Дарц - Абузар Абдулхакимович Айдамиров
Шрифт:
Интервал:
Закладка:
– Дера, хаац суна-м, Беци, кхузахь цхьана дийнахь дисар а кхераме ду-кх. Шуна бохам хилахь, ас Зеламхина хьалха жоп дала ма деза. Шу сох а тешийна ма дитина цо. Вешан кхоллам Делан кара а белла, новкъа девр ду вай.
Ши зуда йоьхна хьийзара.
– Къамел стенна дахдо? – аз айдеш, вистхилира Бийсолта. – Салтий схьакхачахь, хIун дан деза? Чехкка новкъа довла кечам бе!
Уггар хьалха бераш кечдира шина зудчо. Ишттачу денна Iалашдеш шатайпа довха духар дара церан. Шина йоIана кхакханан йовха кетарш, даккхий корталеш, лекха бертигаш йолу калош. Мохьмадана а, Лом-Iелина а гIовталш, чоэш, неIармачаш. Бумазин хечеш, массарна а тIергIан пазаташ а, каранаш а.
Шайца дIайахьа йеза сал-пал кIезиг йара церан. Цхьанхьара кхечухьа кхелхаш, шайна мохь ца бан, уггар оьшург схьа а оьций, йуьтура. ХIинца а изза дира цара. Текх-цаца, оьшшучул кад-Iайг, цхьа гирда ахьар, бедарш таьлсашна а, гали чу а йоьхкина, говрана тIеехкира. ТIаккха Iумар-Iела а, Ахьмад а шина зудчо ги а воьллина, новкъа бевлира уьш.
Цкъацкъа, ламанан басенца сетташ, хьийзаш, цкъацкъа, нийсса хьала, тIаккха, нийсса охьа чу хуьлура готта некъ. Цхьацца меттигаш нислора, лакха тIера охьахьаьжча бIагор а богIуш, ког шершина, галваьлла, бердах чуваханчун лахьо даьIахк а карор йоцуш. Цхьаццанхьа гоьллелц дoгIypa ло, кхечахьа – ког ца соцуш шаш. Говран урх лаьцна, сих-сиха хийцалуш, лайлахь некъ боккхуш, хьалха воьдура Элбарт а, Бийсолта а. Царна тIаьхьа – ши кIант гихь Беци а, Зезаг а. Цаьршинна тIаьхьа Муслимат а, Энист а. Массарна а тIаьхьа – Мохьмад а, Лом-Iела а.
Ши чаккхарма некъ бича, кIадделира бераш. Уьш сих-сиха садаIа соьцура. Кхерамечу меттигехь, куьйгаш лоций, цхьацца чекхдохура уьш Элбарта йа Бийсолтас. Гихь ши кIант волу Беци а, Зезаг а кIадйеллера, цара шайн дагара ца хаийтахь а. Кхин хIун дийр ду а ца хиъна, говра тIера цхьайолу йийбар дIa а кхоьссина, таьлсийн шина оган чу Iyмap-Iела а, Ахьмад а хаийна, важа диъ роггIана говра а хаош, сарале кхин а цхьа чаккхарма некъ бира цара. Буса некъ бар хьехочохь а дацара. Гобаьккхина лекха лаьмнаш долуш, цхьана жимачу тогIехь, мох ца кхетехь цIе а латийна, буьйса йаккха севцира уьш.
Лаьмнашка хьала мел довлу некъ хала хуьлура. КхоалгIачу дийнахь лекхачу лома кIел кхечира уьш. Цунна тIе хьалаболуш, атталла, гIашлойн некъ а бацара. Хьалха дIадаха а, йуханехьа дерза а аьтто боцуш хьал хIоьттира цаьрга. Цхьадика, гена йоццуш хьех карийра, xIopш парггIат чутарлур болуш. Элбарта а, Бийсолтас а, дечиг а деана, цIe латийра. Адамаш чудаьхкича, меттахдевлира хьехан тховх летта кхозу бирдолагаш. Кхерам туьйсуш, зIакарш хьекхайора бухIанаша. ХIокхеран ирсана, хьехан цхьана маьIIехь стомма чкъор деш йаржийна йекъа буц карийра. Берашна бекъа кхача а баийна, цIарна гонаха буц а йаржийна, уьш охьадийшийра цара. ТIаккха шаьш кхачанах а кхетта, садаIа охьабийшира баккхийнаш а.
ХIорш паргIатбевлча, шен топ ги а тесна, гондIа дерг талла аравелира Бийсолта. Буьйса, беттаса долуш, сирла йара. Халла цхьана ломан лакхенга хьала а ваьлла, дIаса бIаьрг тоьхча, лаха тогIи чохь цхьана гулахь йогуш дуккха а цIерш гира цунна. И цIерш йагориш салтий бен хуьлийла дацара. Хьеха йуха а вирзина, Элбарт ара а ваьккхина, цуьнга шена гинарг дийцира цо. Тховса шина зудчун са ца гатдан сацам хилира цаьршиннан. Хаийтича а, хIун нислур дара. Буса-м хьовха, дийнахь а хьалха дIабаха некъ бацара зударийн а, берийн а.
Iуьйранна Беци а, Зезаг а хьалагIеттича, дийцира цара шайна хьалха хIоьттина кхераме хьал.
– Вай ломан сирта тIе хьаладовладелча, цунна дехьа хевсураш бу, – элира Элбарта. – Цигахь тIедисса дуккха а тешаме нах бу Зеламхин. Ломах хьаладовла Iаламат хала хир ду вайна. Амма кхузахь дисар а кхераме ду. Говр кхузахь а йитина, охашиммо бераш гихь-карахь а дуьгуш, ломах хьалагIоьртича, муха хетар дара шуьшинна?
Беци а, Зезаг а хIинца а самадовлаза Iохкучу берашка хьаьжира.
– Элбарт, ахь хьайн ницкъ кхочу вошалла дина тхуна, хIинца хьайн ницкъ кхочур боцург дан а гIерта хьо, – элира Бецис. – Хьуна Дела резахуьлда. Ахь дина вошалла оха цкъа а дицдийр дац. ХIокху берашца кхидIа дахалур дац тхо. Уггар йоккхачу Медин дейтта шо бен дац. Оха новкъа даьккхина рицкъа кхачийна, хIокху лаьмнашкахь мацалло а, шелоно а дойур ду бераш. Иза ца хилийта, салтийн карайаха а реза йу тхойша. Зударий а, бераш а дойур хир дац цара. ТIаккха цхьа Дала йаздиннарг хир ду тхох. Делан кхелах кIелхьардевр дац, мел идарх а. Амма тхоьца висахь, йа салташа вуьйр ву хьо, йа Iедало Сибрех вохуьйтур ву. Бийсолта, жима велахь а, хеназа дегI даьккхина, тIехьаьжча стаг хета. ХIара а йа салташа вуьйр ву, йа схьа а лаьцна, Сибрех вохуьйтур ву. Тхоьца висча, хIокхуьнгара хила гIo а дац тхуна. Тхан цIийнан боьршачу нахах дийна висинарг Зеламха а, xIapa а ву. ХIара кегий бераш ца дагардича. Цундела Бийсолта а хьайца дIавига. Делан къинхетамца, салташна гучу ца довлуш, диса а ма мега тхо. Кхоош диъча, шина-кхаа дийнахь даа рицкъа ду тхоьгахь. Зеламхина тIе а кхачий, тхо кхузахь дисар хаийта цуьнга…
Бийсолта, цIeргa ши бIаьрг а боьгIна, вист ца хуьлуш хиъна Iapa. Амма цуьнан коьртехь ойланийн уьйриг хьийзара, ша хIун дича бакъахьа ду ца хууш.
– Хьуна хIун хета, Бийсолта? – хаьттира цуьнга Элбарта.
Бийсолтас доккха садаьIира.
– Ца хаьа суна, айса хIун дича бакъахьа хир ду. Цхьана aгIop, Беци бакъ лоь. Кхузахь висча, соьгара хила гIo ма дац хIокхарна. Бецис ма-аллара, йа салташа тоьхна вуьйр ву, йа лаьцна дIавуьгур ву. Соьга берриг а салтий байалур ма бац. ХIан, итт а, ах бIе а вуьйр ву ас. Йа ас цхьа а веле, цара со вуьйр ву. Йа, схьа а лаьцна, хIокху зударшца, берашца вигна, набахти кхуссур ву, тIаккха Сибрех вохуьйтур ву. Иза хилча а, важа хилча а, xIoкхарна а, сан вешина а соьгара хила гIo дац. Цундела, хьоьца дIа а веана, сайн вешех дIакхетча, со пайден хир вара аьлла, хета. ШолгIа, сайх тешийна дитина Беци а, Зезаг а, бераш а дIа а тийсина, кIилло санна, вада а ма ца лаьа суна. Сайн са дадийна ваханарг хир ву со нахана хьалха. Дела ву сан дагара хууш, со Iожаллех ца кхоьру. Амма эрна Iожалла хила а ца лаьа. Бецис а, Зезага а аьлларг дийр ду ас. Цаьршиннан лаамна тIехвала бакъо йац сан.
Шина зудчо хьеха а ца дайтира Бийсолта шайца вуьсур ву бохург. Массарна мара а кхетта,