Дарц - Абузар Абдулхакимович Айдамиров
Шрифт:
Интервал:
Закладка:
Зеламхина луург оьздачу гIиллакхехь дерриг дIа а йаздина, кехат конверта чу а диллина, тIехула «Терк» газетан адрес йаздира Деналбека.
– ХIapa кхана почте дIалур ду ас, – элира цо. – Лама газете дIакхочур ду. Газетехь болх беш суна бевзаш накъостий бу. XIapa газет тIехь зорба тохар доьхуш, цаьрга кехат а йаздийр ду ас. Амма, Зеламха, и атаман хьох лата вогIур вац.
Цецваьлла Зеламха, къаьрззана Деналбеке хьаьжира.
– Ой, хIунда ца вогIу? Цо газет тIехь аьлла дош?
– Вайца бинчу бартах а, деллачу дашах а бохар цара цхьана а хьесапе ма ца лору. Царна адамаш ма ца хета вай. Церан хьесапехь вай туземцаш, разбойникаш, акха адамаш ду.
– Ткъа газет тIехь соьга и кхайкхам хIунда бина оцу зуьдо?
– Ша зуд долу дела. Уггар хьалха – хьо сийсазван, бехван, адамийн хьох безам баккха, цабезам кхолла. ШолгIа, Iедална а, адамашна а хьалха ша майра стаг, къонах хила, шен цIе хастаме йаккхийта. КхозлагIа, хьо оьгIаз а вахийтина, собарх а вохийна, хьоьгара гIалат а далийтина, хьо хIаллакван. Кхин Iалашонаш а хир йу оцу мекарчу цхьогалан.
– Сох лата ца вагIахь, шена кIилло аларна ца кхоьру иза?
– ХIан-xIa. Цунна эзар бахьана карор ду шен дош йухаэца, кIелхьарвала.
Деналбекан хIусамера дог доьхна дIавахара Зеламха. Ма тамашийна ду хIара паччахьан Iедал. Кхин а тамашийна – кхуьнан хьаькамаш. Къиза. Стешха. Йамарт. Зеламхас, шена маршо йоьхуш, кехат йаздинера областан сардале. Ахь Iедална а, адамашна а даккхий зуламаш дина, Iедалан законашца хьуна луьра таIзар догIу, цунах кIелхьарвала цхьа а некъ бац хьуна, паччахьан къинхетаме дог дохийла йац хьан аьлла, жоп делира сардала. Масех бутт хьалха Пачхьалкхан Думе кехат йаздира цо, ша обарг валаран а, шен доьзална хиллачу бохамийн а бахьанаш дуьйцуш, ша хIокху исс шарахь бина хала некъ а, кхузарчу Iедало шена а, нохчийн халкъана а тIехь йина харцонаш а йуьйцуш, шена маршо йоьхуш, ша бахьана долуш лецна, Сибрех бахийтина бехк-гуьнахь доцу адамаш даймахка цIадерзор доьхуш. Оцу дехарна а жоп ца делира. Цхьана газето и кехат зорба тоьхна бохуш, хезнера Зеламхина.
ХIинца цунна тIаьхьа талла чагIалкхийн арданг хецна. Масех эзар салти а, гIалагIазкхи а. Иза вен. Цуьнан накъостий байа. Цуьнан доьзал схьалаца. Иза Сибрех бахийта. Бехк-гуьнахь а доцу эзарнаш адамаш махкахдаха. Йарташ йохо, йаго, тало. Ткъа цхьанххьара а орца дац гуш. Цхьа Дела воцчуьнгара, орца хир дац цунна. Цо гIо дийр ду Зеламхина мостагIашца къийса, царах бекхам эца. Ницкъболчу Делан гIоьнца Зеламхас бекхам оьцур бу оцу Делан мостагIех. Уггар хьалха оцу Вербицкий бохучу стешхачу зуьдах…
2
Вербицкийн кехат зорба тоьхнера черносотенни «Теркан ведомосташ» газето. Зеламхин кехат оцу газето зорба тухур ду бохучуьнга дог дохийла а йацара. Цундела хIетахь мелла а либерале долчу «Терк» газете дахьийтира Деналбека Зеламхин кехат. Революци хьаьшначул тIаьхьа йерриг а Россехь карзахйаьллера реакци. Жимма а демократин хьежамаш болчу газето Iедалан политикина дуьхьал, халкъехьа гIо доккхуш дош аьлча, иза дIaкъовлура йа лан ца даллал гIуда тухура. Цундела, шена мел чIогIа лаахь а, «Терк» ца хIоьттира Зеламхин кехат зорбане даккха. Амма цо шен ницкъ кхочург дира. И кехат Вербицкийга дIакхачийра.
Областехь низам хIотто ша кхуза кхайкхича, Вербицкий догцIенна тешна вара шен ницкъах а, хьекъалх а, Пятигорски отделехь революци хьошуш а, ДегIастанахь обаргашна тIаьхьа толлуш а, шена зеделлачух а. Цундела цо сацам бинера хьаннашкахь гIa далале, йа вуьшта аьлча, апрель баттахь обаргашца дерг кхузахь чекхдаккха.
Хаси-Юьртан округехь гIуллакх иза реза волуш дIадоьдура. Хорунжис Яицкийс цигара схьа хаам бинера, меттигера набахти тутмакхех йуьзна, лоьцу нах чубохка меттиг цахиларо шен болх сацийна, суьдо кхел йина, хенаш тоьхна нах цигарчу набахтера дIа а бахий, лагершка дIахьовсо гIайгIа бахьара бохуш. Ткъа Вербицкийс шен рогIехь и дехар Михеевга дIакхачийнера.
Аренца а, лаьмнийн когашкахь а йолчу цхьацца йарташкарчу бахархошкара герз дIадоккхуш а, дикка кхиамаш хиллера отрядан. Амма цуьнан коьрта Iалашо – лаьмнашка операци – хIинца а йолоза йара.
Областан куьйгалхой а, отрядан командираш а, бIаьхой а иракарахIиттош килсехь а, зорбанехь а пропаганда лелайора Соьлжа-ГIалин килсан мозгIара протоиерейс Поповс. Англи-пачхьалкхан бахархойх 88 процент инородцаш, колонешкара къаьмнаш ду, бохура мозгIара. Ткъа Францин – 50 процент. И инородцаш ворхI хIордал дехьарчу колонешкахь беха. ХIетте а, англичанаша а, французаша а и бIе миллионаш туземцийн бахархой, цхьакIеззигчу полицейскийн ницкъашца церан къамкъаргаш буйна а къевлина, цаьрга къикъ ца олуьйтуш, шайн колонешкахь чIоггIа низам латтадо. Россин пачхьалкхехь оьрсел дуккха а кIезиг бу инородцаш. Церан махкахь а инородцел дукха бу оьрсийн бахархой. Инородцаш вopхI хIордал дехьа генахь а бац, оьрсийн Iедалан мера кIел бу. ХIетте а, инородцашна тIехь колонешкахь Iедал а, низам а ца латтало Россига. Беламе хIума ма ду иза! Оьрсий тIех догдика, къинхетаме, догкIеда адамаш ду. Инородцашна ницкъ ца беш, ассимиляци, русификаци йан гIерта. Иштта нисделча-м, Дела реза хир волуш гIуллакх дара иза. Хенан йохалла Россера кхидолу къаьмнаш ассимилировать даре, оьрсийн культуре дерзадаларе дог дохийла йу вайн. Амма и дог дохийла йац вайн Нохчийчохь. ХIapa нохчий, хIокхара шаьш бусалбанаш бу бахахь а, цхьа а дин доцуш, язычникаш ма бу. ХIорш цхьа а Iедал ца дезаш, анархисташ а, разбойникаш а ма бу. ХIокхарна шед оьшу. Шед тоьхча тIе ца воьрзучунна хье йуккъе топ тоха. Йа, Iоттий, некхах чекх цхьамза баккха. Ассимиляци, русификаци йан лаьий шуна? Лаахь,