Категории
Самые читаемые
RUSBOOK.SU » Проза » Историческая проза » Дарц - Абузар Абдулхакимович Айдамиров

Дарц - Абузар Абдулхакимович Айдамиров

Читать онлайн Дарц - Абузар Абдулхакимович Айдамиров

Шрифт:

-
+

Интервал:

-
+

Закладка:

Сделать
1 ... 25 26 27 28 29 30 31 32 33 ... 167
Перейти на страницу:
Iай кху чуьра арадовла де дац церан. ТIедуха а дац, когадуха а дац. Берзина бу. Боцу аьтто, тIеетта налогаш. TIeхула тIе, цкъацкъа, балабой, йуьрта масех баттана салтий ховшабо нахе кхабийта. Цара дуург-мерг новкъа дацара, тхан делахьара. Шайна доьгIнарг бен дуур дарий цара? Новкъа дерг кхин хуьлу. Оьздангаллех чо бац церан догIмашца. Хьакхарчий йу-кх, боьха хьакхарчий. Шишша-кхоккха охьахааво xIopa керта. Шайн вopхIe ден баьрчехь санна, эвхьаза лела. ТIекхаьчнарг йуу, хазйелларг дIаоьцу. Кертара говр а, стерчий а, ворда а церан гIуллакхна кийча, даим дIахIиттийна хила деза. Кертара а, арара а хьайн гIуллакх дойла мичара хуьлуьйту хьан. Салтий дIабахча, йуьртахь йекаш котам хезар йац хьуна. Лаххьайой йуу. Маьттаза йаппарш йо. Цхьадика, зударий а, бераш а ца кхета церан маттах. Йа царах летта, вала веза, йа уьш а ловш, котам санна, таьIна Ieн веза. Цкъацкъа ойла хуьлу, царах а, хIокху Iедалх а летта, велург вийна, Зеламхин тобанах дIакхета. ТIаккха а доьзална, кегийчу берашна хIун дийр ду а ца хуий, сатухий, соцу.

Iелина тахана мосазза а хезнера наха оцу Зеламхин цIе йоккхуш.

– И Зеламха мила ву?

ХIусамда, цецваьлла, хьеше хьаьжира.

– Хорачойн Зеламха вуьйцу ца хезна хьуна?

Iела вуьйхира. Зеламха цIейаххана стаг хилча, Оьрза-ГIалахь ца вевзаш йа вуьйцу хазаза хуьлийла а ма дац. Оцу тIехь ша гучуваларна кхеравелира Iела.

– Вуьйцу хезна суна, амма цунах лаьцна тайп-тайпана хабарш ду тхан агIор.

– Зеламха мила ву, хоьтту ахь? Зеламха обарг ву. Цуьнца бу уггар майра нохчийн, гIалгIайн кIентий. Иза паччахьан Iедална дуьхьал гIеттина, цо бекхам оьцу къизачу, йамартчу хьаькамех, гIийла-мискачеран догъоьцу. Иштта ву-кх хорачойн Зеламха!

Пхьор диъна, шаьш паргIатдевлча, ларлуш, шен доьзал хетта вуьйлира Iела.

– Шовзткъа шо хьалха дика таро йолуш вехаш вара со. Сан долахь аьчган пхьалгIа, дика беш, ши говр, бежанаш а дара. ХIетахь сих-сиха хIокху йуьрта вогIура со, нахана цхьацца гIирсаш а бохка, пхьола а дан. Оцу заманахь кхузахь, хIоккху йуккъехь, цхьа хьаша вара сан, со тIевуссуш. Хонкара а вахана, шо а даьккхина, цIа веача, дукха хан йалале лаьцна, Сибрех вахийтира иза. Оццу хенахь сан гIуллакхаш а галдевлира. Доьзал хене баккха гIерташ, Донехула, Кубанехула, дуьне мел ду волавелла лела дийзира сан. ХIетахь дуьйна вовшийн гина вац тхойшинна йа, хIyн хилла а, ца хаьа.

ХIусамдас цецваьлла ладоьгIура хьешан къамеле. Гуш дара, иза цхьаъ дагадаийта гIерташ хилар.

– ЦIе хIун йара хьан хьешан?

– Цуьнан цIей… – ойла йечуха, тховх хьалахьаьжира Iела. – Цуьнан цIе Iела йара, моьтту суна. Суна дагахь, шел воккха цхьа ваша а вара цуьнан. Иза а Хонкарахь вийнера.

– Сийсара ахь хьайн цIe Андри йу аьлча, охьавижначул тIаьхьа дукха ойла йира ас, и цIе йохуш суна мичахь хезна-те бохуш. ХIинца дагадеа. Мацах цкъа, со жима волуш, тхайн нанас дуьйцу хезнера суна, аьчган пхьола дан кхуза вогIуш, Андри цIе йолуш, Оьрза-ГIалара цхьа гIалагIазкхи вара бохуш. Оцу гIалагIазкхичо шайна дуккха а гIо дина, олура цо. Хьо хилла-кх иза.

Iела дуьххьара гуш санна, лерина цуьнга хьаьжира иза.

– ТIаккха, оцу сан хьешах Iелех хилларг хаьий шуна?

– ХIетахь лаьцна, Сибрех вахийтина иза, кхин хабар доцуш, вайна ткъе берхIитта шо ду. Цуьнца лецнарш а байна, иза а вайна.

– Суна вевзинчу хенахь зуда а, ши кIант а дара цуьнан. Царах хIун хилла-те? – садаIар сацийна, ладуьйгIира Iелас.

– Цхьаберш дийна бу.

Хазахетта, Iелин дог тохаделира.

– Мичахь бу уьш? ХIокху йуьртахь буй?

– Бy дера. Цуьнан жимахволу кIант ву со, ткъа…

ДIахьажавеллачу хIусамдена гира бос баьхьна, макхвелла шен хьаша.

– Ой, хьуна хIун хилла? – хьалаиккхира хIусамда. – Же, ма Iелахь, зуда, шийла хи далахь!

– Ца оьшу, – меллаша хIусамда дIахилийра Iелас. – Цкъацкъа коьрте цхьа чIогIа лазар туху суна. Сихха дIадолу. ХIинца дIадели. ТIаккха, дийцал ахь. Хьан цIе хIун йу?

– Iусман.

– ХIаъа, Iумар, Iусман йарий цуьнан шина кIентан цIерш. Iумар хIун деш ву?

Iycманан йуьхь кхуьйлира.

– Iумар воцуш ву…

Iелин дагна кхин а цхьа чов хилира, амма дерриг а лан Iеминчу цо сатуьйхира.

– Муха хилла цуьнан Iожалла?

– Iаьлбаг-Хьаьжина тIаьхьа а хIоьттина, тIаьххьара де тIехIотталц тIом бира цо. Цкъа чIогIа чов хилира. ГIаттам хьаьшначул тIаьхьа нах леца йуьрта салтий баьхкича, церан кара ца ваха, вада гIоьртира иза. Салташца хиллачу тасадаларехь Iожалла хилира цуьнан.

Хилларш карладевлла, цхьана йукъана вист ца хуьлуш, ойланашка велира и шиъ.

– Iелин вешин зуда а, кIант а дара. Цаьршиннах хIун хилла?

– Цуьнан зуда пхи шо хьалха кхелхина. КIант волуш ву. Дукха xан йоццуш хIокху эвларчу шина стагаца японца болчу тIаме вахана иза.

Хьаша йуха а дIатийра.

– Шайн ден цIенош хилла меттиг дIа хIунда тесна аш?

– Тхан цIенна товш йацара иза. Оцу меттига тIехь тхан ден дас дина цIенош а, тIаьххьара а тхан дас дина цIeнoш а дагийна. Иза-м хьалха тIом болуш хиллера. Ткъа цул тIаьхьа тхан дас шозлагIа доьгIна цIенош а, иза лаьцна Сибрех а вахийтина, пурстопа дагадайтира. Наха олура тхоьга, и меттиг шуна товш йац, шун цIийнах висина ши кIант хIаллакьхилахь, цIийнан кIур бовр бу, меттиг хийцийша, олий. ТIаккха, меттиг а хийцина, кхузахь xIapa цIенош дира оха.

– Шун ненан цIе xIyн йара? – хаьттира Iелас эххар а.

– Айза.

– Ткъа цунах хIун хилла, йолуш йуй иза? Дукха къанйеллий?

– Дера къанйелла.

– Хьоьца йехаш йац иза?

– Йац. Кхечухьа марехь йу.

Оцу дешнашца Iоьттина, Iелин дагах чекх шаьлта йаьккхира Iусмана. Шен коьрта тIехь ларбелла масех Iаьржа чо оцу минотехь кIайбелча санна, шен дегI кхин тIе а букархьаьвзина, IаддаргIа хилча санна, хийтира цунна. Шен дахарехь дуккха а баланаш, халонаш лайнера Iелас. Амма цуьнан дегI, дахар, деши санна, цIена дара, цхьа а тайпа эхьан томмагIа доцуш. ХIинца, къанвеллачу хенахь, вала гергаваханчу хенахь, ша дийна а волуш, зуда маре а йахана, эхь деана цунна тIе. Шена а, шен накъосташна а тIехь хIиттинчу акхачу эрчонийн теш хиллачу, бIозза Iожаллина дуьхьал хIоттарх бIаьрнегIар ца тоьхначу Iелин дог, жIормаках тардеш, хабийра кIанта аьллачу кхаа дашо.

«Гора, Айза, йаI! Хьо дийна а йолуш, хIокху хьолехь карочул, хьо йелла а йолуш, хьан коша тIехIотта дезаш хилла велара со. Йа суна сайн Iожалла карийна йелара генарчу Сибрехь… Амма сатоха ахь, декъаза Iела, дукха хан ца йисина дуьненан баланех хьо чекхвала», – элира цо шега шен дагахь.

Хеттарш а совцийна, ойлане ваьллачу шен тамашийначу хьеше а хьоьжуш, дIатийра Iусман а.

– Делхьа, Iусман, хьуна совйаьлла хилла-те нана? Воккха кIант а волуш, Сибрех вахийтина майра дийна ву-вац а ца хууш, маре хIунда йахана хьан нана?

– Нана совйер йац цхьанна а. Суна хIетахь а йезара сайн нана, хIинца а йеза. Ткъа сан да цо цхьана минотана а ца вицвина.

1 ... 25 26 27 28 29 30 31 32 33 ... 167
Перейти на страницу:
На этой странице вы можете бесплатно скачать Дарц - Абузар Абдулхакимович Айдамиров торрент бесплатно.
Комментарии
Открыть боковую панель
Комментарии
Вася
Вася 24.11.2024 - 19:04
Прекрасное описание анального секса
Сергій
Сергій 25.01.2024 - 17:17
"Убийство миссис Спэнлоу" от Агаты Кристи – это великолепный детектив, который завораживает с первой страницы и держит в напряжении до последнего момента. Кристи, как всегда, мастерски строит