Дарц - Абузар Абдулхакимович Айдамиров
Шрифт:
Интервал:
Закладка:
Эшкалахь Андронниковс ша лем ийцира шина зудчуьнгара. Бецина а, Зезагна а дукха эпсарш гинера. Добровольский, Чернов, Ханжалов, кхин лахарчу даржашкара эпсарш а. ХIapa гуьржи дуьххьара вацара цаьршингара лем оьцуш. И шиъ Iеминера собаре хила а, ларлуш жоп дала а. ХIун дара а, хаац, хIокху мехкан къаьмнех эпсарш къиза хуьлура оьрсел. Андронниковх бIаьрг ма-кхийтти, хиира цаьршинна цуьнгара къинхетаме дог дохийла йоцийла. Хьийзина Iаьржа кIужалш йолуш, хаза йуьхь-сибат а, куьце дeгI а долуш, шовзткъа шо хенара стаг вара и гуьржи. Амма, меха дохка санна, йуьхьигаш ирйинчу дуткъийчу мекхаша а, пхьидан муцIарх терачу дуткъийчу балдаша а, бIаьрнегIарш ца тухуш, лаьхьанан санна, хIиттинчу къорзачу бIаьргаша а гойтура оцу стеган дегIаца оьздангаллин цхьа чо цахилар.
– ЦIе хIун йу хьан?
– Беци.
– Зеламхин зуда йуй хьо?
– Йу.
– Маса шо ду хьан?
– Ткъе пхийтта.
– Бераш маса ду хьан?
– Пхиъ. Ши йоI, кхо кIант.
– Хенаш мел йу церан?
– Йоккхачу йоьIан дейтта шо, жимачу кIентан цхьа шо.
Хеттарш а, жоьпаш а гочдеш гIалгIа вара, уьш дIайаздеш эпсар а вара.
– Хьоьца йерг хIун зуда йу?
– Сан марвешин зуда йу.
– Цуьнан майра мичахь ву?
– Кхо шо хьалха вийна иза.
– Зеламха мичахь ву?
– Ца хаьа суна. Цхьа бутт бу суна иза газа.
Шина дийнахь лейира Беци а, Зезаг а. Цаьршиммо даим а цхьа жоьпаш лора. Эххар а оьгIазвахара Андронников.
– Ас ирхъуллур ду хьо, зуд! – бетах шеташ туьйсуш, Бецина тIекъевкъира иза. – Хьан къотIарчий, арсаш хьоькхуш, дойур ду ас! Дийца, мичахь ву Зеламха!
Цо аьлларг гоч а дина, шеггара тIетуьйхира гIалгIачо:
– Хабар дуьйцу цо. Хьо ирхъолла-м хьовха, хьох пIелг хьакхо а бакъо йац цуьнан. Хьайна хаахь а, Зеламха волу меттиг ма йийцалахь!
– Суна, Зеламха мичахь ву а, дийна ву-вац а ца хаьа. Масех эзар салтичуьнца тIаьхьа а ваьлла, схьалецна, тхо зударий а, бераш а хьийзадо ахь. Иштта хьо майра а, къонах велахь, Зеламха лаца, алахьа цуьнга. Цо ирх а ца уллуш, урс а ца хьокхуш, топ тоьхна, хье дIатосур бу хьан, алахьа цуьнга.
ГIалгIачо и дешнаш ца гочдира.
– Шена Зеламха газа цхьа бутт бу, дийна ву а, велла а, ца хаьа, боху.
– Дика ду, дакъаделла йешап! – муцIар разйаьккхина, пIелг ластийра Андронниковс. – Ас БуритIа а дигна, хьайн херсешца набахти дуллур ду хьо, зуд! Цигахь месаш лаьцна, текхо йоьлча, багара мотт схьаийзо боьлча, цхьацца йоккхуш, цергаш схьайаха йоьлча, цIийдинчу эчигца хьайн дегI марца доьлча, тIаккха дуьйцур ду ахь, Зеламха мичахь ву!
ОьгIазвахана Андронников, вехьаш, чухула дIасалелаш, чувеанчу гIалгIачо Дауд-Герис сени чу ваьккхира иза.
– Хьан сийлалла, Зеламха мичахь ву, хиъна тхуна!
– Мичахь ву?
– Хевсуретин дозанашкахь!
– Разбойникаш дукха буй цуьнца?
– Пхиъ ву. ЙолхалгIа – пхийтта шо хенара цуьнан ваша а. Амма цига ваха кхераме ду, хьан сийлалла…
– ХIунда?
– КIело а йина, хьан отрядана зенаш ма дахьара цо…
Андронников, ца вешаш, велавелира.
– Цуьнан берриг а разбойникаш хир белара цуьнца! Цхьана тохарца уьш берриг а хIаллакбан! Баркалла хьуна, Дауд-Гери. Ахь хаза кхаъ беана суна. Оха йал йоцуш вуьтур вац хьо!
Векхавелла чу а веана, Бецина тIевирзира иза:
– Хезий хьуна, зуд? Тахана-кхана хуур ду суна, хьан Зеламха мел къонах ву! Цуьнан зуда а, бераш а ас йийсаре лецна. Зуда йигар мел доккха эхь ду ламанхочунна! Шу соьгара схьа ца дахахь, коьртахь куй лело бакъо йац цуьнан! Ша боьрша велахь, шен зуда а, бераш а схьадаха вогIур ву иза! ТIаккха ас, хьовззийна, схьалоцур йу и стешха чагIалкх!
ГIалгIачо ца гочдира цуьнан дешнаш, амма Бецина хиира цо хIумма а диканиг ца аьллийла.
Шина зудчо бакъдерг дуьйцург хиларх дог а диллина, Хевсуретин дозанашкахь операци йан кечам бан вуьйлира Андронников. Саперийн взводан начальник поручик Афанасьев шена тIекхайкхира цо:
– Кхана Iуьйранна исс сахьт долуш, лаьмнашка хьала новкъа йер йу отряд. Амма вай кхузара дIадовлале ахь кхочушбан безаш цхьа болх бу. Сан лазутчикаша хаам бина, Зеламхас шен разбойникашца Нелхехь а, Эрштахь а масех буьйса йаьккхина аьлла. Цигара бIаьвнаш а, уггар дика цIенош а лелхийта деза ахь. Ши тIулг тIекIел ца буьтуш.
ШолгIачу дийнахь, Iуьйранна исс сахьт даьлча, кхузара меттахйелира отряд. Беци а, Зезаг а отрядана йуккъе хIоттийра. Ахьмад а, Iумар-Iела а Бецин, Зезаган гихь вара. Важа диъ бер лайлахула гIаш догIура. Йийсархошна хьалха а, тIаьхьа а дегIастанхойн дошлой бара. Отряд низамехь новкъа йаьлча, гIалагIазкхаша а, салташа а илли долийра. Тохарлерчу хьаьрсачу суьйличо къамел долийра шина зудчуьнца.
– Муха хета шуна церан йир? Самукъадолий шун?
Беци садетта гIиртира, амма тIаьххьара а собар кхачийра цуьнан:
– Оцу ницкъ болчу Дала тхан хьоле хIиттадойла шу! Эхь ца хетий хьуна зударий сийсазбан! Бусалба вац хьо? Ламанхо вац хьо? Хьайн зудчунна а, берашна а тIе хIун догIур, хаьий хьуна? Оццул хьо майра велахь, Зеламхе де и къамел!
– Зеламха а лоцур ву. Цуьнца кхин тайпа къамел хир ду сан!
Шина зудчун дог дорура салтийн а, гIалагIазкхийн а иллино. Ткъа оцу хьаьрсачу суьйличо церан дегнийн чевнашна тIе туьха туьйсура.
Цхьа чаккхарма некъ бича, Мохьмад а, Лом-Iела а кIадвелира. И шиъ кIоргачу лайлахь сих-сиха охьаветталора. Шина зудчо цаьршиннан куьйгаш лецира. Бецис Деле орца доьхура. Далла хезира цуьнан дехар. Уллохула говрахь тIехволучу полковника Курдиевс, охьа а кхевдина. схьаэцна, Мохьмад шена хьалха говра хаийра…
6
Паччахьан эскарша массо а aгIop го бина йукъар хьовзийна Зеламха маьлхойн лаьмнашкахь сецира. Кхузахь иза гергахь вара шен доьзална. Накъостий а цхьаццанхьа къайлабевлла, цхьа висинера иза Бийсолтица. ХIинца цунах схьакхеттера Андронниковн йийсарера ведда виъ гIалгIа а, Элбарт а. Жима Бийсолта ца вагарвича, уьш хIинца йалх вара.
Пхи накъост шех схьакхетталц, цхьана ханна Хевсурете ваха сацам хиллера Зеламхин. Амма накъосташа шаьш цуьнан доьзал болу меттиг Андронниковга дIайийцина а аьлча, тIаккха кхуза веанчу Элбарта цуьнан доьзал Андронниковс лаьцна, Буру-гIала дIабигна а аьлча, и сацам буьйхира Зеламхин. Вуьшта а Хевсурете боьду некъ дIакъевлинера цунна. Зингатийн туьйлиг санна, хIара лаьмнаш сийсош салтий, гIалагIазкхий, дегIастанхой, гуьржий бара. Царал совнаха, Хевсуретин дозанца охьахевшина гуьржийн полици а, салтий а бара. Амма таллархоша хьовзийна, лаьттах Iуьрга доьлла цхьогал санна, хIокху лаьмнашкахь лечкъина Iойла дацара Зеламхин. Буру-гIала бигна шен доьзал маьршабаккха ницкъ бацара цуьнан. Делахь а цо бекхам оьцур бу шен мостагIех. Уггар хьалха – Андронниковх а, Донагуловх а. И шиъ ламанхо ма ву. Ламанхой хилла а ца Iа. Лулахой бу. Цхьаъ – гуьржи, важа – суьйли. Оьрсийн паччахьан хьадалчаш, йалхой, лайш. Зеламха лаца йа вен чIагIо йина арайаьлла ши хьакха. Амма Зеламхица пхи накъост бен вац. МостагIий ши эзар сов бу. Цаьргахь герз ду шортта. Йаккхий