Категории
Самые читаемые
RUSBOOK.SU » Проза » Историческая проза » Лаьмнаша ца дицдо - Магомет Абуевич Сулаев

Лаьмнаша ца дицдо - Магомет Абуевич Сулаев

Читать онлайн Лаьмнаша ца дицдо - Магомет Абуевич Сулаев

Шрифт:

-
+

Интервал:

-
+

Закладка:

Сделать
1 ... 24 25 26 27 28 29 30 31 32 ... 122
Перейти на страницу:
йахара-те ша маре, Дауд тIамехь а волуш, бохург дагаоьхуш.

Тавсолтас, хьиэ ца луш, йуьртан кешнашкахь, шен вешиний, Увайсаний боьгIначарна йуххе, дIабуьйгIира Даудна лерина лекха хIоллам… ХIоллам бугIуш гIo динарш дIа а бахийтина ша вехха лаьттира цигахь Тавсолта: кIентан дегIах ур-атталла цхьа а цуьрг кхузахь доццушехь, хIетте а, и хIоллам, и дечиган бIарлагIа йара хIинца дуьйна Тавсолтин дог Iовжош, цуьнан бIаьрг шена тIехь сацо ницкъ кхочург, и бух боцчу ойлане кхоьхьург. «Вара. ХIинца вац. Мича ваха и? ДIавели. Цкъа а и хила а ца хилча санна, дIавели. Ткъа ван а хIунда вина хилла и? Ваха а стенна ваьхна? Мича махкахь ву хIинца сан кIант? Сан кIант!.. Сан Дауд!..» Жоп дацара цхьанхьара а схьахезаш: йа стиглара а, йа лаьттара а…

ХIолламна тIехула хьала-охьа куьг хьоькхуш, дIаваха ницкъ боцуш, лаьттара Тавсолта кхузахь хIинца: шен латтар а, йа кхузара дIавахар а, цхьабосса хьесапе доцийла шена хуъушехь, амма кхузахь ша мел лаьтти а дагна хьаам хуьлуш санна, Дауд шена мелла а гергахь волуш санна хетара. Йух-йуха хIолламах дай куьг хьоькхуш, доIанаш дора:

— «Йо, АллахI-Дела! Ахь кхоьллинчу хьайн дуьнен чохь айхьа хIоттийна низам тIеэца а, кхочушдан а, ницкъ ло ахь тхуна… Реза де ахь тхо хьайн кхиэлана»… — Тавсолта гонаха дIасахьаьжира, гонаха ирахдахна шортта кхин а хIолламаш дара схьахьоьжуш, дуккха а чарташ а, шира кешнаш а гора: «Со-м башха цхьалха а вац кху дуьненахь… Цара а йайтина-кх цхьана нахе цхьа ойланаш», — дагатесира цунна: «Кхин берш а дIабахна кхузара шайн белларш а битна!.. Со а тIаьххьара а дIа ца вахча ца волу-кха…». — Йуха а куьг хьаькхира хIолламах. ДIавахале аьлла, ирахь, тIаьххьара а кхин цхьа доIа дира цо хIолламна хьалха — шен дешнашца: «Йо, массанхьа а кхочуш, амма цхьанхьа а гуш воцу Дела! Массо а кхоьллина, массо а дIаоьцу Дела! Ас доьху Хьоьга: ма виталахь со цхьалха сайн балехь, хьайгара гIo доцуш. Айхьа суна велла сан цхьаъ бен воцу кIант, суначул дукха везна, дIаваьхьна Дела, ас доьху Хьоьга, Хьайн дуьнен чуьра дIа ца дойуш, дахийталахь даим сан кIентан са, Ахь-Айхьа кхоьллина, хьан нуьрах схьабаьлла и суй».

Йуха а ша динчу доIанех буьззина тоам ца хуьлуш, Тавсолтас тIетуьйхира: «Йо, Веза-Воккха Дела, таханлерачу кху луьрчу дийнахь, къиза мостагIа тхан Даймахкана тIелеттачу муьрехь, тхан халкъана, тхан толамна гергахь эрна доцу, пайденна гIурба хилийталахь сан кIентан валарх!» ХIинца эххар резахилла ша динчу доIанна Тавсолта, «амин» аьлла, йуьхь тIехула куьйгаш а хьаькхна, кешнашкара меллаша цIехьа волавелира.

* * *

Сингаттамаш, дIа меллаша эхахь а, амма тIе, жIуга йой, таттало цкъацца.

Даудах долу тезет дIадирзина дукха хан йалале Тавсолтин цIен тIе керла бохам беара: Нурбика шайн чохь, гал а йаьлла, цIеххьана охьакхийтира цIенкъа йуккъе. Дехьачуьра схьахьаьддачу Тавсолтина гира, хьала а ца гIатталуш, бос баьхьна, балдаш а сенделла, йоьжна Iуьллу хIусамнана.

И хьалаайа охьатаьIначу Тавсолтас, зудчун аьрру ност сеттинчух тера хетта, цигахула куьг хьаькхира. Нурбикин мохь белира.

— Ност йойна-кх хьан!.. И муха йой ахь кху шерачу цIенкъахь! — корта ластийра Тавсолтас.

Истанг тесначу нара тIе охьайиллира цо иза, ларйеш, кIел гоь а йаржийна, гIовла гIайба а буьллуш.

— Сан йойнарг ност йац… Дог ду. Вала хьаьхначунна… шерачу цIенкъахь а… карадо бахьана, — шех хIумма а тамаш ца беш, гIийла элира Нурбикас, шега хIинца къинхетаме хьоьжучу майрачуьнга.

— Йоха ма йохалахь! ХIинцца ас лоьраш балор бу! — аьлла, Тавсолтас сихха Селита дIахьажийра.

Селита йуха чу а хьажийна, Анна Львовнас цкъа маса йуьртан фельдшере кхайкха дешархо вахийтира.

ТIаккха телефонехула райцентрера лор а вехна, сиха ша а схьакхечира иза. Нурбикин коьрте а хиъна, цуьнан хьаьж тIе шийлачу хица дашийна гата дохкуш Iapa Селита.

Схьакхаьчначу фельдшеро, цкъа хьалха пхьаьрсах маха а тоьхна, Нурбикин йойна ност, Тавсолтас гlo а деш, зоьпарш а лоьцуш, бинтаца дIайихкира.

Лор схьакхаьчча, Нурбика гIоле а хилла, узарш ца деш йара.

Лергех йаккхийра чIагарш а кхозуш, дегIана лохо йолчу къоначу лоьро, фельдшере ла а доьгIна, йист ца хуьлуш, Нурбикин куьг а лаьцна, бетталу пха багарбира, тIаккха меллаша коч хьала а теттина, леррина даге ладуьйгIира.

— Аравалахьа! — дийхира Нурбикас Тавсолте, шен чет лоьро дIасахилийча.

Йуха чувеанчу Тавсолтегахьа а йирзина, элира лоьро:

— Меттахъхьейан мегар дац. Кхуззахь Iиллийта. Эшахь, соьга йуха а кхайкха, — тIаккха фельдшере: — И молханаш леладе. Xlapa мехий а детта… дийнахь кхузза… чIу ност йорал совнаха… инфаркт а йу кхузахь, xlapa охьакхетарна а бехке. Прогнозис пессима2… — аьлла, Iодика а йина, дIайахара лор.

Лазархочунна наб озийча, дIадахара Анна Львовний, фельдшеррий. Чохь тийна дара, цаьпцалгаш а йекаш. Хье ца луш йуха самайаьлла Нурбика, Селитига шен коьрта кIел кхин цхьа гIайба а биллийтина, кIеззиг хьалаайайелира:

— Тавсолта! — дуьххьара майрачун цIе йаьккхира цо. Цуьнан аз а тамашина дийкира. Зудчо шен цIе йоккху хезна Тавсолта вогIавелира ша волччохь: цо лоьручу Iадатехь цхьана доккхачу дийнахь бен йоккхуш ца хуьлура зудчо майрачун цIе.

— Со йалале… цхьа дехар ду сан хьоьга. Хьуна муьтIахь, ахь бохург деш… тахана сайн эхартан неIаре кхечи со. Соьгара дийлинчу гIалаташна къинтIеравала суна цкъа… Цул сов… со лечу дийнахь… сан дуьхьа… ахь сайн цхьа дехар кхочушдойла а лаьа… суна.

— Дийцал, Нурбика! Со къинтIераваьлла-кх хьуна… — элира весете ладогIа кечвеллачу Тавсолтас, шаьш къастадахкарх дог кхиъна, ша а дуьххьара зудчун цIе а йоккхуш.

— Ас доьху хьоьга… со йалале… кхуза схьа а йалаяй… суна а гойтуш… гечдехьа цу йоIана… Нурседина!

Тавсолта IадIара.

— Ас тIаьххьара доьху хьоьга, — аьлла, шен коьртара йовлакх а Тавсолтин когашка тесира Нурбикас. ТIаккха гIелйелла, йуха шен гIовлана тIе охьайахара.

Меттах ца волура Тавсолта! Шена гергахь йоккха киртиг йара цунна тIехIоьттинарг: доьзална а хьалха деллачу шен даша тIера шозлагIа а вухавалар — стоглара валар санна хетара.

Делахь а, йала йоьжначу зудчо, когашка йовлакх а тосуш, тIаьххьара дина дехар кхочушцадар наха а магор дацара. Зудчух къа а хетара. Ойлане лаьттара Тавсолта. Селита ден коча хьаьрчира:

— Дада, ас доьху хьоьга, дада!.. — йоьIан довха бIаьрхиш вортан тIехула чухьаьдира Тавсолтина.

— Дика ду! — доккха са даьккхира Тавсолтас. — Валлалц йина чIагIо, хьан дуьхьа, йохайо ас… тIаьхьа дохко ма волийла… Дика ду. Ас дош дели хьуна.

— Дела резахуьлда хьуна! — Нурбикин сапаргIатделира. ТIаккха кестта, дагар лакхадаьлла, иза харц лен йелира. Молханаш малийча, йуха а кхетаме йеана, наб озийра цунна.

Оццу сарахь, Селитас хабар дахьийтина, Нурседий, Расуллий схьакхечира.

Корта а оллийна, де доьхна лаьттара Расул.

Нурседа, йоьлхуш, дена мараиккхира. Тавсолтас, вист ца хуьлуш, белша тIехула куьг даьхьна, ховхха тIеуьйзира шена йоI, йуха а тохара жимачохь хилларг и хетта.

Даккхий хилча а, шен бераш бералара ца довлу.

1 ... 24 25 26 27 28 29 30 31 32 ... 122
Перейти на страницу:
На этой странице вы можете бесплатно скачать Лаьмнаша ца дицдо - Магомет Абуевич Сулаев торрент бесплатно.
Комментарии
Открыть боковую панель
Комментарии
Вася
Вася 24.11.2024 - 19:04
Прекрасное описание анального секса
Сергій
Сергій 25.01.2024 - 17:17
"Убийство миссис Спэнлоу" от Агаты Кристи – это великолепный детектив, который завораживает с первой страницы и держит в напряжении до последнего момента. Кристи, как всегда, мастерски строит