Категории
Самые читаемые
RUSBOOK.SU » Проза » Историческая проза » Лаьмнаша ца дицдо - Магомет Абуевич Сулаев

Лаьмнаша ца дицдо - Магомет Абуевич Сулаев

Читать онлайн Лаьмнаша ца дицдо - Магомет Абуевич Сулаев

Шрифт:

-
+

Интервал:

-
+

Закладка:

Сделать
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 ... 122
Перейти на страницу:
Селита а.

— Дауд, хьо тхуна оьшур ву, — кIант чохь сацийра Анна Львовнас. Иза, охьа а ца хууш, коре дIахIоьттира.

— Тавсолтан Берсанович! — долийра Анна Львовнас. — Селитас тахана «шиъ» даьккхина, цкъа а ша даьккхина доцу. Оцуьнан бахьана шуьца къасто йеанера со-м.

Тавсолтин йуьхь шатайпа кхоьлира, цхьа бохалун боцу сацам ша бина ваьллачух тера.

Нурбика Дауде хьаьжира. Дауда талмажалла дира.

— Кхин доккхур дац! — хадийра Тавсолтас.

— И муха боху ахь?

— Тоьар ду Iамийнарг! Кхин ца дешча а мегар ду, шиммо а! — тIетуьйхира Тавсолтас къорра декачу озаца.

— ХIундий?! Дешарна дуьхьал ву хьо? — цецйелира Анна Львовна.

— Дешар ша ду, ткъа… доьшу бохуш, эццахула божаршца коьрта Iуьйра хехкабалар ша ду!.. ХIан-хIа! Кхин ког ловзор бац!

— Тавсултан Берсанович! Неханаш-м ма бу доьшуш! Ма делахь и… Хьо-х колхозехь жигархо а, цIен партизан а ву!

Тавсолта IадъIара.

— Хьан кIант, Дауд, школехь комсорг ву! Цунна а эхь хуьлуьйту ахь, Тавсултан Берсанович!

— Бакъду, дада, суна а вон хастам бу иза… со а вуьтур вац цхьа жоп ца доьхуш, — тIетуьйхира Дауда.

Тавсолта IадъIара, амма кIантана цунах бала тарлучу сингаттамах ойла йеш, цIоцкъамаш хабийра цо. ТIаккха, эххар:

— Ас сайн мехкарий школе дешар Iамо бахкийтира, амма коьрта Iуьйра божаршца ловза ца хьовсийра цига, — элира цо бехкбоккхуш.

Нурбика, ишкапа йуххехь, пхьегIаш цIанйечуха, бошхепийн тата а деш, лерана ладоьгIуш лаьттара: цунна чIогIа лаьара зудабераша доьшийла, амма майрачуьнга и хьахо-м ца йаьхьара иза.

— Кхин цхьаъ-м ду, Тавсултан Берсанович! — йухадолийра Анна Львовнас: — Коьртахь йовлакх лелорна а, йа и цалелорна а тхо дуьхьал дац: иза хIораннан а шен лаамехь гIуллакх ду. Эшча ас а туьллу иза-м. Амма и коьртахь цахиларх йоI сий доцуш ларар нийса дац: луларчу ХIирийчохь, ДегIастанахь, Азербайджанехь а массанхьа а ма мега зударий коьртахь йовлакх доцуш а, долуш а.

Лулахойн къаьмнех масалш далийра хьехархочо, Тавсолта диках кхетийтархьама.

— Ткъа хIун ду мехкарша божаберашца цхьаьна дешарх а? Вайн школернаш а, хьан Дауд санна, оьзда кегийрхой ма бу!

Тавсолта вист ца хуьлура. ТIаккха Анна Львовнас аз хийцира:

— Тавсултан Берсанович! Райкомана дIахиъча а, ма товш хир дац xlapa! Ткъа ца хууш дуьсийла-х кхуьнан йац! Iедало а могуьйтур ма дац хьуна, Тавсултан Берсанович, ахь уьш йукъахбахахь… — Анна Львовнас «Iедало» боху дош хIинца кест-кеста даладора шен къамелехь.

— Дада! Вайн мехкарий школехь оьзда а Iамабо, тIе шаьш уьш ледара а бац… Мегар дац-кх вайна, ахь и дахь, — тIетуьйхира Дауда а.

Тавсолта, хIинца Iедална гергахь оцунах йала тарлучу йуьхьIаьржонан ойла йеш, шена хьалхха охьахьаьжира. XIop ламанхочунна стеннах а кхеравалар эхь ларалойла хуучу Анна Львовнас шен гIортор эццигахь, Тавсолта Iедалх кхерарх а ца йеш, йуха а цуьнан оьздангаллех йан дагалецира:

— Суна-м моьттура… ахь… со лорур йу…

Тавсолта IадъIapa.

— Со-х шун йуьртан хьаша а, дуьххьара шуьга йоьссина, шуьгахь Iийна, шун цIийнан доттагI а йу! — аьлла, Анна Львовна хьалагIаьттира. КIант дега хьоьжура.

— Ас тIаьххьара доьху хьоьга! — элира хьехархочо вас хиллачу, дегабааме озаца.

Тавсолтас, ойла йеш а Iийна, эххар доккха садаьккхира:

— Дика ду!.. Хьо йоцчунна сайн даш тIера вухавер вацара со!.. Дика ду!.. Дешийта!.. Амма… ахь суна бехк ма биллалахь,… царех цхьаъ школехь коьрта Iуьйра, йа божаберашца ловзуш суна хаалой, и шиъ кхин школехь гур йац хьуна! — тIаккха, Даудехьа а вирзина, тIетуьйхира: — Хьо а хьожуш хила цигахь! Дола де хьайн йижарийн: царна нехан алар далахь, эхь уггар хьалха хьуна кхочу хьуна!.. Дешарх-м, дукха кIуж болу меъ хила аьлла а даций! Вайнехан ламастех вала кийча ву хьо!

— Дика ду, дада!.. — корта таIийра Дауда.

Анна Львовнассий, Даудий, шайн дагахь, цкъачунна тоам бира. Анна Львовнас, Iодика йеш, Нурбике а, тIаккха Тавсолте а, и зуьйш санна, куьг кховдийра. Тавсолтас, шеха велакъежна, корта а хьовзийна, схьаийцира куьг.

— Баркалла! — элира Анна Львовнас нохчийн маттахь.

Хьаша новкъа йаккха тIаьхьавелира Тавсолта а, Дауд а. Тохара дуьйна а дехьа чуьра схьа тидам бен Нурседа, уьш арабовллушехь, схьахьаьдира, кхин дан собар ца хилла, гIуллакх муха чекхдаьлла а, шен айкхйалар гучу ца долуш дисинийла а хьажа. Нурбика сирла йелакъажарх кхеттачу Нурседин сакъераделира:

— Нана, ас гlo де хьуна? — аьлла, хьаькназца пешара йукъ дIайаккха хIоьттира и.

Анна Львовна новкъа а йаьккхина, вухавогIу Тавсолта а, Дауд а цхьаьний даьхнийн керта воьду а гина, Селита хьехархочунна тIаьхьа йедира, маракхетта, бартбелира цунна. Иза кхин а новкъа а йаьккхина, йухайеанчу Селитас, тIехьашха тIекхетта, Нурседа маркъевлира, бесни тIе оба а олуш. «Доьшур ду!» — декара шиннийн а дагахь, тIе, Селитин ойланехь къайллах, «Увайс а хир ву денна гуш», — бохург а лекхалора. Нурседа шен дагахь йоккхайера, хIинцца баьккхинчу оцу толамца шен а дакъа хилар дагадеъна: «Къовса деза даима а!» — сацийра цо даг чохь. Цул тIаьхьа шиннийн а ойланаш Анна Львовнехьа йирзира: «Ма хьекъале йу и», — элира Селитас… «Цу тIе, ма хаза а йу!» — тIетуьйхира Нурседас. Шаьшшинне иза денна а гушшехь, хIинццалц схьа тидам ца хилла хьехархочун хазалла а хIинца ма-йарра дуьхьал тесира царна. Шинне а хIинца шайн хьехархочун амат, цуьнан хазаллин барамехь дуьхьал хIуьттура.

Анна Львовнин стигалан басахь долу хаза бIаьргаш, Iаьржачу цIоцкъамашна кIелхьара даим собаре а, сирла а хьуьйсура, цуьнан деган цIеналла а, амалан ондалла а цхьабосса схьаухьуш. Йуккъерчу дегIахь, тайначу гIодайукъца и йоьду-йогIуш гича, божарийн бIаьрг тIехь соцура цунна, амма цуьнан бегаше йоцу йуьхь йайча цхьанне а дага а ца догIура цуьнга забар йан. ТаьIна хьаьрса, стаммий чIабанаш, цкъа кур беш, хаза хьалахьарчайой, йа, тахана санна, нийса букъа тIехула йеза охьахоьций хуьлура цуьнан. КIайн хаза куьйгаш даим цIена гора. Ша а цунах тера йуй-те аьлла дагадеанчу, хьаьрсачу Нурседас эккхийтира:

— Тхойша цхьатера йац, ва, Селита?

Селита йелайелира:

— Дера йу!..

— Тсс!.. — элира Нурседас: Тавсолта вара даьхнийн кертара вухавогIуш. Цо, ков а диллина, арахийцира Борзиг. Логах йоьза хIоз а лепош, пхьу, лергаш а дусийна, некъа бохалла дIахьаьдира. Кестта ТавсолтагIеран, йуьртана а бевза, бордаха дирша йетт хьалхабаьккхина йухакхечира Борзиг. Йетт а эцна, Нурбика и бетта paгly кIел йахара. Тавсолтас, пхьу шен метте дIа а дихкина, цунна хьалха гуьн чу ша кечдина довха доьша доьттира. Борзиган гIуллакх кхечарех ца тешош, даим ша дора Тавсолтас: луларчу йуьртара доттагIчо, дикачу xIyx схьадаьлла ду а аьлла, стохка, декхачуьра а даьккхина, совгIатна делла, деъна дара и. Тавсолтас хIетахь дуьйна, йуьхьанца шура йаош, тIаьхьа дийнахь шозза довха доьша луш, ша Iалашдора Борзиг. ХIинца Борзиг а, кхечо шена доьша делча а, гуьнах ког тухура, дIатоттуш. Цкъацца Тавсолта вижинчохь висча, ламаз а тIехтуьлуш, Борзиг дуткъо цIевзара, тIаккха самаволий, Тавсолтас, сихха ламаз а дой, доьша лора Борзигна. И хууш дара доьзалехь. ХIинца а Борзигна доьша дуттуш воллу

1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 ... 122
Перейти на страницу:
На этой странице вы можете бесплатно скачать Лаьмнаша ца дицдо - Магомет Абуевич Сулаев торрент бесплатно.
Комментарии
Открыть боковую панель
Комментарии
Вася
Вася 24.11.2024 - 19:04
Прекрасное описание анального секса
Сергій
Сергій 25.01.2024 - 17:17
"Убийство миссис Спэнлоу" от Агаты Кристи – это великолепный детектив, который завораживает с первой страницы и держит в напряжении до последнего момента. Кристи, как всегда, мастерски строит