Дарц - Абузар Абдулхакимович Айдамиров
Шрифт:
Интервал:
Закладка:
«ХIан-хIа, хIapa а дац Вербицкий боху зуд, – ойла йора Зеламхас. – ХIокхуьнан йуьхь-сибат шатайпа ду. Адамалле йуьхь-сибат, къинхетаме, гIайгIане бIаьргаш, майра хьажар. Къиза, йамарт, стешха стаг иштта ца хуьлу…».
Цаьршиннан хьажар дуьхь-дуьхьал нисделира. Шаляпина корта таIийра.
– ГIараваьлла Зеламха, – элира цо, догцIена велалуш. – Сайна мел ца лаахь а, хьан дог дохо дезар ду сан. Со а вац хьан мостагI Вербицкий.
– Хьо мила ву ткъа?
– Ас цIе йийцарх, со вевзар вац хьуна.
– Хьо эпсар воцийла, хаьа суна. Совдегар, инженер, хьолахо – мила ву хьо?
– Иза а, важа а вац. Со артист ву. Илланча. Шаляпин Федор. Сан паспорт машен тIехь чамди чохь дисина.
Зеламхас, тIе а вахана, куьг лецира Шаляпинан. ТIаккха вертанехьа куьг хьажийра:
– Схьавоьл, охьахаал. Хьайн цIе йаккхарх, суна хьо вевзар вац, элира ахь. Оцу тIехь галваьлла хьо, Федор. Суна ца вевза хьо, амма вуьйцу хезна. Соьлжа-ГIалин набахтехь а, Сибарен ссылкехь а. Дика иллеш олуш нах нислора цигахь. Цара хьо вуьйцуш, ладегIна ас. Хьо илланчийн паччахь ву, олура цара. Ткъа паспортах дерг аьлча, илланчина а, обаргана а паспорт ца оьшу. Церан гIуллакхаш ду паспортан метта лелаш. Тхаьш маьрша дисинчу сахьташкахь иллеш, назманаш олу оха. Илланчехь боккха ницкъ бу. Иза эзарнаш тIемалойн метта ву. Нохчийн халкъан цхьа дийцар ду илланчех лаьцна. Мацах цхьана заманахь, цхьана нуьцкъалчу, къизачу паччахьан, цIоз санна, дукха эскар деана хилла нохчийн махка. Цо, лаьхкина, лаьмнашка боьхкина хилла нохчий. Амма нохчий, къарбелла, кIел ца севцца царна. Лаьмнашкара охьа а буьйлуш, тIелеташ, мостагIий хIаллакбеш хилла. ТIаккха церан паччахьо, шен уггар а тоьлла инарла коьртехь а волуш, эскар хьажийна лаьмнашка. Нохчийн халкъ хIаллак а дай, цхьа а нохчо дийна цависарна тоьшаллина закъалт дохьуш вола аьлла. Цхьа хан йаьлча, шен эскарца йухавеанчу инарлас, ша нохчийн халкъ дерриг а хIаллакдина, аьлла паччахье. «Закъалтана хIун йеана ахь?» – хаьттина паччахьо. Инарлин тIемалоша лекха лам хIоттийна байъинчу нохчийн кортойх. «Нохчийн халкъан илланча вийний ахь, цуьнан пондар беаний ахь?» – хаьттина паччахьо. Ца беана ша, аьлла инарлас. «ХIета ахь нохчийн халкъ ца дийна, цуьнан xIy ца дайъина. Илланча дийна мел ву, цуьнан карахь пондар мел бу, нохчийн халкъ лийр дац. Йуха а гIой, илланчин корта а, цуьнан пондар а бохьуш вола», – аьлла, инарла эскарца йуха а лаьмнашка вахийтина паччахьо, бохуш, дуьйцу халкъо. Цундела нохчаша чIогIа лору илланча, сий до дечиг-пондаран. Хьо Шаляпин Федор, илланча ву, боху ахь. Со обарг лелачу исс шарахь дукха нах гIиртина со Iexo. Йамарт а, стешха а нах. Хьо царах ву бохург дац сан. ТIехьаьжча, царах тера вац хьо. ХIетте а хьо Шаляпин Федор хиларна тоьшаллина цхьа илли алахьа.
Хьаша воьхна хьаьвзира.
– Суна оьрсийн маттахь бен ца хаьа иллеш…
– ХIумма а дац. Массо къаьмнийн иллийн йукъара цхьа мотт бу – цуьнан аз а, мукъам а. Тхо кхетар ду цунах.
– Нохчийн цхьа илли хаьа суна. Оьрсийн цхьана йаздархочо дIайаздина. Обарг Хьамзатах лаьцна. Иза дIаэр ду ас шуна.
Шаляпин, хьала а гIеттина, масех гIулч йуьстахваьлла, обаргашна тIе а вирзина, дIахIоьттира. Цкъа хьалха церан хIораннан йаххьашна тIехула бIаьрг а кхарстийна, тIаккха шен хьажар лаьмнийн баххьашна тIе а доьгIна, илли долийра цо:
Подымемте песню большой старины,
Как были гехинцы Гамзату верны.
За Терек ушли от погони,
И лодками стали их кони.
Нагайки их веслами стали,
Шли кони, пока не устали.
Тогда, окруженны врагами,
Гехинцы легли за стогами…
Цуьнан цхьа шатайпа хазачу мукъамехь, башха аз, Теркан чIожан бердашца шалхадуьйлуш, даьржира, оцу озо къарйира буьрсачу Теркан карзахе гIовгIа.
«Сдавайтесь!» – враги им кричали,
Их пули в кольчуги стучали.
«Довольно сверкать вам очами.
Нет крыльев у вас за плечами,
Чтоб в небо взлететь бы ретивым,
Когтей нет, чтоб в землю уйти вам!».
Вскричал им Гамзат: «Вы забыли,
Что крымские ружья – нам крылья!
Что когти нам – шашки кривые,
И мы не сдадимся живые!»
Шаляпина сих-сиха бIаьрг тухура обаргашка. Цара гIайгIане ладоьгIура иллин мукъаме. Царна хаьара иллин дешнаш. Цара шаьш а олура и илли, мостагIаша гатте хьовзийнчу сахьташкахь…
Вскричал тут Гамзат муталимам:
«Сражайтесь неутомимо!
А вы, перелетные птицы,
В Гехи полетите проститься.
За нас долетите проститься,
Скажите, как стали мы биться..
Ткъа иллин аз декара. Цкъацкъа хеталора, хIара лаьмнаш, хьаннаш илланчина тIаьхьара олуш техка, буьрса Терк тийжаш доьлху…
Скажите красавицам ясным,
Что умерли мы не напрасно,
Что плечи свои не согнули,
Подставив, как стены, под пули.
Лежим на Черкесском холме мы,
Недвижны в крови мы и немы.
Мы голые шашки сжимаем,
К нам волки приходят, хромая…
Иллехь буьйцург хIокху обаргийн декъаза кхоллам бара. Царна дукха тIехIиттинера иштта киртигаш. БIаьргаш дуьхьал хIуьттура шайн байъина накъостий. Iедало лелхийна, дуьне гатдина лела шайн дай-наной, доьзалш…
И вороны к нам налетели,
Не сестры поют нам – метели.
Скажите народу вы, птицы,
Что нами он может гордиться…»
И бросились в бой муталимы,
Сражаясь неутомимо.
Так пали гехинцы, Гамзату верны,
У Терека пенистой, вольной волны…
Илли чекхдаьлча, Шаляпинан аз кIез-кIезиг лахлуш, лаьмнашца, хьаннашца дIадижира, Терко хуьйдина, дIатийра. Шаляпин гIайгIане хьаьжира шена хьалха тийна хевшина Iачу обаргашка.
«Мацца а цкъа иштта турпала Iожалла хир йу-кх хIокху цхьайттаннан а…» – доккха садаьккхира цо.
– Баркалла хьуна, Федор. Оха гIелделла, гIайгIане ладегIарх, тхох ма кхардалахь. Харцоно, къизалло xIoкху декъазчу, халчу новкъа даьхна тхо. Тхешан кхолламах хIумма а даккхийдеш а дац. Доьзалех, йуьртахойх хадийна, адамех а къастийна, акхаройн амалшца дехаш делахь а, адамаш ду тхо. Тахана-кхана, мацца а цкъа оцу гиххойн Хьамзатан а, цуьнан накъостийн а санна, Iожалла тIеэца дезар ду тхан. Обаргаш хила дуьнен чу ма ца даьхнера тхо тхан наноша…
– Хаьа суна, Зеламха. Пачхьалкхан Думе ахь йаздина кехат дешна ас…
– ХIета хьуна дерриг а хаьа. Дерриг аьлча а, коьрта дерш. Сайгара бала суна а бен ца хаьа. Iедало хIокху новкъа со ваккхале къена ден да а, да а, шиъ ден ваша а, сайн ши ваша а, дуккха а шичой а бара сан. Тхо машаре дехара, цхьаьнцца а хьагI-гамо а йоцуш. Латта а лелош, даьхни а кхобуш. ХIинца уьш цхьа а вац. Берриг а байъина. Iедало ша а байъина, чIирхошка а байийтина. Тхуна йуккъехь мостагIалла кхоьллинарг а Iедал дара. ХIинца пхуьйтталгIа шо долуш цхьа ваша висина сан. Иза а сан новкъа ваьлла. Кхин некъ ма бац цунна. ЦIахь Iийча, Iедало йа чIирхоша вуьйр ву. Сан зуда