийство миссис Спэнлоу" от Агаты Кристи – это великолепный детектив, который завораживает с первой страницы и держит в напряжении до последнего момента. Кристи, как всегда, мастерски строит