Категории
Самые читаемые
RUSBOOK.SU » Проза » Историческая проза » Дарц - Абузар Абдулхакимович Айдамиров

Дарц - Абузар Абдулхакимович Айдамиров

Читать онлайн Дарц - Абузар Абдулхакимович Айдамиров

Шрифт:

-
+

Интервал:

-
+

Закладка:

Сделать
1 ... 63 64 65 66 67 68 69 70 71 ... 167
Перейти на страницу:
Зударий, бераш ма делхадехьа! Айхьа царна дечу таIзарна, церан бохамашна, баланашна царна хьалха со бехке во ахь. Ткъа цара: «Дала хIаллаквойла иза!» – бохуш, сардамашца суна неIалт кхайкхадо. Уьш бехке ма бац. Хьуна дика ма хаьа, со бехке веш айхьа муьлхха а стаг лаьцна, набахти кхоьссича, Сибрех вахийтича а, цуьнан наха соьца мостагIалла лелор дуйла. Тхо хIинццалц машаре, бертахь даьхнера: сайна динчу диканна дуьхьал дика а деш, вонна дуьхьал изза а деш.

АллахI къинхетаме ву, цо ларвойла хIара кехат доьшург!

***

ПОЛКОВНИК ГАЛАЕВ!

Хьоьга тIаьххьарчу хIокху сайн кехата тIехь йаздийриг АллахIан гIоьнца кестта ас кхочушдийриг хиларан цхьа а тайпа шеко йац.

Хьо санна полковник хиллачу Добровольскийна ас динарг дика хаьа хьуна. Ас бехке во хьо:

1. Ахь законаш талхош, адамашна ницкъбарна а;

2. Со бахьана а лоьцуш, ахь данне а бехк-гуьнахь доцу адамаш Сибрех хьийсорна а.

Ас йуха а боху хьоьга, цхьа а тайпа бехк-гуьнахь доцуш айхьа лецна, чубоьхкина нах маршабаха. Ахь уьш марша ца бахахь, гаур, сан бекхамах кIелхьарвер вац хьо. XIappa къамел шега дича, Добровольский ца кхийтира сох, хIинца хьо а ца кхета. Амма ас кхетор ву хьо, гаур. Сан цIарах бехк-гуьнахь доцу адамаш хьоьга дойуьйтур дац ас, гаур. Хьуна ма хаьа, ас эрна дош ца олий. Ас кхочушдо сайн дош.

Нагахь санна со, ГушмацIин Зеламха, дийна висахь, хьайн зудчунна уллора аравала ца ваьхьаш, цIа чохь хьатI оьхуьйтур ду хьан, жIаьла! Хьо кIиллоне, кхахьпане шарбал чохь хьатI оьхуьйтур ду ас, тIаккха, жIаьла санна, вуьйр ву.

Хьуна, со Туркойн махка дIагIур ву, моьтту, боху. ХIан-хIа, кхахьпа, иза хир дац. Шу чагIалкхех ведда, Туркойн махка а вахана, сайна и эхь дийр дац ас. ГIахь а, хьо вийна бен гIyp вац. Ахь лелориг дерриг хууш а, гуш а ву со. Хьо полковник ма вац, хьо нахаца лела кхахьпа ма ду.

Айхьа лецна. бехк-гуьнахь доцу нах маршабаха, тIаккха ас дийна а, маьрша а вуьтур ву хьо. Амма ахь иза ца дахь, йийсаре вигна, къиза вуьйр ву хьо.

Гушмазукаев Зеламха

ХII корта. Бекхам

Iедало халкъана тIехь къизалла латтайора, ткъа обаргаша цунна дуьхьал Iедалах къизаллица бекхам бора.

А. Шерипов

1

Полковник Галаев жерге хьоьжура кхузарчу бахархошка. Цуьнан бIаьргашца хьаьжча, иштта бара нохчий: даьшна кортош а, чоьш хьийзина, хьакхарша хьанйина мажош а, бетан шиний агIорхула охкаделла мекхаш а, цкъа а ца хуьйцуш лело модаша дуьзна духар а долу боьрша нах; ах хьаж дIахьулдеш къевлина йихкина Iаьржа чухтанаш а, коьртех хьарчийна даккхий корталеш а, цхьана агIор йух хьала а оьзна, шарбалан борчах таIийна йеха кучамаш а, хьоркешкахь когаш хабийна шуьйра шарбалш а йолуш, даим гIайгIане, кхоьлина хуьлу зударий а; мерах охкайелла мершаш а, царна хьекхна тIе айр лацаделла куьйгийн тIеш а, кучийн пхьуьйшаш а долу божабераш а. ГIопера араваьлча, урамехь, базарахь, некъахь шена гина массо а нохчо йа обарг, йа обаргийн бартахо, лаххара а – Iедалан мостагI хетара цунна. XIокху нохчех, цаьрца йацахь а, кхеллин хьожа йогIура, уьш гича, дог хьалагIертара.

Полковник ша хIири вара. Хьанна хаьа, ламанца бехаш болу цуьнан хIирий хила мегара цунна шен бIаьргашца гуш болу нохчий санна, бодане, тIелхагбевлла, мезех а буьзна, кхеллин хьожа а йогIуш. Цуьнан ден да а, да а Моздокехь гIалагIазкхашна йуккъехь ваьхнера, церан йоллу бакъонаш а йолуш. XIapa ша а цигахь винера, кхиънера, цунна шайн хIирийн дахар ца девзинера.

Зеламхас Ведана-округан начальник хилла подполковник Добровольский вийча, цуьнан метта схьаваийтинера Галаев. XIapa ламанхойн цIийх а, ламанхойн гIиллакхаш, амалш йевзаш а хиларна. Уггар коьртаниг – хIара къиза а, бекхаме а стаг хиларна. Добровольский цкъа гинера цунна. Цкъа гича, тоьуш дара иза ма-варра вовза. ТIехьаьжча нелах тера, хьекъална аьрта, сутара бIаьргаш. Шен аьтту куьг хиллачу Черновгахула цо йуьртдайшкара кхаьънаш оьцура, и шиъ къуйн а, талорхойн а гIеранашца бертахь вара, цара шаьш йаьккхинчу хIонцах цушинна дакъа дора бохуш, дуьйцура цунах. Хьанна хаьа, Добровольскийна оцу хIонцах тоьлла самг кхочуш хилла хила а тарлора. Мухха делахь а, ша кхузахь округан начальник волуш, Добровольскийс цхьа а обарг а, воккха зуламхо а ца лаьцнера. Амма цхьа кега-мерса бехкаш девллачу мискачу нахах йуьзна хуьлу, бохура, кхузара набахте. Галаевна хетарехь, Зеламха обарг валарна а, иза Iедална бале валарна а бехке Добровольский вара. Хорачан а, МахкатIан а йуьртдайшкахьа а ваьлла, цуьнан доьзал хьийзийна. XIapa дуй баа ваьхьар вара, Добровольскийн а, оцу шина йуьртден а йукъаметтигаш цIена хилла йац аьлла. Черновгахула кхаъ эцна хир бара. ХIумма а кIезиг а ца оьцуш. Амма и шен сутаралла марахйаьлла подполковникна.

Ша малик ду, ца боху Галаевс. Амма кхечаьрца вуьстича, мелла а ша цIена хета. Кхузахь урядникана тIера хьала областан начальникна тIекхаччалц, массо эпсар а, чиновник а кхаьънаш оьцуш, йа нуьцкъах йоккхуш, йа къола деш ву. Царах къеста xIapa чIамара а вац йа малик а дац. Цуьнан а бу доьзал. Зудчунна а, берашна а тIедуха а, когадуха а хазаниг, даа мерзаниг деза. Шина кIанте дешийта а деза. Ша санначеран санна, дика цIенош а деза. Хьанна хаьа, цхьа бехк тIе а кхоьллина, даржах вохийна, йуьстахкхуссур а. Ткъа къаналлех кIелхьара ца волу цхьа а. ТIаккxa сагIадоьхурган хьолехь ваха а, вала а ма ца лаьа цунна. ТIаьхьалонан ойла а йо. Шена ахча мел дукхадезахь а, иза ларло. Шел хьалха хиллачу начальнико санна, массаьргара а мерцхалгаш ца лехьайо. Шa оьцург йоккха оьцу. Шена тешамечу масех стагехула. Царах къаьсттана цунна тешамениг Гати-Юьртара совдегар ХортIаев ву. Хьекъале, цхьогал санна, мекара, амма цунна а, Iедална а тешаме стаг.

Галаев кхузахь кхечу новкъа ваьлла, округана тIехь куьйгалла деш. Тешамечу новкъа. XIapa шен жимачу гарнизонца лаьмнашкахула, хьаннашкахула обаргашна тIаьхьатоллуш ца лела. Обаргийн а, церан зударийн а гергарчу нехан къамкъаргаш шен буйна къевлина. Веданара набахти цкъа а йаьсса ца йуьту цо. Схьа а лоьцуш, нах тIекIел оцу чу теIабо. Кегийчу берашца цхьаьна зударий а. БIe шаре бевлла къенанаш а. Оцу чохь йетташ, ницкъ беш, хьийзабо. Шайн гергара разбойникаш болу меттигаш йийца, уьш Iедале схьало, бохуш. Аш иза ца дахь, ша xIoкху набахтехь дахкор ду, мацалла дойур ду шу, бохуш. Йа ваханарг йуха ца вогIучу Сибрех дIахьовсор ду, бохуш. Шайн зударшца, берашца цхьаьна.

Барта и кхерамаш тийсина ца Ia полковник. И кхерамаш цо къинхетамза кхочушбо. Цул хьалха хиллачу администрацис зуламхой деккъа шайн догIмашца Сибрех бохуьйтура. Шайна тоьхна хан чекх а йоююю…ккхий, йа и чекхйалале бовдий, цIа а богIий, обаргийн, къуйн, талорхойн гIеранех дIакхетара уьш. Оцу уьнна дуьхьал дарба карийна

1 ... 63 64 65 66 67 68 69 70 71 ... 167
Перейти на страницу:
На этой странице вы можете бесплатно скачать Дарц - Абузар Абдулхакимович Айдамиров торрент бесплатно.
Комментарии
Открыть боковую панель
Комментарии
Вася
Вася 24.11.2024 - 19:04
Прекрасное описание анального секса
Сергій
Сергій 25.01.2024 - 17:17
"Убийство миссис Спэнлоу" от Агаты Кристи – это великолепный детектив, который завораживает с первой страницы и держит в напряжении до последнего момента. Кристи, как всегда, мастерски строит